![]() |
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
![]() |
|
|
Опции темы |
|
|
#1 |
|
Вес репутации: 4 |
Байташ
Нохчийн маттахь язйинйойлу байташ схьачукхисс)
дуьне ду гоьнаш туьйсуш, хийзаш ду, хийзаш... гондахьа чан кхуьйссуш адамаш ду кхийсалуш... т1ема девлла, т1емаш лестош, маликш ду бохуш, шен дахаран некъ хестош ду уьш къахоьгуш... сих ма лойш, сатуг1ийш, со а ву шуьхь ваьлла... стигалан басехь довг1а ц1ийш сан мерахь даьлла... дуьне ду гоьнаш туьйсуш, хийзаш ду, хийзаш... йоккху ас буьйсанаш, ойлано хийзавеш... 25 июнь, 2006 шо.
__________________
life is a bleach and then u dye |
|
|
|
#2 |
|
Вес репутации: 10 |
Бана ГАЙТУКАЕВА.
Родилась в с. Валерик Чечено-Ингушской АССР. Окончила Чечено-Ингушский Государственный Университет. Б. Гайтукаева поэт, журналист, автор цикла замечательных стихов «Неотправленные письма». За свою короткую жизнь (35 лет) она сумела зажечь свою негасимую, неповторимую звезду в чеченской поэзии. * * * ГIелъеллий хьо? КIадъеллий хьо? Хьайн корта сан кара биллий, Цхьа жимма садаIахьа, Цхьа жимма дог дастахьа… Са маьрша, дог довха, Куьг цIена Нохчийчоь!.. * * * ДIаелла неIарш, дIаелла! Кхин цхьа седа а ДIабай хьан стиглара, Кхин цхьа узар дели Хьан кийрара, Цхьа каш совдели, Кхин цхьа чурт тIекхийти Хьан латтана. * * * Зама! Ма сихъелла йоьду хьо Ла ца дугIуш сан дехаре, Сан лозучу сил а хьалхаяьлла, Сан Iийжачу дагна тIоьхула яьлла, Ма сихъелла йоьду хьо, Ма сихъелла йоьду хьо, Хьайн тулг1ешлахь со Ма йигахьа со анайистан дозане. * * * ХIун дийр ду? Дахаран лай хилла Деха вай хIора а, ХIаллакво-кх Iедало дIааьлча Бакъ долу дош, Цундела ницкъ боцуш йисина-кх со, Сайн дагца къийса, Леча а хьожийца, кечделча шен тIемаш, стигла. Офф-фай, ма гIелъелла со, ДоттагIа, цхьажимма ойлаеш, Сацахьа соьца. …Дахаро техкадо кху хенан Ширделла ага, Харцоно гIелбина бодане шен гаьнгали. * * * Тоийта! Ма де и кIезга къамелаш: ДIо дехьа – ялсаманехь беха нах, ДIо цигахь – ма луъу ког хеца хьайна, Нохчийчоь – дош дац и. * * * Тоийта! Яхийта шайн алаша цигахьа, Ялсамани лаха, даха шу цигахь, Сискало йина къонахий, Барзакъо къагийна мехкарий, Шайн синан кIезгалла бехке ен цулла. Ма хьае Нохчийчоь, Цуьнан кхин а кIентий бу Цунна тIехIитта… * * * ГIаргIулеш дIайоьлхуш Цаьрца сан са а дилхина, Амма уьш цIайогIуш Со цаьрца ела-м ца кхиина… * * * Дохк хьерча сан бIаьргех, КIайн марчо ва хилла, Сан гуьйре, хьоьга-м ца байбели Тахна сан бала, Дерз лета сан дагах. * * * Эх1, Дуьне! Хьо тIарал гатдина суна, ХIоттабеш бIаьргаш чу бода, ХIара дахар иккхира йогучу цIерга, Стигланаш хIитаеш гуора. * * * ДIа ладоьгIча хIара дуьне гатлуш Ду-кха тIаьхь-тIаьхьа, Тхан дех дисна коввий, керттий санна… * * * Кху дуьненчохь дика мел деха, Кхачалур яц вуонан мекха… * * * Ас лазам алий хьох, Дахар? ОьгIазло-м йийр яц ахь суна? Ас Iийжам алий хьох, Дахар? Дог догу. Ницкъ лохьа суна. Ас Туьйра алий хьох, Дахар? Сийначу геналлехь дIадай сан туьйра. Хазалла алий хьох Дахар? Ахь кIиллой бийр баций декъал? …ХIун ала ас хьох, хIун ала? Сел мерза, сел къаьхьа туьйра. Последний раз редактировалось Carolina; 20.07.2006 в 21:46. |
|
|
|
#3 |
|
Вес репутации: 4 |
АПТИ БИСУЛТАНОВ
*** Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю, К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду, Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю. Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду, Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду, Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду. Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю, Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду, 1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву. Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю, Цхьалла лайна со къинойх ц1анлур ву, Вайшиъ декъалдан, лаьттан 1аьнарлахь К1айчу говро шен туьйра дохьур ду. Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю, Цара г1абали хьуна йохьур ю, Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь Ас хьан ч1абанех сайн ирс дуцур ду. *** Суьйре, аьхна суьйре, Хаза, маьрша йог1у. Нана, дийцахь туьйра, Со хьо йолчу вог1у. Стигла оьху 1ана Эзар ц1арах тховса. Хьаьгна ву со, нана, Цкъа хьан марахь тхьовса. К1адвелла со ч1ог1а, Хьоь сатуьйсуш лела. Хийла дог ца дог1уш, Хьо ца гучохь вела. Амма и хьан йовхо Даим даг чохь къуьйлуш, Веъна со сайн новкъа, Ирхонашца къуьйсуш. Эт1ош когийн айра, Гуш сайн ирсан кхане, Со чекхвийлла, майрра, Хьох дуй бууш, нана. Шир ца елла хьуна Сан кху кхерчан уьйраш. Нана, дийцахь сунна Хьайн къоьжаллин туьйра. *** Дег1аста. Дег1аста Дег1аста Азаллехь дуйна хьо х1аллакъян г1ертачу Къизачу ницкъанна юь-дуьхьал лаьтташ Баккъашца хьан лаьмнийн оганаш нийсдеш Турпала баьхначу хьан к1ентийн дуьхьа Дег1аста Дег1аста Эвхьанна безарийн б1аьра ца хьовсалуш Шовданийн б1аьра уьш хьийсарна ц1инлуш Кийра ц1ийх оьхучохь са сирла латто Хьуна ницкъ беллачу йо1арийн дуьхьа Де1гаста Дег1аста Доллучу дахарехь оьзда юкъ йихкина Набаран кхоьлах а хьуна сагатдеш Шайн берийн вонехь а сада1ар доцуш Хьуна хехь лаьттинчу къонахийн дуьхьа Дег1аста Дег1аста Нуьцкъала хьох даьхна дуьненчохь даржийна Хьан лаьттахь кошан барз хиллачех хьоьгуш Бартхаттар дицделла хьо Деле йоьхуш Эхарта дирзинчу хьан берийн дуьхьа Дег1аста Дег1аста Азаллехь Дала ша вайн дуьне кхоьллича Латтанаш стигланаш х1иттийна ваьлча Дуьненан 1аламаш нийсдина латто Диначу лекхачу хьан лаьмнийн дуьхьа Дег1аста Дег1аста Мостаг1чо кху лаьттахь даха ца дитича Мархашлахь даьхна а са маьрша латто Т1улгаш т1ехь даьхна а дог кура латто Йиначу хьан б1евнийн г1аланийн дуьхьа Дег1аста Дег1аста Маьршачу буьйсана ламанан тарханаш Шовданийн мукъамехь ойлане техкаш Экхано шен к1орни йохъечу хенахь Хьан г1енаш хьоьстучу тийналлин дуьхьа Дег1аста Дег1аста Делан шен пурбанца малхо де доладеш Адамийн акхаройн г1ан-набарш хадош Хьан лаьмнийн бердашкахь 1аннашкахь бижина Бода д1атоттучу серлонан дуьхьа Дег1аста Дег1аста Дела ша резавен 1амалаш лелаеш Да-нана резаден доьзалхой кхиош Хьаша-да резавен ц1е кхерчахь латтош Хьан беркат лардинчу х1усамийн дуьхьа Дег1аста Дег1аста Зингатан дахар а мехала лерина Экханан бакъо а тидаме эцна Маршонца нийсдина нийсонца дустуш Тхан дайша кхоьллинчу г1иллакхийн дуьхьа Дег1аста Дег1аста Дела цхьаъ виначийн ламазаш дебадан Элча бакъ виначийн ойланаш кхаба Хьан лаьмнаш сирлачу джам1ате кхайкха Диначу дуьххьарчу маьждиган дуьхьа Дег1аста Дег1аста Дела бен вала да воцуш хьо хьийзачу Тхан наной хьан къинна боьлхучу дийнахь Г1азотехь дуьненан боданаш багош Хьан к1ентий оьгучу доккхачу дийнахь Дала ларйойла хьо тхан Нана – Дег1аста!
__________________
life is a bleach and then u dye |
|
|
|
#4 |
|
Вес репутации: 10 |
Хьамзат Талхадов. БIоьвнаш тIера йозанаш.
Кху лаьттахь берриге хьекъалчаш хилча, Дуьненахь де догIур дацара ирча. * * * ДоттагIий ца хилча дика-вуо декъа, И паччахь велахь а стаг ву-кха пекъар. * * * Хьо ваха дIатарварх ах дуьне делла, Цуьнан мах ши шай бац, Дахмахках ваьллехь. * * * Хьол миска стаг вац кху дахаран некъахь, Ца кхийдахь кегийра куьйгаш хьан текха. * * * БIаьрга ца гиначо хестадеш лаьмнаш, Шаьш долчохь уьш доцуш даккхийдоь къаьмнаш. * * * Вехаш ву суьйранна пхьоьхана ваьлла, Шен юьхь а ца лечкъош, курра дош аьлларг. * * * Къехкаш верг шен шуьнехь хьаша ца оьшуш, ХьошалгIа нисвелча маьнги кIел хьоьжу. * * * Ваьхна верг куралла адамех воьлуш, Къилбехьа верзийча воьду дIа воьлхуш. * * * Йовхачу цIерга ахь доьттича даьтта, Цу хьалхахь лаьтта хьо вагаво атта. * * * Ша къонах ву бохуш ша хестош лелларг, Шен юьртал арахьа ца воьвзуш велла. * * * Куйна кIел лечкъина ахь дийцарх туьйра, Пайда бац, дог делахь хьан коьртаIуьйра. * * * Къоналлин гIалаташ къаналлехь луьсту, Къанвеллча летийнарш шен кочахь дуьсу. * * * Итт тIорказ дуьззина делахь а, ахча, Тоьар дац стагана, са дуьзна дацахь. * * * Хабарчо къамел до муьшал а деха, Хуъушехь и доций ге муьшан меха. * * * Ша цхьаммо хадош бац мах дийнна юьртан, Цьаьннан мах хадор бу мел жимчу юьрто. * * * Къерзаш верг ийъалуш корахчу нехан, Нах санна кху лаьттахь цкъа а ца веха. * * * Вон деъна де хетарх оьмарал деха, Ма деха дац-кха адамийн дахар. * * * Къанвелла тишвалар ерриге ханна, Бе-берса ду дуьне беран бер санна. * * * Цкъа наггаъхь суьйранна сагатлуш вацахь, Тоьаш бац стагана кхетаман кхача. * * * Ност каглахь лекхачу кертах тIех волуш, Юьйцинарг бехке веш ца тов дош олуш. * * * Ша шуьнехь дийцинарг кхачанах вуьзча, Стаг вочцо ца дуьйцу шун доцуш висча. * * * Цхьа къайле массарна гайтина Дала, Шен дезар цкъа мацца дуьненах вала. * * * Могшалла йоцчунна ца оьшу бахам, Къен-миска хилла а лаьа-кха ваха. * * * Кху лаьттахь харц лие бен матта тIехь тусуш Ирйинчу шаьлтанах хийла стаг вужу. * * * Ша вазвеш – лакхенехь латийна седа, Нахана ца эшахь, беха ца къега. * * * Хьанна а кхоьссина топ кхеташ дацахь, Стеган дог кийча дац халкъана даца. Шен цатам дIабалхо пхьоьхана веънарг Товш хуьлу ирс декъа цигга дIавеъча. * * * Аьхкенан малх ца ловш IиндагIа лехнарг Муш юкъах бихкина йол еха ихна. * * * Къеначун куьзга ду дIадахна дахар, Ирс ду-кха цуьнах юьхь ца лечкъош вахар. * * * БIаьргех хиш ца легнарг Даймехкан вонехь, Воьлуш а товш хилац и боьлуш тойнехь. * * * Цхьана а стагана ша вацахь реза, Массарал ша оьшуш вуй хаа деза. * * * Шен къоман хьекъалца терзанахь оьзна Дог дацахь паччахь а цIе йоцуш воьжна. * * * Шен дешан да воцчо дуйнашца дийцар, Ду иза нахалахь баьсса пал тийсар. * * * Хьан илли адамийн дог дохдеш дацахь, Ца оьшу и яздеш, я олуш ваца. * * * Йорт етташ хьалдолу доттагIа лехнарг, Шен болчу доттагIех дIахеда эххар. * * * Берзан йорт, я лоьман майралла хиларх, Шен къомах къаьстинарг лелар ву тилла. * * * Хьан хIусам елахь а ахчанах юьзна, Эрна ду хьан берийн сур дацахь дуьзна. * * * Дуьнена веънехь а маьхьарца воьлхуш, Iовдалниг шен дахарх чекхволу воьлуш. * * * Куралло, бахамо саттийнарг аркъал, Лаьтто бен ца нисво чекхдаьлча дахар. * * * Ша дуьйцург дерриге бакъ хеташ волчо, Шега ладоьгIуш берш хIиттор бу халчу. * * * Шен ирсан момсартIе ваьккхинарг юьрто, Цунна тIехь сацор ву хьекъален коьрто. * * * Адамех деккъа цхьа гIалаташ лехахь, Къанвелча стагана цхьаналла хьегIа. * * * Дацахь а и ира шаьлтанах терра, Хийла а соьматIе вахханчохь велла. * * * Хье кхехкош вохвинарг аьхкенан малхо, Чиллахь а вохлур ву шен кхерча хьалха. * * * Жен жIаьла магош верг кешнашка долла Мегар ву жIаьлена улло дIа волла. * * * Сарралца лесторах тIайх юьзна куьйра, Якхвелла волчунна цо ца йо куьйла. * * * Стаг воцчо шех лаьцна дестийна дийцарх, Пхьоьханахь вазвина наха и вицац. * * * Дика дин некъ боцчохь хаьхкича боьвзу, Стаг верг а, воцург а хьал хилча воьвзу. * * * Харцлуьш верг айвина къежаш верг цунна, Гиволла везара къежаш волчунна. * * * Цкъа ваьгнарг чим хиллалц безаман цIергахь, Кхерало йоIан юьхь оьгIазен къегаш. * * * Эвхьаза дош ала хьан баьрче ваьлла Йиш йоцург ву, Даймохк, дакъаза ваьлла. * * * Шен деган къайленехь доьзалхо вохвеш, Нанас бен йохур яц дахаран ирхеш. * * * Мохк бегош маьхьарца кхойкхуш верг Деле, ГIалат ву диканехь и вицвеш лелахь. * * * Къаналлехь ша лаьцча гIалатийн гуро, Шен некъаш адамех дIалечкъо вулу. * * * Ницкъ эшна воьжначу мостагIчух лиетар, Нохчашна даима осала хетта. * * * Лаьмнаша комаьрша вакхийнарг некхах, IасантIе тевжанчохь ца вужуш кхелха. * * * Къонахчо чаккхене дIакхаьчча некъаш, Бала бац доьзална бIаьрхишца текъаш. * * * Марнаной бехкебеш вовшашка дийцар, Сонталлийн цамгар ю несарийн цIийца. * * * Ненан мах хуур бац йоцчунна санна, Дуьне шен делахь а оьшуш ю нана. * * * Ша тоьхна буй буьйцуш дохуш верг орца, Ца вуьйцу цIе йоккхуш къонахчун цIарца. * * * НеI чIаьгIча арахь дерг нехан вон ларар, Ду иза шен бехках адамех валар. * * * Дуьнено Iехийнарг ахчано лево, Мел деши делахь а Iожалло тево. * * * Ницкъ кхаьчнарг адамийн белшатIе товжа, Дегнашкахь ларво цар лаьтта ца вожош. * * * Iаламо ца дахарх денна шен орца, Йоькхур ю цо вайна мел йина харцо. * * * Ша багахь дIалечкъаш, хийлазза корта Бохбойту харц ара лелхачу матто. * * * Хьекъален воккха стаг велахь хьан кертахь, Ду иза доьзална схьаделла беркат. * * * Дала схьаделлачун пусар деш вацахь, Эрна ду къахьоьгуш даьккхина хьацар. * * * Эхь хеташ ша велахь тезетахь велха, Ловзаргахь вала а ца оьшу хелха. * * * Вуьзначо ша санна вуьзна ву моьттуш, Мецаниг муьшкаш еш, товш вац дIатоьттуш. * * * Безамо ма дуьйццу лам харцош хилча, Къа хьаьрчар дацара вай цунна лийча. * * * Ойланийн хIордачохь Iамийнарг нека, Даьссачу дешнашца эрна ца века. * * * Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш, ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. * * * Ца оьшу дитта тIехь хьийзаш верг корта, Дахарехь шен йоцчу лакхене гIорта. * * * Шех дага вуьйлуш верг шайтIано лору, ТIаьххьара шен туьрца вара а вору. * * * Ма ала ловзаргахь со ваккха хелха, Хьан хелхар товш делахь воккхур ву наха. * * * Пайда бац шен мекхех дума а хьоькхуш, Пхьоьхана стаг хIиттарх и велахь екха. * * * Ловзарна кечвелларг догIа ца дезаш, Мел йокъа елахь а стигала къерза. * * * Чекхдолу ца доьллуш и кешнийн ков, Бакъболчу къонахийн мел ирча дов. * * * Бакъволу хьекъалча хьулвича лаьтто, Ша лакхахь боллушехь сагатдо батто. * * * Кхаъ дийнахь ца лаьтта осалчун тезет, Кхо бIешо а тоац къонах дIаверзо. * * * Нохчийн йоI, хьан озо дог дохдеш вацахь, Тешалахь иштта стаг къаналле кхачарх. * * * Мел миска велахь а бу боккха бахам, Буьззина барт болчу доьзалехь вахар. * * * Iа иэшош, лам сенбеш бIаьсте тIе кхачарх, Эрна ду дагчуьра ло дешаш дацахь. * * * Къано ву къамеле ладугIург наха, Муьлххачух и хилац къанваллалц вахарх. * * * Стаг лаьтто кхобур вац болх ца бахь коьрто, КIа дуьш дац IиндагIехь лебечу матто. Къонахийн дахар ду дуьненал деха, ДIакхалхарх уьш адмийн дегнашкахь беха. * * * Шениг дIа лачкъийна нехан нуьр тиллар, Хьекъал дац, ду иза стаг ваьсса хилар. * * * Харц хьехам беш волчу воккхачух тешар, Хетало иблисан куьг лаьцна къежар. * * * Дицдинехь къомо шен Iилманан ага, Ницкъ кхочур бац цуьнан лакхенехь къага. * * * Дахаран пусар дан Iожалла оьшу, Диканан мах хаа вон а ду оьшуш. * * * Адамаш вовшашна кIордийча лаьттахь, Мохк бегош лестайо дуьненан хьаьтта. * * * Стаг воцчу стеган дош ду хIаваъ бехдеш, Дуьне а ледарчу наха ду шелдеш. * * * Хан кхачош оьмаре цхьа де тIе дехар, Ду иза хи бухахь бекъа тIулг лехар. Каш хиларх чурт доцуш ца оьшу велха, Барз боцчу чурташна мегар ду велха. |
|
|
|
#5 |
|
Вес репутации: 10 |
Дег1аста Дег1аста
Азаллехь дуйна хьо х1аллакъян г1ертачу Къизачу ницкъанна юь-дуьхьал лаьтташ Баккъашца хьан лаьмнийн оганаш нийсдеш Турпала баьхначу хьан к1ентийн дуьхьа *После буквы "К" в чеченском языке разделительную функцию выполняет мягкий знак "Ь", потому что "К" с твердым знаком "Ъ" передает гортанный звук "КЪ" : къиг, къор, къу, къам и д1.кх. х1аллакьян - иштта нийса ду! Не зря же я учила чеченский литературный язык!
Последний раз редактировалось Carolina; 31.07.2006 в 04:57. |
|
|
|
#6 |
|
Вес репутации: 5 |
Очень красивое стихотворение, но не знаю к сожалению кто автор
ГРОЗНЫЙ Ассаламу 1алайкум, Хьомсара сан г1ала! Хьоьга сатийсира Хьо дагна езарна, Гин хьо сан б1аьргашна, Хьегначу хийла хьох. 1уьйре дика хуьлда хьан, Сан хьомен г1ала! Хьоьгахьа б1аьрг хьоьжуш, Хьоьгахьа дог г1ерташ, Зама ас кхийхьира, Хьо гаре сатуьйсуш, Вайн халкъан ирсана Дешарца къахьоьгуш. Суьйре дика хуьлда хьан, Т1ех езна г1ала! Дезначу хьан суьрто Кийрара дог хьоьсту, Кхин цкъа а хьо гаро Жималлин сурт оьхьу, Кхиамийн хьан жам1о Ойла сан курйоккху. Де дика хуьлда хьан, Хьомсара сан г1ала! Кхин хедар бац безам, Вовшех вай къаьстина, Г1аланел сов езна Хьомсара сан г1ала!
__________________
Подошёл ко мне вожак их стаи, Я коснулась серебристой шерсти, Мы внезапно встретились глазами - Может, стану я его невестой... |
|
|
|
#7 |
|
Вес репутации: 5 |
Абдулаев Леча
Суьйре Билхина б1аьргаш санна, Ц1ийлуш, чубузу малх. Ц1абоьрзу бажца цхьаьна Бежа дуьхьал бахна нах. Жа, бажа къехка ж1аьлех. Жах, бажах къехка бер. Бажа бог1учу роже даьлла Юьртахойн лелар, 1ер. Чуерзале йолу кет1а Х1ора ков-кертан 1а... Аьхкенан маьрг1аже меда... Биц ца лун туьркан чам... Ма-хуьллу сецаш кет1ахь, Хьогах ладоьг1у ас. "Садайна, чуван кхета!" - Ца кхойкху ненан аз-м. Х1озхохкургца сан х1еттехь тилла. Бажа къехкош, хихкина х1оз... Хьо юха дуург ца хилла, Бералла - мерза моз. |
|
|
|
#8 |
|
Вес репутации: 5 |
-Хьан хазаллехь хаза ву со.
-Хьан ц1еналлехь ц1ена ю со. -Хьан оьздаллехь оьза ву со. -Хьан дикаллехь дика ю со. -Хьан сийлаллехь сийлахь ву со. -Хьан хастаман декъахь ю со. -Хьо сайн хиларг кура ву со. -Хьан кураллехь кура ю со. Ахьмад Сулейманов |
|
|
|
#9 |
|
Вес репутации: 5 |
Апти Бисултанов
Тешам боцчу к1антана йо1а лекхна йиш бохучарна баха хили дуьйцучарна дийца хили вайша вовшех даьлчахьана кху дуьненахь са ца хили бохучарна 1уьйре елла дуьйцучарна суьйре елла ма коьаьрша хиллера хьо суна х1оккхул бала белла доккха дуьне хийист хеташ доккха дакъа хьан дош хеташ хьоь ладег1на йолчу йо1а дити хьуна шена хетарш Апти Бисултанов |
|
|
|
#10 |
|
Вес репутации: 5 |
"Со кура ламанхо ву!"-
Некха т1е бетта ахь буй. Суна-м хьо цхьа г1аларт ду Дац бохуш,баарх а дуй. Мах беза тилларх а куй, Б1ов санна х1отторах ц1а Бай хьан даг чуьра суй, Яй кхехкош ягахь а ц1е. Мацахь цкъа къонахий-дай Доьналлехь бевзина хьан. 1ожаллех чекхбийна т1ай Къийсамехь тиллина нах! Къонах ву г1иллахца товш- Г1иллакх ду халонца зуьйш. Мох-дарцо еттахь а тхъов, Собарах ца боьхна уьш. Мичахь ду дас хьегна къа, И велча ахь доь1на чурт. Хиэ даьхьн цуо дийна кха. Кхерчара ца болу к1ур. Ден ц1ийнах чубоьлху т1улг, Ахь къинош леторна сов. Хьан мах бу ширделла г1улг- Хьо саннарш т1аьхьенна бов. Хьан ярташ-тетарийн чот, Чекхдуьйлуш замана дерз. Льмнаш а-шаьлтанан ботт, Ахь чуьра дожийна герз. Де1ана,куьцана тан Ахь дашо тиллахь а куй. Хьо вацахь ден кхерчан да, Биъча а къера бу дуй. Дог 1овжош,хьуна ян вас, Ас къамел дерина дац- Со-хьуна генара вац- Сайн деган чов хьейо ас. -Сатуев Хьусейн- |
|