![]() |
|
|
#41 |
|
Вес репутации: 11 |
favaz, хьуна!
Нохчо ву со
Нохчо ву со, Нохчийн зудчо борз ехкачу буса вина, Ц1оькъа-лоьмо шен маьхьарца Вижинчуьра г1атта вина, Нанас иллин накха белла, Илли ала векал вина, Нохчийн маттах, нохчийн махках Берахь дуьйна дозал дина. Нохчо ву со, Лермонтовна т1еман к1урлахь хийла гина, Топ кхетарна цунна кхоьруш, Сайн Даймехкан сий лардина. Сайн хьешана мерза кхача, Деган йовхо ца кхоийна, Мостаг1чунна, бекхам боцуш, Цхьа а зулам ца дитина. Нохчо ву со, Маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина, Цунна ямарт, осал хеттарг, Къа ца хеташ, сайх хервина. Сайн ден дакъа ц1е-к1ур доцуш Ца дисийта юкъ йихкина, 1азап хьоьгу лай хуьлучул, Летта вала реза хилла. Нохчо ву со, Кху дуьненчохь са лаьттачу ирсе кхочуш, Барттий, безам, яьххьий, тешам Байна, цкъа а вехар воцуш! Нохчо ву со, Цхьаьна а къоман къонахчунца гамо йоцуш, Махках ваьлла, халкъах хаьдда, Декъал хила амал йоцуш!!! Тховса, вай ара дахарах лаьцна йолчу цхьана передачехь Дагаев Валид вара х1ара илли олуш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#42 |
|
Вес репутации: 11 |
Дикаев Мохьмад "Сан Даймохк"
Нанас берахь дуьйна
Суна хьо марзбина, Хьоьга дагардуьйцуш, Хийла ойла йина. Сан дай баьхна латта, Сан ирс долу Даймохк, Ахь кхиийна, Ахь стаг вина, Со новкъа велира. Хьуна гена ваьлча, Херехь зама яьлча, Даго лоькху зурма Суна хьо хетара. Сан дай баьхна латта, Сан ирс долу Даймохк, Малх бицбина, Нур къагийна, Суна хьо лепара. Х1ора йог1у кхане Хьоьца йоккхур, бохуш, Винчу махка кхача Ас сатийсинера, Сан дай баьхна латта, Сан ирс долу Даймохк, Хьох къаьстина, Дог диллина, 1алур ца хиллера. Нанас берахь дуьйна Суна хьо марзбина, Хьоьга дагардуьйцуш, Хийла ойла йина. Сан дай баьхна латта, Сан ирс долу Даймохк, Ахь кхиийна, Ахь стаг вина Вог1ур декъал хилла! Суна билггал дага ца дог1у, амма, со гал ца яьллехь, Султан Магомедов вара-кх х1ара эшар локхург...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#43 |
|
Вес репутации: 11 |
Хеда Батаева "Сонет"
Пелхьочун говзалло сиртан т1айх чекхвоккхур вац,
Баланан йозалло дикаллин кад харцор бац, Хьан нанас йиначо г1о доцуш-м хьо вуьтур вац, Ахь суна дехалахь сан данза мел дисна парзаш. Къинхетам бехалахь суна ахь, ма лолахь виц, Маьждиган майданахь къилбехьа ас г1улчаш йохуш, Когаша мийлина некъаш т1ехь даьржина ирс Ц1ийх 1енош, сиртан т1айн иралло когаш сан охур. Хьуна гуш ма баре сан г1отту, чубузу малх, Хьан коьртах хьакхалуш биен г1атта, буза йиш йоцур. Кхечара тосур бу "чекхъер ю-яц" боху пал, Ахь до1а делахь, сан дика-вуо дара хьох дозуш. Пелхьочун говзалло сиртан т1айх чекхвоккхур вац, Баланан йозалло диканийн кад харцор бац...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#44 |
|
Вес репутации: 6 |
Даймехкан Илли
Массо а суьранна, Тхан беша долий, Хьозано юх-юха Локху цхьа йиш... Карара сайн къолам Охьа а буьлли, Ладуг1у ас, хуттуш Б1аьргаш чу хиш. Ц1а а цу эшаран Дош а ца кхетам, Мел ч1ог1а ойла йеш, Ладег1арх ас. Амма цхьа ша тайпа Гергара хета Сан дагна, ца к1ордош Цу иллин аз. -Алахьа, х1ай хьоза, Юх-юха боху Хьан хьоме и илли Х1ун илли ду? Хьан даим и лекха Дог хунда дог1у, Суна а и хунда Ца к1орда до? Хьозано, ладоьг1на, Элира доцца: - Сийлахьчу Даймахках И илли ду Даймехкан иллига Шен безам боцург Ша винчу махкаца З1е йоцуш ву. Ахьмад Сулейманов |
|
|
|
#45 |
|
Вес репутации: 6 |
Маржа-я1....
Стенгахь ю-те нийсо, х1ай...? Харцо кхерста махкахь вайн! Да а воцуш дисна бай, Лела тахна хилла лай. Мила ву-те бехке, х1ай? Хьера хилла лела вай! Оьккхуш, доьхна хит1ехь т1ай, Шина декъе декъна вай. Бакъдерг ала йиш яц, х1ай! Шайн бакъонах боьхна дай. Дош ца олуш 1алац сайн, 1аьржачунна бохуш к1айн. Хьанах теша деза вай? Бохош эти Даймохк вайн! "Хьалкъан бала бу-кха шайн"- Олий махкахь бовлуш дай. Маржа-я1 хьан дуьне, х1ай! Олуш: "Хьо-м харц дуьне дай". Яха юьтуш ц1ераш шайн... Хьо-м нис ца луш белла дай. |
|
|
|
#46 |
|
Вес репутации: 6 |
Зуламо ша отуш
Г1аланаш, ярташ. Бехкбоцу адамаш Къистира сих. Балийна тембоцуш, Х1иттадеш чарташ- Сан къоман амалаш Хьирчира ц1ийх Дела, хьо ву воккха, Гуш ву-кха харцо, Г1о дехьа бакъоне Кхачадан тхо. Къинхетам беш хьайн а, Зуламан дарцо Ницкъ бича, тхо лардан Цхьаъ ву-кха хьо. |
|
|
|
#47 |
|
Вес репутации: 6 |
Дикачу стеган ц1е.
Дикачу стеган ц1е Цкъа а ца йов, Дикачу адамехь Безам ца бов, Ткъа вониг ц1е езаш Мила ву, тов? Цундела харцонна Ма ийба дов, Вониг дош ма ала Еш цхьанна чов, Дикачу стеган ц1е Цкъа а ца йов, Велча а йоккхуьйтуш Диканиг ц1е Т1аьхьешна лерехь Декийта зов. Дикачу стеган ц1е Цкъа а ца йов, И лаьттах воьлча а, Шех хуьлуш ц1ов, Дикачу адамехь Безам ца бов. Последний раз редактировалось heda_dubai; 02.03.2007 в 19:24. |
|
|
|
#48 |
|
Вес репутации: 6 |
Стаг воцчу стагца ахь
Ма лаца уьйр Ву хьуна кханнехь и Т1аьхьашха луьйр. Шен киса доьхна ша Дожийча шай, Бохур ду цо: " Иза Ахь даьхьна дай..." Кховдор бу цо хьоьга Бехк боцуш дуй, Я тешна витина, Бадор бу куй. Дикане хьийзар ву, Дог лозург хилла, Вонах пен тухур бу, Карийна х1илла. Хир ву и дагардеш Ца динарг ша, Леш волчо бехча Ца белларг ша. Делан ц1е йохур ю Тешаван шех, Хьанала лехнадерг Даккха шен дех. Шен дешан да цкъа а Ца хуьлу и, Хьо цунах тешначохь И хуьлу кхин. Ву хьуна кханнехь и Т1аьхьашха луьйр, ...Стаг воцчу стагца ахь. Ма лаца уьйр. |
|
|
|
#49 |
|
Вес репутации: 6 |
Багахь цхьаъ ду,
Дагахь кхин ду- Дала хьох ларвойла со. Дуьхьал воьлху, Т1аьхьа воьлу- Дала хьох ларвойла со. Дийнахь доттаг1, Буса мостаг1- Дала хьох ларвойла со. Сан де декхча, Кхоло г1ерта- Дала хьох ларвойла со. Г1иллакх лоьру, Хьох ца кхоьру- Дала хьох ларвойла со. Хьо ца оьшу, Хьох ца воьлу Дала вочух ларве хьо. |
|
|
|
#50 |
|
Вес репутации: 6 |
Сих ма ло - стагах дош ала,
Сих ма ло - вониг дош ала, Сихаллехь хьайн собарх воьхна, Сих ма ло стогаллех вала. |
|