![]() |
|
|
#351 | |
|
Вес репутации: 2 |
Цитата:
Аллах1 Дала вовшех ма хьегадойла вай! )
__________________
"Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш, ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. " |
|
|
|
|
#352 |
|
Вес репутации: 5 |
К1адвелла со
Кху дуьненчохь ваха, Ойлано дог Коше ийзадо, Кхолламо а Бетташ д1аьвшен маха, 1азапхо веш, Б1аьрза хьийзаво. Хьере хуьлу Хьуна гена ваьлча, Тамашийна, Ирча г1енаш го. Х1ун дер-те ас Цхьа хан-зама яьлча, Х1ун дер-те ас Вицвахь хьан даго? Ирсан къуьда Дагчохь къеда цкъацкъа, Ахь б1аьргнег1ар Тохале д1абов. Лахь, вала а Безаман цу ц1арца Вехаш ву со-м, Амал доцуш сов… Хьере хуьлу Хьуна гена ваьлча, Тамашийна, Ирча г1енаш го. Х1ун дер-те ас Цхьа хан-зама яьлча, Х1ун дер-те ас, Вицвахь хьан даго? Рамзан Джамбулатов
__________________
Г1аланах терра ас хьо хьоьстуш йоьттина ойла Ма ч1ог1а лиънера ма-ярра и хьуна гойла... |
|
|
|
#353 |
|
Вес репутации: 5 |
Сан безам! Кхета хьо нийса,
Хала ду хьоьга сатийса! Алахьа хьо йинчу нене, Яхийта йиллинчу хене! Хьох цхьаннах сан ойла хьерча, Хьо гича, мотт д1а ца керча. Хилийта хьо сайна реза, Дийцахьа, ас х1ун дан деза? Гур юй-те цкъа а хьо мукъа, Жимма а даккха самукъа? Б1аьрг тоха маьлхан дуьнене, Г1уо вайша сийначу кхане? Хьо ма ю ас Делe ехна, Хьо цхьаъ ю сан даго лехна. Гой хьуна, яьлла ц1е санна, Дог-зезаг догуш ду сан а. Со ирсе хилча, хьо гина, Хьо х1унда йоьлху сан къина?..
__________________
Г1аланах терра ас хьо хьоьстуш йоьттина ойла Ма ч1ог1а лиънера ма-ярра и хьуна гойла... |
|
|
|
#354 |
|
Вес репутации: 5 |
Дика нах стенна бу т1аккха...
- Т1ом хир бу ма боху, дукха ца 1аш, Бакъ дуй и? - хаьттира соь жимчу Мархас. Цецъевлла, севцира стиглара мархаш, Боккъал и бакъ ду-те аьлла ца 1аш. Цу йоь1ан б1аьргаш чохь - цу жимчу беран! - Х1унда бу, дависарг, т1еман и кхерам? - Хир бац т1ом! Хир бац и, Хила йиш яц-кха. Дуьненахь дика нах стенна бу таккха! Цу беран б1аьргаш чохь къегира довха Маьлхан нур, машаре маршалла луш. Мархаш а стиглара евлира новкъа, Хетарехь, дикане йоьлхура уьш. Яралиев Юсуп.
__________________
Г1аланах терра ас хьо хьоьстуш йоьттина ойла Ма ч1ог1а лиънера ма-ярра и хьуна гойла... |
|
|
|
#355 |
|
Вес репутации: 2 |
А. Исмаилова.
БЕРАЛЛИЙН МЕРЗ
Г1айг1ане ойланаш хьоьг1уш, Т1есерсаш ду дехкан дерз. Мартанан йисте со воьхуш, Бекаш бу бераллийн мерз. Хьийзадеш дог1анан серий, Ц1еххьана тохало мох. Хьан йина сан ойла хьере? Хьенан бу лерера мохь? Кхин цкъа а хазийта суна, Доьху хьоь, и мерза зов! Ца хеза. Х1уммаъ дац гуонах. Хилла и сан деган ов. Хьаьрса шен к1озарш а лестош, Гуьйрено тийжамаш бо. Мартано тулг1ешца хьоьстуш, Д1ахьош сайн бералла го.
__________________
"Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш, ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. " |
|
|
|
#356 |
|
Вес репутации: 5 |
Т1аьххьара лайн к1айдарг ешна д1аелира,
Малхана барт кхийдош,зезаг схьакъедира, Зазаша детица бошмаш а кхелира,- Ткъа соьга"ца веза" ахь муха элира? Ц1еххьана стигалахь х1иттинчу мархаша Бода т1ететтира сирлачу малхана. Мархаша-м,даррехь гуш,йочана йохьура,- Сан безам д1ататта хьо муха яьхьира? Дуьне а 1ададеш,ц1еран шед кхерстира- Стигал а,латта а ц1еххьана лестира.... Хьоьца бен ирс ца гуш,ас сайнна къестинарг Алахьа,хьо йоцуш со муха мегира?......
__________________
Г1аланах терра ас хьо хьоьстуш йоьттина ойла Ма ч1ог1а лиънера ма-ярра и хьуна гойла... |
|
|
|
#357 |
|
Вес репутации: 0 |
Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна б1аьрхиш, Ас хьоьга д1ахьовсор ду Къастаро делхийна б1аьргаш. Теша со, хьо кхочур ву, Ирсо вайн къагор ду дегнаш, Ас хьоьга туьдуьйтур ду Сайн безам хьагбина г1енаш. Теша со, хьо кхочур ву, Дитина мел долу дезарш, Ас хьуна д1айоьшур ю Хьан ц1арца кхоьллина байташ. Теша со, со хьоьжуш ю, Дицдина мел хилла вонаш. Хьан белшаш т1е дохкур ду Хьо воцуш шелделла куьйгаш... |
|
|
|
#358 |
|
Вес репутации: 11 |
А. Айдамиров
Ма дукха а деза суна х1ара илли....
Хьоьх дуьххьар б1аьрг кхетча, Йист хуьлу хезча, Хьан озе ладоьг1уш, Хьийжира хьоьга. 1аьржачу, эсалчу Б1аьргаша хазчу, Дагчу ц1е йиллира, Хьаьжча хьо соьга.. Безаман цу ц1аро Ботту сан кийра, Наб яйна г1уьтту со Хан йоцчу хенахь, Амма ца х1утту со Дагара дийца, Кхоьру ахь со къиза Таттарна гена.. Сих-сиха генара Хьо йолчу вог1ий, Воьду со сайн дагахь Хьо хьоьстуш, хьоьжий, Ткъа хьуна-м ца хаьа, Сан кийра богий. Дарбанна хьоьгара Хьан безам оьший.. Хьан деган къайленаш, Ойланаш еша, Ца хаьа хьан хазчу Б1аьргаш чу хьежарх. Буй-техьа хьан дагчохь Кхечуьнга безам? Юй-те хьо х1инццалца Къастоза везар?
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#359 |
|
Вес репутации: 11 |
Мохьмад Сулаев
Суьйренца беттаса..
Суьйренца беттаса кхетахь - Хьо дагаяийта кхета. Буьйсанца седарчий лепахь - Хьо ца йицъялийта лепа. Седано, ша бедда бог1уш, Лепаш, серлайохуш буьйса, «Йиц ма елахь!» - соьга бохуш, Амат хьан сан даг чу туьйсу. Сийна кхокха нислахь боьдуш Стиглахула шен ирс леха, Хетийца и дагна бог1уш - Хьо цайицъяр соьга деха. Малхехь ловзуш, бешан кертахь Шовданан хи декаш дог1у, Цо кхузара боцчу маттахь «Йиц ма елахь!» - соьга боху. Толло, лесташ, дагна хьоьху, Органо а, хьаьдда дог1уш, Шен декарца даим доьху, Хьо ма йицъяхьара бохуш!.. Ас т1елоцу цара бохург, Атта реза хуьлуш царна, Х1унда аьлча: соьга доьхург - Дагна деззариг хиларна!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#360 |
|
Вес репутации: 11 |
Кибиев Мусбек
Даймохк...
Хазалла, Даймохк, хьан лаьмнийн Стенах тарйийр ю-те ас? Дешнаш дац хазалла йийца, Кийрара далац сан аз. Кхехкалуш ламанах шовда Бухдуьйлу, лестаеш буц. Кийра мел к1орга со кховдарх, Дийцалац, лаьмнаш, шун куц. Амма сан ойлано, кхерсташ, Б1аьргашца тидамаш бо, - Баьццара холхазаш санна Йолчу цу хьаннашкахь го. Малхаца г1евттина хьалххе Г1овг1ане, оьг1азе хиш, Баца т1ехь эзарнаш маьлхаш Чохь керчо 1уьйренан тхи. Мархаш цкъа чухьолхий буьрса, Ког баккхал латта ца го. Уьш лаьмнийн белша т1е юьйший, К1айн денойх буьйсанаш йо. К1ур баьлла моттуьйтуш, генахь Хьаннашкахь г1аттало дохк. Буц лестош, ног етташ боьрахь, Болало шок етта мох. Хазалла, Даймохк, хьан лаьмнийн Стенах тарйийр ю-те ас? Дешнаш дац хазалла хасто, Карадац ницкъ кхочу аз. Жимчохь со кхиъна сан латта, Со вина хьоме Даймохк, Шо-шаре къонлуш хьо лаьтта, Деладеш кийрара дог...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|