Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 27.12.2006, 23:41   #21
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Рамзан Джамбулатов

...Амма со кханенах теша,
Тешаро шен дола ваккхал.
Ког боккхуш вер ву со беша,
Ирс хеташ когаш т1ехь латтар!

Сайн иллех дуй аса биъна
Дахарехь нийса некъ лаца.
Бакъо яц иштта 1ен хиъна,
Х1ай, Даймохк, сан куьг д1алаца!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 27.12.2006, 23:49   #22
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Рамзан Джамбулатов

Нохчех маца 1ебар те...

Нохчийчоь ю ц1ергахь йогуш,
Нохчийчохь бу луьра т1ом,
Нохчийчоь ю отуш, огуш,
Нохчийчохь бу "мерза стом".

Дела воцург накъост воцуш,
Доьхна хьийза адамаш,
Дегнаш доьлху, юхь т1ехь соьцу
Дуьрчу б1аьрхийн т1адамаш.

Дехьа-сехьа герзаш детта,
Х1оттош ирча къематде.
Д1огахь ц1ийнах бомба кхетта...
Нохчех маца 1ебар те?!

Дела воцург накъост воцуш,
Доьхна хьийза адамаш.
Дегнаш доьлху, юьхь т1ехь соьцу
Б1аьрхийн даккхий т1адамаш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 27.12.2006, 23:52   #23
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Рамзан Джамбулатов

Ткъолг1ачу б1ешеран чаккхе,
Зуламан дайшна марш баьтт1а.
Харцоно яьккхина лакхе,
Вайн Даймохк бохийна, аьтта...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 00:02   #24
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Рамзан джамбулатов

Цамгаро лаьцна со,
Вожийна метта,
Шерашкахь ас тоькху бала.
Мегар дуй-даций
Соьга ма хетта,
Хьаша-да, схьа чоьхьа вала!
Нагахь хьо г1елвинехь
Шелонан хьуно,
Дарбане байташ ас
Йоьшур ю хьуна...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 00:13   #25
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Рамзан Джамбулатов

Ехийла Нана
Сайн нанна Паладина

Сан Нана, хьол хаза, хьол деза
Дуьненчохь х1умма а дуй?
Хьан сий деш вала ву реза,
Тешаеш ца баарх дуй.

Сан Нана, сан деган зезаг,
Хьайн йовхо схьалуш хьо 1а.
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Томе ю къамелан 1аь.

Хьешашна чомехь пхьор х1иттош,
Хийла хьайн хьийзадо са,
Ца лела цабезам г1иттош,
Я хьайна ца лоьху са.

Г1иллакхе, оьзда ю даим,
Коьрта т1е йис йилларх к1айн.
Ахь Дела мел дехнарг дай и-м,
Цундела ю хьо юьхьк1айн.

Шовданна к1ел лоьцуш канаш,
Дахаре безам ца бов,
Ехийла хьо санна Нана,
1алашъян марзонан б1ов!

Сан Нана, хьол хаза, хьол деза
Дуьненчохь х1умма а дуй?
Хьан сий деш вала ву реза,
Тешаеш ца баарх дуй...

Х1окху дешнашца Бетельгериев Хьуьсенас яьккхина инзаре ч1ог1а хаза эшар ю...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."

Последний раз редактировалось Dodam; 28.12.2006 в 00:27.
  Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 00:25   #26
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Рамзан Джамбулатов

Г1уо вайша сийначу кхане

Сан безам! Кхета хьо нийса,
Хала ду хьоьга сатийса!
Алахьа хьо йинчу нене,
Яхийта йиллинчу хене!

Хьох цхьаннах сан ойла хьерча,
Хьо гича, мотт д1а ца керча.
Хилийта хьо сайна реза,
Дийцахьа, ас х1ун дан деза?

Гур юй-те цкъа а хьо мукъа,
Жимма а даккха самукъа?
Б1аьрг тоха маьлхан дуьнене,
Г1уо вайша сийначу кхане?

Хьо ма ю ас Дела ехна,
Хьо цхьаъ ю сан даго лехна.
Гой хьуна, яьлла ц1е санна,
Дог-зезаг догуш ду сан а.

Со ирсе хилча, хьо гина,
Хьо х1унда йоьлху сан къина?..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 03:38   #27
hermit
 
Аватар для hermit
 
Вес репутации: 4
Ойланаш...

Буьйсанна... Шийлачу буьйсанна...
Седарчийн наба кхеттна, бода д1айсхьаяржина...
Вижаз ву со...
Буьйсанна... Хьуьннара берзан санна...
Меттиг кар ца йо сунна... Г1айг1ано хьовзина...
Сан деган чов...

Шийла мох... Арара дарц ду хьоькхуш,
Сингаттаме мукъам лоьккхуш...
Деъна ду 1а...
Алахь соьг... Даггара дийци ала...
Вайшиннан безаман г1ала...
Йоттлур юй цкъа а???



28/12/06 03:30 a.m.
__________________
life is a bleach and then u dye
  Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 03:57   #28
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от hermit Посмотреть сообщение
Буьйсанна... Шийлачу буьйсанна...
Седарчийн наба кхеттна, бода д1айсхьаяржина...
Вижаз ву со...
Буьйсанна... Хьуьннара берзан санна...
Меттиг кар ца йо сунна... Г1айг1ано хьовзина...
Сан деган чов...

Шийла мох... Арара дарц ду хьоькхуш,
Сингаттаме мукъам лоьккхуш...
Деъна ду 1а...
Алахь соьг... Даггара дийци ала...
Вайшиннан безаман г1ала...
Йоттлур юй цкъа а???



28/12/06 03:30 a.m.
Уггаре коьртаниг тешар ду... Суна иза хиъна, сайца дахарехь нисделлачух... Дала мукълахь, массо а х1ума дика хир ду, hermit)))
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 05.01.2007, 23:05   #29
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Раиса Ахматова

Дош лохьа,
Хьомениг,
Дог1анца, дарцаца
Хала ца хетийта...
Дош лохьа,
Хьомениг,
Цхьалхачу х1усаме кхача,
Со хьайх ца хьегийта...
Ч1ог1ур дуй
Ас ц1ийнан кораш,
Хьан ц1е а йохуш,
Мохо а хилча мохь бетташ,
Ч1ог1ур дуй?!
Со суо ю...
Сов хала, еха ю къаьстина йоккху хан,
Еха ю, некъ санна.
Со суо ю...
Амма сан
Безам бу тешаме,
Хьанал ю цунна.
Кхерчаца со йохъян,
Мостаг1ех, г1айг1анах со ларъян
Дош лохьа!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 08.01.2007, 03:37   #30
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Ш. Хасаров "Хаза яй хьо-м"

Самах, г1енах езаелларг,
Хьо со воцчохь ма 1ало?!
Хаза яй хьо-м, декъалхиларг,
Безам мийла хьан даго!

Буьйса дийнах къаста ца луш,
Алу хилла сан дагах,
Цо хьийзаво, кийра моьрцу,
Сох къахета, схьаяло.

Дитташа шайн дашо месаш,
Лестош, гурахь эгайо,
Винчу к1антал хьоьха хьаьгна
Сан нанас а сагатдо.

Муьйлур вайша лаьмнийн шовда,
Летор вайша дегнех ц1е,
Цкъа а вовшех кхин ца довла,
Т1екхачийта ирсан де.

Самах, г1енах езаелларг,
Хьо со воцчохь ма 1ало?!
Хаза яй хьо-м, декъалхиларг,
Безам хьеста хьан даго!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.