![]() |
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
![]() |
|
|
Опции темы |
|
|
#11 |
|
Вес репутации: 5 |
Доттаг1чуьнга
Бала ца 1аьткъича шен кийрахь, Тем байна вайн латта Дегор дуй? Хьомечу доттаг1чуьн тезетахь Б1аьрхишца къурд ца беш Дог 1ийр дуй?… Орамца ца доккхуш, хадийча Зезаг, Ахь мел лелорх, денлур дуй? Доттаг1, ахь харцонца дагийнчу даго Хьуна кхин йиш лоькхур юй? Гайтукаева Б. |
|
|
|
#12 |
|
Вес репутации: 5 |
ЮХА А ХЬОЬГА
Хьо гаре сатуьйсуш — Гарна а кхоьруш, Суьйранна шун куьпахь Лелаш со тийна, Урамехь хьо гича Эсала йоьлуш, Юха а безамо Багийра кийра. Шо хьалха хьоьх къаьсташ Хилла чов дагна, Хьан хазчу къамело К1аргъеш д1айилли Х1уммаъ дац... хин шена Чим цунах даьгна, Амма хьо, хьомениг. Ма хийцаслла? Хьан б1аьргаш хиллехь а Цу дийнахь доьлуш. Ца гора царна чохь Хилла ц1е хьалха, Урамца уьш д1аса Кхерстара кхоьруш, Тарлора мархийх чекх Хьоьжучу малхах. Б1аьстенан кху хазчу Ирсечу дийнахь, Х1унда гац суна хьо Нийсаройн мог1арехь, Къона ницкъ, догу дог Ма хьалхе тийна, Талхий-те сан зезаг 1индаг1е доьг1на? А. Айдамиров |
|
|
|
#13 |
|
Вес репутации: 5 |
Ненан мотт
Хьайн ненан мотт хаахь, Дозалла ас до хьох, Даггара и безахь, Ас хастам бо хьуна. Цунах ма херлолахь, Доттаг1а, варийлахь, Ненан мотт хьайн бацахь, Байлахь вуй хаалахь! Хьо безаш волчунна Пондаран аз ду хьо, Хьайца уьйр йоцчунна Г1ихь беза мухь бу хьо. Хьо хууш волчунна Йовх1арийн х1онс ю хьо, Хьайца шовкъ йолчунна Чам тайна стом бу хьо. Хьо ца безаш волчо Шен нана лорур яц, Ненан сий цадечо Мехкан сий лардийр дац. Ненан мотт цахаар Шен кхерч цаларар ду, Кхерчан да цахилар Маьттаза вахар ду. Б. Саидов |
|
|
|
#14 |
|
Вес репутации: 5 |
НЕНАН МОТТ
Со вина Кавказан ломахь, Къоьжачу баххьашна юккъехь. Аьрзонийн баннашна лулахь, Нанас со кхиийна берахь. Цигахь со набарна товжош, Цо олу аганан илли, Декара, дог хьоьстуш, довха, Сан нохчийн маттара илли. Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш, Со цунах хьерчара кхоьруш, Я халкъан илли цо олуш, Д1атуьйра набаро хьоьстуш. Шаьш хьегна баланаш балхош, Вайн халкъан турпалхой хестош, Дайн-дайша даьхна и иллеш, Декара дог 1ийжош, доруш. Цу иллийн дешнашца гора Даймехкан исбаьхьа сурташ, Маршоне, даймахке безам, Вайн дайша къийсамехь гайтар Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш. Хьоьца шен баланаш балхош, Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош, Ловш 1ийна уьш и буьрса денош. Хьоьца ду суна мел дезнарг, Вина мохк, нанас сан хьестар. Хьоьца ду сан велар, велхар, Дахаре сан болу безам. Бекалахь, ненан мотт, тахна, Дуьнене машаре кхойкхуш, Лаьтта т!ехь Къинхьегам, Нийсо, Вошалла, Ире, Машар кхайкхош. А. Айдамиров |
|
|
|
#15 |
|
Вес репутации: 5 |
Бераллехь со хьоьха
Къаьстинчу хенахь, Суо жима бер долуш Ас ма битарра, Карий хьо ас дагахь Латтийнчу суртахь, Сих-сиха г1енаха Суна ма гарра. Ахь со т1еийцира Нанас бер санна, Хьаьстира хийла са Тийсинарг хьайга. Хьан лаьмнаш, аренаш, Баьццара хьаннаш, Ас дагчохь ларйира Массанхьа сайца. Ткъа х1инца ца 1ебаш Хьоьга мел хьежарх, Гу лакха вуьйлуш ас Хьоьга б1аьрг бетта. Сийначу духарца Кхелина 1алам Шен к1ант — со т1еиэца Кечделла моьтту. Ладоьг1у шовданаш Т1улгаш т1е 1енаш, Бошмашкахь, хьаннашкахь Олхазарш декаш. Хьоьжу со диттийн г1аш Шур-шур деш лесташ, Зезагаш бацалахь Эсала техкаш. Моттало уьш сайца Къамеле девлла, Нанас шен бер санна Цара со хьоьсту. Гуьйранна г1аьттина Со араваьлча, Даймехкан 1аламо Маршалла хоьтту. Беза хьо Нана-мохк — Дай баьхна латта. Хьоьца ду сан ирс а, Ас мел ен ойла. Хьан дуьхьа къахьега, 1ожал т1еиэца, Ца луун долу к1ант Дена ма войла! А. Айдамиров |
|
|
|
#16 |
|
Вес репутации: 5 |
ЕЗАЧУ ЙО1Е
Хьоьх дуьххьар б1аьрг кхетча, Йист хуьлу хезча, Хьан озе ладоьг1уш, Хьийжира хьоьга. 1аьржачу, эсалчу Б1аьргаша хазчу, Дагчу ц1е йиллира, Хьаьжча хьо соьга. Безаман цу ц1аро Ботту сан кийра, Наб яйна г1уьтту со Хан йодчу хенахь, Амма ца х1утту со Дагара дийца, Кхоьру ахь со къиза Таттарна гена. Сих-сиха генара Хьо йолчу вог1ий, Воьду со сайн дагахь Хьо хьоьстуш хьоьжий, Ткъа, хьуна-м ца хаьа, Сан кийра богин. Дарбанна хьоьгара Хьан безам оьший Хьан деган къайленаш, Ойланаш еша-м. Ца хаьа хьан хазчу Б1аьргаш чу хьежарх. Буй техьа хьан дагчохь Кхечуьнга безам? Юй-те хьо х1инццалца Къастоза везар? А. Айдамиров |
|
|
|
#17 |
|
Вес репутации: 5 |
Суьйре, аьхна суьйре,
Хаза, маьрша йог1у. Нана, дийцахь туьйра, Со хьо йолчу вог1у. Стигла оьху 1ана Эзар ц1арах тховса. Хьаьгна ву со, нана, Цкъа хьан марахь тхьовса. К1адвелла со ч1ог1а, Хьоь сатуьйсуш лела. Хийла дог ца дог1уш, Хьо ца гучохь вела. Амма и хьан йовхо Даим даг чохь къуьйлуш, Веъна со сайн новкъа, Ирхонашца къуьйсуш. Эт1ош когийн айра, Гуш сайн ирсан кхане, Со чекхвийлла, майрра, Хьох дуй бууш, нана. Шир ца елла хьуна Сан кху кхерчан уьйраш. Нана, дийцахь сунна Хьайн къоьжаллин туьйра. А.Бисултанов |
|
|
|
#18 |
|
Вес репутации: 5 |
Султан Яшуркаев
Гал-г1ожмехь ловзанза
Цхьа йо1 а йовзанза, Цхьа некъ а билланза, Цхьа т1ай а тилланза, Цхьа илли аланза, Цкъа хелха валанза, Цкъа ага тахкоза, Хастоза махко цкъа Стаг вели-кх тахана 1абаза дахарах- Аш бер ду бахарх, Аш бер ду бахарх...
__________________
Непременно вернусь... |
|
|
|
#19 |
|
Вес репутации: 4 |
Х1ар байта суна ч1ог1а дуккха еза)
Со цецвуьйлу - Апти Бисултанов Со цецвуьйлу, со цецвуьйлу денна Дикачу нехан дикачу г1иллакхех. Кху дуьнен чу со цецвийла веъна, Сайн вахарах сайна хета эхь. Цхьамма даьккхи д1огахь сирла шовда, Цхьамма кхоьлли керла х1усам-ц1а, Цхьамма цхьаьнга безам кховдий бовха. Ас х1ун дина? Со х1ун кхиъна дан? Цхьамма доьг1на, мохехь синтар леста, Ахорхочо кхиий беркат-кан, Цхьамма илли эли, дахар хестош. Ас х1ун дина? Х1ун дика ду сан? Кху дуьнен чу со цецвийла веъна, Сайн вахарах сайна чекх са ган. Дикачу нехан беркат деба денна. Ас х1ун дина? Со х1ун кхиъна дан?
__________________
life is a bleach and then u dye |
|
|
|
#20 |
|
Вес репутации: 11 |
Салам-маршалла ду массаьрга! Х1ара байт язйинарг Джамбулатов Рамзан ву. Иза нохчийн поэташна юккъехь дика вевзаш вац. Аса Рамзан х1инца а волуш санна йазза-м до... Х1окху шеран 25 октябрехь д1аваьлла иза. Цхьа шатайпа кхоллам болуш стаг вара Рамзан. 1944 шарахь нохчий махках бохучу хенахь ах шо долуш вара иза. Чу баьхкинчу салтех кхеравелла, цамгар кхийтира цунах - когаш т1е хьала ца г1атталуш висира иза. Нанас гехь ишколе кхуьйлуш хиллера Рамзан, цуьнга дешийта лууш... Цхьана йоццачу ханна мелла а когаш т1е хьалах1оьттинера иза, могаш вацар аьлла ца 1аш, дукханахь белхаш а бинера цо. Амма, 40 шо а кхачале, даиманна а заь1апхойн г1удалкх чохь висира Рамзан... Шен 14 шо кхаьчхьана байташ язъеш хиллехь а, цхьа а гулам ара ца баьллера цуьнан. Ч1ог1а кхоьруш а вара иза, иза ца гуш, ша валарна, шен дахар эрна хеташ... Делан къинхетамца, аса а цхьажимма дакъа а лоцуш, вайн цхьа вевзаш волчу махкахочо ара хийцира Рамзани байтийн гулам, цунна шена га а гира иза... Цу т1ера байташ язйийр ю аса...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|