![]() |
|
|
#101 |
|
Вес репутации: 4 |
Шайхи Арсанукаев
Ненан Мотт Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ, Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь. "Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" - Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь. Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта", Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт: Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз! Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу, Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш Даима ша хилла нохчийн мотт бу. Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо. Вайн нохчийн майралла, оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь екийна цо! Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна, Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна, Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!
__________________
Идет поиск..... |
|
|
|
#102 |
|
Вес репутации: 4 |
Адам Итон.
*** Дийначуьнан бехк бу, Хиларна и дийна. Х1ораза виэн лохуш, Валарна ша ведда. Вийнаверийг - кхаъ бу, Иза вийначарна. И вацара къарлуш, Шега бохучунна... Кхузахь оьху талла, Адамашна т1аьхьа. Де хуьлуш шайн доьхна, Цхьаъ цавийнехь тоьхна. Кхузахь воьдург, вог1ург, Шен лар йоцуш войу. Дуьненчохь и ваьхна, Цкъаа цахилча санна. Кхузахь орца дац-кха, Хьо мел кхайкхарх дала. 1уьйкъашна мохь тоьхча, Я делкъанна аьлча. Кхузахь декъий оьшу, Цхьаболчарна дохка. Кхечара уьш оьцу, Лаьттан кийра дохка. Кхузахь ду уьш мехе, Деши, дети луш а. Ц1ет даьккхийна меже, Цахиларх т1ехь гуш а. Кхузахь бакъо яц хьан, Виэрах коша вала. Нагахь цхьа са яцахь, Хьан гом оьцуш елла. Т1аккха бен ша реза, Хир яц ж1аран г1ера. Хьоь мел Эхарт хьежарх, Хьо цунна д1ахеца
__________________
Идет поиск..... |
|
|
|
#103 |
|
Вес репутации: 4 |
Тагаев Сайд-Хьасан
Суьйре Малх бузу хан.Стигал дешех йогу, Сингаттамо даг чохь шедаг лоькху. Мукъам 1аьткъаш, шийла моьнаш достуш, Маьлхан з1аьнарш дорцах даг чу хьоькху. Пондар тийжа, хьоьца бала боькъуш, Дерриг дахар шен мукъаме дуьллуш, Шедаг, г1ийла юткъа шок а лоькхуш, Аьзнийн маттахь къамелашка юьйлу. З1аьнарш керча, шайн 1индаг1аш 1енош, Рег1ах ах чухуьйди маьлхан экъа, Мохехь хьаннаш леста, суйнех къегаш, Анайистехь даьржи ткъесан шекъа. Иштта сарахь, малх хьо варкъах бага, Маьрша ловзуш нохчийн бераш долуш, Стигал к1елахь кхане йолуш даха, Даймохк, лаьмнаш т1амехь догуш доцуш.
__________________
Идет поиск..... |
|
|
|
#104 |
|
Вес репутации: 4 |
Батаева Хеда
"Нохчочуьнга" Хьан ц1ийца деха Ворх1е дайн ц1ий, И долччохь деха Стогалла, сий. Хезна ду олуш: "Х1ай жима къам, Доккхачу къоман Бан беза хам. Чудилла чехка Сан кеда сом". (Ясакхаш лучех Ма даций тхо-м.) "Ткъа реза дацахь Ношбели стом - Д1амолуш дахар, Т1екхалла т1ом..." Такхоре бижи Заманан ц1ов: Кад - изза, тиша, Стом- керла дов Кхийдадо хьоьга, Хьан дерриг герз - И хьоьца деха Ворх1е дайн иэс. Д1амала боху Хьоьга хьайн ц1ий, Т1екхалла боху Ворх1е дайн сий. Зарзло хьан Cобар дихкина муш, Хьуо ваа тоба Динийла гуш. Ницкъ боцуш дисча Нуьцкъала дош, Герз лоцчу куьйган Дацдо ахь пхьош, Д1амала олуш Шайгга шайн ц1ий Т1екхалла доцург Ворх1е дайн сий...
__________________
Идет поиск..... |
|
|
|
#105 |
|
Вес репутации: 4 |
Батаева Хеда
*** Х1окху суьйренан малхбузар лозу, Г1ийла д1абузу чов хилла малх, Шена язъелла кху дийнахь б1озза Х1окху дуьненчу х1оьттина чалх. Х1окху суьйренан малхбузар лозу, Со а цамгарах парг1ата яц - Х1окху суьйрана сан суьйре лозу, 1ийжаш дуьне вайн хиларна харц
__________________
Идет поиск..... |
|
|
|
#106 |
|
Вес репутации: 4 |
А. Айдамиров
Хьоьга Нисса шо кхаьчнера Суна хьо еза, Хьоь болу безам ас Сайн дагчохь къуьйлу. Яйнера мерза наб, Байнера синтем, Дог дара диллина Безамо 1уьйшуш. Хийлазза вог1ура Хьо йолчу аг1ор, Сайн дагца ч1аг1о йой Ц1енна д1адийца. Хийлазза вирзира Ца дуьйцуш хьоьга, Кхоьрура хиларна Хиллариг х1инца. Амма ницкъ бацара Кхин д1а садетта, Бовхачу безамо Боттура кийра. Дийцира сайн ницкъал Безам а тоьлла Кхоьррушехь хетарна Хьан дагна хийра. Ахь лехахь куц хаза, Дац иза соьца, Яц соьца куралла, Кочалла яьсса. Ткъа сан дог къайлехь ду И хьуна довзац, Амма хьо тешалахь: Дац иза даьсса. Массаьрца хьанал ву, Шалха мотт боцуш. Дог ду сан тешаме Харцо ца езаш. Ч1аг1о ю ас йина Йохалур йоцуш, Дуьненчохь хан яккха Халкъана вецаш. И ойла кхочушъеш Къахьега деза, Ирс кара ца дог1у Д1а ка ма туьххи, Дуккха а ирхонаш Яха сан деза, Амма со соцур вац, К1адваларх воьхна. Цундела хиндолчу Дахаран новкъахь, Везара дог эца Тешаме накъост. Соьца ирс, ткъа нислахь Халонаш екъа, Хилахьа доттаг1а Цкъа а ца къаста. Даггарчу безаман Х1у дийнчу арахь, Лен доцчу зезагийн Хазалла иэшац. Сох тешна дахаран Новкъа хьо ялахь Хьо дохко ер яцарх Хилахьа тешаш. Кхетац хьо, кхетац хьо Сан дагахь долчух, Я тешац даггара Дуьйцучух хьайга. Ницкъ хилча, дависарг, Кийра д1абелла, Хьо езаш догу дог Хьоьга д1агайта!
__________________
Идет поиск..... |
|
|
|
#107 |
|
Вес репутации: 4 |
Геннахь цигахь,лекхачу ломал дехьа,
Лаьмнаш т1улг1еш етташ керчачохь, Сан юрт йисна,хьанний 1индаг1ашлахь, Хьоме лаьмнаш шу ду сан дагчохь! Маьлхан з1аьнарш,йог1уш керла 1уьйре, Йаьржаш хир ю цигахь,хьоьстуш б1аьрг, Маьхкарий а, сарахь шовда уьцуш, Йицмаелаш шайна генахь ерг! Цигахь ду сан дерриг тхоьвний к1ур а, Арзу декар,ломан аьрха некъ, Дерриг цигахь,сан ирс,сан кхолам а, Дагчохь даим лаьтта хьоме юрт. Дуьнено шен не1 д1айилли суна, Хийла г1ала,хийла юрт а го, Амма дог а,дерриг иллеш шуна, Йокхаеш ас,махкахой,д1ало!!! Р.Ахматова
__________________
Идет поиск..... |
|
|
|
#108 |
|
Вес репутации: 0 |
Гайтукаева Бана
Зама Х1ун до ахь, х1ун до ахь, Дакъаза ма яларг, Бус-буса сан корехь йоьлхуш? Наноша - наналла доьхкинчу дийнахь, Мехкаршна - ц1еналла оьшучу дийнахь, Х1ун до ахь, х1ун до ахь, Дакъаза ма яларг, Бус-буса сан корехь йоьлхуш? Къонахий шайн къинойх лечкъачу дийнахь, Боьрша нах 1индаг1ех къехкачу дийнахь, Х1ун до ахь, х1ун до ахь, Дакъаза ма яларг, Бус-буса сан корехь йоьлхуш? Синошна лакхалла оьшучу дийнахь, Г1иллакхаш соьмашкахь хуьйцучу дийнахь, Сийлахьа тхан б1аьвнаш юхучу дийнахь, И ца ловш тхан лаьмнаш техкачу дийнахь, Х1ун до ахь, х1ун до ахь, Дакъаза ма яларг, Бус-буса сан корехь йоьлхуш? |
|
|
|
#109 |
|
Вес репутации: 0 |
Батаева Хеда
Нохчичоь Хьо суна езнера, Нохчичоь, Х1инца а еза, Хьан чевнийн моьнаша Б1аьрса д1ахудучу хенахь. Хьо суна езнера, Нохчичоь, Х1инца а еза, Даима езна хьан Ихначу б1ешерийн гене. Тахана т1еман к1ур, Де кхолош,1аьршашка 1аь1на, Маьлхан нур чекхдала ца дуьтуш, Кхолийна латта. Сан кура Нохчичоь, Хьан корта охьа ца таь1на, Т1еман кхаж д1акхехьа Хуьлуш ца хиллехь а атта. 1уьйренан - "Г1овтта х1ай!" Суьйренан - "Уьстаг1ий дог1у!" Дененан - "Бабин йо1", Ненаден - Д1алакха йиш"- Хьо яра, Нохчичоь, И дерриг хьайна чудог1уш. Хьо йиси т1улг хилла, И дерриг - д1аихна хиш. Хьо даим лаьттар ю, т1улг санна, Белахь а г1ерташ Хьан луьра мостаг1ий 1аьвдина хи даккха хьох. Хьо даим ехар ю, Къонахий мел бу хьан лаьттахь, Хьо, Дела воцчунна, Суждане ца ихна мохк. |
|
|
|
#110 |
|
Вес репутации: 0 |
Гадаев Мохьмад-Салахь
МАХКЕ САТИЙСАР Чурт санна лаьтта со ГIум-Азин арахь, Тянь-Шанан ламанех бIарг кхетча г1ийла Генарчу Даймехкан сурт хIоттало, Малхбузе мел хьийжи, дог Iийжало. Малх буза бегийна регIа лахбеча, Суьйре а даш санна суна язъелча, Ойланийн дарц даьлла со айавелча, Даймахка вуссу со, я Везан Дела! Берахь со хьийзинчу даккъашка вуссий, Лаьмнашка, арешка сирла бIаьрг кхуссий, ХIиттинчу бIаьргашка сирла хиш дуссий, Даймахке хьожу со, я Везан Дела! Тезетахь техкаш го вайн бошмаш, хьаннаш, ГIайгIанах юьзна ю тогIенаш, Iаннаш, Дайн кешнаш хиллачохь уппханийн аннаш Хьалдан да воцуш го, я Везан Дела! Вай дина ярташ го тишъелла, гIийла, Го шийла шовданаш дай боцуш мийла, Вайн хьомсар ков-керташ каш санна шийла, Сов ирча карадо, я Везан Дела! ТIаккха со, дог духий, аьрцнашка волу, Iийжачу кийрара мохь-цIогIа долу, Есачу тогIеша соьца мохь олу, Iадавой воьрзу со, я Везан Дела! Чурт санна лаьтта со ГIум-Азин арахь, Тянь-Шанан ламанех бIарг кхетча г1ийла Генарчу Даймехкан сурт хIоттало, Малхбузе мел хьийжи дог Iийжало! |
|