![]() |
|
|
#81 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
.....Дика зуда-м къонахчунна къанвелча
ч1ог1ох оьшуш хиллера, къона волчул а. Къоналла-м ша д1алелара, ткъа къаналла, эх1! Къаналла дош ца хиллера. Дош ца хиллера къаналла т1аьхьа йолу къоналла а, валар т1аьхьа долу вахар а. Стигал бохь хьекхалуш хиларх а, къонахчо зудчух зуда йийр ю бохург а ца хиллера дош. Оцу Дала ша ца нисдича, нислуш ца хиллера-кх цхьа а х1ума а, жий остбаларан бистаца, мехкан мах болу во1 кхиар а цхьаьна. Иза хиллера терзан да. Терза узург а - Иза. Цу терзан бустамаш а - Цуьнгахь........
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#82 |
|
Вес репутации: 11 |
Кху чуьра и к1ант..
Ц1а юьрта йисттехь дара, айбеллачу гу т1ехь лаьтташ, генна бухахь юрт а 1уьллуш.
Юрт йоккха яра, шуьйрра яьржина, лекха ирхдахна таьллаш а долуш, хьуьнан коьллаша аре санна, бошмаша д1ахьулйина юрт. Юьртана лакхахь арц а гуора, г1еххьа макхъелла хьаннаш а йолуш, д1ога лахенца, аренца охьа, сийна-1аьржа, хина бижна саьрмик санна, Россин т1еман техника яра, юьртана т1е а ерзийна гуш. Кхуо тидам суьйренан бира, де хила а ца хилча санна, ехха юлучу суьйренан, анайистехь, паналле, к1айн, сийна серло а къаьсташ. Малх мархаша хьулбинера, стигал дикка сирлуш, юха макхлуш, 1аржлуш санна. Лаьтта т1ехь серло дара, х1ора а юрт, патар а къаьсташ, чекх са гучу х1авааца, сирла хи санна, сирла даьржина, деррига а латта, дуьне а цхьаьна - цхьана х1умане-м хьоьжуш санна, я тебча санна, тийча санна, цхьа зевне сецча санна. Цхьанхьара-м, т1аьхьа дисина, цхьалха олхазар а доьдура, аренцара, ламанца хьала, наг-наггахь «къаркъ» а хазош, тилделча санна, кхоьруш санна, д1ога цигахь, мархашна к1ел, дерриг а цхьа 1аьржа къаьсташ. Аьзнаш ч1ог1а ц1ена хезара, юрта чуьра г1уьтту цхьалха аьзнаш, цхьа ша-шах кхоллалуш санна, карладийларца, декаш санна. Юха, мархийн йийсарера болуш, ц1ийбелла малх, ц1ечу б1аьрхишца, анайисте охьакерчича, мархийн юткъа асанаш, мохо марса йохуш санна, хаьштигашца ц1ен йогура, бист-бистера лелаш, ешаш, ц1ечу ц1аро ц1ен йожуш, н1аьно г1а-патар санна. Малх, бесни лаьтта г1ортош, цхьана м1аьргонна лацабелча, д1ахьулбелча, къайлабаьлча, к1айн з1аьнарш, т1емаш санна, г1ург1езан к1айн т1емаш, бухбацарера стигал хьала, пха1одан пхьаьрчий санна, юткъа яхлуш, мархех летча, дог1а долуш санна, мархашкара, датон дог1а 1аьршашкара. Т1аккха бода, стиглах хьаьрчаш, лакхара охьа лацабелча, анайист иштта сирла юьсура, т1аьхьа-т1аьхьа д1аюткъалуш, д1агорглуш, жимлуш санна. Цхьацца стогар а летара хьала, дехьа-сехьара, юкъ-юкъара, цхьа-цхьацца леташ, юха шишша, рог1ехь - раг1 ларъеш санна. И стогарш летта довлале, сирла къаьстачу анайистаца, къилбера хьала, хехо санна, орцах хьодуш, бутт г1оттура, т1ехь 1аш цхьа сибат а долуш, гила кеманца бог1уш санна. «Иза Дела ву, - олура аш, шаьш кегий бераш долуш, - цуьнга хьежа мегаш ма дац, вай луьйш цунна д1а ма хеза». Бутт, жимлуш, лакха болура, анайистах аса хуьлуш, даьтта кхачийна милт санна, юткъа-юткъалуш, кхулуш санна. Бутт соцура, буьжуш санна, жа йистехь, жа1у санна. Бутт - жа1у, седарчий - жа, беттасин бацалахь дежа... Иштта хетара схьагушдерг, седарчий - жа а дежаш, юха батто - жа1уьно - геннара уьш лардеш санна. Буьйса кхерамна кара йоьдура, тийналлина, г1ар-татана. Ц1ахь ц1а доцу цхьалха мархаш, некъах тилла г1арг1улеш, батта к1елахь 1аьржа хиэбара, дехьа-сехьара т1егуллуш, гуо хьийзош, некъ толлуш. Беш тийнера, кертара беш, диттийн патарша шабарш а деш, г1енахь хьуьйчу бераша санна, я бенахь хиэба к1орнеш. Буьйса-дуьне буо хетара, бодано къора 1адийна, лаьттан букъа т1ехь мел хилла х1ума, кхерамо къардича санна. Юха мархаш юьйлаелира, д1ора, цигара, дехьа-сехьара, тулг1енашца х1урдкема санна, бутт мархашца болалуш, цхьаццанхьа къайлаиккхича, к1оргачу 1ина боьжча санна, кхечанхьа гучубуьйлуш, кхис-кхийсалуш, азлуш, бовш. Юха, тата доцу серлонаш, «гул-гул» деш, цхьа бос баьхьна, г1ийлла етталуш, ломан тархашца, йистб1аьра лелха къора аз санна, генна-геннахь лепалуш, йовш. Т1аккха зама а – абаде – цхьа м1аьрго – б1ешераш, азаллера дуьйна схьагуш, къемате кхочуш санна Цхьа т1адам, т1адмаш, «дап-дип»дарца, «дап-дип», чаболаца бог1у дин санна, т1аккха йорг1ица, хьадарца, некъаца уьйш, д1абахлуш, экхан лорана эр санна. Стиглан буога т1ек1ел хаьрцаш, «жажжехь» дог1а т1етоьхча, кхунна шен сте дагаеара. Кхунна хаьара, иза кхоьрийла, дог1анах кхоьрийла, беран мохь, боданах санна, дог1а дог1учу буьйсанах. Х1ара чухьаьдча, чуиккхича, иза пенах д1атеббера, ша 1иллинчу маттах къаьхкаш, метта хьалахиъна, ша-шех хьаьрчаш. - Хьо мичахь… со самаяьлча… мохь тоха а ца яьхьаш… - цо куьг сихха д1алецира, кхуо шега д1акховдийна долу, шинна а куьйга, ч1ог1а къовлуш. - Дог1а ду иза, х1умма а дац… ас стогар латабей хьуна… - Ма, ма латабехьа, суо гуш санна ма хета суна, дог1анна суо д1агуш санна… хьан куьг ма довха ду… - Кхера ма кхера… - Со-м ца кхоьру, хьо цхьанхьа вуйла хиъчахьана, хьо чохь хилча, суна уллохь. - Хьуна уллохь ма ву со. - Ма дика ду-кх, хьо волуш… «Х1аъ, дика ду-кх, хьеннан а цхьанна, сатедан кхин цхьаъ волуш, х1ун бен ду, милла хилча а, дуьненчохь цхьаъ хилчахьана, я гергара, хийра хилла, я везаш, сагатдеш, хьуна цхьа ч1ог1а халахилча, ахь ойланехь воьхуш волу, хьо кхойкхуш, хьоьжуш, геннара хьан са кхобуш, хьан сино воьхуш верг». - Хьо х1инца чохь 1ийра ма ву. - Х1аъ, ву, д1айижа, дог1а дог1уш хаза ма хуьлу, наб мерза кхета хьуна ч1ог1а… - Хьо чохь хилча, хьо вуйла хиъча… - Со чохь ма ву, хьуна уллохь… Иза иштта, ша 1аччура, буьрка санна, д1акхийтира г1айби т1е, кхин ког-куьг хецар а доцуш, ерриг цхьа к1орнех хьаьрчаш, т1егорглуш, жимлуш. Дог1ан тата дара хезаш, бешара схьа, шипаршца, сих-сиха корах а леташ, чинк а тухуш, юха дан а довш. Зудчо корта меттаххьайра, г1айби т1ехула д1аса боьхкуш, г1айба нисбеш, меттиг лохуш, юха эххар а д1а а туьйш. Х1ара цунна дуьхьал охьахиира, поднарах букъ г1ортош, куора дуьхьал а вирзина.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#83 |
|
Вес репутации: 11 |
....Дависа-кх, дог1а, хьан, ма г1айг1а йохьу-кх ахь хьайца, я-ма ткъа,
цхьа хаддаза, ч1ура к1елахь 1аь1а чов санна, цхьанаэшшара 1ена-кх хьо, «ч1ов-ч1ив» деш, детталуш, т1адамашца дазлуш, ишта а хала х1ара буьйса, сан сина кхин а язъян санна, т1аьхь-т1аьхьа т1есерсаш, ца кхачалуш, долалуш. Гуьйре а ма хала хилла-кх, дог1анах еша гуьйре, 1ожална кечдан санна, массо а х1ума ч1ана доккхуш, хьан кхетам а, ойла а хьош, хьо верриг а цхьалха воккхуш, хьайн сица а, дагца а цхьаьна, вахарца а, 1ерца а. 1ер а, вахар а мичахь дар-кх, мичахь дара дуьне а, дуьххьара дуьйна волавелла, чекхваллалц д1ачекхвала, хьайн некъан нигат а эцна, хьайн са а эцна, 1аьрше а… Готта хилла-кх хьо, дуьне, ненан карахь сел доккха хетта, я хила а ца хилла-кх, нанас мор хьарччол бен: бераллера дуьйна схьа кху дийнан ойла йича, даим цхьа некъаш ду-кх, хьо т1аьхьа уьду некъаш… _____________ Буьйса яра-кх иза – кхунна дагадог1у, ахкаргашна араваьлча, г1овна уллора цхьа г1аларт, тоьпан юьхьца т1едоладелча, т1аккха шен ност а йохлуш, бухара ког т1адийна. Юха дешнаш, цхьа дешнаш, кхунна цкъа а ца хезна долу. - Нана, нана! – чохь 1аьржа яра, - нана… - Х1ун до ахь… - Нана, салти ма ву. Со… - Мичахь ву, х1ун салти… дукха ма бу салти, д1авижа, да сама а ца воккхуш хьайн… Т1аккха велхар, ц1енкъа юккъехь, шен хеча т1еда юй а хиъна. ____________ Юха кхано, воккха хилча, кхунна йийцира и буьйса, х1ара меттара г1аттийна, ц1ера ваьккхина 1уьйре а. ____________ Цул т1аьхьа а дара-кх и некъаш, даим кхунна дуьхьал идда, шен ненаца колхозан кхашца, к1анбуьртигаш а лехьош. - Нана яла хьан, ма даахь, вайша чу дахча, ас кхарза а кхерзина… - Нана, цуьнан ши б1аьрг иштта х1унда бу… иза вац, Олжас, цхьа иштта бу-кх цуьнан ши б1аьрг… - Казахш ма бу уьш, церан б1аьргаш иштта ма хуьлу… - Дади-м бац, баций… - Бац. Дадин ши б1аьрг хьан санна бу-кх… - Бу… - Х1аъ. - Дада вайца х1унда ца 1а… - Ц1а вог1ур ма ву Дада, иза ФЗО ма вахна… - Мича… - Вайна дуккха а к1а а, хьокхамаш а дан вахна-кх. ____________ Б1аьста, х1аъ, б1аьста дар-кх, ц1а даьхкинчул т1аьхьа, кхуо арме вига ша аьлла, военкомате кехат делча. - Соьца дешна волу ишколера ворх1 к1ант а вахна, со… со х1унда ца воьду? – элира кхуо реза воцуш, дена дуьхьал а х1оьттина, цхьа кехатцуьрг а буйнахь, лохачу г1антахь хиъна 1ачу. Кхеран уьйт1ахь дара иза, кертал чоьхьарчу бай т1ехь. Да лаьтта хьоьжура, кхуо бохург ца хезаш санна, цхьанаметта доьг1на хьажар а долуш, цхьа ша-шеца ечу ойланашца. - Суна дагадан, наха дийцарехь а, дай-к1ант цхьаьна мангала х1оьттина вац-кх вайн цкъа а, к1ант ден дег1ала волуш. Х1инца хьо кхиънера, хьо жимма сецнехь, - элира дас меллаша, кехатцуьрг п1елгаш юкъа а хьекхош, - оцу армис, ахь юьйцучу, т1ера да а вийна, лаьцна д1авигна, ваша а вийна, хьаьккхина ц1ера а ваьккхина, юха цигахь, д1акхаьчча, хьол жимох долу йо1-к1ант – ши бер а делла, хала ц1а кхаьчнера-кх со… кхуьнцара, кху 1едалцара, цхьа х1ума а ца дезар-кх суна, «хьо мила ву» боху, кхуо луш долу хаттар а. Жима ву-кх хьо, дависарг, х1умма а ца хаьа-кх хьуна, кхуо вагийна вац хьо цкъа а, со санна, кийрахь сийна алу юьллуш, - кехатцуьрг бай т1ехь дара, иза хьала а г1аьттина, ц1ийнехь д1аволавелча. Иза меллаша воьдура, ког айлуш а боцуш санна, байт1ехула ши ког а текхош, юха а шен ойланашца. И кехат кхунна девзира, кхуо арме вига ша аьлла, яздина хилла кехат. Х1ара сарахь вахара чу, оцу ханналц ваьлла а лелла. Дада букъ а берзина, паднара т1ехь 1уьллура, коьрта т1ехула гата а тесна, чиркхан серлонах юьхь хьулъян… Кхуо не1 тоьхча, схьахьаьжира, юьхь т1ера гата д1а а оьцуш. - Буьйса дика йойла хьан, дада, - элира кхуо, саца а велла. - Дала везийла, чувеан хьо, Хасолта. Д1ало цунна, зуда, юург. Хьайн х1ума кхалла, со дехьа чу волу хьуна. Иза д1авахча дехьачу, нана лийра кхуьнга, дена д1а ца хазийта, лоха-лоха шабарш а деш, шен буйна т1е буй а боьттуш: «Хьо дийна а волуш кхин, хьо дийна а волуш, дена дуьхьал вист ма хилалахь», - бохуш. - Ас хьуна дийца ма дийцина, - элира дас кхано, х1ара х1ума йиъна ваьлча, чу а веъна, - д1аяло, зуда, хьо д1айижа, жимма вист хила воллу тхойша, - нана дехьа чу а яьккхина, - дагадог1ий хьуна, Муртаз ас хьайна вийцина? - Дог1у, - х1ара стоьла уллохь лаьттара, г1антан букътухурга т1е куьг а диллина, ша цунна йинчу восана воьхна, цуьнан хьажарх юьхь а идош. - Шен цхьаъ бен воцу во1 салташа вен а вийна, юха, баханчу юьртарчу наха, генаш т1е а диллина, лам буьххьера такхийна к1ентан дакъа шен уьйт1а деъча, вехха докъе хьоьжуш а лаьттина: «Кеста вала, Аюб, хьо, ма ца 1ий-кх хьо, ма ца ди-кх ахь ас бохург, - аьллера Муртаза шен к1ентан докъе, - хьо бахьан долуш, айса ловр йоцу хийла ден г1ело лайнера-кх ас, хийла дош дисира-кх суна т1ехь, айса д1авийна, хьох ч1ира ца хьарчо, я суо цаьрга вейтина, хьуна т1аьхьа дов ца дита… суо воцург хила г1иртинера-кх со, Аюб… хьо бахьана долуш, юрт йоькъуш 1уьллучу кху некъан хехо а хилла, сискалх кхеттий бен, вог1у-воьду стаг т1ех а ца волуьйтуш, хьан сий дан ма г1иртинера со, ва Аюб, кеста вала, Аюб, хьо, ма юьхь1аьржа х1оттий-кх ахь вайша», - аьллера-кх, Хасолта, Муртаза шен вийна 1уьллучу к1анте, - дас аьлча, кхуьнан б1аьрса кхуьйлира, лаьттара ц1енкъа, каш долуш санна, к1арула 1аьржа а хеташ. Х1ара хьацарх вуьзира, букъан боьрачухула уьдучу хьацаран т1адмаша, хечин барч а т1адош. Дехха соцунг1а далийча – кхунна шераш девлла моьттура, - юха а вист хилира да: - Т1аккха, к1антах бехк баьккхина ша ваьлча, шен к1ентан докъа юххе охьа а хиъна, т1е куьг а хьоькхуш, шен к1ант хьаьстинера, Хасолта, оцу дас: «Дукха ваха, Аюб, хьо, суна дукха ма везара хьо, хьо цхьаъ бен ма вацара сан, лазийна хир ву-кх хьо ч1ог1а, ас хьаьнгара веха-кх хьо, ма байлахь вити-кх ахь вайша, вита-м ткъа», - бохуш, шен к1анте. Во1 вуй, Хасолта, во1, - элира цо юха, - во1 дас боххург деш хила веза-кх, ша во1 велахь, юккъехь цхьа а къайле а йоцуш. Нахехула ма хазийтахь суна, Хасолта, айхьа дина х1ума. Айхьа ворх1 вийнехь а: «Ас ворх1 вийна хьуна», - алахь соьга. Дай, во1 бохучулла деза, бехке, гергара х1ума кхин ма дац кху лаьттахь, Ша д1аваьлча, Шел т1аьхьа Дала даздинарг а дай-наний ма ду. Хьо тхайн цхьаъ бен воцу дела, тхайн б1аьрга хьалххахь хила ма лаьара тхуна хьо, оцу хьайн ненан мукъна а ойла ехьа… - Эцца, берашца къовса а велла, динера ас, - элира кхуо, юьхь т1е тоьхначу хьацаро, б1аьрга хьалхеш а к1амъеш. - Хьо деша а вахийтина, юха кху юьртахь, ишколехь болх а беш – вай цхьаьна мел хан йоккхур а ца хаьара, - сарахь-1уьйра хьо хьайн чохь а волуш, цхьа к1еззиг дахийтахь вай… Кхин цхьа х1ума а эра ду ас, сайна ч1ог1а халахетта долу… хьастаг1а, эвлаюккъехула, баккхийчу нахаца со схьавог1уш, шиша ирах а дахийтина, хи муьйлуш лаьттара хьо. Къонахчунна эхь ма ду, иштта уосала, бежана санна, юьрта юккъехь нох а дохуш, дез-дезачохь – г1уркх санна ирах1оьттина, хи а муьйлуш, лелча. Дукха ма ду къонахчо ларо деза х1умнаш, дийцина ца валлал дукха.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#84 |
|
Вес репутации: 11 |
Кхунна цул т1аьхьа, кест-кеста дагаоьхур ду и къамел, и доцург а, цо мел аьлла дош,
д1алевзина ког, шеца – к1антаца – цо лелийна хилла цхьа тамашийна г1илкхаш а. Кхунна дагаоьхура, ша цхьана аьхка, пхоьалг1ачу курсе хьалаваьлча, Сибрех балха баханчу шен накъосташна т1аьхьа ваха тохавалар, ша нене хьаставалар, дега алахь, бохуш, юх-юха а хьесталуш. Эххар а, цхьа к1ира даьлча, дас чу а кхайкхина, велавала а г1ерташ, шеца дехха къамел дина, юха ша цуьнга, «х1аъ» баьхна, цуьнан х1ора а дашна т1аьхьа. - Сагатделла хир ду-кх хьан уьш ца гуш, - элира цо, - вуьшта, ахчаний, бохчаний бохучу х1уманна ваха оьшуш-м дац хьуна цига, Хасолта. Стаг цхьана атто а ма кхобу, рицкъанах дан х1ума ма дац, шен сил совнаха лехна… ца вахнехь х1ун дара-те хьо? - аьлла. Х1ара велавелира: «Дада, вахийтахь со, цхьана баттахь, жимма 1ан а 1ийна…», - олуш. - Хьуна иштта лууш хилча, дуьхьало ян а ца лаьа суна, кхана сарахь, п1ераска буса, мовлад а ешийтина, к1ирандийнахь, Дала мукъ лахь… Т1аккха, к1ирандийнахь, 1уьйранна, х1ара новкъа валале, шена т1е ц1ена х1умнаш а юьйхина, раг1у к1елахь 1ара иза, х1ара нанна мара а кхетта, д1аваха чуьра араваьлча. Нана т1аьхьа ца елира, хьо иштта гена новкъа волуш, хьуна т1аьхьа хьажалур яц ша аьлла. Х1ара дена юххе д1ах1оьттира, т1оьрмиг т1ехьа а лоцуш. - Цу г1азкхашка, хьо д1акхаьчча, хьайн г1илкхашца ма хьежалахь, уьш дукха бу хьуна. Шайн-шайн амалш хуьлу хьуна нехан, шина юьртара нах а ца хуьлу цхьатера. Ас х1ун эра ду хьоьга, дика а, вон а – хьоьгара даьлларг – кхуза схьакхочур дуйла хаалахь. Ахча долуш а ма дуй хьоьга… - Ду,- элира кхуо. - Г1уо х1ета, Делий, Делан элчий, эвлаяийн орций ду-кх хьоьца, хьожуш хила-кх… Х1ара жимма сацавелира, ша х1ун дича бакъхьа ду ца хууш, юха шегахьа цхьа ши ког а боккхуш, х1ара д1а т1еволавелча: - Д1авало, д1авало, - элира цо, дуьхьал дайн куьг лоцуш, х1ара саца а вина, - хьуо лелачу меттехь ледара ца хуьлуш – гайна уосал а, киса къуьйлуш а воцуш – чекхвала г1орталахь, аре хала ю хьуна, - аьлла. ____________ Маржа, кхунна хийла дагахь лаьттара ду иза, дас ша иштта сацор, шена д1а т1е а ца воуьйтуш, дуьхьал дайн куьг а лаьцна, юха и к1ант а, кху чуьра хилла и к1ант а цкъа, т1еваг1ахьара аьлла хетта, х1ара хьалаг1аьттича, кхунна т1еван а ца х1уттуш, д1авахана буьйса а… ____________ Х1ара к1ира даьлча ц1а валийра, да д1аваьлла олуш, т1аьхьа телеграмма а еъна. Буц хьакха а вахна, ц1а веъча, говр д1а а хецна: «Цхьа вон корта лазабели-кх сан» - аьлла, д1атаь11инчохь, садаьлла хиллера цуьнан, ц1ий коьрте а хьаьдда. Кхунна каш бен ца гира, шен да д1авоьллина каш. Д1аваьлча везох хуьлуш хиллера да, дийна волчул а везох. Д1аваьлча кхеташ хиллера-кх, да бохург х1ун ду. Цул т1аьхьа, иза воцуш йоккхучу ханна, кхунна ч1ог1ох а ийшира иза, дийна волучул а ч1ог1ох, иза мила ву, мила хилла, цо лелийна некъаш а хууш. «Юьхьмоттарг1а товш яц хьуна къонахчуьнгахь, юьхьмоттарг1а ма лелаелахь цкъа а, дагахь дерг - маттаца а хилалахь, - олура цо кхуьнга, - бакъдерг иэхьаца ду хьуна, маттаца а доцуш», - олий. Ша цхьаццанхьа - дикане я воне - д1аса вахна чувеъча, дуьйцура цо и тайпа х1ума, шен цхьаннах-м кхоллаелла ойла, ц1арца вийца ц1е а ца йоккхуш. Даим а даьхнишца дара цуьнан мел долу г1уллакх: цхьанхьа оьцуш, кхечанхьа духкуш, т1аьхьйиснарг ярстош, даьхнишца бен, кхин беркат а ца хеташ. Цкъа, лам чуьра, шийтта бежана а эцна, х1ара шиъ новкъа вог1уш - гурахь дара иза, - цхьана лома буьххье ваьлча, ц1еххьана дохк а хьаьдда, дог1а а тоьхна, 1аржлуш санна д1ах1оьттира, эрна арахь висича санна. - Хьенех, - элира кхуьнга х1етахь дас, - вайшиъ дай-во1 велахь а, тахана ши накъост ву, цхьаьна новкъана араваьлла, хьуна х1ун дича бакъхьа хета: я кхузахь буьйса яккха соцу вайша, я юрт карролц, д1аг1о вайша? - аьлла. - Вайшингахь т1е-к1ел таса х1ума а яц, дог1а маца соцур а ца хаьа, суна-м д1авахча бакъхьа хетара, - элира кхуо, - хьуна луъург дийр ду-кх, - олуш. - Делахь, со хьалха вер ву хьуна, бежнашна некъ гайта, д1аьхьара схьа а човхош, меллаша схьавог1ур-кх хьо, - да хьалха велира. Кхано х1ара шиъ - цхьана юьртахь буьйса йоккхуш - ц1а кхаьчча: - Муьлххачу а новкъа ваьлла ши стаг: воккхий-жиммий, гергий-хийрий а доцуш, цхьатерра ши накъост ву хьуна, к1ант, вовшах дагаваьлла бен, сацам бан а мегар доцуш. Цигахь, цу лам буьххьехь, буьйса яккха дагахь со а вацара хьуна, делахь а хьоьга а хаьттина, ахь х1ун олу а хьаьжна, хьох кхоччуш накъост а вина, веара хьуна вайша охьа. Хьайцарчу стагана, ша накъост ву моттийта деза хьуна, иза вацахь а, цуьнга дакъа лацийта, ша лорийла цунна хаийта; т1аккха хуьлу хьуна стагах накъост, царна юккъехь барт хуьлу хьуна т1аккха. Ма дукха, ма дукха дар-кх цуьнан х1умнаш, т1аьхь-т1аьхьа, воккхахилла воьлча бен, кхунна кхета а ца кхеташ.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#85 |
|
Вес репутации: 11 |
Иза да а, ваша а ма хиллера, оьшучохь-доттаг1а а.
Кхуо ша ларавезачохь а, х1ара лоруш хиллера-кх цо, ша д1аваьлча кхунна т1аьхьа дита, х1ара кхетийта, кхиийта: цуьнан хьикъма т1аьхь-т1аьхьа бен кхунна довза а ца девзира. - Дог хьастахь сан, хьенех, дог хьастахь сан, - элира цо цхьана буса, х1ара д1авижа чувоьдуш, - со аг1ор валлалц, суна хабарш а дийций, сан г1айба а тобай, юрг1а а нисдай, суна т1е куьг а хьаькхний бен, д1а ма вижахь цкъа а, 1ехавехьа со, бер санна, хьастахь со, - аьлла. Хийлазза, цул т1аьхьа, я гуттар а, даима санна, б1аьргех хи долур-кх кхунна, иза дага моссаза вог1у, дагара а-м ца волура, кху чуьра и к1ентан х1ума юха кхиа а йоьлла, цуьнга хьаьжча, и гуш долу бер хьо а долуш, цуьнга хьоьжуш волу хьуо юха - хьайн да волуш санна а хеташ: ден к1антаца йолу марзо йоккха ма хил-хиллера ч1ог1а, ша ден метта х1оьттича бен, к1ант шен дех кхетар а воцуш. Эх1, маржа, х1инца ма ч1ог1а кхетар-кх х1ара цунах, цуьнан шега иштта хьежарх, цхьа къайлаха, ларамза санна, куога буьххьера, коьрте кхаччалц, леррина ша тергал а веш. Юха кхано, цхьа зама яьлча - ши-кхо де я к1ира - цхьана хьенех - динчо иштта динера, вукхо иштта аьллера, минехера х1ара даьллера, бохуш, юьхь-дуьхьал схьа а ца олуш, гена-геннара цхьацца дуьйцура, т1аьхь-т1аьхьа дуьйцура, т1аьхь-т1аьхьа улло а г1ерташ, дерриг а ша кхунна бохийла, кхунна дуьйцийла хоуьйтуш. Кху чуьра и к1ант кхиавоьлча юха, кхуо цунна а дуьйцура уьш, наь1ара улло иза хьала а х1оттавой, шена сих-сиха цуьнга чай а дуттуьйтуш, иза шеца къамеле, дийцаре ваккха г1ерташ, цуьнан хьекъал а, кхетам а мичхьа кхаьчна хаа лууш, т1аккха цигахула д1а - цуьнца дийца дезарг а. Йоза-дешарх дика кхеташ бер дара иза, даим цхьацца хаттарш а деш, д1адуьйцучух са а ца 1ебаш. Иссалг1ачу классехь вар-кх иза, х1аъ, хьалхара т1ом болалуш, нохчийн шайн графика а х1унда яц, вайн истории а мичахь ю, бохуш, цо х1ара цкъа готта хьовзийча. - Элп, - иза политика ма ю, к1ант, - элира кхуо, - ахь карара х1ума яа 1амийна хьайба, хьох дозуш ма хуьлу, - аьлла. - Т1аккха вайн мотт а болуш, туьйранаш а, иллеш а долуш, х1окху махкахь мел йолу ц1е а нохчийн маттахь а йолуш, даьхна хилча, цхьа бух хила ца беза вайн, цхьана маттахь д1аязбина? - хаьттира цо. - И х1умнаш дайна-кх, к1ант, - элира кхуо, - х1окху ерриг Дег1астанахь, - кхул арахь а, - цхьа пачхьалкх хиллачух тера ду-кх, буьйцуш берг нохчийн мотт а болуш, 1илманчаша дийцарехь. Карочу цхьацца т1улгашца а, кхечу х1умнашца а йолу хьаьркаш, нохчийн маттахь ешало, бохуш, дуьйцу-кх цара. И пачхьалкх йоьхча - цхьа кхин ницкъ т1е а летта, къаьмнаш д1аса декъаделла-кх, шайн-шайн мотт а эцна, ша-ша к1елхьара дала, дийна диса... - Графика-м хила ма еза, цхьа х1умнаш лелийна! - цо аьлча: - Дукха шира зама ма ю иза, - элира кхуо, - цу хенахьлера дисна х1ума ма дац цхьанхьа а... - Латини графика-м а ма ю т1аккха? - Важа цул а хьалха хилла ю-кх, к1ант! Пачхьалкх юху бохург х1ун ду хаьий хьуна? Пачхьалкх юху бохург - къам д1адолу бохург ду-кх, цу къоман мотт а, йоза а, адамийн сибаташ а хийцалуш. Тоьллачо иэс д1а ма доккху бухачеран, коьрта-коьртара адамаш х1аллак а дой, бисинчех бацархой а беш. Вай-м кху дийне а дика кхаьчна хьуна, цул т1аьхьа масех пачхьалкх кхоллалуш, юхуш - ткъа а, ткъе итт а - масийтта б1ешо хийцалуш, оццалла дисар а доккха х1ума ма ду, буьйцуш берг шен мотт а болуш. Кху г1азкхиша дитина хиллехь, бусалба дин т1е а эцна, хаза йоза а, жайнаш а долуш, схьадог1уш хилла вай-м, кхара юха аьтта-кх, вуьрх1ийтталг1ачу б1ешарахь дуьйна коча а баьхкина. 1арбойн графика а кхара д1аяьккхина, паччахьан 1едал - Советан 1едалца хийцича, вайн 1арбошца уьйр хиларна кхоьруш, латинин графика коча а йоьллина, шаьш ч1аг1белла, д1ах1оьттича, 1925-чу шарахь. Т1аккха иза а хийцитина, туркойн а иштта хилар бахьана долуш, 1938-чу шарахь, шайн, кириллица олушъерг, нуьцкъара т1е а оьцуьйтуш. Юха лаххьийна махках а даьхна, мел болу бух х1аллак а беш. Деша деза-кх, к1ант, 1ама г1орта веза-кх, бакъдолчунна т1аьхьа кхиа г1ерташ хьо велахь... Иза 1адда лаьттара, х1ара гуш а, ца гуш а, цхьанхьа генна, кхунах чекх д1а а хьоьжуш.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#86 |
|
Вес репутации: 11 |
Т1аьхь-т1аьхьа и к1ант х1аллакьхиларан бехке ша хетара кхунна, ша цуьнца, воккхачуьнца санна,
(кхин уллохь дагара дийца ваша а, да а цахилар хир дар-кх иза) деш хилла долу къамелаш, шена чохь мел 1аь1нарг, шен мел йолу г1ело а юьйцуш. Цхьа беран долу х1умнаш а доцуш (бераллера воцуш санна), хуьллушехь воккха хилир-кха иза, кху кертан воккхох а, да а, 1уналхо а ша волуш санна. Шен нана а ма човхайора, цуьрриг а ша резавоцуш х1ума даьлча. И зуда к1антах ч1ог1ах кхоьрура, ц1ийнада волчу кхулла а. Ма хуьлура моттахь: «Ханакъи чукхачале, Ханакъина гахь», - бохуш, сера дайна котам санна, ши т1ам д1а а бахна, хьийзаш. Шен ма хуьллу 1ама-м винера кхуо иза, жима бер долуш дуьйна схьа, наь1ара юххе хьала а х1оттавой, деца, ненаца, нахаца, махкаца лелон дезарг а дуьйцуш, сих-сиха: «Г1ел-м ца велла хьо?» - хатта а хоттуш, юха: «Г1ел ма лолахь, Ханакъи, кхана хьайна оьшур ду хьуна», - олуш, т1е а тухуш. Цо ч1ог1а ла а дуг1ура кхуо дуьйцучуьнга, юх-юха хетта а хоьттуш. Боьрша стаг хецна хилавеза хьуна, олура кхуо, зудбер санна, къийлалуш а воцуш. Салам хаза х1оттийте, паргг1ата ло: «Ассаламу 1алайкум», - олий. Хьайга «Хьалавала, охьахаа» аьлча, цара гайтинчу а ца хууш, жимма лахахь хаа - хьоьца лелорг шайн г1иллакх ду хьуна наха, хьо мила ву хьажа г1ертар а. Цхьаъ велахь а, итт велахь а - хьаша-да веъча, - «Марша дог1ийла шу» ала, цхьаъ волчунна там хир бу хьуна, дукханга олуш нийса а ду. Ханъяьллачу къаночуьнца бераца санна хилалахь, лелар беран а долуш, кхетам эвлаяан санна хуьлу хьуна церан. Нана гуттар а хьесталахь, чкъуйриг йоцу х1оа санна, куьйга-кара а ийеш, суна-м х1ума ца оьшу хьуна, хьайх суна сингаттам а ца болуьйтуш, сан къаналла ахь ларйичхьана. Хьоьгара арадаьлла, цхьана кхечунна д1ахезча, хьайна новкъа хиндолу х1ума, са долчу дег1е а ма дийцалахь. Хьайна нах ца гарх, хьуо нахана ца го ма мотталахь - къонахчунна ша-шена гуш хилча а кхачам бу хьуна, ледар х1ума ца далийта. Хьаша-да новкъа ваккха хьуо араваьлча, ков-бертера чу а ма верза, иза генна д1а а вигна, юха цигара иза къайлаваллалц сецний бен. Юьртара воцчу стага цхьа «хьенех» хаьттича, «цига, кхуза» бохуш, п1елгаш а ца хьежош, кхето веззача иза д1а а кхетавай: «Со хьажа, ас дан кхин х1ума дуй?» - олуш, хаьттиний бен, д1а а ма г1уо. Эвхьаза къамел стагаца да а ма де - схьадийр дац хьоьца, хьайн маттаца уосала дешнаш а ма леладе. Салтичо топ санна, шен майралла ги а йоьллина лелашверг вац хьуна къонаха, къонахчуьн майралла, бекхам санна, д1айиллина хуьлу хьуна, оьшучохь хьала а йоккхуш. Хьайл тоьлларг - ларве, г1ийлачуьнца яхь а ма лелае. Зударех а ма ловзалахь, цара стаг пайда боцчу воккху хьуна, шайн дашца нис а вой. Зуда синкъерам санна х1ума ю хьуна, т1ехдаьлча духу ловзар санна, цхьана барамца латто езаш: ахь йиннарг хуьлу хьуна цунах, - набарна - г1овли а, дерачу чевна - туьха а. Хьуо цхьана нахаца тевне я шуьне нисвелча, охьа т1аьххьара хаалахь, юха дуьххьара хьала а г1оттуш. Даим хьоьца волу мостаг1а - хьан багара мотт бу хьуна. Хьайн мотт хьоьга ларлахь, кхузткъе кхойтта киртиг хилча, кхузткъе шийттанах чекхваьлла а ву-кх хьо. Оьшучулла бен дуьне а ма лахлахь - дуьсур долуш ду хьуна х1ара. ____________ - Дада, - хаьттира цо т1аккха, хеттарш дукха дуора цо, - хьан денда муха вийра? Иза дийцахь суна, - аьлла. Шен чохь вийра-кх, элира кхуо, шен чохь, шена иза вийна де дага ма-дарра д1а а дуьйцуш. Цхьана «операцина» доьлхуш ду шаьш аьлла, кхеран чохь совцуш, буьйса а яьккхина, цхьана салтий а, НКВД-ешникаш а болуш, юха 1уьйранна, шаьш д1абоьлхуш, шайна т1аьхьа араваьлла кхуьнан денда а, цуьнан доттаг1 а вийна, декъий а эцна охьабахар-кх, Итум-Кхаьлла, декъий бертал говраш т1е а дихкина. Пхиъ нохчо вара царех, кхуьнан дедена тапча йиттинчуьн ц1е Хьамзат а йолуш. Кхунна тахна а дуьхьал лаьтта иза, хьаьттаро бос а болуш, 1аьржачу аматехь, дег1ана тоьлла стаг. Кхуьнан деден доттаг1а Б1азгин Мохьмада вийра. «Хьешан шун т1е баьхбелларш» - олура царех наха, уьш хьаха моссаза бо - хьешан шун доьхкинарш», - олий. Х1ара бер дара х1етахь, пхи-ялх шо кхаьчна бер. Ша иза дуьйцуш, к1ентан мочхалш д1асалелаш гуора кхунна, сих-сиха деса къуьрдаш а деш. «Сан дас - хьан деда хиллачу - дай-во1 цхьаьна мангала х1оьттина вац вайх, олур-кх, Ханакъи, - элира кхуо шен к1анте, - кху 1едало цкъа да вуьйш, юха во1 вуьйш, цхьа а кхиа ца витна-кх вайх, - аьлла. - Х1ара 1едал доьхна бохург бакъ а дац хьуна, вайна ца доьхна хьуна х1ара, нахана доьхнехь а, кхуьнан тешнабехк боккха бу хьуна», - олуш.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#87 |
|
Вес репутации: 11 |
Хьалхара т1ом чекхбаьлча, ч1ог1а воккхавера и к1ант, вай тоьлла, вайн х1инца пачхьалкх а, маршо а хир ю бохуш.
Х1ара ца тешара. Кхуо дуьйцура цуьнга, ша цу балхах х1унда ца теша. Ши пачхьалкх яра кху лаьттахь кхунна ца езаш: хьалхара Росси а йолуш, юха Турци а. Турцис санна, бусалбачу нахана тешнабехк бина цхьа пачхьалкх а йоцуш. Шайн цхьана къомах лаьтташ пачхьалкхаш яцара уьш, я шайн долчу лаьтта т1ехь а. Г1илкхаш церан дан а дацара, динан буха т1ехь, къоман 1адаташца чаг1делла. Церан дин - моттарг1а яра, дуьненан хьелашца йоьзна, коьрта 1алашо - хьал а долуш. Хьал лаьттаца доьзна а дара, нахера схьадаьхначу. Я дин а, я эхь, юьхь а, эхарт а доцу къам къизаллица къаьсташ а хуьлу, тахне бен, кхане а йоцуш. Церан тахне - дуьне ду, дуьненчуьра хьалхе. Царна хаьа, шаьш бакъдоцийла, нехан бакъ шаьш эшинийла, юха, харцонца эшийна долу бакъдерг, харцонца бен лар ца лой а. Росси эшна сецна яц хьуна, к1ант, элира кхуо, шен хьал жимма тодаллалц тебна ю хьуна, т1ом д1абахьа аьтто а боцуш: цуьнан лаьтта т1ехь ма бац х1ара, иза сецчхьана ма йолу. Цул сов, Росси вайл а я цхьаннел а кхечу пачхьалкхаша оьшуьйтур а яц хьуна, ч1аг1 а елла д1ах1иттинчу пачхьалкхаша, х1унда аьлча уьш кхунах екхаш, юзуш, кхунах хьаьвда а дина 1ашйолу дела, кхуьнан мел долу маь1да д1а а узуш. Царна стенна оьшу, ойлаехьа, шарбина некъ бохор. Кху дуьненан х1ума кхаа терзана т1ехь лаьтташ ду, к1ант, элира кхуо юха, кхаа дина т1ехь ч1аг1делла, царех шиъ харц а долуш: кериста динний, жуьгти динний. Тоьлларш керистанаш а бу, бусалба къаьмнаш церан когаш к1елахь а долуш. Вайна моьттург бакъ дац хьуна, аьттехь а бакъ, я Росси вайга эша а лур яц хьуна, дика барт а болуш вовшах кхеттачу масех пачхьалкхо бен, йиъ хуьлда уьш, я барх1. Вай совца дезаш ду хьуна х1ара х1оьттинарг, вай лардала дезаш, - аьлла. ____________ К1ант кхунах ца кхийтира. ____________ Кхано юха г1ала, деша воьду аьлла, охьавахча, цхьацца х1умнаш дуьйцура цо, т1аьхь-т1аьхьа оьг1аз а оьхуш, кхехка а кхехкаш, ша-шена чу а г1ерташ. Кхунна-м цо ца аьлча а хаьара, кху махкахь долуш дерг. Лоллера кхаа денна мукъна к1елхьарадаьлла цхьацца долу къам, 1ан ца 1аь, ша лоллехь долуш ма-1арра, цхьана низамца нисделла я шен долчу хорша чохь, иза бута яза ца дуьсу атта, стеро санна, ц1ингаш а кхуьйсуш, цу къомана хьалхаваьлларг, мостаг1чух санна, шен къомах юха ца летча: вен везарг - вен а вуьйш, ваккха везарг - ваккха а воккхуш, 1отта езачунна - 1отта а 1уттуш. Кхузахь дерг а изза а дара - сацон да вацара, дай дуккха бара, цхьа а воцуш: цхьаъ - куьпара, важа - юьртара, урамера а волура кхин, толаман да ша ву олуш, т1аьхьа г1ера а х1оттайой. Г1еранаш дукха яра, массо а инарла а, шен ден букъ а, ненан голаш а йолуш. Массарна а кху махках шайла-кхахьпа тарделира, массо а мохк бухкуш а вара, къуьша къола санна, шаьш-ваьшлахь д1аса а бекъна. Росси т1аккха чу а еара, хьалха хилларг г1енан г1ан а долуш: юьрт а, аре, лам а, к1отар а - маьрша меттиг а ца юьтуш. Кху юьртара кхойтта жима стаг цхьана дийнахь вийра, х1ора денна иштта схьа а кхоьхьура, цхьаццанхьа кара а беш. Ца карош а бисира. К1ант т1аьхь-т1аьхьа г1ийла гуора кхунна, ц1ийделла б1аьргаш а долуш, лер а дайна, ша-шеца къайла а вуьйлуш. Кхунна хаьара цуьнгахь дерг, цо шен сица къуьйссург а. Цо иза т1аьххье схьа а элира. Кхуьнан дала жоп ца хилира, жоп цхьа а нийса дацара. Х1ара вист ца хуьлуш г1еххьа сацавелча - кхунна шен да дагавеара, шаьш ц1ера д1абаьхьна некъ, юха цигара, Казахстанера, делха а доьлхуш, ц1а дахкар а, - муха, х1ун дича я х1ун аьлча бакъхьа ду а ца хууш (цунна дерриг а шена гуш а, хууш а ма дара), мича дешнашца я кхетамца, бохуш, х1ара ойлане ваьлча: - Кху махкахь ваха ма веза сан... кху юьрта чу а оьхуш, юха кху чуьра ара а вуьйлуш... Делан лаамца бен х1ума хила йиш а ца хилча, нийса ма дац... хьуна иштта новкъа дан... нах а ма 1а... Х1ара меллаша хьалаг1аьттира т1аккха. Цу дийнахь, аьлча а цу буса санна, хала, ша дечух ца кхеташ, х1ун дан деза ца хууш, г1аьттина а вацара х1ара, «кхин гур вуй техь-кх хьо» кхоллаеллачу ойланца, «т1е мукъна а ваг1ахьара» бохуш, шен доьхначу дагахь. - Дала 1алашвойла-кх хьо, - элира кхуо, к1ентан б1аьра хьожуш, дикка хьала а нисвелла. - 1одика йойла... буьйса декъала йог1ийла, дада, - араволуш воллура, аьтто куьйга не1 а йоьллуш: «Ханакъи!» - аьлла, кхуо мохь тоьхча. Схьахьаьжира. - Нанна ма хаийталахь, дада, - элира юха, кхин схьа т1е а ца вог1уш. Д1авахара.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#88 |
|
Вес репутации: 11 |
«Ма, ма... ца оьшу хьуна, ма хьалахь меттах», - хьастаелира кхуьнан ойла, зуда меттаххьовш а гина.
Юха узарш хезира, т1аккха - елхар. Иза гуттар а йоьлхура иштта, г1енан кхоьлахь, тиларчу яхча санна, самаяла а ца туьгуш. Мел ч1ог1а кхуо хьеярх, кхин метта а ца йог1ура, цхьа хаддаза елхар бен, маццахехь белла хиллачу нехан ц1ераш а йохуш. И к1ант вийча, кху чуьра и к1ант, масех к1ира тиларчохь даьккхира цо, дег1ан лаамаш а ца бевзаш. Юха халла меттаеара, иэс ц1енна д1а а долуш: к1ант хиллийла-м хаьара шен, юха х1инца иза воцуш вуй а. Кхуо цунна т1е ца валош цхьа лор а я пхьар а ца витира, жинашца тайнарш а цхьаьна. Адам гича ца мегара иза, ши б1аьрг хье т1е а болий, мохь оьхуш: «Д1адаккха иза, д1адаккха, шайт1а ду иза, цуьнан ма1аш, исс мотт, нот1а оьху цунах, нот1а», - бохуш. Цуьнан лазар дийца хууш я девзаш цхьа молла а ца велира, цхьацца жайнаш яздар бен. Уллора д1авала йиш а яцара. Лазар муьлххачу а хенахь дог1ура цунна, хиъна 1аш а, тар тесча а. Иза к1иръелла цхьана метте хьежа йоьлча (мерах ч1огг1а са а доь1уш, ши б1аьрг т1е а бог1ий), т1екхета кийчча хила везара, вуьшта, хьо хьевелча, я иза меттара г1аьттича, сецон хала хуьлура, я сеца а ца лора, ерриг а чоь т1ек1ел тоьхний бен. ____________ Зудчуьн елхар г1уьрашка делира, узаршка, «къарш-къиршшехь» цергаш а хьекхош, етта а луш. Х1ара т1екхийтира, ши пхьарс а лоцуш, шен коьртаца цуьнан корта г1айби т1е а та1ош. Г1уллакх ца хуьлура. Т1аккха, т1ехула хьала а вуьжуш дег1ан дохала мара йоьллира кхуо иза, шен ши куьг къовллуш цуьнан букъа к1елахь вовшах а тесна, коьртаца, тохара санна, ч1ениг генна хьала а г1ортош, бага цуьнга г1атта ца яйта. Саца ца лора. Сохьтехь сов тийсавелира х1ара цунах, мукъа яьл-яьлла меже лоцуш, цуьнан куьйгех тийсалуш, цергашна юккъе мотт ца бахийта, бага а ца г1атта йойтуш. Пелаг санна д1аса воьттура цо х1ара, кхуссий т1ера чу а воуьйтуш. Х1ара юха а т1екхетара, цхьацца меже а лоцуш. Иза ерриг а хи санна яра, хьацаран х1орд санна, кхин дика хьал кхуьнгахь а дацара. Эххар а д1атийра иза, цхьа ехха, г1ийлла елхан а йолалуш, дерриг дег1 мал а делла, кхин сама а ца йолуш. Иштта хуьлура даим а, и лазар т1ера долуш. Т1аккха туьйш-туьйш, елча санна д1атоьра, кхаа-деа сохьтехь садоь1у а ца хезаш.
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#89 |
|
Вес репутации: 11 |
Дог1а 1енара хьалха санна, дог1а саца а ца доллура; наггахь я сих-сиха йоккхачу тоьпан г1овг1а оьккхура,
«цкъу-ув» олуш, юьрта т1ехула цхьа еха ях а луш. Юха т1аккха а дог1ан г1овг1а, «ч1ов-ч1ив» деш, 1ена ладар. Х1ара чуьра аравелира т1аккха, ламин т1ерачу лабана к1ела. Охьахиира ша лаьттачохь, пенах д1а букъ а тухуш. Х1уо шийла дара, дог1анан цинцаш а кхоьхьуш, хьацарх дуьзна дег1, ялсамане кхаьчча санна, цхьа парг1ат а долуш. Вехха 1ийра, цхьа ойла а, кхетам а боцуш. Юха и к1ант дагавеара, кху чуьра хилла и к1ант, иза д1авахна буьйса а. Иза д1авахча, цу буса, хан, тап-аьлла, сецира кхунна, метах д1а а ца йолуш, эхартара къемате йоьду барамза хан-зама санна. Кху даго – кху да велла диссаро – хьоьхура-кх кхунна цу буссехь, к1ант дийна кхин гур воций. Иза кхин тайпа бер ма дара, ша цкъа схьалаьцна некъ, гечонаш а ца хоьржуш, юьхьдуьххьала д1ахьура болуш. Бехк-м кхуьнан бара, аьлча а… шена хетарг дуьйцур-кх кхуо а, шен дас шена хьехнарг а: «Къонахчуьн некъ цхьаъ хила беза хьуна, цкъа иштий, юха вуьштий а, хьелашца хийцалуш а боцуш, - ша схьа ма-лаццара, цхьана боларца д1ахьош, кест-кеста юхахьажарца, т1аьхьабиснарг тергал а беш». Юха иза вайча, кху чуьра и к1ант, - дийначаьрца дийна а воцуш, беллачаьрца велла а воцуш, - ворх1 баттахь лийхира кхуо. Г1аличохь хиллийла хиира кхунна, юха цу чуьра арабовлуш, цаьрца цхьаьна араваьллий а. Цуьнан сарташ кисна а доьхкина, х1ара ца воьдуш, ца кхочуш цхьа а меттиг а ца йисира: 1алхан-юрт, Сема1ашка, Заки-юрт, Гих-чу. Гихчохь цхьана зудчунна вевзира иза. Цо т1ерг1ан пазаташ елла хиллера цунна, ц1е а, ден ц1е а хоттуш. «Хансолтин Ханакъи ву ша элир-кх цу к1анта, - дийцира кхунна йоккхачу стага, - и ц1ерш дагахь йисир-кх суна, цхьа хьалхалера и ц1ерш», - аьлла. Цигара х1ара Шуьйта а, Ведана а, Нажи-юрта а ихира. Веданахь ч1ог1а чам а байра кхуьнан, цхьа ирзу а, 1ин а дийцина, ша д1акхаьчча, бухарчара, т1е топ а лаьцна: «Дас-нанас лоьхуш йолу х1умнаш, эцца цхьанхьа д1а а левчкъина, нехан куьрка чохь 1аш хуьлу хьуна, ваша, г1орийний, шелъеллий шаьш бохуш, чоьрпеш а юуш, зударшца лахахь иза, кхуза схьа а ца кхийдаш» - шега аьлча: «Вайн чуьра к1ант, шу санна, лечкъачех вац, - элира кхуо,- лечех ву, лечех, хьалхарчу мог1аршкахь» - аьлла. Цара венза а ваьккхира х1ара, и дешнаш бахьана долуш. ____________ Ткъа к1ант-м, д1аладоьг1ча, генахь хилла ца хиллера. Хьалха-Мартант1а хиллера-кх, миска, интерната чохь воллуш, мини т1ехь иккхина, ког а боцуш, аьтто куьг а дохийна. Ма дукха лийлир-кх х1ара цу гуонаха, тайп-тайпана нах толлуш, чу хабар кхоьхьуьйтуш, кехаташ а, шуна деза ахча а бохуш. «Вац, - олур-кх кхуьнга гуттар а, - и тайпа к1ант вац», - сурт сихха схьа а кховдош, д1овш даларна кхоьруш санна. Цу чохь уьш отуш ма хиллера, цу интерната чохь, хьалха, къам ц1ера даккхале, Соьлжа-г1алахь, НКВД-ен набахти чохь санна. Буса маьхьарий хезаш хиллера мартанхошна, стерчишка оьху маьхьарий санна. Масийттаза кехат а деъна бохура цу чуьра ара, х1ара г1ишло, шаьш чохь а долуш, эккхийтахьара, бохуш, та1зарш лан а ца делла. Цхьанхьа декъий карийна аьлча, сатоссура, каравахьара иза, олий. Т1аккха, д1акхаьчча, юха а декъаш юккъехь ца гича, дийначаьрца хила лаьара, беллачаьрца а воцуш. И ворх1 бутт иштта баьккхир-кх кхуо, саг1адоьхург санна, юьртара д1а юрта оьхуш, посташкахь г1аскхи а буьйлуш: «Ну че, дед, нашел пасынка-то? - бохуш. - На Кипре, наверное, отдыхает, в подземном царстве, в раю, так сказать - вы же туда хотули...» Цхьана постехь, г1алех чу вуллучу, сарахьуо х1ара охьавоьдуш, автобуса т1ера к1ела ваьккхира, юха т1ехьа чу а вуьгуш. Массо а вехна вара. Кисанаш дассийра кхуьнан, ворх1 б1е туьма ахча а доккхуш. Сарташ гира, к1ентан сарташ. - Подожди, подожди, - элира цхьамма, сурт шен мера к1ел а даьхьна, - эту морду я видел, б.... он твой что, безногий? - Не знаю, - элира кхуо, - на ногах был... - Нет, точно, эту морду я запомнил... огрызался... он, знаешь, где... в Мартане, если еще живой... Так что, папаня, рубчики пусть поют романсы, а ты на лыжи, рысью брысь, понял? Я добрый, повезло тебе......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#90 |
|
Вес репутации: 11 |
Исс де даьлча схьакхоьссира цуьнан дакъа, кху чуьрчу к1ентан дакъа.
Цу исс дийнахь х1ара ца воьдуш, ца эккхаш, кхуо ца олуш стаг ца висира: суьдхо а, прокурор а, муфти а, я глава ву бохург а, и к1ант дийна вита г1ерташ - хан тохийта, чуволлийта. К1ант кешнашкахь 1уьллура, иссалг1ачу дийнахь, т1ехула йоьза мозий а хьийзаш, Гихтарчу кешнашкахь. Салазан г1о санна, букъ а кагбеш, д1а аркъал виллинера иза, дерриг а диллина гай а долуш. Пхьаьрсаш муш санна дара, кагъяза цхьа т1ехк а йоцуш, голец аьтто ког а бацара. Ши б1аьрг а бара баьккхина. Корта 1узар бара, аркъал охьа, когашкахь, массо а пха хадош - урс хьаькхна, - къамкъарг охьа чу а едда, гуш даь1ахк а йолуш. К1ант «нисвелла» вара ч1ог1а, хуучо дика «кечвина», хаспаш дечо, уьстаг1 санна, хуттаргашка верина. Х1уйт, маржа г1азкхе я1. Дала ма ваккха-кх хьо, ма эхь дар-кх хьуна иза, сан к1ентан дег1а т1ехь сел ирча эра даккхар... сан к1ант ас хала ма кхиийнера, хьуна самах а, я г1енах а ца хезначу г1илкхашца дуьйцуш, буьйса юкъал т1ех яллалц, набаран суй а ца беш, юха-юха дуьйцуш, юха-юха... Ас хала ма кхиийнера х1ара, дуьненан меха ван г1ерташ, эвхьазлонна зирх а ца буьтуш, хьаша-да санна, веза лелош, сайх кхунна эла ван г1ерташ, кхунах - цу элан во1 а... Кхууна хьалхахь, г1азкхе - кху сайн к1антана хьалхахь - кучан вета ма ца баьккхинера ас, аг1ор ваьлла ма ца гайтинера, г1илкхаца доцу (эвхьаза) цхьа дош а ма ца хазийтинера кху сайн багах... со эла ма хиллера, г1азкхе, кху сайн к1антана, ас элан во1 ма винера кхунах: кхуо юуш ма ца гинера суна, х1ара вижна ма ца хаавеллера; ког къовлуш, куьг къовлуш, сан юрг1а а нисдина, сан г1айба а тобина, т1ехула куьг хьокхуш, сан буьйса дика йина бен, ша парг1атваьлла ма вацара х1ара, юха 1уьйранна, со г1аьттича, сайна уллохь лаьтташ ма каравинера суна х1ара, сан г1енаш кхобуш санна. Далла хастам ма бинера ас, ва г1азкхе, Далла хастам, сайна иштта во1 веллачу. Х1ара мила ву а ца хиъна хатий хьуна, ва г1азкхе, я хьуо мила хилла техь-кха хьо! Тамаша бу-кх хьуна хьо, цхьа яхь йолчу къонахчунна оьздачу нанас вина-м хиллехь, да эла волчу цу кхерчахь, нана элан сту а йолуш. Махьар доцуш вина хиллий-ц хьо, ва г1азкхе, пхьу зуьдах ма-ловзара, цхьа боьрша х1ума стечуьнца ловзуш, хьанах дина ца хууш долу зуьдан к1еза хиллий-ц хьо, хьанна-хьаннах ехкачу нанас цхьа бен а воцчу дена вина. Къонаха ца хилла-кх хьо, дийцина-аьлла х1ун до хьох, хьо къонаха хилла хиллехь, дег1ан цхьа меже а йоцуш, карадеанчу сан йийсарца иштта къиза хир вацар-кх хьо: къонахчунна эхь ма дара, къонахчуьнца къиза хилча... Сан к1ант шен лаамза хьайн йийсар нисделча, мостаг1чо мостаг1а санна, тоьхна вен а вийна, ши б1аьрг т1екъовлуш, дег1 а нисдина, сьга хабар х1унда ца туьйхира ахь, ва г1азкхе: «Т1ом бу-кх х1ара, хьенех, хьайн дакъа ц1а хьуо», - аьлла. Со къинт1ера вер ма вара хьуна т1аккха, да во1ана ма-валлара, со генахь ма вацара, шийтта-кхойтта чаккхарма бен, цу к1анта аьлла хир ма дара хьоьга, со мичахь лаха веза... Дала ма ваккха, г1азкхе, хьан мостаг1а, аьн дарий, чохь са долуш, дийна воллушехь, сан к1ентан б1аьргаш х1унда дехира-те ахь, цуьнан цергех х1ун дан воллура хьо, лергех х1ун дуора ахь; айхьа велла вуьйш, букъ ца кагбича ца мегара; чуьйраш кхарза воллура хьо, меженаш стенна аьттера ахь цуьнан? Цхьа стаг бен ма вацара х1ара, цхьаъ бен са а доцуш, ма хала хилла хир ду-кх кхунна, бала хьегна хир бу-кх кхуо, г1азкхе, ма лезна хир ю-кх кхуьнан ахь йина къиза чевнаш... Сан к1ант верах, г1азкхе, - к1ант верах хьоьга х1ума бохуш вац хьуна со, хьо Делах тешахь, тешалахь сох, ас дуьйцург хьо къонаха цахилар ду хьуна, къонаха вац хьуна хьо, къонаха. Цундела, г1азкхе, со къинт1ера ца вели-кх хьуна, хьо къонаха ца хиларна. Кхин х1ун эхь оьшу хьуна я х1ун дош! Хьо цу дашца вахалахь хьайна, т1аьхьенна а изза дуьтуш... «Хьо мила ву хуушверг вац хьуна, к1ант, хьан мостаг1а, иза хьо шел к1елвисча, хьан накъост хуьлу хьуна цкъацц1а, мостаг1а - хьо цавевзарг ву хьуна, хьан г1илкхаш ца хуург, - олура кхуьнга дас сих-сиха, - дов а, рицкъа а хьайн чохь дерг тоьлу хьуна, хьайн махкахь дерг», - олий. ____________ К1ант кхуо д1авоьллира: Схьавеллачо д1авигир-кх, юхалург делла жовх1ар санна, г1еххьа кхуьнан б1аьрг а хьаьстина, - ган 1емина са ца 1ар-кх, юх-юха хьоьжуш, лозуш бен, ган лууш, хьиэг1аш бен. Ойланаша а ца вуьтура, дагалецамаша, г1елоно, х1ара дуьне 1аддол болчу кху балийн балано а, тешнабехко, х1иллано, цхьа а тайпа хьул дар а доцуш, схьадуьйцучу харцдолчо а. Миска, и к1ант, кху чуьра хилла и к1ант, ша висна хиллера-кх, мини т1ехь ког а баьккхина, цу хьуьнхахь ша цхьаъ, уллора накъостий д1а а бахна, хьо вахьлур вац шайга, аьлла. Кхунна уьттаза, ткъозза ма гира и бераш, шайна ца вевза олур-кх, шайца хилла вац, олий, ц1е йоккхуш хазар бен. И бала ловчулла, миска, ша-шена а... мичара, цо иштта дийр ма дацара, кхуо иштта ма ца 1амийнера - са ша-шен карах даккха, са Делан ма дара, цо бен эца йиш а йоцуш... Маржа к1ант я1, маржа к1ант, цхьаьнарчу накъосташа букъ а берзийна, хьуо царна т1аьхьа хьаьжча, х1ун ойла хилла техь-кха хьан, хьуо цхьаъ цхьалха т1аьхьа вуьсуш... воьхна-м хир ма вац хьо я ойла 1еса йирзина а... Ма хала дара, и к1ант иштта охьаван, шецара накъост охьа а кхуссуш... Ма товр а дар-кх иза, та-ма ткъа, дийна а волуш, и тайпа болх а бина: «Тхо меца дара, шийла а яра, г1азкхи а бара т1аьхьа бог1уш», - аьлла, и к1ант кхунна дуьхьал х1оьттича... Кхуо вуьйр ма вара иза, дера варий, д1ахьевер вар-кх нахе, нажжаз веш, наь1алт а кхайкхина, кху махкара аравоккхуш... Ханакъи-м соцур вара хьуна ша церан метта хилча - кхин дан х1ума доцуш висча - цуьнца цхьаьна цигахь вала. Лийр а ма вара, дера варий, цул хьалха-м лийр вара, иза шел т1аьхьа а вуьтуш - Ханакъина эхь ма дара, шен дена вина волчу, са а дадийна, к1елхьара вала, накъост иштта т1аьхьа а вуьтуш. Цу буса, эх1, маржа я1-кх, цу буса, т1еваг1ахьара аьлла хетта, х1ара г1аьттича, кхин т1еван а ца х1уттуш, д1а ара а ма велира, кхуо мохь тоьхча: «Нанна ма хаийталахь, дада», - т1аьххьара цкъа схьа а хьаьжна. Иштта д1авахар-кх ший а: кхуьнан да а, во1 а кхуьнан, дена к1ант кхин мара ца кхеташ, вовшийн б1аьра хьаьжжинчохь, г1иллакхах ца х1уттуш. Х1етахь, ша Сибрех, накъосташна т1аьхьа воьдуш, дена д1а т1е волавелча: «Д1авало, д1авало!» - дуьхьал дайн куьг тоссуш, цо ша сацор дага лаьттара кхунна гуттар а. Велир-кх иза, дависарг, кхин х1ара мара ца кхеташ... цу к1анта а... и к1ант а ма вахара иштта д1а, т1еваг1ахьара аьлла хетта, кхуьнан са хьаьггинчохь, цкъа т1аьххьара схьа а хьаьжна, саца а велла, ненах цхьа бахьна а дина... маржа... маржа я1-кх...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|