![]() |
|
|
#71 |
|
Вес репутации: 11 |
...Верриг а къоьжа, т1ехь ц1ена, тишчу бедарца,
эшначу дег1ахь жима воккха стаг. Нахаца йолу уьйр-марзо г1елъелла, лер доцуш, тийна. Зама цхьалле йирзина хуьлу. Цхьалла даима цхьаъ лела. Воккха стаг а ву х1инца цхьаъ. Дуьненца кхин х1ума ца дозу, дуьне д1а гена даьлла, д1адицлуш, дайна. Иза х1ора дийнахь, я дедда юкъа малх г1аттале, я малхаца шен лулахошна гучу вог1у, ков доьллуш, салам а лой. "Эйт, маржа, к1ентий-я1, маржа к1ентий!" - олу, саца а луш......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#72 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
...Стигал бохь хьекхалуш хиларх а,
къонахчо зудчух зуда йийр ю бохург бакъ-м ца хиллера, ма бакъ ца хиллера-кх иза... Оцу Дала ша ца нисйича, нислуш ца хиллера-кх дика зуда, ахь итт ялорах я б1е йитарх, дера ца хиллера! «Со велча нахала ер ю-кх хьо, хьенех, евзар ю-кх хьо нахана,- олура кхуьнан дас, - х1окху берех мостаг1ий хиларна кхоьруш д1акхийхьи-кх ас хьо, я цунах а ца кхийти-кх хьо, хьуо къона къанлуш», - олий. Нанас цхьацца «бур-бур» дора дуьхьал, кад-пхьег1аш а кегош. Хьуна ч1ог1а ца дезалора дас нене иштта олуш. Хьо жима вара. Хьо кхеташ ца хиллера. Х1аъ, хьо кхеташ ца хиллера, хьуна иза нана хиларх, хьан дена иза зуда юйла, цунна кхача а кечбеш, м1адо-х1ума а юьттуш, хьаша-да т1е а оьцуш, бераш а деш цунна. Дена дикох хууш хиллера-кх шен зудчун хьал, иза мел ю а, мел яц а, тахана хьуна хьайн зудчух дерг санна. Дас баьхначух кхета цуьнан когаметта х1отта везаш хилла-кх, я цуьнан хене верза, я цуьнга кхаьчна долу дакъа кхача кху дуьненчохь! Ша цхьацца хьаша-да валош ц1а веъча, цуьнан велар, цо беш хилла бегаш, хьешана хан яцъялийта г1ерташ цо лелийначу х1илланех т1аьхьуо кхийтира хьо, кхийтира, хьан а изза лелон дезча, айхьа х1ун леладо хьуна хьайна бен хаа а ца хууш. Хала хиллера-кх, мостаг1чо йинчу к1елонна т1евоьдуш санна, хьо юьхь1аьржа х1уттур я юьхьк1айн чекхвер ца хууш, хьуо вехачу х1усаме хьаша-да эцна ваха, юха иза де-буьйса а даьккхина новкъа валлалц хьайн ц1енний, цу хьешаний юккъе а х1оьттина, г1арол хилла латта, тоьпан салт санна......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#73 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
«Т1ехь беркъа волу къонах нехан нус ю», -
аьлла бохуш хезнера хьуна Котар-юьртахь ваьхначу Ба1дуллин 1абдуллас. Зуда ледара йолу къонах а хиллер-кх нахана юккхехь шена ма хетта дош дийца йиш йоцуш, даима мотт кхобу нус. Бакъду, къонахчун сий-м ца довра зуда вон хиларх, х1етте а цхьа аг1о айпе болуш санна хьахавора-кх иза наха: «Хьенехан къа дара иштта зуда хила, хьенех санна волчу къонахчун зуда дика хила езар-кх», - олий. иза а хьанна оьшура, «хьенехан къа дара» боху, къахета-аш долу хастор а. Зудчо стагах къонах во, къонах вверг воха а во боху дешнаш ма лергах ца хьакхалора хьуна цхьанна хенахь! «Зудчо муха во къонах, - велалора хьо, - я къонах верг воха а муха во, зуда - зуда ма ю, ахь тоьхнарг доза а долуш, ахь баьстинарг бен некъ а боцуш хьан х1усамера д1а! Дино веш ма вац бере, беречо шена ма хетта 1амош ма бу и дин, я хахка, я хьовзон, я вотанца хелхабаха!» Х1ан-х1а, дине хьаьжжина бен хуьлуш ца хиллера-кх бере а, нийсса ах куц дино деш хиллера беречун. Массо а дин ца хиллера-кх 1емаш а, я 1амалуш а. Дой а тайп-тайпана нислуш хиллера-кх, цхьаберг - ког тасалуш, важа - урхана онда, ткъа кхозлаг1а берг - яйн йинчу уьшарх а сица кхуьуш, некъан бохалла бергийн вотанца яцъеш.......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#74 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
....Х1аъ, къонах-м дукхаверг зудчо веш а хиллера,
аьлча а цуьнан г1иллакхаша. Х1ара жима бер долуш, кхуьнан дедевешин зуда кхелхинчу тезета, барми т1ехь (ламанца ворда лела некъ ца хуьлура) валарчу вирзина волу Исуп-Хьаьжа а вохьуш бог1у нах кхечира цкъа. Исуп-Хьаьжа ша жима волуш цхьанна леллачу, шена Къур1ан а, жайнаш а 1амийн, шех хьажо вина хиллачу Воккхачу Дадин коша юххе д1аволла ша аьлла весет а дина, юха шен дуьненчуьра Денош куьйгап1елгашца дагардал бен ца диснийла шена хиъча, новкъа ваккхийтина хиллера ша, д1акхачалахь новкъахь лер ша, я ца лахь цу юьртахь хьаша ву шен, цигахь са далийта шен аьлла. Юха ша кхаьчначу тезетахь и лоьмаш санна болу къонахий зударех боьлхуш шена хезча, Исуп-Хьаьжас хаьттинера, велларг мила ву аьлла. Зуда ю аьлла, дийцинера цуьнга. Шу иштта ч1ог1а делха х1ун г1иллакхаш дара цуьнгахь, кхечу зударшкахь доцуш долу, юха а хаьттинера Исуп-Хьаьжас. «Юьртан нус яра х1ар, - аьллера цуьнга наха, - кху юьртара массо а боьрша стаг марваша вара, зуда массо а марйиша яра. Кху юьртара цхьаьннан зуда ийг1ина яхча, цу стагана х1ора рожехь бовха кхача оьций йоьдура х1ара, церан даьхний 1алашдора, ж1аьла ца дуьтура пхьор доцуш. Кхуьнан бен куьг ца товш, кхуьнан марахь садалар хилира кхуьнан марден а, марненан а. Шен ц1ийнда волу Бойсаг1ар (иза меттахь 1иллинчу ворх1 шарахь) цкъа а цхьаьна стаг воцуш делкъехь а, я пхьуьйранна а ша х1ума йиъна д1а ца вахийтира кхуо цу Дала дуьхьал. Ша дина шен бер санна, и Бойсаг1ар шен кьуйга лийчавой, коч-хеча хуьйций меттавоккхура кхуо х1ора а п1ераскан буса. «Хьенех», - аьлла, буса а, дийнахь а - муьлххачу хенахь - Бойсаг1ар кхайкхича, «х1ун боху» аьлла, дуьхьал кхайкхина яцара х1ара цкъа а, уллохь лаьтташ караяйтина яра», - аьлла. И тоьшалла шена хезча, Исуп-Хьаьжа шен хьехархочуьнга, Воккхачу Молле а кхойкхуш, вилхинера: «Кху кешнийн ох1ланех т1ехвала бакъо яц шен х1инца, кхеран синойх бехк г1ур бу шех, ша дуьненчохь а дукха хьийзинера хьо, кхузахь саца воллу ша тахана. Х1окху зудчун сина Дала т1ебелхочу къинхетамах цхьацца цинц кхаьчча а декъала хир ду х1окху кешнийн ох1ла, кхуьнан лулахо хила хьажа воллу ша», - олуш. Исуп-Хьаьжа, кхеран юьртара ша кхин вуха ца вохьуьйтуш, уьссалг1ачу буса кхелхира. Д1а а воьллира кхуьнан денден вешин зудчун коша уллохь каш а даьккхина, чуртана цхьа боккха акха чхар а буг1уш... Дика зударий буьтуш ца хиллера-кх оцу наха, цкъа а, уьттаза а марехь хилла хиларх... Цу къонахаша зудчун хазалла коьрта лийрина ца хиллера, дикаллий бен...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#75 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
.....Х1ара гуттар а «м1акваьлла», цхьа замой а, цхьа синкъерам а ца бохуьйтуш,
«т1ус т1ебаьлла» хьийзачу хенахь, дас чу а кхайкхина, элира кхуьнга: «К1ант, хийла дика кеп йолуш, б1аьрго йоххол хаза говр нисло хьуна цкъацкъа, я кира кхехьа де а доцуш, я беречунна дин хила хьуьнар а доцуш, ламанца хьалаг1ортийча ерриг а хьацарх юзий, шена т1ера чуьрк къахко а мало еш лаьтташ. Иштта болчу зударех ларлолах. Зуда хьан-хьаннах а ца хуьлу хьуна. Цхьаццадолу ц1а бен ца нисло хьуна зудчун х1у дика долуш, цу ц1ийнах массо а зудабер цхьабосса дика зударий а хуьлий д1адоьдуш»...... ...Цуо дуьйцург хезаш а, ца хезаш а не1ар уллохь хьалалаьттачу хьан ши б1аьрг даим корах арахьоьжуш бара, са акха латтарна. Ойла Хасранан йо1 Тамри ехачу уьйт1ахь соьцура..... ...Т1аккха сих-сиха цуьнга хабар кхехьийта велира хьо ген-генара, цуьнца уьр йол-йолчуьнгахула: «Тамрига хьо лозу сан боху алахь, хьенех, ас, х1ара деган х1ума лаамера яллал ч1ог1а», - бохуш. Ахь нийсса кхаа баттахь кхехьийтира иштта хабар, цкъа а ирахь1ан а ца воьдуш, я вистхила а ца г1урташ цкъа а. Т1аьххьар а гуьйренан шолг1ачу баттахь, хан йиллийтинехь х1ун дара те аьлла, гучуваьллачу хьоьга хьан лерган хаза там боцу (ахь цуьнан ечу ойлане диллича) кхо-диъ дош элира Тамрис, шен 1ежин Муслимца дуьйцуш х1ума ду аьлла. Цкъа «чхамм» деш, ойла шелъелира хьан, Муслиман ц1е хезча. Юха: «Делахь, цуьнга яххал бен, кхин х1ума яц те х1ара?» - ца кхеташ висира, Хасранан ойла а еш. Хасран наха дика къонах ву олуш вара, цуьнан хьешана комаьрша хиларрий, 1иттаделлачу девнашкахь цо ша доьналле гайтар а къастош……
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#76 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
......Дас кхин цкъа а элира хьоьга, чу а кхайкхина:
«Йиллина буьйса галъяьллачу къеначу йо1а санна, и хьайн синош дахар а дитий, Жамалдин Тайбат ялае, к1ант, дикчу зудчуьнга кхочуш стом бац хьуна кху дуьненчохь цхьа а. Зуда велча йиса а оьшу хьуна къонахчунна, дийна волуш-м хьаьнггахь а 1а хьуна!» - аьлла. «Х1инца йисина 1аш ю-кх иза, ахь ша йитахь, - сихо кхоьссира ахь, - со кхин жий-м бац, дитта бухара кхораш лехьо, гаьн т1ера баккха йиш йоллушехь!» Хьуна айхьа жеро ялийча, х1ара дуьне оста дер ду моьттура, дукха цецдаьлла. «Ган вехийла хьо х1ета, - элира кхуьнга дас т1аккха, - кхор-м ношбелларг бен ца бужу хьуна охьа... Хьада, д1авало, д1авала суна дуьхьлара, х1ара де дагалецар ма эшадойла хьуна хьуо вела д1аваллалц», - аьлла... Иза цуьнан кхочуш а хилира, Седа-жайна хьаьжча санна - сардам берриг а бахара, сих а, дег1ах а, т1амарх а цхьаьна... Деца и къамел хилла доьалг1ачу дийнахь, шен юьртахь, поппаран белхехь йоллу Хасранан йо1 Тамри, куьйрано мошарчашна юьллу моха санна, цхьа къиза ка йина, «Делий», «Устаз» боху маьхьарийн орца т1аьхьа а дуьтуш, дина т1ера чукхевдина, нуьйра хьалхахула бертал тухуш, ядийна яьхьира ахь, цунах кесгаш яххал марсадаьллачу синан дераллица......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#77 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
......Хасрана там бина ца хиллера, шен йо1 ядийнарг дуьхьал ваийта шена,
х1ара хьажой а ца кхуьйлуш, аьлла. И тайпа х1ума хьуна дуьйцуш а ца хезнера. «Чоьхьавала, чоьхьавала, - элира кхуьнга Хасрана, х1ара юхаг1ерташ, не1арехь г1овг1анаш евлча. - Со-м ахь, б1онна юккъера байракх санна, тайпанна эхь деш, юьрта т1ера йо1 ядийнарг вай тахана а, хьо а хила веза селханлерра», - аьлла. Хьо не1ар уллохь сацавелира, ши б1аьрг ц1енкъара хьала а ца ойуш. «Охьахаа, - элира Хасрана, велааьшна а дина, - охьахаа, хьо ирахь а латтош къамел дийр долуш вац хьуна со, к1ант!» Хьо охьа ца хиира. «Охьахаа, - элира цо юха а, - къонах веца хьо, со санна, ас хьайга бохург де тахана, кхана хьайна луъург дер ахь...» Юха, хьо охьахиъча, Хасран веха вист ца хуьлуш 1ийра, цхьана генарчу дагалецамашка вирзича санна. Т1аккха: «Мочакъа, - вистхилира иза, - деллахь, Мочакъа, ша тилон доцчу экхана синкъерамна топ кхосса ца оьшур-кх таллархочо, иза тилон долу иччархо вер вуйла шена хуъушехь... Ма хьаштдоцург ди-кх ахь! Сайн доьзалхо суна дикох вевзар-кх хьуначул а, хьан дена Зубайранчул а...... ...Хьайна тахана сан юьхьах хеташ долу эхь кхана сан букъах, лама сан чуртах хетар дацахь, хьайн дика да Зубайр ваха, Мочакъа, и сан доьзалхо ц1аверзаве - хьан зуда яц хьуна иза. Суна цуьнан нана евза хьуна - ас шовзткъа шо даьккхина цуьнца. Жийно бина 1ахар а шен нана санна кхуьу хьуна. И жий гуттар а жана т1аьхьа лелаш хиллехь, цо бина и 1ахар а хуьлу хьуна т1аьхьа соьцуш. Нагахь и жий жана юьстах бежаш хилча, 1ахар а иштта 1ема хьуна. Шу жа лелош нах долу дела, хьо сайх ц1енна кхетийта дуьйцу ас иштта, сайн чоь ерриг а хьуна йийца а ца лаьара суна... Кхана-лама юха а сан букъах хьайна эхь хетар дацахь, сан доьзалхо ц1а ваийтахь... хьоьца цхьа а гамо ца езар суна, хьуна дика болх хила лаар бен...» «Зуда валлалц лело дуй буий ца юьгу!» - элира ахь, сихха хьала а г1оттуш. «Дика ду х1ета, - вистхилира Хасран, дикка хан ялийтина. - Зубайре ас цу юьртарчу муьлххачу а къонахчунна оцу йоь1ан да хила пурба делла, дерриг а д1адерзо, боху ала... Д1авало, парг1ат хила... Х1окху чуьрчу зудчунна т1е1оттаваларх ларлолахь хьуо араволуш, зударий цхьа шайн амалехь хуьлу хьуна берриш а», - т1етуьйхира цо юха, шай, шен зудий 1ай-б1аьстей санна, вовшех къаьсташ хилар хоуьйтуш санна.......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#78 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
........Хьо тахана а, вала ирс доцуш, къена даь1ахкаш малхехь
йохъечу дийнахь а ца велира цу дешнех к1елхьара, х1етахь, шовзткъе барх1 шо хьалха, Хасрана аьлла долчу: «Тахана сан юьхьах санна, кхана сан букъах, лама сан кошах хьайна эхь хетар дацахь, сан доьзалхо ц1аверзавехьа, хьенех, хьан зуда яц хьуна иза», - аьлла. Х1аъ, Хасранна хууш хиллера ша х1ун боху. Хасранна шен йо1 мила ю хууш хиллера, шена и йо1 йина йолу шен зуда мила ю а... Хьуна Хасран валлалц ца евзира хьайн стунана. Велча-м евзира! Денц1ай, марц1ай - ший а цхьана 1аьршаца д1аг1оьрташ ца хилча, зудчух зуда хила туьгуш ца хиллера цкъа а. Хасран велча, цхьа аг1о д1абелира, хьо ойланца т1етийжина аг1о. Т1аккха цхьа висира хьо, шимма текхийна нох айхьа цхьамма ийзо, хьун хьокхуш даьккхина долу юьхкех дуьзна ирзо аха. Ирзо хала дара, хьан са кхаччол хала, цкъа нахаро хадийна орамаш - гуо а баьккхина, хьо юха мосазза кхочу - х1оразза а хедон дезаш. Цо цкъацкъа собар кхачо герга вуьгура, мохь тоха цкъа, цкъа г1атта, я цкъа вистхила. Хасрана ца вуьтура х1умма а дан, Хасранан букъо, юха кешнийн кертахь лаьттачу чурто а......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#79 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
.......Чуьрко а аьлла бохур-кх, и къамкъарг ма еха ю хьан, х1ун до
ахь цунах аьлла, шега хаьттича: «Кхин а еха хилла елар-кх шен х1ара, ала ца деза дош меттан буьххье кхачале, къамкъарган яхалла ойла а йина, юккъехь сацон дарий ша», - аьлла. Собар оьшур-кх массо меттехь а, собар доцчохь а - собар, валлалц айхьа схьакхехьнарг цхьана дашца ца дайа, х1аллак ца дан, нахала ца вала. Цхьа стаг цхьана х1уманна д1аг1оьртича, берриг мохк а болу-кх дуьхьал зама телхинчу хьелашкахь, хьо шайн х1азарна юккъера ца валийта, хьо къаьсташ ца хилийта шайл, шайна меггарг магийта хьуна а. Къонах чекх а вер вар-кх массо а х1умнах, шен сих, шен дагах, шен ойланех кхеташ, ша лелориг х1ун ду хууш йолу х1усамнана Дала шена нисйича, шен 1индаг1ан 1индаг1 хилла и зуда д1аг1оьртича... Маржа я1, къонахчунна цкъа а т1аьхьа ца хиллера-кх зуда ялон, кхузткъа шо, б1е шо я ши б1е шо хьан хиларх. Х1ара дуьне мадду ваьлла лела везаш хиллера-кх къонах, шен амалехь йолу зуда лоьхуш, шега хьоьжуш йолу, я шена аьлла кхоьллина йолу кху дуьненчу цхьанхьа... Дика зуда цхьана денна ялон мегаш хиллера, цхьана сохьтана я цхьана м1аьргонна. Цкъа б1аьра хьажжал мукъна а... Жималло 1ехош хиллера стаг, б1аьргаш хиллера бехке, синтем боцу б1аьргаш! Б1аьргех теша мегарг ца хиллера цкъа а, б1аьстенца серладевллачу б1аьргех-м муххале а. Царна, кеп бен, чулацам гуш ца хиллера, т1ехула юхург, чухула юхург йоцуш санна........
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#80 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)
......Цхьа мехкан дай, цхьа кура элий хиллера сакъера хевшина 1аш.
Даарх-маларх шаьш буьзча, дог1машна парг1ато луш, кузашна т1етийсинчу г1айбешна т1ехула шаьш д1а аг1орбевлча, элаша вовшашка хаьттинера, хьуний-хьуний х1ун дезара, хьанна-мила хила лаьара вайна кху дуьненчохь аьлла. Шен болчунна т1е кхин оццул бахам безара шена, аьллера цхьамма. Кхаа мехкан эла хила лаьара шена - вукхо. Кхозлаг1чо шена дуьненан да хила лаьара олуш, жоп деллера хаттарна. Вукху шимма цунах бехк баьккхинера, шен мета кховда лаар Дала могуьйтур дуй те аьлла. «Шу ца кхийти шех, - церан бехк т1е ца лаьцнера кхозлаг1чо, - шу а ца девзаш, шуна а ца вевзаш, юьрта йисттехь цхьа жима х1усам а йина, сарралц даьккхинарг сарахь пхьор даъал бен а ца хуьлуш, цхьана бертахьчу, шена муьт1ахьчу х1усамненаца вехаш хилла велара ша, т1аккха хир вар-кх шех дуьненан да», - аьлла. Важа ши эла ойланашка вахнера, кхозлаг1верг бакъвуйла а хиъна... Ткъа хьанна ца лиънера, хьанна, кху дуьненан да хилла ваха, кху дуьненах шен нус ян, х1ара дуьне шена декхарла дерзо! Мила ца хиллера хьал а, бахам а, ирс а цхьана зудчуьнгахь ган ца лууш, «хьенехан зуда» аьлла, цуьнан ц1е махкахь яржийта ца г1ерташ, хьоьга кхечна вуон - мехкан тезет хилийта, хьан дика - мехкан зовкх! Да-нана доцуш буо кхиъна а, йиша-ваша доцуш цхьалха хилла а, дикчу зудчун ц1ийнда хилла велар-кх, Мочакъа, хьох, иза доцург кхин х1ума ахь лехна а ца хилча кху дуьненчохь цкъа а!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|