Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 21.03.2008, 17:43   #61
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
"Суна ца хаьа со мила ву.."

Суна ца хаьа со мила ву...

Со даим цецвохург адам дац кху лаьттахь
(адмаш суна 1индаг1аш хета, цхьана кхечух вайна
гушдолу, иштта вай-вукхарна а), и адам лелош долу кхин х1ума ду,
суна ц1е ца хууш долу.
Суна ца хаьа, сайга х1ара х1унда язло,
дага муха дог1у, мичара ду я хьан дуьйцу, хьан хьоьху...
Х1ора а адамца лелашъерг 1ожалла ю, адам дац,
цкъа каш чу юьжуш йолу, вайна ваьш ду а моьттуш:
суна велларг г1енах го, со цунна а го хир ву-кх, сайн адман
сибатехь, х1инца сайн йолчу ц1арца, юьхь-аматца, лерца а.
Цхьанне а (хета суна, со цунах тешна а ву) ницкъ ца кхочу,
г1ан ма-дарра довзийта, шена гинчу хеначохь,
я хенашца, кхетамца а. Г1ан цхьа дакъош хуьлу,
д1адахнарг хиндолчуьнца карарчух хоттаделла, сюжет а йоцуш
я туьйра а (юьхь а, юкъ а, чаккхе а къаьсташ)
юьхьанцара дуьйна схьа чекхдаллалц хоттаделла долу.
Бер доьлуш гина суна, вайна тхьевсина ду моьттучохь;
хьайбано корта лестош а, наб кхетча санна, дижина 1уьллуш.
Цкъа ж1аьла а летира г1енах, т1ебиллина ши б1аьрг а болуш.
Хьан эр ду, шен г1енахь дийлина бер,
цу г1енах а иштта бер ду, ша самадаьлча хуьлуш долу?
Хила там бу цунна цигахь (ша доьлхучу хеначохь) ша цигахь
хилла хан го, кхузахь ша бер хилале.
Бер доьлхуш а ма нисло, цунна гуш дерг х1ун ду-те?
Хьстаг1а ду-кх, сарахь (2002-чу шеран, январь бутт) балхара чу кхоччушехь,
чайнан цхьа стака а мелла, д1атаь1начохь суна наб кхетча -
суна моьтту-кх, наб кхетта, - киншка йоьшуш ву со,
юха хин тата хеза суна (хи ца дог1у дикка хан ю), т1аккха хи т1ех
а даьлла, кухни чу охьадоьду, со, горгам а буйнахь,
теса юха чу и хи охьадуьттуш а воллу, со ц1еххьана самаоьккхуш.
Суна хезнарг (г1енах) бакъ а долуш, хин тата хуьлу,
раковина чу детталучу, суна самах гушдолу.
Т1ехдаьлла-м ца хуьлу иза.
Цу балхах дукха воккхавеш, маь1ан черма чу а дохьий,
хи цу чу хоьцу ас, цхьана жимчу ц1узамца.
Хи к1езга дог1у, кеста хьала а дузур доцуш.
Сайна гина г1ан дагахь а долуш (айса ц1енкъара хи д1адаккхар),
сих-сиха чермига хьожу со, - хи боккъал а г1ийла дог1у,
цхьана юьткъачу т1айрица.
Суна хаьа, лаххара а ахсахьт-м черма хьаладуза оьшийла.
Со киншка а карахь аг1ор волу (г1ан суна дицделла),
хи суна т1ехьа а долуш, букъа т1ехьашха.
Киншка атта ешалуш хуьлу, Виктор Некрасовн «Записка зеваки»,
ч1ог1а дика мукъам болуш.
«Ванах, хи!» - суна дагаиккхича, ерриг а ц1енкъа хих юьзна лаьтта.
Айса тас схьа а эцна, хих т1адийна горгам теса чохь 1овдуш,
сан ши куьг ц1еххьана соцу, х1ара болх ас тховса шозлаг1а беш буй а хууш.
Суна ца хаьа, иза х1ун ду, г1ан а, само а шозза муха хуьлу,
г1енах гинарг самах а долуш.
Ас киншка толлу т1аккха, айса г1енах ешна йолу.
Суна иза дага ца йог1у, цхьа киншка хилар бен, самах айса
йоьшуш йолу Некрасовн «...запискаш».
Г1енах дерриг а девзаш хета, самаваьлча кхин дуй а хууш,
кхетам а хуьлу цигахь кхин, хьо хьуо хьайна дага а вог1уш.
Со дахарехь (х1инца шуьга д1алуьйш волу)
йозанца цхьацца лелош ву, яздархо ц1е йолуш.
Ас ч1ог1а хала яздо, цхьа дийцар яздан воьлча, шерашкахь чекх а
ца доккхуш: «Суртдоккхург» боху дийцар ас лело цхьайтта шо ду, хьалхара т1ом
а хилале. Сюжет товра суна цуьнан ч1ог1а, амма къаго ницкъ бацара:
«Дависа, Борхеса я Кортасара ма яздийр дар-кх хьо!» - бохуш,
суо-сайна оьг1аз а оьхуш.
Цкъа цхьана буса (ас буьйсанна яздо), цу дийцаран ойла еш,
хаддаза чухула д1аса а ихна, д1а а ца вуьжуш, аг1ор волу со, самонний-г1анний
юккъахь цхьаъ-м хиларе сатуьйсуш.
Суна наб кхеташ - сема ву-кх со, цхьана кхечахьа самаволуш.
Хьун ю иза, малх а боцуш, гобаьккхина сирла а го.
Юха кхин нах а хуьлу цигахь, со царна а, суна уьш а бевзаш.
Кхузара-м бац уьш, соьца кхузахь хуьлучийх.
Кхин адмаш ду-кх тхо, хьалха гуттар а цхьаьна хилча санна,
вовшийн дикка довза а девзаш.
Ц1ераш а яц оха йохуш, къамелаш а ца до, юха вовшийн кхета а кхета,
дан дезарг, цхьаьний деш.
Экха лохуш ду-кх тхо, ден а дийна, тхайна даа.
Карахь цхьацца цхьамза а бу, буьххьера ира а болуш,
кхоккха метар барамехь.
Ехха месаш а го суна сайн, малхехь даьгна йоьза дег1 а,
хенашкахь - дег1 хьулдеш - кхозу мокха ц1ока а.
Цхьа буг1а ю-кх оха эккхийна, бердах чукхосса юьгуш. Буг1а ч1ог1а
инзаре ю, 1аьржа-сийна, еха а йолуш.
Цхьа лам бу-кх, буг1а аьлча а, мерахараша дохк а г1ийттош,
бергаша схьакхуьйсу т1улгаш, коьрт-коьртал а хеталуш.
Берриг цхьа букъ бу-кх иза, токхам санна, хьаьдда боьдуш, генна
лакхахьайъелла белкорта а хаалуш.
Иза дуьхьал ерзахь, дойур дуй а хаьа тхуна тхаьш.
Тхан цхьамза цунна д1а а ца кхета. Д1акхеттарг а охьабужу,
ц1оканах чекх а ца балалуш.
Буг1а ц1еххьана сацаяла г1урту, кхос-кхоссалуш, тохалуш,
т1аьхь-т1аьхьа д1а бертал а йоьдуш.
Тхоьгара цхьаьний маьхьарий довлу, тхаьш тоьлла-кх моттаделла.
Тхо т1ег1урту, гобаьккхина, дехьа-сехьара х1оз а къовлуш:
ахк дуйла хаьа тхуна цигахь, кхин д1ахьада меттиг а йоцуш.
Оха цхьамзанаш цхьаьнний туху, серий санна, дог1а санна, стигал-латтий
дузу юкъ маьхьарца къора къаръеш.
Буг1а юхайоьрзу, дуьне санна, 1аьржа пен санна, доккха хьаж а долуш.
Ши ма1а чучча хьаьвзина го, б1аьргаш а ду, лелха санна, кедаш чуьра арадеъна.
Т1аккха мохь болу, бага а г1аьтташ, к1айн мазаш кхозу бетах.
Латта дегош санна хета тхуна, даьхнийн гурт йог1уш санна.
Цхьа а ца хуьлу...

Тхо цхьацца хуьлу, цхьаццанхьа д1асахьаьдда.
Суна лом го, ц1оькъалом, 1одан пха санна, сайна т1аьхьа дог1у.
Ма-хьаддалу д1ахьоду со, пийлиг санна, ийалуш, га лоцуш, пел лелхаш,
ког лаьтта охьа ца кхочуш.
Юха со вужуш, цхьана к1аг чу - со букъара аркъал воьрзуш, -
суна т1од го,
тоха ластийна, сайн коьрта т1е, юьхь т1е дог1уш, цхьа мохь эккха,
инзаре мохь, со 1уьллучохь, чкъург санна, хьаьвзаш - бесни йогу,
урс кхетча санна, цициг а го, сайн юьхь т1ера, кхосса а делла, ц1енкъа х1уттуш:
берриг а чо г1аьттина бу, д1овш тоха санна, айдина ц1ога, чилдакхаш д1асахьадийна,
к1айн цергаш, ц1ен мотт: - со кхета, сайн хиндолу дийцар - «Суртдоккхург» -
т1аьххьарчу дашца хила дезийла, цхьана дашо дерриг а дуьйцуш,
кху г1енан чаккхе санна, - ас юьхь т1е д1а катоьхча, куьг дерриг а ц1ех дузу.
Соьга х1инца хьан эр ду, соьга х1инца и ц1оькъалом цициг дац,
шен г1енах суна т1аьхьа даьлла, х1ара м1араш - сан юьхь т1ера -
ц1оькъалоьман лараш яц а?
Цициг тоь, цициг а хуьлуш - цунна шен г1ан дицло, сан г1ан соьца даха дуьсу,
со виснарг а 1адош.
Суна хезна (я дешна) цхьамма-м цкъа мостаг1чунна г1енах шаьлта тоьхна
бохуш, веллачуьра юха г1енах г1ан гучунна дуьхьал а веъна.

Ша леш, Со1дин Малакка (кхетамчохь а воцуш), доь доцуш вайначу
1ежин ц1е яьхнера, ц1ий хьанал дехьа шена бохуш, ша хьан 1анийн ц1ий.
Казахстанера ц1а еана, Хадишатан йо1 Секимат (нана цигахь елла хуьлу)
Залубина йилхинера, гор-бертал а етталуш, шен нанна, Секиматина
къинт1ераялахьара хьо, буса набарна д1ата1а йиш йоцуш ю-кх ша,
нанас и дехарш деш, ц1а а г1ой, хьо къинт1ераяккха шена, бохуш.
«Д1аяло, д1аяла, ели со хьуна къинт1ера, х1ара йо1 а ма хьийзае -
йистхиллера Залуба, шена дуьхьал д1а а хьаьжна, -
бедарш ма тиша ю-кх хьан, эхь а ма ду иза-м», - олуш.
Корталин Хантоти (сан денана), шен ц1ийнада 1едало вийча,
Ц1ийлла яхнера, шен майрачо - Адама - воттана делла хилла долу
уьстаг1ий схьадало.
Вукхо ша Адамера эцнера уьш, аьллера, воттана делла дацара, аьлла.
Цу буса х1ара, Хантоти, Махьмад волчу буьйса яккха сецча,
Махьмада г1енах Адамца къамел деш хезнера Хантотина,
уьстаг1ийн сибташ а дуьйцуш, вотта хилар а ч1аг1деш.
Тхан дас, Мозис, ша ц1а далийра олура и уьстаг1ий, дохкучо схьа а делла...

Мила кхетта-кх къайленах, мича кхетамца, х1ун некъ толлуш?
Мила, мичахь веха техьа-кх вайх,
мича хеначохь, маца, ша мила ву, х1унда ву хууш?
Суна ца хаьа, суо мила ву, хьо мила ву, иза а, - со суо сайна мила ву,
я хьо а - хьайна, важа - шена а, г1ан х1ун ю, т1аккха само а...
...Цкъа къаьстар хир ду-кх иза, кхузара цига боьду некъ,
цигара кхуза юхабирзича, ша дуьххьара хиллаче, хинболлуче, боллуче...
Цхьалха ду-кх тхо, я Аллах1! Хетар бен, хаар доцуш,
тхайн некъан юьхь ца гуш, некъах тилла, некъ байна...

2002-04 шш
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 24.03.2008, 22:49   #62
Хантоти
 
Вес репутации: 0
Ма тамашийна а ю Мусас т1аьхьарчу хенахь еш йолу ойланаш... совершенно новый стиль... никакого сюжета... просто мысли...
  Ответить с цитированием
Старый 20.05.2008, 23:19   #63
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Из интервью...

- Бералла йисний хьоьца?
- Бераллий... бералла йоцург, кхин цхьа а х1ума а ца хилча санна
хета-кх суна т1аьхь-т1аьхьа.
Бералла дага моссаза йог1у, нана го-кх суна сайн,
гуттар а къона, даим а тхоьца - шен берашца.
Ненаца суо гуттар а бер го-кх суна, иза лечу хенахь - хьо марша -
сайн шовзткъе масех шо хиллашехь.
Тхо цхьайтта бер дара, шина зудчо дина: ворх1 к1ант, йиъ йо11ий.
Х1етахь тилвизор а, тилпо а, компьютер а яцара, урам боцург.
Юьртара бералла ч1ог1а исбаьхьа ду.
Дахар ду цигахь: нохчийн доьзалан, 1адатан, нохчийн меттан дахар.
Хьуна юьртахь, бераллера валале, массо а х1ума 1ема,
кхузахь, г1алахь, къанвелча а ца1емарг.
Юьрто бер нохчийн 1ер-дахарна кечдо, ден-ненан башха къахьега а ца дезаш.
Стаг бераллехь аббадел веха, йисина хан м1аьрго бен а ца хуьлуш.
Нана дийна йолуш-м, иштта ч1ог1а а ца хьийзавора бералло,
нана д1аяьллачул т1аьхьа, иза бен, кхин х1умма а ца дуьсу-кх хьоьца.
Тхан урамехь дуккха а кегий бераш ду.
Сарахь, маьрк1ажехь, цу берашка шайн наной кхайкхича,
хьуо а д1авада везаш санна, цхьа синхаам тохало-кх хьоьца,
хьайга а нана кхойкхуш санна, иштта сарахь, геннара,
хезаш бен, гуш а йоцуш.
Бералла цкъа а ма ца къаьста стагах д1а,
нана д1а а яьлла, хьо т1аьхьависча-м - х1етте а..
Бералла гуттар а ненаца ю, нана цхьаьна йолуш бен, хьуна дагаян йиш а йоцуш.
Сан бералла соьца ю-кх даим а, цхьанхьа хезаш нана а йолуш,
х1инца суна гуш яцахь а...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 20.05.2008, 23:20   #64
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от Хантоти Посмотреть сообщение
Ма тамашийна а ю Мусас т1аьхьарчу хенахь еш йолу ойланаш... совершенно новый стиль... никакого сюжета... просто мысли...
Он сам так и говорит
про свои последние произведения..)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 12.08.2008, 21:25   #65
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Дуьсург..

Цхьанна а цкъа а хаа йиш яц дуьне маца кхоьллина ду;
маса эзар къам хийцаделла х1инца вайна т1екхачале;
т1аккха вайл т1аьхьа дуьненчу маса зуьрет дог1ур ду а...
Маса пачхьалкх, маса г1ала, маса доттаг1а, мостаг1а...
безамаш, къестарш; тешнабехкаш, х1илланаш;
кхин чкъураш, сибаташ кхин; кхин меттанаш, латтанаш а...
Юха оццул хиллачу, даьхначу, леллачу адамах д1а ойлайича,
дагадог1уш т1аьхьа дисина кхо-диъ бен дош а:

"Суна хаьа, сайна х1умма ца хаьийла", - цхьамма - Сократа.
"Цхьана хи чу шозза вала йиш яц цхьа а", - вукхо - Гераклита.
"Х1ора а керланиг - иза дикка дицделла шираниг ду", - кхозлаг1чо а -
Сулайма-пайхамара. Кхин х1ун ду?
Х1умма а дац-кх, ша хилларг долуш ду-кх,
иштта - къаьмнаш, пачхьалкхаш, г1аланаш, безамаш;
юха цул т1аьхьа, цул т1аьхьаа - ...изза т1улгаш, мехаш, хиш...
цхьаъ д1адаьлча важа кхочуш, вукхунна т1аьхьа - кхин цхьаъ.
Юха т1аккха а дерриг а - иза, дерриг а - латта,
цхьа латта, цхьа латта бен, кхин х1умма а,
кхин цхьа а х1ума - х1умма а...

1999 шо, 1 июль..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 12.08.2008, 22:13   #66
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Лулахой..

Верриг а къоьжа, т1ехь ц1ена, тишчу бедарца,
эшначу дег1ахь жима воккха стаг.

Нахаца йолу уьйр-марзо г1елъелла, лер доцуш, тийна.
Зама цхьалле йирзина хуьлу. Цхьалла даима цхьаъ лела.
Воккха стаг а ву х1инца цхьаъ.
Дуьненца кхин х1ума ца дозу, дуьне д1а гена даьлла, д1адицлуш, дайна.
Иза х1ора дийнахь, я дедда юкъа малх г1аттале,
я малхаца шен лулахошна гучу вог1у, ков доьллуш, салам а лой.
"Эйт, маржа, к1ентий-я1, маржа к1ентий!" - олу, саца а луш.

Т1аккха х1оранца а цхьацца дуьйцу,
шайн вовшашна дагадог1урш, я хилларш, я лелларш,
юха шайн-шайн ойланаш а.
- Исраил, хьо ги-кх суна г1енакхоьлах...
Ахьаран галнаш еш Макка а йоллура... Цхьа хаза ц1ена
чоь яра шуьшиннан, йоккха йогуш пеш а йолуш.
Самаваьлча-м, вилхи со...
- олла а лой, соцу,
б1аьргашна т1е куьг а хьокхуш;
охьахуу цхьана лохачу г1анта, малхбале д1а а хьоьжуш.
Вист ца хуьлу. Малх цуьнан б1аьргаш чуьра схьакхета.
Малх соьцу цуьнан б1аьргашкахь.
Малх, луьйчуш, тхи къегаш, диттийн генех хьерчабаьлча,
хин т1адамаш дакъало, б1аьрнег1арийн чоьйх д1ауьйш
я юьхьан хебаршца.

Юрт йолало, самайолуш.
Воккха стаг, хьала а г1оттий, кхечунна т1евоьду.
Цуьнца а дехха цхьаъ дуьйцу, шабаршца, балдаш а хьедеш:
"Хьуна уллохь бен ваха хуур волуш-м вацар хьуна со, Къедар,
хьо реза хир-цахир-м ца хаьа... х1ара меттиг-м суна ч1ог1а хала
елла хьуна, шен-шен ю бохуш...
Тхаьш лулахой цахиларх-м кхин шек а дац-кхи тхо,
тхайна накъост хилчхьана, - хьожу,
букъа т1ехьа куьйгаш дохкуш, цхьана метта лаца а луш.
- Лулахой-м дика бу сан, - олу юха ша-шега, - берриш а дика нах бу:
Къедар а, Деда а, Ахьмад а, Субар а...
Маржа, Субар, ма ц1ена стаг яра хьо,
ма бехке нус а яра, массо а г1алат хьайн лоруш,
дика г1иллакхаш - нехан...
"
Юрт дикка самайолу. Юрт г1отту.
Г1ара хеза адамийн, ж1аьлийн, даьхнин.
Берийн маьхьарий а ду, бежараг1 арайоккхучу.
Воккхачу стагана хеза уьш. Геннара хеза, юьрта чуьра схьа.
Иза юха а жимма лела, цхьанна т1евоьдуш, вукхунна.
Вол-волу-у-ш, юьстах волу.
Ковберте схьакхочу.
Юхавоьрзу, 1одика ян, цкъа т1аьххьара б1аьрг тоха.
Къора тешаш хилла, мотт боцчу тийналлица зератехь лаьтта чарташ го,
х1инца адамийн ц1ерашца баьрзнашна т1етевжина,
до1анашца охкаделла.

Ша хиллачул кхин а жимлуш, горглуш,
лулахошна букъ а берзийна (уьш т1аьхьа хьуьйсуш санна хеташ),
шен цхьаллица цхьаь д1авоьду,
цхьалла т1аьхьа 1индаг1 санна.
1индаг1 т1аьхьа дуьсур ду, х1ораннах а цхьа 1индаг1,
цхьа б1арлаг1а, цхьа г1аларт, буо санна, цхьа г1ийла ойла......

__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 28.08.2008, 19:30   #67
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Мостаг1ий..

Цкъа цхьана юьртахь, доза къастош кха доькъу шу бен,
юккъехь йина керт а йоцуш, вовшашна баккъаш а тоьхна,
ул-уллохь ши ц1а лаьттачу шина лулахочун
доьзалшкахь вер-ваккхар нисло д1аса.
Доьзалийн дайн ц1ераш суна х1инца дага ца йог1у,
тайпана-м ч1ебарлой бу.
Махьмин к1анта (ц1ераш ас тохку) Къахьармин
цхьаъ бен воцу к1ант воь.
Шен к1ант Махьмин к1ентан карах велча, Къахьармас,
шен тезетан кадам эца воккханиг а веш, Махьма коьртте охьахааво.
Де батто хуьйцуш, шо шерийн когадахча,
шен к1ентан ч1ир а оьций, ша вийначу Махьмин к1ентан
тезетахь кадам эца охьахуу т1аккха Къахьарма ша.

Юха наха хотту, шуьшиннах тоьлларг муьлха ву х1инца, олий, -
велла ши стаг ву царна дагахь.
"Ша тоьлларг ву-кх тоьлла, - олу Махьмас, - сан к1анта
шен во1 вийча, со шен тезетахь кадам эца охьахаийра
оцу 1аш волчу Къахьармас. Юха, тоьхна, шен к1ентан
ч1ирана сан во1 а вийна, хаза меллаша схьа а веана, ша х1инца
сан кадам оьцуш 1аш а ву.
Тоьлларг, Къуръанор ву, и Къахьарма", - олий.
Б1ешерашна к1езиг хаьа и тайпа масалш.
Уьш къонахашца бен ца деха.
Къонахий иштта дукха а бац......

1996 шо, 8 октябрь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 03.09.2008, 01:33   #68
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
http://http://www.teptar.com/2007/10/26/beksultanov_alamat.html

Кхузахь Мусайн суна уггаре хаза хетачарех
цхьаъ долу дийцар ду...
"1аламат"
Элистанжхо, х1ара ду-кх иза дийцар....
Дагах кхеташ-м ду, дуй?
Валлах1и, ван-м вац Мусайга кхочуш
вайн яздархошна юккъехь цхьа а!!!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 06.09.2008, 22:41   #69
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
"1аламат" (кийсак)

Маржа я1.........

"...Юсуп-Хьажас а аьлла бохур-кх, советан 1едал т1едеъча,
кхуьнан "г1иллакхаш" лан а ца делла,
Туркойн махка д1авоьдучу шена т1аьхьабевллачу нехан
1одика а йина, ша д1аволавелча:
"Ва Юсуп-Хьаьжа, х1окху хьайн х1усамненан ца йо ахь 1одика", - олуш,
юха оцу наха ша сацийча:
"Шена йовза-м ца евза иза, муьлханиг ю,
гайтийша шена иза", - аьлла.
"Хьайн зуда муха ца евза хьуна,
цхьана къанделла дацар шуьшиъ?", - олуш, и нах цецбевлча:
"Цхьаьна къан-м ма деллера тхойша,
делахь а юккъера эхь д1адоккхуш,
дуьхь-дуьхьал дирзина,
цкъа а вовшийн б1аьра хьаьжна дацар-кх тхойша"
, - аьлла.
Маржа я1, маржа, халкъан доцу г1иллакхаш хилла те
цу наха схьакхехьнарш,
я халкъан йоцу амал латтийна те болатах яхчош,
собарца юттуш, х1ара дуьне кхоьлличхьана
кху махкахь шаьш дехаш,
юьртан сий бен кхин 1алашо ца лоруш,
мехкан маршо бен кхин декхар ца хеташ,
т1ерачу Далла бен суждане ца боьлхуш,
дуьненчохь шаьш яьккхинчу к1еззигчу ханна
дуьне мел лаьтта шайх дийца дош дуьтуш д1аихначу къонахаша
хьанна бохуш дитина те шайн сийх,
йохьах доьттина долу и кортош кура ламанаш,
мила лелийта дихкина те шайн г1иллакхашца дуьне дузуш,
шордина хилла маьрша некъаш,
мила кхион дитина те:
"Цхьана къонахчун меха дуьне а ца кхочу", - боху,
шайн мах шаьш хадийна долу хала весет!
Х1ун хили тен кху заманах,
х1ун сардам я х1ун наь1алт даха те кху чкъурах,
мича декхарна д1аийци техьа Дала х1окху къоман доьналла,
я стенах доьхки те кху адамаша шайн кортойн сий,
дуьне а цецдаьхначу дешан мах
хьан лахби те дуьххьара кху
Нана-Дег1астанахь...
мила ву те....."
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 30.09.2008, 17:51   #70
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цу дийнахь, Нохчийчохь, и жима к1ант вийначу дийнахь...
К1отарарчу цхьана поэтана -
Бисултанов Аптина
автор


- Са деза кхоьллина ду-кх...
- Са дац деза кхоьллинарг,
деза кхоьллинарг дег1 ду,
цхьана ханна аьлла, -
маццалц? - лело делла
стешха дег1...
Халкъ ц1ера даьккхина кхо шой, ворх1 бутт баьллачу гурахь,
1947 шеран ноябрь беттан юккъерачу деношкахь,
дайн луо а кхуьйсуш еанчу, бутт ловзучу буьйсанна,
Хьаьхечу ц1е йолчу ламанан к1отарахь, бевддачу нахана (обаргашна)
к1ел баьхкинчу НКВД-ен салтиша ялхитта шо долу
жима к1ант лоцу, ведда к1елхьара волучуьра, г1ог1 лоцуш, топ а тухий.
Тоьпан х1оъ т1ехках кхета.
К1ант жижиг дахьа веана хуьлу Хьаьхечу, тархийн херанашка
дакъадалийта дитина долу, 1аьнна болчу кечамна аьлла,
хьалххехь дайинчу акхаройн.
К1ант бердашка вулу, салтишна гуш а волуш. Цунна ца хаьа, ша гуш вуйла.
Шен гихь бахьа мохь а кечбой, суьйренга хьежа волу к1ант,
баккхийчара ма-аллара - уьш метта-мотт болчохь бу,
1а даккха х1орш севцинчохь, - шена т1аьхьа мотт ца бан:
моттбеттарш дукха бу, жашкахь болу суьйлий а цхьаьна, -
лаьмнаш царна д1аделла хуьлу, Шуьйта-г1али чу кхаччалц.

Маьрк1ажан бода къовлалуш, хьалха даккъашка б1аьрг а тухий,
к1ант ламанца ирах воьду, ша схьавеанчу аг1ор,
Гарбалчухула а ца воьдуш.
Ло жим-жимма кхуьйсуш хуьлу, мархашлахь бутт а лечкъаш.
К1анта сих-сиха са а до1у, ши-кхо б1е метаршкахь некъ бича,
сохьтехь гергга хиъна а 1аш.
Масийттаза иштта соцу к1ант, кхин а д1аваха ницкъ боллушехь,
баккхийчара аьлларг деш, буьйсанах ларлуш санна.
Чамхашкара лам т1ебаккха масех г1улч йисича (цигахьара схьа бутт
кхеттийла хаьа к1антана, М1айстошкара дукъ серладаьлча),
к1ант т1аьххьара соцу, баттана г1еххьа оьг1азло а еш,
Чамха ша д1а т1еваьлча, ша гур волчу баттана.
«Мичхьахула, - ойла йо цо, - мичхьахула вахча тоьлу-кх:
кхузара кхин лакха ца волуш, Пуожа-Пхьархула чувоьссинехь -
беттан серло хиндоцчухула - я т1ехьахула д1а а вахна,
Доккхачу-1инахь собар дича?»
«Ушел, - хеза к1антана, ша сацам бина валале, - ушел,
сволочь, упустили», - лакха т1ехула мохь тухуш:
«Нет, не ушел, не вышел еще, он там, спрятался... учуял,
бандюга...» - важа дуьхьал кхойкхуш а.
К1антана ша вуьйцийла хаьа, х1ун дуьйцу а ца хууш.
К1ант 1адаво цу кхетамо, ц1еххьана шега боьссинчу:
х1ара царна гучуваьлла хуьлу, дуьххьара дуьйна цара ларвеш.

К1ант д1атоь, бецан пхьид санна, ша 1аьччохь аркъал а вуьжуш,
дерриг а гуобаьккхина ган, сица схьалаца, б1аьргашца тида.
Нехан аьзнаш хеза юха а, ца бевзачу маттахь луьйш,
лам буьххьера охьа чу дог1уш, гуо лаьцча санна, маь1-маь11ехь.
К1ант охьатекха, букъара охьа, шина б1аьргаца ирах а хьоьжуш,
неканца хи тоьттуш санна, пхьаьрсан голашца дег1 а ийдеш,
хьуьна т1екхача йолчу ойланца, цхьанхьа генна юйла хуучу.
Мохь гай т1е бихкина хуьлу, каялахь, к1елхьара баккха.
Мохь хала хуьлу, даш санна беза, дег1аца цхьаьна хьалаийбан.
Т1улг хьов т1аккха куьйга к1елхьара, куьйго ца лаццалла боккха.
К1ант бертала т1улга т1е вужу, шен дег1аца лаца дагахь.
Т1улг, маьхьах а тасалой, керча. Лаца ца ло, карара болу.
Т1улг керча-аш, х1оз санна боьду баца т1ехула, тата а доцуш,
сихалла дикка гена яллалц, «Фарр-фарр» дарца, х1аваъ а цоьстуш.
Юха кхоссало, «данк» а хезаш. Цул т1аьхьа кхин а, кхин ц1екха а.
Эххар а кхечу т1улгах кхета, «т1ох» эккхарца, тата а г1оттуш.
Герзаш дуьйлу, дуккха а герзаш, т1улгана т1аьхьа, г1ар яьллаче.
К1ант охьатекха, мохь д1а а кхуссуш, б1аьргашца иштта ирах а хьоьжуш,
даккъашца я бердан баххьашка стеган г1аларт ду-дац а хьожуш.
Цхьа ц1ог1а эккха, инзара мохь, са лаьцначу х1уманна санна,
«ц1ийц1-ц1ийц1» дарца, орцанца кхойкхуш, гуо 1адош, лам г1оттуш.
К1ант вуху, шех ка а етташ, хьозана мохь схьалаца санна,
букъ к1елахь орца дохучу, бен хьаьшначу хьозан мохь.
Дог деттало, схьаэккха санна, дог некхах дала г1ерта, дуьненнал
шорделла дог, некхан готтехь тар а ца луш, я саде1а х1аваъ дац,
я накха а, х1уо чуоза.
Герзан тата, эзар герз, гонаха лелха даьндаргаш, ц1еран суйнаш,
адамийн г1ар, церан когаша хьадина т1улгаш,
дехьа-сехьахула, уллохула, боьраца охьа, ч1ожа чухула.
К1ант, хьала а эккхаш, воду, коган к1ажошца кхийс-кхийсалуш,
гуш б1аьрсин т1адам а боцуш, х1аваэхь ийлуш санна.
Г1ог1 къовзош санна хетало, г1ог1 дег1аца доцуш санна.
Бертал кхета. Хьалаг1отту юха, кхин цкъа а вужу,
юха кхин цкъа а: г1ог1ан даь1ахка «къарш-къирш» до,
г1ог1 эгадо, дерриг дег1 а.
Дег1 дохло, малхехь санна, цхьана довхачу хи чохь санна,
ц1еран тулг1еш уьдуш санна, пхенашкахула - ц1еран мехаш.
Даьндаргаш кхин а, кхин а лелха, маьхьарий хеза,
цхьа дешнаш, ца кхетачу меттан орца, экхана гуо лоцуш санна,
экха дуьйш санна, доруш санна.
К1ант бертал охьатекха, дег1 хьаьшна боьду моьлкъа санна,
т1аьхьа текхаш цхьа г1ог1 а долуш.
Г1ар т1аьхь-т1аьхьа улло г1ерта, когийн тата, дуьйлу герзаш.
Т1улгаш а уьду уллохула, коьрта т1ехула, кхийс-кхийсалуш.
К1ант бердашца д1алачкъа вулу, 1ай акхарой соьцучу,
аьрронгахь гучу бердашца.
Цхьана лабана к1ел нисло, бухахь шортта луьст а болуш,
екъа йисинчу хьиэха к1елахь.
Юха а цхьа йовхо хьоду, х1ара ц1ахь хуьлу:
деца, вешица... накъосташца, яй кхехкош...
юха нана а цхьаъ дуьйцуш... ма вижахь, нана яла хьан,
пхьоьраза охьа ма вижахь... Исмайл а ву, кхуьнан ваша,
«та-та-та» бохуш, котамашна т1аьхьа, гай а дерзина,
х1инц-х1инца когбаккха волавелла...
Воккха Дадий, дадий а го, кхарна юккъера д1а а ваьлла,
цхьаьний иштта д1авоьдуш...
Т1аккха самаоьккху, бода а гуш, юха а кхетамчуьра волу.
Цхьа аьзнаш, нехан аьзнаш, г1енах санна, г1ан хиэдош,
цкъа шен ц1ахь, т1аккха - уьдуш, есачу паналле, т1ома - олхазарх
шершаш санна, тулг1енаша айвина хьош, аганахь техкош санна:
к1ант лайлахула охьахьош хуьлу, кхоъ-диъ чуокха т1ек1ел а тоьхна,
салазца вуьгуш санна, чокхеш т1ехь, нийсса аркъал,
дег1ан дохала хьала вах а вина.
Хьуьнйисте шаьш охьакхаьчча (цигахь церан говраш хуьлу),
салтиша к1ентан варо доьхку, ц1ий сацош, муш а къовлий.
К1ант циггахь меттавог1у, шех хилларг х1ун ду а хууш:
гобаьккхина салтий го, кхоьссина т1едог1уш луо а.
Луо доккха ду, гезгамаша санна, к1айн бамба санна, севсина 1уьллуш.
«Сатохалахь, - вистхуьлу цхьаъ, - кестта хьан чов ц1ан а йина,
Итум-кхаьлла охьакхаьчча...». Вистхилларг нохчо хуьлу,
да волуш санна, ден дола деш, б1аьраэшарца г1о-орца лоьцуш.
Дечигех сихха барма бо. Иза говран букъ т1е буьллу.
Цу т1ехь х1ара аркъал воьхку, т1ехула т1е чуокха а тосуш.
Г1енаш хуьлу, самавийлар, дег1ехь цхьа мерза зовкх,
юха лазам, т1аккха йовхо, ц1е летта догу пхенийн саьргаш,
балдаша детта деган ов.
Юкъ-юккъехь хилларш а го, нах ц1ера баьхна бутт балале,
цхьа сарташ, цкъа гина долу: даьхнишка ихна шийла мохь,
шаьш к1ирнах уьш лардар, к1елхьара даха аьтто лоьхуш,
салтиша чудоьхкина долу, х1орш гучубаха, гучубовлийта,
даьхнашна кхаьрга орца даккхийта... К1ира чекхдолуш,
ворх1алг1ачу буса, Идрис г1отту, Байн Идрис:
«Со Делах ца ваьхьа-кх и даьхний иштта далийта, хан йоцуш
х1ума хир дац...».
Ибрах1им хьалхаволу, ша бен стаг г1ур вац, олуш.
Т1аккха «1ожалла» кхоже юьллу, т1аьххьара шиъ виссалц.
Шинна тесина 1ожаллин кхаж Ибрах1иман болу юха а.
Иза д1авоьду, буьйсанца уьйш, кхаа декъе буьйса екъаелча.
Хан ялале дуьне оьккху, лаьмнийн ч1аж бекош.
Дуьне леста, тохало, тийналло 1ададо т1аккха.
Ибрах1им юха ца вог1у.
Даьхний кхин к1ирнах а 1оьху, кхара турмалца лар а деш.
Цул т1аьхьа туьй, ца хилча санна, мохь а, ц1ог1а а, орца а доцуш...
Ибрах1иман дакъа схьалехча, докъа т1ера корта д1абаьхьна хуьлу,
дег1ан чарх 1илла а юьтуш. Мацалла делла даьхни а 1охку,
ц1уокеш чохь даь1ахкаш а, яккхий, можа цергаш а гуш.
Шен денда го кхунна т1аккха, букъ берзийна, юьхь а ца къаьсташ,
цунна уллохь лаьтта шен да а. Иза г1ан дуй хаьа к1антана,
важа сурт дуйла а хууш, ша боккъал а теш хилла волу.
__________
Юха кхунна ша верзина го, т1ехь бохкуш цхьа нах а болуш,
1аьржачу чохь, чиркх а латийна. Мехий детта, ира юнаш.
Цхьамма бетах горгам хьокху, т1еда горгам, хица т1адийна -
нохчо хуьлу, тоххарлера, олуш-хоттуш х1ума а доцуш,
да-нана санна, 1уналла деш.
Наггахь цхьацца дош а дожадо, ша-шега луьйш, кхуьнга санна:
«Эхь дац иза... х1ара беран т1орз... шаьш бахна д1а а левчкъина...
ден ц1е х1ун ю хьан... иштта хуьлу къонахий... жижиг чекхдаьллера шун...
сел генара муха... Т1уьйлла хала меттиг ма ю... эцца Хьаьна я Пуожах...
дика меттигаш ма ю цигахь, дийнна жа-мотт а чуг1ур болуш,
дукха яккхий хьехнаш... э-эх1, маржа я1-кх, маржа...
массо а стаг ц1ера воккхуш... Дубин к1ант-м вац хьо...
дика ду-кх хьо царна гуш воцуш...», - т1аккха араволу, схьа а ца хьожуш,
ц1еххьана цхьаъ дагадеъча санна.
Ши буьйса йолу я кхунна хета, тхьусвоьллачуьра меттавог1уш;
уллохь цхьацца стаг а хуьлу, бодашкахь юьхь а ца гуш.
Хоттуш цхьа х1ума а дац, сих-сиха маха тохар бен.
Кхоалг1ачу буса юург йохьу.
Х1ума яъйо, шаьш г1о а деш.
Сахуьллуш цхьаъ чувог1у, хьалха хилларг а воцуш, кхин,
карахь сирла чиркх а бу: «Х1ун хьал ду? - меллаша хотту, чиркх
юьхь т1е а лоцуш, - Идрисаг1ар мичахь бу, маса вар шу, Иби вуй цаьрца...
ахь ц1ераш яьхнарш-м виъ бен вац... уьш шийтта хила ма везара...
...ас хьенан ц1е... муха... соьга хаьттина...
...сийсара, буса, набкхетча, цаьрга кхойкхуш вар-кх хьо...
кхарна хаахь, бойур бу, къайлаха хабар а тоьхна, к1елхьара баха
беза уьш... со хьан ден доттаг1 ву... со дага ца вог1у хьуна,
хьан да волчу со ихна... Дуба дика къонаха вара... хьо... хьан ц1е суна...
жима бер дар-кх хьо... х1етахь...», - хьан де доттаг1а... кхуьнан да...
«сан хьо бен т1аьхье а яц», - ден т1аьххьара дешнаш.
__________
Не1 тоьхна дагадог1у кхунна, 1аьржачу чохь, не1 етташ.
«Собар де, мила ву хьо, не1 буха а ца йоккхуш!» - кхуьнан да г1отту.
Нана а ю, метта хьалахиъна: «Цас-сс... вижалахь», - к1ант тевеш, кхо шо долу Исмайл.
«Уьш х1ун г1овг1анаш ю, ванах! - денда хуьлу резавоцуш -
цхьаъ-м велла-кх, милла веллехь а».
Дас не1 йоьллу.
Не1 иштта йиллина юьсу, арахьара чу шело а хьодуш.
Салти ву, т1е топ лаьцна.
Цо дега цхьаъ дуьйцу.
Да ца кхета.
Салтичо мохь хьокху.
Арахь кхин цхьаъ го.
Ж1аьла лиэта, кхеран ж1аьла, з1е хадо г1ерташ санна, сих-сиха детта а луш.
Юха топ йолу. «Цкъу-ув» хеза, дахделла туьй ж1аьлин аз.
Ж1аьла доьлхуш санна хета.
Х1орш берриш а ара боху, арахь дайн луо кхуьйсу.
Нах кхин а бу, кхин дуккха а. Са серла долу. Маьхьарий хеза,
нах кхойкхуш, боьлхуш.
Бераш а ду нанойн марахь, т1е юрг1анаш а хьерчийна.
Юьртана кочча д1агулбо. Ерриг юрт а цигахь ю.
Зударий юха чу бохуьйту, шина-кхаанца салти а волуш.
Кхуьнан нанас цу бохьу, пунт хиллал кхорийн цу; кхекхех дина
т1оьрмигаш а, ден кетар а, масех куй а. Вортанах охьа дуьмеш а кхозу,
т1ийригах чекхдаьхна.
Хьиэбелларш чехабо, стигал хьала герз а тухуш.
Цхьана зудчуьнга мохь болу, ша йоллчохь охьа а кхеташ;
кхабичуьра ахьар 1ена.
Салтичо г1аттайо, кхин юха чу а ца йохуьйтуш.
Дас х1ара вуху, буьйса т1еяккха вуьтуш санна, куй а,
маша а кхунна а луш, цу букъа т1е а боьхкий, кхаа декъе бекъча -
цхьа дакъа
: «Хечен дукъах вай охьадирзича - ас хаам бийр бу хьоьга, -
ши некъ бекъалучу меттехь, бердашца охьа чу вадалахь,
юха цигара пурах д1а а верзий, пкъеройн хьуьнахула Шуьндала г1уо,
цигахь бевдда нах бу хьуна, б1ов санна, ирах бахана, боккха
гуш болчу берда к1елахь... тхох х1ун хир ца хаьа, сан хьо бен
т1аьхье а яц...
же, варий, саца ма сацалахь, вадалахь,
хьуьнчуьра кхин ара ца волуш...»
Де самадолу, дакъошца т1екхозу дохк лакха бердашца хьала а нислуш.
Яйн к1ац оьгу. 1инан дехьара к1отарш а го, иштта арабаьхна лаьтта нах а.
Цигахьара схьа топ йолу. Кхузарчара дуьхьал кхуссу.
Нехан т1ийриг яхло т1аккха, хьалхий, т1аьхьий салтий а болуш.
Салтий юкъ-юккъехь а бу.
Зударий боьлху тийжамашца, Деле орца дехарца.
Церан букъ т1ера бераш а доьлху, бухкаршца т1едихкина долу.
Даьхний лаьтта, нахарш а дохуш, божалш чуьра арадаьхна.
Уьстаг1ий кертийн яххашца лела, алл гонаха йинчу кертийн,
алан хьелаш хьалалехьош.
Даьхний кхарна т1аьхьа хьуьйсу........................................... .................................................. ......
Къам махках доккхуш хуьлу.................................................. ..............
__________
...сан ц1е Къахьарма ю, хьайн ц1е йийцал, дукхаваха иза...
хьан нанас хийла кхача белла ву хьуна со... дика ду ахь цхьаьнгге
а х1ума ца аьлла... соьга ала мегар ду хьуна...
х1ара г1азкхий вайн мостаг1ий ма бу... Ибиг1аьрга хабар а тоьхна,
цигара д1аг1уо ала деза цаьрга. Х1орш т1екхачахь...
мича меттехь дара шу, йийца хаьий хьуна иза... кхара хьайна ницкъ
бале... х1орш ч1ог1а къиза нах бу... чов лаза-м ца лозу...
ас х1инцца лор а валийна, х1оккху сохьтта, хаза маха а тохийтина,
т1аккха паргг1ата 1ийр ву вайша.....................................
__________
- Кийча хилалахь, - хеза кхунна, т1ехьа вог1учу ден аз, -
кхера ма лолахь... нийсса охьа а вадий, т1аккха дехьа-сехьа
а лелхаш, г1олахь Шуьндехьа д1а, кхийтира хьо... вист ма хила...
х1ах1, х1инца... Делан карахь... охьа чу вада... - хьалхарчу бердах
ша къайлаоьккхуш, к1антана маьхьарий хеза, юха т1аьхьа детта герзаш а.
К1ант вуху я вицло, цу вохаро к1елхьаравоккху - к1ант Шуьндехьа
д1а а ца водуш - дас шега ма-аллара - шайн к1отарехьа юхаводу,
генна бердашца чу а водий. К1ант д1алечкъа некъа к1елахь,
шаьш 1уьйранна схьабинчу, ах гергга аьлла, ша д1авахча.
Цо цигахь ши буьйса йоккху, стаг лачкъалла йолчу хьиэхахь,
меттан т1адалца цу а бууш. Цунна дуьхьлара к1отарш а го,
к1отаршкахь хьийза салтий а. Буса 1оьхуш даьхний а хеза, наг-нагахь
йолу топ а, дехьа-сехьара уг1у ж1аьлеш.
Деалг1ачу дийнахь, сахуьлуш, сай-бодий къаьстачу юкъахь,
к1ант некъал дехьа волу, мацалла т1аьхьа кийра а 1оьхуш.
К1ант буьйсанна ваха ца ваьхьа, к1ант д1алечкъа буьйсанна, ша
бертиша ваарна кхоьруш.
Пхеалг1ачу сарахь Шуьндала кхочу, дас бийцина берд болчу.
Берд боккха хуьлу, 1окъа санна шера, хьуьнан юккъехь сецна лаьтташ,
бухара дуьйна хьалавеъча бен, улло т1е а ца кхачалуш.
Иза бен т1ег1ойла а яц; т1евог1ург гуш а хуьлу.
Лакхара стаг меллаша хьоьжу, бухара хьалавог1учу кхуьнга,
хиъна 1ачуьра хьала а ца г1оттуш, голашна т1ехула топ а йиллина.

Уьш цу буса дехьа бовлу, шайна дуьхьларчу басах,
цигара схьа берд ларбан, к1антаца «орца» ду-дац хьожуш.
Кхо буьйса йоккху. К1анта кхаъа а буса набйо, сама моссаза волу х1ума а юуш.
Юха, бердан хьиэха бирзича, шина к1иранахь
ха латтадо, рог1-рогг1ана хийца а луш.
Хи буьйсанна бен ца дохьу, ц1е дахкарца латайо, дохк деанчу дийнахь,
буьйсана цкъа а ца латайо, жижиг бен даа х1ума дац,
хьех юьззина дакъийна жижиг.
К1ант цаьрцара кхин ца къаьсташ, ялхитта шо шен дуьзча,
халкъ ц1ера даьккхина кхо шой, ворх1 бутт баьллачу гурахь,
1947-чу шеран ноябран юккъерчу деношкахь еанчу, луо дог1учу суьйранна,
юкъ-юкъа гуш бутт а болуш, баккхийнаш къар а бой,
хьиэхашкахь дакъо дитинчу жижигах цхьа дакъа ян воьду,
хьуо боххушехь, герз а ца хьош: кхунна салтий гина а бац х1окху шарахь а,
жашкахь бохку гуьржий бен; гуьржиша цкъа а мотт а ца туху.

Цу буса к1ант лаца а лоцу, дуьххьара ша ваханчу буса,
х1инца Итум-Кхаьллахь а ву, т1улгех йинчу набахтехь, даьндарго
г1ог1 а дойна, шех хиндерг хууш а доцуш, я, аьлча а, шера хууш:
мотт тохахь - виса а мегаш, ца тохахь - вуьйр а волуш............................................. ....
Не1 ехха ц1евза, кхо г1аларт гучу а долуш.
Ца боьвзачу маттахь луьй, вовшех дагабуьйлуш санна.
Нийсса юьхь т1е серло туху, х1азарехь гун горга серло. Цунна т1аьххье
х1ума а кхета, тухушверг гуш а воцуш.
Кхунна дикка етта; шад а, г1ожмаш а, кагдинчу г1ог1ах мийраш а туху.
Лазам бац, цхьа а лазам а, са кхерамо 1адийна хуьлу, дег1ачуьра са,
дерриг дег1 а, цхьана кхечуьн долуш санна хеташ, шена кхечахь гуш санна.
Аьрру куьйга лаг лоцу т1аккха, пенах д1а корта а бетташ:
«Где остальные, где!.. убью, змеенышь, размажу....»
Цхьаъ чуэккха, мохь а тухуш: «Ишто такой... убьете малчика... биссовистни...
уходите, - цо уьш чуьра аракхуьссу цхьацца пхьарс а лоцуш,
леста а беш, вуьйш дуьхьало еш санна бу, - лор ца карош,
со ара а валийтина, оцу ж1аьлеша... тховса стаг вахийта веза
Идрисаг1ар болчу, цхьаъ кечвина ас... дукха салтий бахна уьш лаха
Т1уьйлла а, К1ента-чу а, Хьак-Боса а... т1екхачахь... кара ма бахьара-кх уьш,
кхузара стаг д1акхачале... же, дагаяийталахь хьайна, шаьш
хиллачу меттиган ц1е... тховссехь вайшиъ ца хьовзахь...»
К1ентан дег1 лаза долало, х1инц-х1инца денлуш санна, меженаш а эгаеш.
«Лам бар-кх иза, - олу к1анта, - охьахьаьжча гуш доккха хи а дара...
со хилла меттиг-м яцара иза...» - иштта д1а олу,
лам чохь лам буйла а хууш, лам болчохь - хи дуйла а.

«Лам бара... б1аьвнаш ярий, б1аьвнаш... М1айста олуш хезирий хьуна я
Б1аст-Лам... муха меттиг яра... даккъаш дарий... муьлхачу аг1ор гуора...
бутт т1екхетарий шуна буьйсанна... я 1индаг1ехь хуьлура шу...
дуьхьлара меттиг муха яра... хьун ярий... бердаш дара я...
зезнаш-м ца гира хьуна...»
«Лам бар-кх дуьхьал а, цунна т1ехьа а лам бара...», - к1анта
меллаша хазадо, меттиг дагалоьцуш санна.
Къахьарма бохург вист а ца хуьлу.
«Лам бара? - хотту юха, - лам бара боху ахь?»
К1антана иза кхетча санна хета, ша дуьйцучух кхетча санна.
Т1аккха 1ийна-а: «Со ван а воцуш, кхин хьайна цара еттахь:
«Я все сказал Кахиру, язык ваш не знаю», аьллахь, -
чуьра аравлу, и дешнаш ц1енна схьа а олуш, цхьана х1умана-м
сихвелча санна, я цхьа кхин дагадеъна.
К1ант кхета цара лелочух, шеца лелочу х1илланах; меттиган ц1е
еза царна, 1а доккхучу меттиган ц1е, кхара туш тоьхна меттамотт,
лаьмнашка ло охьадиллича, ваха-ван некъ боций а хууш,
массо а цхьана меттехь вен.

К1ант цу буса Соьлжа-г1ала вуьгу, цкъа а ца гинчу машенахь,
кузовна т1е а воккхий.
Цхьаьна ха деш салти а хуьлу.
Некъан бохалла 1еттаво к1ант, уллохь волчу салтичо:
«Ну, хватит, мать твою», - сих-сиха мийра а тухуш.
Сирлачу чохь самаволу т1аккха, чохь дуккха а нах а болуш,
х1ара санна, маьнгеш т1ехь.
Чоь к1айн ю, нах а бу к1айн, к1айн схьа мел гушдерг а ду,
нехан духарш а, пенош а цхьаьна, корехь кхозу к1айн шаршош а.
__________
«Как самочувствие, не болит? Скоро домой, к родным,
вот придет мать и заберет тебя», - олу кхуьнга, екъа чукхетта юьхь а
йолуш, сийна б1аьргаш гучу г1азкхичо.
Иза кхуьнан нийсса юьхь т1е хьоьжу, б1аьргаш чу, хаттаре,
кхуьнан юьхь т1ехь хила там болчу.
«Мать» боху дош кхета кхунна, вуьйш дешнаш ца девза,
«дом» бохург х1ун ду а хууш.
Юха кхечахьа ша д1авигча (набахте юй хаьа кхунна),
нохчийн мотт буьйцучуьнга - тоххарлера Къахьарма хуьлу -
ненах дерг хотту кхуо, лоьро шега аьлла хилла долу.
Вукхо иза т1е а ца дуьту.
Цхьана 1уьйранна, сахуьлуш я суьйренца, маьрк1ажехь -
де-буьйса кхунна хийцаделла хуьлу, наб а йоцуш, барт хеттарна, -
т1ехьара цхьамма не1 а йоьллий,
1индаг1 санна, нана схьах1утту,
не1аран гуран беасонехь,
тезетахь лаьтташ санна, во1 вийначу тезетахь.

Меллаша т1ейолало кхунна, не1 а къовлало иштта т1е,
цхьамма йоьллуш а, къовлуш а йоцуш, шен лаамца йолуш санна.
Кхунна иза г1ан дуйла хаьа, г1енах бен хир доцийла.
Нана охьахуу кхунна хьалххахь, бат, муо санна,
т1екъевлла ю, б1аьрнег1ар а ца кхета т1е, юьхь т1ехь ц1ел
т1адам а бац, еса къамкъарг уьду хьала-охьа.
Нана ц1уока т1ехь санна 1а, ламазана хиъча санна,
кхуьнан б1аьрг т1ера б1аьрг а ца боккхуш.
«Нана яла хьан, - хеза к1антана, - нана яла хьан», - шозза олуш.
Хиш меллаша охьадуьйлало, боккха биллинчу шина б1аьргех;
балда цергашна юкъе лоцу.
Балда деттало, корта а цхьаьна.
Балдах ц1ий долало.

- Со х1окхара цигара дуьйна... хьоьга уьш схьабийца ала...
со юьйр ю, боху-кх кхара... суна хьоьга... муха...
«Дада могуш... шу мичахь ду... Исмайл воккха... х1ун деш ву... -
к1анта шега хоьтту, ша-шега санна, г1енах г1ан хоьттуш санна, -
Воккха Дадий, Дадий ву-кх суна гуттар а г1енах гуш...
я самах хеташ санна... хьо боккъал а я суна иштта...»
- Хьан да... дика... дика 1аш ву... х1ара х1умнаш а елла хьуна...
ц1ена х1умнаш, хьо д1авига... ц1ерпоштаца... уьш д1абахна хир ма бу...
хьо кара вахча... уьш цигара д1абахна... суна хьоьга...
хьоьга х1ун ала... - нана елхаршка йолало, юха узаршка, г1уьрашка -
цара йиттина... хьо 1ехаве, дийцийта бохуш... нана яла хьан, хьайн нана!
Нанас чоь 1адайо,
нана т1екхета, аьрзу санна,
шен к1езишна зудборз санна,
к1ант хьестарца, къа дехарца, не1алташца, девнашца......

Нах чу лелха, дуккха а нах. Етта буьйлало, дуьххьара етта.
Нана бертал текхош хуьлу, нана лиэташ, лата тийсалуш,
нанна етташ, д1аса кхуьйсуш...

Геннара мохь, маьхьаран орца:
«Ма дийцалахь... вейталахь хьуо... кхарна х1умма а ма дийцалахь,
хьан да кхара вийна хьуна... вийна хьуна кхара...

хьан да - цхьаннан мохь, йилбаз мохь санна, кхерсташ,
цкъа бовш, юха карлабуьйлуш, тховх лиэташ, пенойх, -
............хьан да кхара вийна хьуна... ма дийцалахь...
вейталахь... хьуо вейталахь...»

Хи детта юха, дог1а санна хи, хих юьззина ц1енкъа,
цу хи чохь, ч1ара санна, кхийс-кхийсалуш, деттало г1ог1,
дег1 а доцуш, ша долуш санна, дег1ах д1акъаьстича санна............................................. ...........................................
............................к1ант пенаца хьалахааво, ненан мохь хеза,
маьхьаран орца... нана юьйр ю, олу к1анте, бакъдерг дийца,
дийца бакъдерг.......................................... ...............................................
«Тхан дуккха а даьхний дара, - к1ант ца хеза халла бен,
к1ант дуьххьара дийца волало, - доьтту даьхний дара тхан...
со жима бер дара х1етахь... кхо-диъ шо кхаьчна бер...
шура цу йотта х1ума яцара... ца тоьара, шура дукха йолуш...
т1акхха нанас боги чу а, кедашка а юттура шура...
соьга чохь 1е, олура цо, цицигах шура ларъян... цу х1ора а пхьег1ана
т1е а х1уттуш, чекхдолура цициг, массанхьара шура молуш,
бат 1уьттуш, чам боккхуш... юха нанас сайга:
«Цициго шура бехйирий?» - аьлла хаьттича: «Ца бехйира», -
олура ас, дуккха а шура а йиъна, дижина 1уьллу цициг а гуш:
цициг сан доттаг1а ма дара, ас муха эр дара д1а...», -
к1ант д1асоцу, вист а ца хуьлуш, ша ваьллий хаийта санна.

- Да ж1аьлеца... ва беж1у... хьан да вала ж1аьла дууш...
ахь 1ехо вара хьуна со, мезиша юьзначу хьо х1умано! -
дуккханах цхьаъ чухьоду - царна юккъера Къахьарма бохург -
хьалхара мийра коьртах а тухуш...
«Чичилов!* Товарищ Чичилов! Нельзя так, угробите,
он нужен...» - хеза к1антана шен са долуш,
са далале, са д1адахча:
«Чичилов... Къахьарма... нельзя так... нужен...
ден «доттаг1а»... кхуьнан ден...»
__________
Цу дийнахь я цу буса - и жима к1ант вийначу дийнахь -
Нохчийчохь пайхамар вийча санна хета-кх суна,
Нохчийчоь дуьххьара цу дийнахь йийча санна.
Цул т1аьхьа а моссаза йий-кх, моссаза юьйр-кх Нохчийчоь...

__________
*Чичилов памили йолу г1азкхи, нохчийн мотт а хууш,
нохчий махках бахале а, ц1а бирзича а МВД-н белхало
хилла ву, Т1ехьа-Мартант1ерачу Бакриевг1еран
йиша яхана нуц а волуш.
1995-2005 шш.
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.