![]() |
|
|
#51 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
дешнашца ала лаьа.. "1аламат" ц1е йолу дийцар дешний ахь? Цу юккъера кийсак... "...Юсуп-Хьажас а аьлла бохур-кх, советан 1едал т1едеъча, кхуьнан "г1иллакхаш" лан а ца делла, Туркойн махка д1авоьдучу шена т1аьхьабевллачу нехан 1одика а йина, ша д1аволавелча: "Ва Юсуп-Хьаьжа, х1окху хьайн х1усамненан ца йо ахь 1одика", - олуш, юха оцу наха ша сацийча: "Шена йовза-м ца евза иза, муьлханиг ю, гайтийша шена иза", - аьлла. "Хьайн зуда муха ца евза хьуна, цхьана къанделла дацар шуьшиъ?", - олуш, и нах цецбевлча: "Цхьаьна къан-м ма деллера тхойша, делахь а юккъера эхь д1адоккхуш, дуьхь-дуьхьал дирзина, цкъа а вовшийн б1аьра хьаьжна дацар-кх тхойша", - аьлла. Маржа я1, маржа, халкъан доцу г1иллакхаш хилла те цу наха схьакхехьнарш, я халкъан йоцу амал латтийна те болатах яхчош, собарца юттуш, х1ара дуьне кхоьлличхьана кху махкахь шаьш дехаш, юьртан сий бен кхин 1алашо ца лоруш, мехкан маршо бен кхин декхар ца хеташ, т1ерачу Далла бен суждане ца боьлхуш, дуьненчохь шаьш яьккхинчу к1еззигчу ханна дуьне мел лаьтта шайх дийца дош дуьтуш д1аихначу къонахаша хьанна бохуш дитина те шайн сийх, йохьах доьттина долу и кортош кура ламанаш, мила лелийта дихкина те шайн г1иллакхашца дуьне дузуш, шордина хилла маьрша некъаш, мила кхион дитина те: "Цхьана къонахчун меха дуьне а ца кхочу", - боху, шайн мах шаьш хадийна долу хала весет! Х1ун хили тен кху заманах, х1ун сардам я х1ун наь1алт даха те кху чкъурах, мича декхарна д1аийци техьа Дала х1окху къоман доьналла, я стенах доьхки те кху адамаша шайн кортойн сий, дуьне а цецдаьхначу дешан мах хьан лахби те дуьххьара кху Нана-Дег1астанахь... мила ву те....."
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#52 |
|
Вес репутации: 11 |
Из интервью Мусы Бексултанова...
"...Цхьа са аьрха, са цхьалха, дуьне дош ца лоручу сина цу безамах дерриг а хуьлу:
дуьне а, эхарт а, х1унда аьлча, цу сих кхин х1умма а т1аьхьа ца дуьсу. Юха цуьнгара - шен безамера - тешнабехк хилча, и са ц1енна х1аллакьхуьлу: тешам ле цуьнан, къинхетам. Ас безам а, бералла а цхьаъ ду эра дара я безам хьаьрчина стаг беран ц1еналле воьрзу аьлла, массо а х1умнах къа а хеташ. Хьайх тешна стаг лозу хьан, я айхьа хьуо тешийна стаг, я хьайна теша лиъна стаг: хьуна хьуо бен цунах цхьа а кхетар вац моьтту, иштта хьайх иза кхетийла а лаьа хьуна. Иза ю-кх и г1айг1а, безамо кхуллу г1айг1а. Хьуна - хьуо а, да-нана а, х1ара дуьне дицдойтург, г1айг1а ца хилча, кхин х1ун хир ду, хьуна х1инццалц ца евзина - хазалло кхуллу г1айг1а, хьох цхьа кхин адам деш, хьоьца цкъа хилла доцу адам... Везавеллачу к1анте санна, къайле ца юьйцу йо1а цхьанна а адаме, шен нене а т1ехь. Безам хьаьрчинчу хенахь делла адам декъала хир ду аьлла, тешна ву со: стаг х1етахь санна, са ц1ена, дог цхьалха, ойла маьрша хила йиш а яц... Ас вуьйцург - къонах ву, боьрша х1ума а йоцуш, - бакъволу къонах. Къонахчуьнгахь, безам санна, къинхетам а хуьлу, къинт1еравалар а, шена цуьнгара - безамера - мел боккха бохам хилча а. Амма х1ара дуьне кхин ду: дуьне дукха беса х1ума ю, дукха пайдабоцуш х1ума; иштта бу цхьаболу нах а, дукхах болу «безамаш» а. Суна безам - лазам хилла, цкъа а т1ера ца болу лазам..." (с)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#53 |
|
Вес репутации: 11 |
Х1ун ду-кх вайн цкъа дайнарг...
...Кхечу махкара - г1енакхоьлара - самаваларца хьан дайнарг:
хьуо ц1ера араваьккхича санна, хьо кхоьллинчу, винчу махкара, гуттар а хьо хилла-хиллачу ван а вале, цкъа ваьхначу... ...буьйса зарзлуш, сахиларца, де г1аттале, дохк а таь1аш, юха ц1еххьана, 1уьйрре оьккхуш, гуобаьккхина яьржа серло, дуьххьара де кхуллург санна, дуьненан хьалхара де... ...бода букълуш, суьйре таь1ча, де 1аржлуш, дуьне кхулуш, д1ога цигахь, анайистехь, серлонан аса юткъаелча, - кхузара цига к1елхьарадала, - эхартан ков санна хеташ, мича орцанн г1отту-кх са, сино стенга сатосу-кх, дуьненан йийсарера шен ц1а кхача садаьхьча санна, мацах цкъа ц1ахь хиллачу, шен яйначу ялсамане... Г1ан хадарца, самавалар, хьо ц1ера араваьккхича санна... Буьйса зарзлуш, серло хьаьдча, дуьххьара де кхулуш санна... Бода боларца, анайистехь дашо нур г1аьттича, дуьненан йийсарера шен ц1а кхача са хьаьдча санна... Х1ун ду-кх вайна цкъа дайнарг, дага ца далла дицделларг. Ден иэсехь - Адамца а, Хьава вайн Нана а йолуш, вай ц1а маца доьрзур-те, доьзал санна, цхьана тховк1ела, дага ца далла дицделларг, ц1а кхачарца, дага а дог1уш?! 2007 шо, гуьйре
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#54 |
|
Вес репутации: 11 |
"Сарсакъах долу туьйра..."
Къонахчунна
Итаев Вах1идна Суна сих-сиха гора иза, юьхк санна жима, хьаьрчино-о воккха стаг, аьлча а, шийтта-кхойтта шо хир долчу боьршачу беран дег1ахь йолу цхьа адаман б1арлаг1а, я цхьаннах-м т1аьхьа дисина 1индаг1, я кхечух болу дагалецам... Цхьанна а ца хаьара иза кху юьрта маца веана я х1ара юрт муха кхоллаелла а. Иза массарна а дагавог1ура, вийца ца хаьара цхьанна а. Иза цхьанна а ца вевзара. Сох ца кхеттера иза вевзаш стаг. Мила ву иза аьлча, ахь хаьттича, х1ора а цкъа цецволура, х1инцца, х1окху сохьта схьаала г1ерташ санна, юха ойланашка воьдура, т1аьххьар а цхьацца беллачеран а, дийначеран а ц1ераш а йохий, б1ешераш а хьахадой, ша дуьйцучунна ша гал а волий, коьрттера охьа куьг а ластадой, хецалой д1авоьдура, 1одика яр а доцуш. Цуьнга маршалла хоттуш а ца хезнера суна цхьамма а, я хаьттича цо дуьхьал жоп луш-м муххале а. Наха цунна пе беттара, я царна мараветталуш иза ша а ца гора. Цуьнан кхо газа яра, ши уьстаг1 а, царна т1аьхьа ши 1ахар а, кхо буьхьиг а. Уьш гуттар а цхьаьна хуьлура, цхьаьна гора даима, юьртан йистошкахула, орцан даккъашкахь, юха, буса, шайн уьйт1ахь, серийн кертал чоьхьа а. И 1индаг1 (стаг аьлча а) х1ора 1уьйранна, малх г1оттуш, юьрта йисттехула, зингат санна, меллаша хьаладолалора, цунна т1аьхьа т1ийригца - кхо газий, кхо буьхьиг, ши уьстаг1, ши 1ахар а. Стаг дийнан дохалла малх лаьттачу орцан басехь соцура, ши-кхо гуо боккхура ша сецначохь, меттамотт толлуш, т1аккха дикка нислой, д1а а таь1аш, охьахуура. Цунна уллохь, цуьнга хьоьжуш лаьтта хьайбанаш (уьш некъан бохалла баце охьа а ца кховдара), воккхачу стеган меттахъхьер тийча, цхьацца-шишша ког а боккхуш, жим-жимма дажа дуьйлалора. Уьш дежа-аш цунна д1а гена довлура, ши-кхо сахьт даьлча гучудовлура, т1аккха юха а иштта д1адовра. Малх, саьрмикан бага боьжча санна, лаьмнийн баххьаша сарахьуо з1аьнаршца д1асабекъча, даьхни воккхачу стагана гуонаха соьцура, дайн узарш дора, ойла йижош санна, цхьанаэшшара нахарш а дохуш. Воккха стаг хьаланислора т1аккха, жимма соцура, юха меллаша юьртехьа охьволалора, цкъа а юха а ца хьожуш. Даьхнийн т1ийриг а х1уттура т1аьхьа. _________________ Ас шина к1ирнах ларвира иза, амалш зен, мила ву хьажа г1ерташ. Цуьнан х1уманаш цхьа а цецвоккхуш ца гира суна, ламазийн раж йоцург я церан терахь. Цо уьш - ламазаш - цхьана дийнахь кхоъ, вукху дийнахь - ворх1, шинна т1ехь а соцура, амма цхьа терахь нисделла ши де ул-улло ца х1оьттира цкъа а. Я ламаз оьцуш хи а ца гуора, наггахь и хи цунна уллохь ца хилча. Цо ламаз бацаца оьцура, диттан г1ашца, шена гонахарчу лаьттаца а. До1а цо цкъа а ца дора. Суна ца гира цо до1а деш. Иза, цхьа доккха аьрзу санна, меттах а ца хьовш, 1аш хуьлура, генна д1а а хьоьжуш, наггахьстигла а хьожура. Дийнна сахьташкахь я дийнахь сарралц 1ара ишта, б1аьргаш д1асалелар бен, корта хьабар а доцуш. Т1аккха ц1еххьана, куьйгаш баца т1е а хьоькхуш, сихха ламаз оьцура, иштта сиха д1а а дерзадора. Юха а д1атуьйра, цхьана дукъа йисте я гу буьххье хиъна 1ен олхазар санна, б1аьрнег1ар а ца тухуш, хьажар лаца а лой... __________________ Кхолг1а к1ира долалуш, еарин дийнахь, делкъал т1аьхьуо цунна хьалхахь ч1инч1ура охьахиира со, дедика а деш. Цуьнан балдаш меттахъхьайра я суна хийтира иштта - хьажар сох чекхдолура, со воцуш санна. Со цунна ван а вацара. Т1аккха суна и б1аьргаш гира, х1ордан басахь догуш, т1ехь цхьа а марха йоцу суйнаш. Б1аьргаш жимчу стеган дара, г1еметтах1оьттинчу к1ентан, лаьттан йоцчу шовкъаца дуьне тергалдеш. Ткъа юьхь, юьхь з1акардохнан когийн лараша аьхна гуора, замано аьгна, лахбина, шераша хьекхна яаеллачу цергийн аьртуо тарх а къаьстара багахь. «Хьан ц1е х1ун ю, - хаьттира ас, - хьо кхиъна юрт мичахь ю?» - аьлла. Иза х1етта хьаьжира сан б1аьра. Цуьнан хьажаро сан ерриг а юьхь д1алецира. Б1аьргаш севцира, д1асалелар а доцуш. - Хьан ц1е х1ун ю хаьттира ас хьоьга, - вистхилира со шолг1а а, г1еххьа цунах кхера а луш, воьхна-а. «Гиба олий, йоьлхур-кх суна нана...» - хезира суна цхьа хан яьлча. Гиба, Тиба я Диба - и ц1е суна дукхазза а йохуш хезна яра, цхьана вочу стагах дуьйцучу хенахь, цхьана генарчу заманахь, паччахьан 1едало вайн къам х1аллакдинчу муьрехь я цул т1аьхьа ваьхна волчу стеган ц1е. Цо шен да а, нана а д1а ца доьллина олуш хезнера суна, цо цхьа дика к1ант, Сарсакъ, вийна а бохура, цуьнгара йо1 яккха, тешнабехк а бина. Цул т1аьхьа и йо1, цуьнга ца йоьдуш, бердах иккхина а олура. «Сарсакъан зама» олура цу хенах, иза ца вевзаш я вуьйцу хазаза стаг а х1инца а вац кху махкахь. Сарсакъах долу дийцарш, цуьнан хазалла, доьналла массо а тайпана наха шайг-шайгара дуьйцура, х1орамма а Сарсакъ шайн а лоруш. Сарсакъ ваьхначу юьртан ц1е Пхьаьлча ю олуш хезнера суна, цхьанхьа ламанца. Цу юьртара ву олура и Гиба а, Тиба я Диба. Оцу Дибас я Гибас и Сарсакъ г1амарийн махка х1онцана бахча вийна а бохура, цуьнан т1ехьийза йо1, Хазаш, еза а елла. Т1аккха ас шолг1а хаттар дира сайна хьалха 1ачу стаге, шен ц1е Гиба ю аьллачуьнга. «Хьо ваьхначу юьртан ц1е х1ун яра, и ц1е дагайог1ий хьуна?» - олуш. «Со цхьана а юьртахь ваха сецна-м вац, кху т1аьхьарчу заманахь бен» - элира цо, юьхь т1ехь а, я озаца а цхьа хийцам а ца хаалуш. - Хьуо винчу юьртан ц1е йийцахь, - элира ас т1аккха, дикка цунах шек а ваьлла. «Новкъахь вина ша, олур-кх соьга нанас, - элира цо, - Гуьржичоьнний, вайн махканий юккъехь болчу цхьана готтачу новкъахь, муьжгаша т1ера ц1ийнда а вийна, юрт а ягийна, ша едда йоьдуш». «Хьан д1айоьллина кешнаш муьлхачу юьртахь ду т1аккха?» - кхозлаг1а хаьттира ас, иза к1елхьара ца волуьйтуш, д1а улло а хиъна. «Пхьаьлча олурий-те цу юьртах моьттуш ву-кх со х1етахь, нах ламанца бехачу заманахь. Цхьа жима ага дар-кх иза, масех хьоькх (х1усам) а йолуш...» - воккха стаг сецира, дагалоьцуш санна. «Эх1, - аьлла хийтира суна т1аккха, суна вуьйцуш хезнарг хьо хилла-кх, кху дийне ваьлла-кх хьо, цхьа а бекхам боцуш, хьо вен стаг ца хилла-те кху Нохчийчохь, Сарсакъан ч1ир эца... цунах хиллий-ц хьо иштта къайлахь, стагана а ца вевзаш, чаг1алкх санна, лечкъина лелаш», - аьлла. Ткъа Сарсакъ... Сарсакъ суна наха ма вийццара дуьхьал х1оьттира, эр санна вуткъа, тарх санна белшаш а йолуш, ц1ен-к1айн богучу басахь, стелахаьштигаш кхерстачу б1аьргашца. Сарсакъ жима бер долуш да вийна бохура цуьнан цхьана гуьржийн эло, шортта хьал-бахам а болуш вехачу. Сарсакъан да къу хилла а бохура, майра къу, къолах вахначохь вен а вийнера. Ша пхийттара ваьлча Сарсакъа, шеца йоккха тоба эцна д1а а вахна, корта беъна бохура оцу гуьржийн элан, цуьнан дерриг даьхни а цхьаьна. Сарсакъан ц1е т1аккха а лаьмнийн к1ошташкахула д1аяьржинера, жима а, воккха а цунах тера хила а г1ерташ, дайша шайн к1енташна Сарсакъ бен масална а ца валош. Т1ехьийзан йо1 а хиллера Сарсакъан, Хазаш олуш ц1е а йолуш. Хазаш боккъал а хаза йо1 а хилла бохура, дийцарехь, ч1урам санна долу дег1, лаьхьанан санна лелаш, чекх са гучу басца, ламанан чахчарш санна, генна охьакхеташ маьлхан басахь к1ажарш а йолуш, ламт1е тесна ло санна долчу к1айчу логца, шовда санна ц1енчу б1аьргийн хьажаро, шовданах санна, муьлхха а шех хьегорца, цхьалхачу деган готтачу некхехь цхьа мерза г1айг1анаш а кхуллуш. И шиъ цхьаьна шовданан коьртехь нисделча, ерриг а юьрто цу шиннан тем ларбо бохура, и шиъ д1асадаллалц, цу аг1орхьа, шаьш хьовха, бер-кер а ца долуьйтуш. И шиъ т1екхаьч-кхаьчначунна девзаш хиллера, муьлххачу юьртахь цу шиннах цхьаъ нисделча: «Хьо Сарсакъ вуй?», «Хьо Хазаш юй??» - бохуш, х1орамма а хоьттуш. Хазаллех девза бохура нахана и шиъ, юьрто юьртана, уллорчо генарчунна дуьйцуш, кху махкахь царах лаьцна даьржинчу дуьхьал дикчу хабаршкахула. Сарсакъа г1алмакхойн арара, г1амарийн мехкашкара, Идалал дехьара а цхьаьна даьхни а, реманаш а кхуьйлуш хиллера, Хазашин сийна (шена х1ума ца дуьтуш), кху нохчийн ярташкахула массарна а д1аса а доькъуш. Шайн юьртана-м цо даьхнийн дийнна цхьа мотт латтабора, бохуш дуьйцу, дажош т1аьхьа суьйли 1у а волуш, керлачу жижиге чам мосазза баха, х1оранна а бен-баккха кхаара етт а, къона уста а, узу хьелий а долуш юкъахь. Цхьацца куталш а деш, 1ер-вахар а доцуш, нуьйран г1онжаг1ах дихкинарг бен, кхин х1умма а шен долахь доцчу Дибара (цхьа къена нана-м хилла бохура цуьнан цу Пхьаьлча юьртахь 1аш, иза а наха д1а а йоьллинера), Сарсакъан т1ехьийза йо1 шена езаелча, тешнабехкаца вийнера Сарсакъ, шеца г1алмакхойн махка дой лахка вола, хьо воцург къонах ца хета шена кху ламанца, аьлла, х1илланца д1а а вигна. Юха Сарсакъан дакъа - йовхоно эрчадаьккхина долу, - цуьнан нанна хьалха хьалха охьа а кхоьссина, оцу дийннахьехь Хазаше къамел дина хиллера боху цо, шега ян еза хьо, Сарсакъца юкъара ков долчу х1усаме ерза хьайна ца лахь, аьлла. Хазаш цуьнга ца яхнера. Хазаша Сарсакъан ч1ир а ца кхаьбнера ша цул т1аьхьа баьккхинчу кхаа баттахь. Иза ша хьалха, Сарсакъца даггара дуьйцуш ма леллара, курра леллера цу юьртахула, букъ т1ехула кхозу маьлхан к1ажарш настарийн горгачу кенех а етталуш, цхьа а тайпа къайлаяхар а доцуш, дехьа-сехьара шега кхайкха баьхкинчу к1енташца ирахь а йаш, царна массарна а гуьйренан шолг1ачу беттан т1аьххьара оршотт буьйса а юьллуш - ша Сарсакъна лерина йолу дуьненан дуьххьара, амма дахаран т1аьххьара ерзийна хилла буьйса.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#55 |
|
Вес репутации: 11 |
.....Хазаш цу буса, г1а доьжна ч1анаяьллачу гуьйренан оршот буса, божли чуьра
шен къеначу дадин хилла болу къена дин ара а оьзна, нанна елалуш, са ма гатделахь а аьлла, маара а кхетта, шайн юьртана гена боццуш т1ехболучу тархийн готтачу новкъахь уггар а к1орга берд а лехна, цу бердах чукхоссаеллера, шен къеначу динца. Шолг1ачу 1уьйранна ерриг а юьрто лехнера йо1. Кара ца йинера. Т1аккха делкъал т1аьхьа, бердийн готтачу, к1оргачу 1ина т1ехула меца хьарг1анаш хьийза евлча, юрт кхеттера йо1 мичахь ю. Царна иза циггахь кара а йинера, цуьнца цхьаьна - къена дин а, доккхачу кортали юкъахь цуьнан берриг бахам а. Иза мехкан тезет хиллера бохуш, дуьйцу наха х1инца а. Хазаш берриг а махко йоьллинера д1а, Сарсакъан коша уллохь каш а даьккхина, шинна а доккха цхьа чурт а доьг1на, и ший а барз чулоцуш т1ехь т1улгех къуб а йина. Вайн къам Советан 1едало махках даккхалц цу къубах, Хазаш Сарсакъна санна, йо1а к1антана тешаме хила дуй а бууш, ч1аг1беш хилла боху кегийчара шайн вовшашка болу синхаамаш. Цул т1аьхьа и безам д1абахна, бохуш а дуьйцу, вайн махкара, къуб салташа йохийча. Суна цунах дерг ца хаьа - безам д1абахна я бисна, - амма суна хьалхахь, нийсса дуьхьал, оцу дерригенан а не1алт дара я бахьна, т1улгал башха, меттах а ца хьовш, дуьне ша кхоьллича санна, тергалдеш, цхьа а тайпа хаттар доцчу б1аьргаш чохь абадел боккха синтем а сецна, жоп шегахь долуш санна, 1аш. Суна ца хаьара, айса цуьнга х1ун ала деза, х1ун хата деза я муха. Хьуна Сарсакъ вевзарий? Сарсакъ х1унда вийра ахь? Хазаша а хьан мила вийнера? Цкъа-м ма вара иза нахе д1авийца дагадеара суна, юьрта охьа чу а вахна, наха шаьш дер-кх цунна дан дезарг, аьлла. Т1аккха а сацавелира, массарна а вевзаш хилча, цхьанна а ца вовззал х1унда вицвелла те х1ара нахана, бохучу ойланца. Г1еххьа цуьнга хьоьжуш а 1ийна, генаруо муха долор те кхуьнца бакъдолчунна т1евар аьлла, иштта цхьа, йисттера-а хаттар дира ас, и массо а, сайна хетарехь, шена чуузуш долу. «Оццул хьо вехаш,къалаш дар хиллий хьан цкъа а?» - хазийра ас, цхьа юьдуьхьал ца хилийта, цуьнан ерриг а зама юкъа а озийна. «Нах Сибрехара ц1а бирзича дитина ас къоладар, - элира цо, - къоланан сий дайна а гина: х1ора заманан шен-шен бу конахий», - цо жоп сихха делира, тоьпан чапха д1асатухуш санна, сацавалар а доцуш. «Хьан дан масса шо ду т1аккха? Хьенан хенара ву хьо?» - хаьттира ас, сайн шеконаш т1еч1аг1ъян. «Суна ца хаьа... - сецира иза, - ламчу т1едийн лазар деъна дагадог1уш ву-кх со», - аьлла. «И маца дара? Цхьаьнца дустахьа иза...» - цунна г1о дан г1оьртира со, цхьа хилам, х1оттам цунна дагабаийта. «Большевикан 1едал т1едан ткъе итт я шовзткъа шо хьалха дарий-те иза... беречун некъаца д1авоьлла, динца а, герзаца а со эвхьазволу хан яр-кх иза...» - кхин ч1ог1а ойланашка вахна шена ницкъ а ца беш, меллаша жоп делира цо. Сан шеконаш д1аевлира, х1ара и Дибар вара, суна вуьйцуш хезна волу (кхин хила йиш а яцара), Сарсакъан, Хазашан мостаг1 я, хетарехь, берриге а мехкан не1алт, х1ораннан а т1ерадаккха бакъо йолу - хьаннах а ч1ир ца хьаьрча ц1ий. Цул т1аьхьа ас, цхьа а ларвалар а доцуш (со айса бекхам эца кийча вара), б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна, хаьттира цуьнга: «Сарсакъах лаций дийцахь суна, Дибар, и айхьа х1унда вийра а дуьйцуш?» - аьлла. «Мича къомах ву иза?» - цуьнан багара далале: «Нохчо ву, Пхьаьлча юьртара... ахь къолах а вигна, вийна волу», - хадийра ас, диг тоьхча санна. «Ас цхьа нохчо вийна... цуьнан ц1е а ца хаьа суна, я цкъа а гина а вацара, ас байинарш кхин бу, кхечу мехкашкара...» «Муха, мичахь вийра ахь иза?» - ас хаьттича: «Теркал чоьхьа, эрзашлахь... Тхо, рема а лаьллина, Терках девлча, б1о т1аьхьара ца болура. Суна масех некъ хаьара, нахана ца хууш болу. Рема пхеа-ялх некъан асанца д1асаекъча, б1о со хуьлучу тобанна т1аьхьа нислора. Нохчаша ч1ог1а дуьхьалонаш йора, цигахь стражникаш а хуьлура. Некъ гойтург нохчо вара. Цо кхоьсинчу тоьпах бер дийра тхоьцара, ас рема лала дигна долу. Ас, т1аьхьа а сецна, вийра и стаг. Б1о юхабирзира. Хечин барч мокхаца хадийча, Дела цхьаъ вечех вуйла хиира суна - сунтвина гора. Хьалхарчу юьрта кхаьчча, дакъа цигахь ду, вийнарг со а ву - сайн кхаа ден ц1арца суо д1авийцира ас, веран бахьан а дуьйцуш. Соьга иза кхин хьаха а ца вира. Ахь ц1е яьккхинарг ца воллу сох», - Дибар сецира, муьлххачу а хаттарна жоп дала кийчча, воха я к1елхьаравийла дагахь а воцуш. Иза ша ма 1ерра 1ара, цхьа боккхачу тишчу куйнал жима, б1аьргашца хьун а, аьрцнаш а, дуьне а тергалдеш. Наггахь стигал а хьожура. Сан ч1ог1а йиш юьйхира т1аккха, айса х1ара муха лаца, х1ун дан деза а ца хиъна. «Ас вуьйцур ву хьуна Сарсакъ, - элира ас 1ийна-а, - соьга ладог1алахь», - аьлла, сайн къамел долорца г1еххьа эвхьаза а хуьлуш, цхьа кхардаме эвхьаза, кхунах бекхам эца санна. Юха ас цунна дийцира, Сарсакъа шен да вийна волу гуьржийн эла ша пхийттара даьлла бер долуш вер, мостаг1чун корта Сарсакъа, ц1а а беана, юьртарчу бераша бекхамца ловзор. Ас дийцира цунна Сарсакъал куц долуш к1ант ламанца кхиъна цахилар, цо гонахарчу мехкашкара даьхни а, реманаш а кхийлар, цо царах ца оьцуш хилла пайда, цо юьртана хьаша-да т1ера ваккха латтош хилла даьхнийн мотт, Сарсакъа нахана вовзар, наха цуьнан вийцар. Хазаш йийцира ас цунна, хазалла юьйцуш хилла Хазаш, Сарсакъан безамо кхин т1е а хазйина йолу, цуьнан сийнна бохуш, Сарсакъа ша кхуьйлучу дохнах шен коьрта т1ера саг1анаш даьхна йолу Хазаш. Юьртана, махкана теш ца хинволчче гена а ваьккхина, муьжгичо вий х1ара аьлла, сийсазвоккхуш, цо Сарсакъ вер дийцира ас, дийцира, улохь дай-ваший а воцуш, ирзехь баьлла сара санна, цхьалха кхиъна йолу Хазаш, 1ожаллин ц1арца кхуо ша цкъа къахкийча, кхуьнан сте а хилла, х1ара дуьне ца хьоьшуш, ша Сарсакъна йиллина хилла цхьаъ бен йоцу буьйса т1екхаьчча, шен дег1ах саг1а деш, бердах а иккхина ялар далхийра ас цунна. Далхийра кхуо... - Цхьа бер дуьйцу хир ду-кх ахь, ненаца хьалакхиъна долу... ц1е дага-м ца йог1у, - б1аьргнег1арш туьйхира цо, иштта цхьа дайн куьйгийн п1елгаш а кхоьссина. Юха, ойланашка ваьлла-а, вистхилира. - Х1аъ, цу новкъахь вийнарг хила мега-кх иза, цул т1аьхьа цхьа йо1 елира моьтту суна, аьлча а, ас кхуьйлучу даьхнашца валийнчу цхьана къеначу суьйличуьнца еддарг хила там бу-кх ахь юьйцург... ахка дахна деллера-кх и шиъ, хетарехь, дага-м ца дог1у, хан дукха ма яьлла, - иза сецира, масехазза б1аьргнег1арш а тоьхна. - Ас дуьйцург бер дац, - элира ас сихха, - ас вуьйцург Сарсакъ ву, шен да вийначу гуьржийн элан корта беъна волу... - Суна ца хезна, - доккха са а даьккхина, - цигара цхьамма а корта беъна олуш, ас цхьа корта-м беара, сайн накъостан ч1ирана, - элира юха, - иза берашна д1а а белира, дуьххьара суо т1екхаьчначу юьртахь. Со висира, цхьа а ала х1ума а, я вало теш а воцуш. - Ткъа дохнах х1ун дора ахь, айхьа кхуьйлучу дохнах? - хаьттира ас, кхин цкъа а иза ахка дагахь. - Эцца ламанца дуьтур-кх, цунна-вукхунна аьлла доцуш, дез-дезачунна ден а, даккха а, - иза соьга схьа а ца хьаьжира. - Хьоьца лелларш муьлш бара, мича юьртара, - со хаьттина валале: - Соьца цхьа а ца хилла, суо воцург, наггахь жа-мотт я говрийн рема лала цхьацца бер-кер-м дигна ас, церан дайша дига аьлча... - Ткъа къонахий бан а бацара, уьш стенга бахнера... Хьо вевзаш цхьа а ма вац кху юьртахь! - Къонахий а бан-м бара шайн доьзалшца цхьанхьа бехаш... сох-м ца кхийтира. - Хьан бацара т1аккха доьзал? Зуда ца хилла хьан? - Кхин зуда а ца хилла сан-м... Эшча, кара-м йора уьш, юха, ца эшча, д1а а йовлура... Суна ца хаьара, айса цуьнга кхин х1ун хата деза, мича бахьнина я муха. - Иштта муха ваьхна хьо ткъа, нахаца цхьа а уьйр а йоцуш, уьш ц1ера баьхча... - Со ц1ера ца ваьккхина, - элира цо, сан хаттар чекхдалале, - со Дег1астанахь хилла гуттар а, шина х1орда юккъехь, эцца къолана д1аса ца ваьлча. - Къал... къал лелор къа ма ду, нехан хьакъ... - Сан хьакъ стенга дахна т1аккха? - иза дуьххьара схьахьаьжира, сан хаттарна хаттар луш. - Сан да а, денда а, девежарий а? Уьш хьан биъна, хьан байина? Цуьнан ши б1аьрг къага буьйлира, сеналла кхин а сенлуш. Вортан пха а бетталора, ц1ий лела коьрта пха. Со кхин хаттар дала ца х1оьттира. Со сецира. Цо шозза-кхузза садаьккхира, доккха са. Юха куьйгашца цхьаъ лоьхура, шена хьалха д1а а кхийдош. Т1аккха балдаш хьедира, цхьацца ц1ераш йохуш санна. Мочхалш долийра детта, сих-сиха деса къурдаш а деш. Лацавелира, садаьхьча санна, садоь1у а ца хаалуш. Са цхьанхьа д1адахнера. Юха кхано, аб-абаде зама тилча, «ах1» олуш хезира суна, лазаро ов д1ахецча санна, цо боккха узар боккхуш. Т1аккха уьстаг1ий гучудевлира, соьга цеце схьа а хьуьйсуш, бетах охьа буц а кхозуш. Иза г1еттира, со а вицвина, со воцуш, 1адда витина. Г1аж борчах схьалецира, букъ т1ехьашха куьйгаш т1ехьа охьа а тосуш. Волавелира, цхьацца ког а боккхуш, гола саттор а доцуш, х1инцца ког баккха 1емаш санна. Иза цхьа х1ума хетара, чохь са долу дийна х1ума, я пурженца лелаш йолу берийн цхьа ловзорг. Х1ума генахь къайлайолуш, уьстаг1ий а охьадуьйладелира, соьга хьоьжуш лаьттина долу. Цхьацца д1а а боьрзуш, д1абоьдура, важа хьежа т1аьхьа а соцуш. Т1аьххьара газа яхара, «пхи-пхипп» олуш, мерах шок а тоьхна......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#56 |
|
Вес репутации: 11 |
.....Ас сайн дега вийцира иза, суо чу ма-кхаччара.
- Ву, хьо ваха, ч1ог1а къонах ву иза а, Казахстанера дуьйна саг1а доьхуш, коьртана телхина ша бохуш... Ши бер, зудий делира цуьнан Симпалатехь мацалла, цо кхин дола а ца дина. Цхьа 1овдал ю-кх, кхин ма г1олахь цига, виталахь иза, - човхийра со дас, кхин а х1умнаш а дуьйцуш. Цхьа сиха човхийра, дера, дагарца саьрг хадош санна. Со кхин ца вахара. Дагахь-м воллура. Дагара цкъа а ца волура. Со цу аьхка деша вахара, Соьлжа-г1ала. Воккха стаг сих-сиха хата-м хоттура ас, ц1ахь нисвелча. - И 1овдал вуьйций ахь? - Х1аъ, вуьйцу. - И-м волуш ву хьуна! - олура соьга, сан хаттарна цецбуьйлуш, г1агг1анехь бийла а лой. Сентябрь бутт бовш я октябран хьалхарчу деношкахь, к1ирандийнан сарахьуо, юьрта йисте велира со, хьаьмц а, элхьамц а кхалла дагахь. Суна уьстаг1ий гира воккхачу стеган керта уллохь: кхо газий, кхо буьхьиг, ши 1ахар, ши жий. Уьш дежаш дохкура, цкъа хьала а ца таь1аш. Кевна з1ар диллина дара. Воккха стаг гуш а вацара. Со сецира, бай т1е охьа а хууш. Малх буза базбелла, анайисте лахбеллера, цкъа 1аьткъаш, серла а баьлла, юха ц1ийлуш, макхбелла. Со юьрта чу вахара т1аккха, воккхачу стеган туьше х1отта. Бахам дукха г1ийла бара. Цхьа чоьйолу жима ц1а дара, т1е кир а тохаза, раг1ун маь1иг а къаьстара. Керт гаьннех йина яра. Уьйт1ахь акха къена кхор а гора. Кертан з1ар диллина дара, жимма схьа а та1ош, серех гезарийн мас а, уьстаг1ийн чоьш а дохкура. Уьйт1е ерриг а макхъелла яра, латта гучу а даьлла. Буц ян а яцара я бецан хелиг а. Буц уьстаг1аша д1айиънера, чудоьхкина хилча санна. Со кхайкхира, уьйт1а а ваьлла. Цициг хьаьдира чуьра ара. Юха суна т1е а дог1уш, настарх хьерча доладелира. Т1аккха 1аьхира, хьала а хьаьжна, аз доцуш санна, г1ийла. Ц1ийнан не1 йиллина гира. Кхин шозза а кхайкхира со. Цициг д1адоладелира, со шена т1аьхьа вог1уш санна. Со кхин меттах ца ваьлча, охьахиира, ц1ийнехьа д1а а дирзина, соьга юха а хьоьжуш. Гур лоха бара, наьйаран гур. Ас корта чоьхьа баьккхира. Паднар яра, т1ехь истанг а. Гоьлт1е ког а баьккхина, нийсса аркъал, некха т1ехь т1ек1ел ши куьг а долуш, вижина 1уьллуш воккха стаг вара, кора к1елахь, паднар т1ехь. «Тхьевсина ву-кх», - моьттура суна, суо лаьттачохь саца а луш. Юха гезгамашош гира, ч1ениг т1ера - некха т1е, коран йистера - коьрта т1е а. Чоьхьа а волуш, т1ех1оьттича, ши б1аьрг жимма кхоьлина гуора, ц1ока ерриг коьрта т1е а летта. Сира, йоца маж а хаалора, т1аьххьара вета къевлина коч а. Тар тесча санна вара, юьхьан бос а талхаза, жимма г1аьттина бага а гуш. Маца велла а ца хаьара, нахана ганза, д1а орца даьлча, ши п1ераска т1ехдаьллера... Дуьххьара цунах болу хаам, «Разбойник казачьих хуторов» ц1е а йолуш, Петарбухехь араболу, 1887-чу шеран август баттахь. Цу газет т1ехь цуьнан сурт а хуьлу, суртдиллархочо куьйга диллина, лергаш т1ехьа долуш ши мекх а, б1аьштиг т1ехьа тетина г1аг1азкхийн ши маь1иг йолу куй а болуш. Фамили Элбазов ю, ц1е Дута аьлла язйина; цуьнга хуьлучу кехата т1ехь Кондратьев Давид а вуьйцу. Юха ЧК-ас лоху иза, Советан 1едал т1едеъча, Хонкарара, Ингалсара шпион ву бохуш, цунна ворх1 мотт хаар а ч1аг1деш. Т1аккха ОГПУ-с белогвардеец во, полколаган чин а долуш. НКВД-ес цунах антисоветчик олу, центнаршкахь цуьнан деши а дуьйцуш. КГБ-ес вийна, олий, кхайкхадо, Советан 1едал доххалц лаха а лохуш. Х1инца х1ун ду-м ца хаьа суна, ФСБ кхоллаелча. Иза велла бутт октябрь бара, шо кхузткъе шийтталг1а а долуш, ткъоалг1ачу б1ешеран. Каш дийца сан бакъо яц, сайна дас дехкарца. Цуьнан лелар а, вовзар а арахь дукхах хилла ц1ахьчул. Цигахула д1а ду цо мел лелийна къоланаш а, бекхамна баьхна вер-ваккхар а. Дег1астанахь иза вевзаш стаг а ца хилла, цхьаъ бен: Хилдехьара Т1уьшан Вуомарг. Вуомарга Ц1интойн Дерказна дийцина. Дерказа - кхечуьнга. Т1аккха Кабин Мусига кхочу. Мусас тхан дега дийцинера. Суна дас вийцинера иза, 1992-чу шеран 1ай, Советан 1едал доьхча. Со тахана а ца х1утту цунах дерг ма дарра дийца, пхи мотт хууш-м хилла цунна: гуьржийн, эрмалойн, г1ебартойн, г1азкхийн, суьйлийн. Ден ц1е Т1удаш ю, Элбазан Т1удаш, шен ц1е - Дарта. Тайпана зусашха вуьйцу, Дуйн 1умин гарах, ц1енна хууш цхьа а вац. Иза шен ц1ахь, Нохчийчохь, ц1е йоцуш лелла, цунах ду цуьнан некъаш наха шайн-шайна т1еийзор а, Сарсакъах дина туьйра санна. Х1у цо дола а ца дина, ц1ийнан з1е хаьдда а ву. __________________ Со х1ара яздан 1992-чу шеран т1аьххьарчу дийнахь волавелла, май беттан ткъе еалг1ачу буса чекх а доккхуш, ши эзар кхоалг1ачу шеран б1аьста, Соьлжа-г1алахь, гена боццуш лаьтташ муьжгийн салтий а болуш. Нохчийчохь шолг1а болу т1ом боьду пхоьалг1а шо а ду, суна иза, т1ом, х1етахь дуьйна хадаза хета, Элбазан Т1удашан к1ант Дарта буо хилча дуьйна схьа я цул а хьалха, цуьнан да а, денда а бай хила дуьйладелча... 1992-2003 шш. б1аьсте, май
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#57 |
|
Вес репутации: 0 |
"...Со кхайкхира, уьйт1а а ваьлла.
Цициг хьаьдира чуьра ара. Юха суна т1е а дог1уш, настарх хьерча доладелира. Т1аккха 1аьхира, хьала а хьаьжна, аз доцуш санна, г1ийла. Ц1ийнан не1 йиллина гира. Кхин шозза а кхайкхира со. Цициг д1адоладелира, со шена т1аьхьа вог1уш санна. Со кхин меттах ца ваьлча, охьахиира, ц1ийнехьа д1а а дирзина, соьга юха а хьоьжуш. Гур лоха бара, наь1аран гур. Ас корта чоьхьа баьккхира. Паднар яра, т1ехь истанг а. Гоьлт1е ког а баьккхина, нийсса аркъал, некха т1ехь т1ек1ел ши куьг а долуш, вижина 1уьллуш воккха стаг вара, кора к1елахь, паднар т1ехь. «Тхьевсина ву-кх», - моьттура суна, суо лаьттачохь саца а луш. Юха гезгамашош гира, ч1ениг т1ера - некха т1е, коран йистера - коьрта т1е а. Чоьхьа а волуш, т1ех1оьттича, ши б1аьрг жимма кхоьлина гуора, ц1ока ерриг коьрта т1е а летта. Сира, йоца маж а хаалора, т1аьххьара вета къевлина коч а. Тар тесча санна вара, юьхьан бос а талхаза, жимма г1аьттина бага а гуш. Маца велла а ца хаьара, нахана ганза, д1а орца даьлча, ши п1ераска т1ехдаьллера... " Миска я1... Хийла адам ишта д1адолу хир ду-кх, шен цхьаллехь, цхьанний а бала а боцуш... Дала къинхетам бойла вайх... |
|
|
|
#58 |
|
Вес репутации: 0 |
Х1ара йоьшуш-м кийрахь дог дерг ца воьлхуш 1а лур вац...
"Ловзарга кхайкхар" юккъера. ...Т1аьххьара суна дашо з1е еара цо. - Х1унда? - хаьттира ас. - Ца хаьа... сан яц хьо... хир ма ю хьо кестта сан. Юй т1аккха? «Ю» алахь... Со цунна б1аьра хьаьжира. Иза суна а. Тхойша дехха лаьттира иштта. - Суна х1ун лаьа хаьий хьуна, Луиза? Иштта цхьанхьа чохь, стоьлана дехьий-сехьий охьа а хиъна, б1арзваллалц хьан б1аьра хьежа лаьа-кх... - Кафедри чохь 1ийр ду-кх, - элира ас, бегаше. - Цу чохь нах ма бу, - иза юха а б1аьра хьаьжира. Юха дикка хьаьжначул т1аьхьа: - З1е д1ауллур юй ахь? - хаьттира цо. Со йист а ца хилира. - Ас эр ду хьоьга муьлхачу дийнахь! - б1аьрг та1ийра, вела а велла. «Х1ун де! Муьлха де! Маца?» - детталора сан некхехь. Со ерриг а лерса дара. Суна б1аьргашца ган лаьара цу дийнан цо ц1е йоккхуш. Сан собар метта буьххьехь тийсалора. Со кхоьрура, и де цкъа а ца кхачарна, суо йохарна, сихъяларна, сайн собар эккхарна цкъа, т1ех дуьйсина лоппаг санна. - Со оршот дийнахь нийсса кхоъ даьлча... Дика дуй? Иза велавелира, вериг а цхьа чуьра къегаш, чекх са гуш, цхьалхаваьлла... - Я еарин дийнахь, оршот де, тохара санна, т1орказ чу а лачкъийна, - кхоьссира ас, цунна 1уттуш, иза ца вог1уш висна оршот де дагалаца санна. - Вахь-хьахь-хьа! - иза велавелира, куьйгаш вовшах а тухуш, юх-юха а воьлуш, хиша б1аьргаш а къегош. - Дицлур долуш-м ца хилла хьо, барзал башха! Борз ю хьо? - Со-м яц борз... - Х1ета буьхьиг ю-кх хьо! - Буьхьиг а яц... - Мила ю те хьо, ян? Суна-м ца евза хьо... Хьайн ненавешин йоь1ан ц1е мукъна а хаий хьуна? - Хаьа. - Со д1аваха веза, Луиза. Гург бу вай! - Х1аъ. - «Гург бу» - алахь. - Гург бу. - Б1аьрнег1арш тохахь цкъа. Х1аъ. Иштта. Кхоъ даьлча? - Кхоъ даьлча. - 1одика йойла. - Марша г1ойла хьо....... Иза оршот дийнахь а, еари дийнахь а, юха вукху оршот дийнахь а ца веара. Суна цкъа ган лиира иза, дуьххьала цкъа, кхин цкъа а - и з1е цуьнан когашка кхосса, цкъа йистхила, дош а ца ала, цхьана хьажарца кхарда цкъа. Со х1ора дийнахь хьоьжура. Массарна а хаьара, со хьаьнга хьоьжу. Иза хала а дар, царна хаар. ...Со охьа т1е йолаелира. Дог детталора, схьадала санна. Настарш чохь са дацара. И шиъ вара дуьхьал вог1уш, Исраил, и стаггий. И стаг вара… Исраил… Исраил вацара… Муха? Тахана? Х1унда? - Де дика дойла хьан. Хьо Луиза ма ю… - Сой… - Тхо вон кхаъ бохьуш-м даьхкина… - …Х1ун кхаъ… муха кхаъ… Мичахь, х1унда… хьан… - Автовокзалера кхо стаг т1е а хаийна, сарахьуо Назране воьду аьлла… юха де а… буьйса а ца вог1уш… …Анайист яра. Есалла а. Дуьне дан а дацара. Аре яр-кх, шера аре. Я ц1енош а ца хаалора. Цхьа ц1ог1анаш-м хезара, машенаша детташ санна. Юха мукъам а бекара къиза, стиглара охьа чу1енаш, ламанаш херцаш санна, малх цинцашца аталуш. Бирдолаган т1емех 1аьржа мархаш уьдура. Латта дерриг а доьдуш дара, семанах хьаьдда ворда санна. Шийла а яра, ч1ог1а шийла… - …Карабулаке д1акхачаре букъ т1ехьашха урс диттина… Дала гечдойла цунна. Дала иманца собар… Тхо ловзарга кхайкхинера цо, дейтталг1ачу ноябрехь… …Муха ловзарга… мича… со йинчу дийнахь… х1аъ… - Юха 1уьйранна, дакъа схьакхаьчча… …Дакъа… вийна… вен муха воь… муха воь… - Тезетахь цхьамма хьахийча бен… юха мила ю а, х1ун ду а, адрес а… т1аккха техникум а хиъна… …Нах х1унда бац… стенга… тайнигаш санна х1унда бу… са доцуш санна… Шера меттиг ян а юй те… Когаш к1елахь к1аьгнаш ду?.. Х1ара маьхьарий хьан хьоькху… И урам муьлха бара… Вайна 1арж-м ца елла те… Дог1анаш… Не1 х1унда къевлина… маца… Тийналла бен, х1умма а дац, гуобаьккхина тийналла… _________________ Исраил вийна масийтта де даьлча йилхира со дуьххьара. Со суо яра тхойшиннан чохь, цо эцначу квартирехь – дог1а лулахошкахь хиллера. Ши ког д1ахоьцуш, ц1енкъа охьа а хиъна, пенах букъ а тоьхна, сайна ма-ттов дог 1абийра ас сайх. Иза елхар а дацара я елар а. Со-м хиш ца тоарна кхоьрура. Со дуьне д1адахьарна кхоьрура хин 1овраша. Дуьне-м х1умма а хила ма ца хиллера, я цхьа а х1ума – х1умма а… Цхьа ангалин пхьег1а санна атта я дог1анан т1адам санна аталуш… Х1ун бен дара, х1уъа хилча а, иштта чекхдала мегаш долу…………………………… иза да-нана а доцуш, цхьа буо хилла хиллера – суна т1аьхьа хиира иза, дуккха а т1аьхьа… Нана, иза мотт лен а волавале елла хиллера. Да д1авалар эскарехь хиънера цунна, вела ахшо даьллачул т1аьхьа. Юха, эскарера ц1а веъча, ден зудчо араваьккхинера, хьо шен берашкара ц1а д1адаккха веъна аьлла. Т1аккха Исраил цу юьрта кхин гучуваьлла а ца хиллера цкъа а. Каш-м цигахь ду цуьнан. Цхьа боккха к1айн т1улг бу-кх керта юххехь лаьтташ, яздина: «Мухтаран к1ант Исраил. 1954-1982 шш». Кхин х1умма а, цхьа х1ума а, я совнаха цхьа хьарк а… Х1унда, х1унда, оццул хилла дуьне, цхьа аьнгалин пхьег1а санна я дог1анан т1адамах, доь доцуш, атаделла....... Сурт мукъа а хилла делара, цкъа б1аьрг тоха, цкъа т1ехьажа, ойла цхьа г1ийла г1елъелча, ирс хиларх теша мукъа а..... |
|
|
|
#59 |
|
Вес репутации: 11 |
Изза бах-кх аса а..
Со-м йоьлху х1оразза а, дуьххьара йоьшуш санна..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#60 |
|
Вес репутации: 11 |
"Геннара схьа, х1етахь дуьйна..."
Геннара схьа, х1етахь дуьйна...
Кху заманна - зама йоцучу; Х1ума т1аьхь-т1аьхьа тергал ца дан 1ема-кх хьо, я тидам ца бан. Дахаро ша 1амаво-кх, шех х1умма а ца дуьсий а хоуьйтуш хьуна. Хьо д1авоьду, схьа ма-варра, цхьацца бахьана хьалха а доккхий. Наха бахьанаш х1унда лоьху-те? «Хилла - вац» - иза ца тоьа, х1ора а вала везаш а хилча, цкъа мацца а маршавала. Кху наха д1а цецвоккху-кх, бен-бен долчу некъашца. Х1ан-х1а, мичара, наха харцдерг ма дуьйцура, - уьш буьйлура. Х1унда? Уьш биц ма беллера, бицбеллера, цундела буьйлу хир бар-кх уьш. Хьо ца вицлора, хьо цкъа а ца вицлора, - хьан некъан юьхь гуш ма яра, де чекхдаьлча, буьйсанца, бодашкахь къегаерг цкъа! Хьуна хаьара, некъ хедий, х1ара дерриг а цхьана ханна дуй а. Х1аъ, цкъацкъа-м хьо а вицлора я бохур-кх, вицвелла, бераллехь... Бералла! Иза г1ан ду, г1ан ду-кх. Хьо бехке ма вац т1аккха, хьайна хьуо а ца вевзачу, хан сецначохь, вицвелча. Бакъ ма дац, цхьа адам жимчохь дуьйна (бераллера къандаллалц) цхьана дахарца (шен дахарца), з1е х1отталуш деха бохург. Хо1ор а м1аьрго д1а ма йов: цкъа бералла, жималла а, г1еметта хан, къаналла. Хьуна хета-кх, хьайца уьш цкъа хилча санна, иштта. Хьо массо а ма хилла, юха цхьаьллиг цхьа а воцуш. Ма тешахьа цхьаннах а цкъа а, урамашкахь, бераша, «х1ус» бохуш, ж1аьлешца, къиза хьийзочу «1овдалх» бен. Иза цхьаъ ву-кх гуттар а новкъахь, гуттар а д1акхаьчна а волуш. Иза гуттар а ц1ахь ма ву, цкъа а новкъа а валаза - чоь а, аре а, некъ а боцуш, - д1акхачаза, д1акхаьчна. Хьуна делларг - гар ду-кх хьуна, цхьа м1аьрго, кхин х1умма а, ойланах хила синтем а боцуш, хьежар бен, хьегар. Хиъна 1ехьа, ла а дуг1уш, дерриг а чудог1ур ду-кх, т1ехдер ду-кх, ган а гуш, цкъа хезча санна, мукъам а буьсуш, стиглахь шерша мархаш санна, я доьду хи, 1ена дог1а а. Суна гина, г1а мажлуш, буц якъалуш а, дацло де а. Г1арг1улийн г1ар а хезна, малхехь г1отту зезаг а. «Со а хилира кхузахь цкъа, суна а гира малх», - гиний-те цкъа а цхьанна а, шена гуш дерг х1ун ду хууш? Гар дуьсу-кх, юха - хьежар. Хета-кх хьуна, гича санна цкъа, урамехь бер, ченашлахь (гуш а, хезаш а х1умма а доцуш) цхьа дуьне кхуллуш гича. Т1аккха гуттар а юхахьежар, цунах (хьайх), цу берах, кхета лууш, кхиа а. Цкъа а кхетар а, кхуьур а вац: хьо цкъа а иза ма ца хилла, я иза х1инца хьо а вац. Мичахь дай-кх я стенгахь?.. Ца кхета-кх, х1унда ца кхета, 1уьйренца бода мичхьа лечкъа, де а мичара дог1у-те схьа, мох бижа д1а стенга боьду я г1атта а муха г1отту-кх, цкъа хьуна гуш д1адахна хи, юхадог1уш изза дуй? Эзаршлахь, эзарчех цхьаъ х1унда къаьста, езалуш, хьан са цо д1адехча санна, цуьнца хилча санна, даьхча санна. Цагушдерг доккха х1унда ду-кх, гушдерг - сел жима а. Хьо хьуо хьайна цкъа вицвелча, хьоьца хилла хьо а хьаьнца вуьсу-кх? Лаьттара дуьйна йолу х1ара буьйса, механ тулг1еш ма-керччара, стигала хьала керчий-те, шерашкахь я заманашца хьан шераш а, денош а санна? Со цкъа велча - д1атевсича, - денваллалц стенгахь ву-кх, д1адахна са юха маца дог1у, мичахь дов-кха г1енаш а цуьнан. Де делкъехь я 1уьйранна, сирла са довш, суьйранна - цу дийнан дахалла хьоьца хилла адам мичахь дов, б1ешераш тилча санна д1а, лацаделча санна, дайча санна, дагалецамашка муха доьрзу-кх, сурташ хуьлуш, сецна сурташ? Оццалла болчу хиламехь, хиллачарех, дайначех, цхьа м1аьрго х1унда къега-кх, дагалецамехь дагахь юьсуш: цкъа маццах гина хьажар, я б1аьргаш, болар цхьа, хьан х1етахь кхоллаелла хилла аьрха, б1аьрзе ойла а? Х1ун даьхьна-кх цо шеца д1а, х1ун дайна-кх я х1ун дисна... Велла гома я ваъалла цавезачу мостаг1чунна хьан сино гечдечохь, доттаг1а х1унда ца вицло-кх (вешел а чоьхьа хилла доттаг1а), мискъалазарраталла, х1умалггала, цуьрригала даьлла хиллачу цхьана г1алатна я цхьана дашна, цхьана вуохарна... Беран хенахь, ненаца санна, шеца кхиъначу доттаг1чо, 1едална ша воьхкинийла хиъча, кхойтта шарахь ведда лелла волу Буг1арга во1 Зарма (цхьа а дуьхьало яр а доцуш), ваьлла ша т1еваханера-кх цу 1едална герз д1а а луш: «Хьенех, хьо ву кхаьрца!», - доттаг1чух шен б1аьрг кхетча. Цунах кхета мила ву-кх тахана, мила ву-кх иза вовза а... Ца оьшур-кх, ма ца оьшу, ирсе хила г1ерта лаар, я хилча а ирс марздан, сацо г1ерта, 1ама цунна - туьхан чам дуьра ма хуьлу, мазана т1аьхьа ахь кхаьллича, дама лийсина цаца санна, хьо юха а цхьалха вуьсуш. Ирсах вада ма везара, цахиндолчу г1уоза ирсах, Делан лай зуламах санна, ирс ца ган, ца довза, ца 1ехавала, ца хьага а... Бода-серлонца, де-буьйсанца, бутт-шерашца хийцалуш, синкхетамна я б1аьрсина лаца а, ган а йиш а йоцуш, доьдучу хих я г1амарх д1ашерша зама мича кханенга, мича тептаршка йоьрзу-те? «Кхана» бохург хьанна, х1ун ду-кх: я хилларг, хиндерг. Тахненан юьхь а мичхьа ю-кх, цхьа сибат, амат дийца. Селхана дерг а хьанна гина-кх, «х1ара ду» ала, юха схьаган. Хьо а мила ву-кх я мичара, мила ву аьлла, муха кхета... Цхьа жимма а д1ахервелча, д1а генаваьлча, вицвелча, жа1у шен даьхнашка санна, кху адмашка хьежа воьлча, цхьа «х1умнаш» хуьлу-кх нах, меттаххьуьй дийна х1умнаш, зингат а, гезг а, н1аьна а санна, сахаддалц евдда хьийзаш, боданца шайн 1уьргашка лечкъаш, серлонца юха аратекхаш, цу н1аьнел я зингаталла чо биллалла къаьсташ а йоцуш, цхьаъ вукхулла тола г1ерташ, кхалла г1ерташ, эшо а. Хьенан, х1ун толам бу-кх, мила ваьхна-кх шел т1аьхьа а... Юха лехнарг а х1ун ду-кх ахь, ахь къийсинарг, даьхьнарг а, хьан бедар а хьол т1аьхьа йисча, хьан 1аса а, к1архаш а. Цхьаъ некъахо хуьлий вог1уш, важа - паччахь, ялхо, аб-абаде д1акирчинчу заманех х1ун хили-кх, «иза - и вара, ткъа важа - кхин», бахар бен кху лаьттахь, диттах дайна 1индаг1 санна, 1индаг1 доцуш д1аихначу. Х1ун дити-кх ахь кхузахь, хьо д1авахча х1ун телхи. Геннара гуш д1атехволу цхьа некъахо шен 1индаг1ца, кошан берте 1индаг1 бен паччахьо а х1ун даьхьна-кх. 1асанна т1е букар а те1аш, лаьттан юьхь а ларъеш, шен некъан чаккхе а гуш, чекхволург мила ву-кх, буьйса-буьйсанна юй а хууш, де-дийнан, дег1-лаьттан. Цуьнан тезет ма беса го-кх, ма къен бу-кх бахам а, нахана шайх бехк хеташ, нах бицлуш, къарлуш, цхьа дуьне кхулуш санна, цхьа дуьне духуш, сел иштта беса, беркъа тезет ма язло-кх кхетамна, некъахо хилла д1аваханчу оцу мискачу хьешан тезет, чарташлахь чурт а ца къаьсташ, белхар а доцуш, бекар а, цхьа хила а ца хилча санна, ца ваьхча санна, воцуш санна... Къам ц1ера даьккхинчу б1аьста, хьан ненаваша Бисолта, къола динчу шен доттаг1ашца, 1едало ша лаьцна вуьгуш, ша кхаьрца вацара аьлла, багара цхьа дош а ца долуш, мича сийна вайна хилла техь-кх, х1ун лоьруш я х1ун кхобуш... Къонахчуьн кхин сий ду-кх, иза ша бен ца кхуьу сий, нехачух тера «бакъдерг» а доцуш (хьелашца д1аса узуш долу), харцо шен цхьаннан а йолуш, ц1арца вагош иза елахь а. Сецна хи санна муха ваха-кх, доьдучу хинан чам а бевзаш... Дуьней, сий - шиъ ца хуьлу-кх, я бахамца доьнал а дац, чуо мазах юьзна а йолуш, комаьрша мила хилла-кх. Х1у хедаш д1абай техьа-кх и цхьаь-цхьалха къонахий, дуьне дош ца хетталла кур аркъал тийсина, шайн мачийн к1ажах леттачу хаттал башха х1ара дуьне ца лоьруш баьхна хилла болу и цхьа маьрша къонахий. Стаг хьоло вуьйш хилла-кх, хьал тоделча - къонаха леш, къеллийца ю-кх комаьршо а, халонца йог1у ч1аг1о а санна. Къонаха ваьлча, хан соцу-кх, йо1 хаза кхиъча урам а бевза; маршонца бен къам а ца кхуьу, нускалца бен зовкх а дац... Ткъа доттаг1а! Доттаг1ий? Тоьар вар-кх цхьаъ хилча-м, хьан вешига я во1е хьан ч1ир ца кхочуьйтуш волу, шиъ хилча-м дукха а вара, кхоъ хьенан хилла-кх иштта... Нах-даьхний ма дукха ду-кх, цхьа хьаьвдан хьайбанаш, шайн гай, дег1 лерар бен, кхин къилба а, парз доцуш: некъ бен ма ца хуьлу, къонахчуьн цхьалха некъ, х1оранна дерг бакъ а ма дац. Ма хуьлда-кх сан шуьца цкъа а, шуьца хьийкъина - декъа ма хуьлда, я дайна - шуьца д1атакха а, са сихачохь са а дезаш, са шортехь - маша а, вайна ма-ттов дехачу вайн х1ун баьрче яр-кха къовса, мохк хьошуш т1евеанчу мостаг1чо эвххьаза шен кхоах кхаъ эций, вай вовшашка дохка баьхча, х1ун тешам хир бар-кх вайца, х1ун хьашалла дал а. Г1елах хаьдда кура сай санна, ваха везар-кх лаьттан букъа т1ехь, цхьана денна бен дуьне а доцуш, каррийннарг д1а а кхуссуш, пхьор динчохь 1уьйре ца еш, де доккхучохь - буьйса а. «Хилла» бахийта дезар-кх шуьга, «цхьанна вуьйцуш хезна», шуьца юкъара юрт а йиллина, х1ара дуьне шуьца ца хьоьшуш. 1одика ян езар-кх шун, «г1оза» дахийта, дебийта (даьхна, дебна а х1ун до-кх вайх, даьхний санна, даьжна а), «и хьенех къонаха вара» аллалла бен доцуш долу дешан доьнал а вайца ца хилча; цхьа геннара хьежа везар-кх, геннара шуьга б1аьрг бетта, шуьца декъа, нисдан а доцуш, я къовса а, дита а... Т1аккха юха а, юха т1аккха а къонахчунна х1ун бен яр-кх цхьа а къонаха воцу зама а, цхьаъ-м хиллийла хууш хилча, цхьана муьрехь, иэсехь, сахьаьвзича - самукъадаккха, ойла 1ехо, велавала, яхь йицйина йохье вийла, хьал-де хатта, маршалла: аб-абаде д1аластарх, хан яларх, б1ешераш, цкъа мацца а хилла хилларг хьан заманахь хьоьца ваьхча: Т1уьша Вуомарг, З1окин Хаза, Адин во1 Сурхо а - къонахашна зама ма яц, заманнаверг - къонаха а... Юха цхьанна а ма ца хаьа, дуьненчохь цхьанна а, къонаха - иза аьрзу дуйла, бенах тилла цхьалха аьрзу, бен боцуш кхоьллина долу, бен лоьхуш, кхойкхуш, ша санна долчу цхьана сих хьоьгуш, ца карош, г1ерг1аш, г1елашна г1ерг1а сира сай санна, анайистана тийжа малх а... Ойланаша ца вуьту-кх... мичахь ю-кх церан чаккхе... Доца хилла-кх хьо дуьне, ца леххалла - к1езга а, цхьа масех ц1е яьккхича, б1ешераш а кхачалуш, я чаккхе а хир яц-кх хьан ца кхеталла генахь, т1ехинболчу цхьана къонахех дуьсур долу иэс бен... Мичахь ду-кх стеган харц-бакъ, ц1енна бакъдерг муьлха ду-кх, со харц волуш, бакъ хуьлда-кх сан заманахь соьца ваьхнарг, тоьл-тоьлларг «бакъ» а лоьруш, эшийнарг «харц» волчу махкахь... Цхьана дийнах б1е шо а деш, б1ешерах - кхо де, даа дезаш ма хиллера даъалла доцу хьо дуьне, цигара схьа - юьххьанцара - 1арш-Майдане д1а а кхийдаш: геннара схьа, х1етахь дуьйна, юха цига д1а - хиллаче, лар йоцуш муха кхача-кх, тхьевсинчара г1енахь санна, бода серлонга ма-берззара (ког левзича - арара чу), кхузара д1а цига кхочуш, цкъа самаваьлла, самаволуш, цкъа г1оттуш, денлуш цкъа, эххар а хьуо мила ву а хиъна, сибат а гина, маршо а - каравойла-кх цкъа суо сайна, сайн сих кхуьуш, ойланах: хьо хьуо хьайх кхетийла-кх, цкъа хьуо хьайна вовззалла..... 2004 шо, июль
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|