Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 15.02.2008, 21:07   #31
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Иза оршот дийнахь а, еари дийнахь а, юха вукху оршот дийнахь а ца веара.
Суна цкъа ган лиира иза, дуьххьала цкъа, кхин цкъа а -
и з1е цуьнан когашка кхосса, цкъа йистхила, дош а ца ала,
цхьана хьажарца кхарда цкъа.
Со х1ора дийнахь хьоьжура. Массарна а хаьара, со хьаьнга хьоьжу.
Иза хала а дар, царна хаар.
Баккхийнаш (зударий) цхьа х1умма а доцуш санна:
«Луиза, хьо йог1ий х1ума кхалла? И коч ма хаза тов хьоьгахь!» - бохуш,
цхьацца дуьйцуш, шайна х1умма а ца гуш, я ца хууш,
я х1умма а доцуш санна лела г1ертара.
Уьш кхетара дерригенах.
Маликаг1ар буьйлура ч1ог1а. Церан ч1ог1а сакъералора.
Суна цкъа а ца гинера Хьава иштта йоьлуш.
«А мы-то чё сидим, - олура Маликас, - нас-то никто не проводит!» - олий.
Хьавас: «Да не знаю, как-то размечталась, авось,
какой-нибудь там слесарь...» - т1етухура.
Уьш соьца хербеллера.
Суна х1ун ду а ца хаьара.
Цхьа т1аьхь-т1аьхьа гена йолуш, тхо цхьаьна а ца хилча санна,
хийцаеллера и шиъ соьца, Исраил гучуваьлчхьана.
Юха сих-сиха йоьлура, Исраилах кхарда а кхаьрдаш,
цо санна болар а деш, корта аркъал а туьйсуш, хаьнт1ехь куьйгаш а латтош.
Ц1е а ца йоккхуш кхаьрдара, я цхьа дош а ца олуш.
Цхьаъ чухула йолалора, важа йоьлура. Хьо х1унда йоьлу олий,
хоттура цхьамма вукхуьнга. Юха ший а цхьаьнний елалора.
- Мне жалко Дульсинею. А тебе? - элира Маликас, шаьш арайолуш.
- Не похож на Дон-Кихота! - дийкира коридор чохь.
«Кхин-м хьоьжур яц хьуна Дульсинея а!» - элира ас сайга, катоьхна
т1оьрмиг вовшах а тухуш. Юха суо арялале куьзгана хьаьжча,
сан б1аьргаш т1еда бара.
Со йилхира. Сунна халахетара, цо иштта со 1ехаяр,
цхьанна а стагах тера воцуш, дика а хилла, т1аккха оццул вон хилар.
Сунна дешнаш ца карадора цунна х1ума ала. Со ца тешара.
«Х1ан-х1а, - бохура ас, - иштта хила йиш ма яц!
Иза вог1ур ма ву! Цо ала ма аьлла!»
Со сихха араелира. Юха иштта сиха д1а а яхара,
генна хьалхахь и шиъ гуш – Маликий, Хьавай.
Цхьа машен сецира. Такси… Сан Дела! Можа такси.
Стаг велира чуьра охьа. Цунна т1аьхьа кхин цхьаъ.
Со суо йолччохь латта йисира. Саде1ар лецира д1а.
Йовха тулг1е хьаьдира соьца. Цхьа тамашийна дика дара,
цхьа мерза, цхьа къаьхьа, чуьра са деда д1адахча санна, г1о доцуш, экама.
«Шиъ х1унда ву? Важа мила ву? Иза тахана х1ун дан г1ерта…
иза боккъалла х1ун дан волу… сунна хаа ма хаьара,
цхьана х1уманна, кечамаш беш… со оьг1аз х1унда ихира…»
Маликина т1евахара. Маликас п1елг хьажийра, со йолчухьа схьа а йоьрзуш.
Со охьа т1е йолаелира. Дог детталора, схьадала санна.
Настарш чохь са дацара.
И шиъ вара дуьхьал вог1уш, Исраил, и стаггий.
И стаг вара… Исраил… Исраил вацара… Муха? Тахана? Х1унда?
- Де дика дойла хьан. Хьо Луиза ма ю…
- Сой…
- Тхо вон кхаъ бохьуш-м даьхкина…
- …Х1ун кхаъ… муха кхаъ… Мичахь, х1унда… хьан…
- Автовокзалера кхо стаг т1е а хаийна, сарахьуо Назране воьду аьлла…
юха де а… буьйса а ца вог1уш…
…Анайист яра. Есалла а. Дуьне дан а дацара. Аре яр-кх, шера аре.
Я ц1енош а ца хаалора. Цхьа ц1ог1анаш-м хезара, машенаша детташ санна.
Юха мукъам а бекара къиза, стиглара охьа чу1енаш,
ламанаш херцаш санна, малх цинцашца аталуш.
Бирдолаган т1емех 1аьржа мархаш уьдура.
Латта дерриг а доьдуш дара, семанах хьаьдда ворда санна.
Шийла а яра, ч1ог1а шийла…
- …Карабулаке д1акхачаре букъ т1ехьашха урс диттина…
Дала гечдойла цунна. Дала иманца собар…
Тхо ловзарга кхайкхинера цо, дейтталг1ачу ноябрехь…
…Муха ловзарга… мича… со йинчу дийнахь… х1аъ…
- Юха 1уьйранна, дакъа схьакхаьчча…
…Дакъа… вийна… вен муха воь… муха воь…
- Тезетахь цхьамма хьахийча бен… юха мила ю а, х1ун ду а, адрес а…
т1аккха техникум а хиъна…
…Нах х1унда бац… стенга… тайнигаш санна х1унда бу…
са доцуш санна… Шера меттиг ян а юй те… Когаш к1елахь к1аьгнаш ду?..
Х1ара маьхьарий хьан хьоькху… И урам муьлха бара…
Вайна 1арж-м ца елла те… Дог1анаш… Не1 х1унда къевлина…
маца… Тийналла бен, х1умма а дац, гуобаьккхина тийналла…
_________________
Исраил вийна масийтта де даьлча йилхира со дуьххьара.
Со суо яра тхойшиннан чохь, цо эцначу квартирехь – дог1а лулахошкахь хиллера.
Ши ког д1ахоьцуш, ц1енкъа охьа а хиъна, пенах букъ а тоьхна,
сайна ма-ттов дог 1абийра ас сайх.
Иза елхар а дацара я елар а.
Со-м хиш ца тоарна кхоьрура.
Со дуьне д1адахьарна кхоьрура хин 1овраша.
Дуьне-м х1умма а хила ма ца хиллера, я цхьа а х1ума – х1умма а…
Цхьа ангалин пхьег1а санна атта я дог1анан т1адам санна аталуш…
Х1ун бен дара, х1уъа хилча а, иштта чекхдала мегаш долу……………………………
иза да-нана а доцуш, цхьа буо хилла хиллера – суна т1аьхьа хиира иза, дуккха а т1аьхьа…
Нана, иза мотт лен а волавале елла хиллера.
Да д1авалар эскарехь хиънера цунна, вела ахшо даьллачул т1аьхьа.
Юха, эскарера ц1а веъча, ден зудчо араваьккхинера,
хьо шен берашкара ц1а д1адаккха веъна аьлла.
Т1аккха Исраил цу юьрта кхин гучуваьлла а ца хиллера цкъа а.
Каш-м цигахь ду цуьнан.
Цхьа боккха к1айн т1улг бу-кх керта юххехь лаьтташ,
яздина: «Мухтаран к1ант Исраил. 1954-1982 шш».
Кхин х1умма а, цхьа х1ума а, я совнаха цхьа хьарк а…
Х1унда, х1унда, оццул хилла дуьне,
цхьа аьнгалин пхьег1а санна я дог1анан т1адамах,
доь доцуш, атаделла…………………………….

Сурт мукъа а хилла делара, цкъа б1аьрг тоха,
цкъа т1ехьажа, ойла цхьа г1ийла г1елъелча,
ирс хиларх теша мукъа а…….

1994-1998 шш.
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2008, 21:11   #32
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
"Терза"

http://chenet.ucoz.ru/forum/34-72-1

Стигал бохь хьекхалуш хиларх а, къонахчо зудчух зуда йийр ю бохург бакъ-м ца хиллера, ма бакъ ца хиллера-кх иза…
Оцу Дала ша ца нисйича, нислуш ца хиллера-кх дика зуда, ахь итт ялорах я б1е йитарх, дера ца хиллера!
«Со велча нахала ер ю-кх хьо, хьенех, евзар ю-кх хьо нахана, - олура кхуьнан дас, - х1окху берех мостаг1ий хиларна кхоьруш д1акхийхьи-кх ас хьо, я цунах а ца кхийтир-кх хьо, хьуо къона къанлуш», - олий.
Нанас цхьацца «бур-бур» дора дуьхьал, кад-пхьег1аш а кегош.
Хьуна ч1ог1а ца дезалора дас нене иштта олуш. Хьо жима вара. Хьо кхеташ ца хиллера. Х1аъ, хьо кхеташ ца хиллера, хьуна иза нана хиларх, хьан дена иза зуд юйла, цунна кхача а кечбеш, м1адо-х1ума а юьттуш, хьаша-да т1е а оьцуш, бераш а деш цунна.
Дена дикох хууш хиллера-кх шен зудчун хьал, иза мел ю а, мел яц а, тахана хьуна хьайн зудчух дерг санна.
Дас баьхначух кхета цуьнан когаметта х1отта везаш хилла-кх, я цуьнан хене верза, я цуьнга кхаьчна долу дакъа кхача кху дуьненчохь!
Ша цхьацца хьаша-да а валош ц1а веъча, цуьнан велар, цо беш хилла бегаш, хьашана хан яцъялийта г1ерташ цо лелийначу х1илланех т1аьхьуо кхийтира хьо, кхийтира, хьан изза лелон дезча, айхьа х1ун леладо хьуна хьайна бен хаа а ца хууш.
Хала хиллера-кх, мостаг1чо йинчу к1елонна т1евоьдуш санна, хьо юьхь1аьржа х1уттур ву я юьхьк1ай чекхвер ца хууш, хьуо вехачу х1усаме хьаша-да эцна ваха, юха иза де-буьйса а даьккхина новкъа валлалц хьайн ц1енний, цу хьешаний юккъе а х1оьттина, г1арол хилла латта, тоьпан салт санна.
Т1акха, хьаша д1авахча, зудчуьнца къамел дан уггар хала хиллера. Дича а, ца дича а пайда боцийла хуъушехь.
Ахь гуттар а, вехха 1ан а 1ай, паднара т1е д1аса а керчий, цхьа масех сахьт долуьйти доладора цуьнца хабар, ч1ог1а а ца дуьйцуш, меллаша, цхьацца масалш а далош: «Хьенех, ма эхь дара хьуна иза. Дала ма ваккха хьан мостаг1, дуй, ишта х1унда ю хьо… Дикчу ден йо1 ма яра хьо, дикчу ден йо1! Стеннах а хуьлу моьтту хьуна хьешана кхача…» - бохуш.
«Сан да виталахь, вола а ца веш. Сан дений, нанний ала хьан х1у дара!» – уггар а хьуна дагахь доцург, хьан къамелна аьттехьа а доцург тухур дара дуьхьал, хьан ерриг а ойла йохош, къамел хадош дерриг а.
Т1аккха и евзачу хьан кхин ала х1умма а ца хуьлура, 1адда 1ар бен, геннара цуьнга д1а а хьожуш, цуьнан ойла а еш.
Цо ахь мел дуьйцарг шен дений, нанний т1едуьгура, хьо царна цхьаъ ала г1ерташ ву олий, юхамаччахьара доккхура дерриг а, харцхьа йоккху бедар санна.
Хьо кхин т1е а дийца волавелча, шен цу харцонна д1а арайолура чуьра, пхьоьхана даржадора, юьртана хозуьйтура:
«Со х1унда ю вон зуда! Со вон зуда яц хьуна! Хьо айхьа дан дезарг деш 1аш ву? Д1ога охьайоьжна керт 1уьллу хьуна. Хьалах1оттае! Божал чуьра 1окъий (1окъий – шера, даккхий т1улгаш) х1унда ца нисдо ахь, сан ший а пхьарс лозу, цу юккъе гам хьекхна… Айхьа дан дезарг ма ца го хьуна цкъа а!»
1окъий цу буса дохийна хуьлура мукъаяьллачу старг1ано, керт тойича а, я ца йича а, кхин маь1не а дацара оцу сохьтехь, х1инца а ахаза кха а хилча.
Иштта д1а дуьйцур-кх шен бага деънарг, уьш ца хилча, кхин а карадора шортта, неро д1акхеххьал. Цхьа а дуьхьал даккха х1ума доцуш ша йисча, «г1аг1» олий, йоьлхура, ша 1ийр яц, ша ц1а г1ур ю кхузара, ша хоуьйтур ду хьуна, ша мила ю, ша нах боцуш ю-м ца моьтту хьуна бохуш.
Иза уггар хьуна ца дезарг хуьлура. Цунна шера хаьара, хьуна иза ца дезийла, цо бен хьан ка ца йохайойла а. Хьо зудчуьнца к1езгаллаш юьйцург хуьлура т1аккха, зудчуьнца цаца къуйсург, котамо лехьон х1уьмалгаш санна, цуна т1аьхьа а ваьлла, цуьнан г1алаташ лехьош верг. Иштта лер-алар даьллачу цхьана-шина дийнахь жимма д1аг1оьртара иза, чохь ц1ано а ца еш, хьан бедар-х1ума а юьттуш, дакъош яха санна, керта т1етесначу палсех г1аж а етташ. Бакъду, цкъа а хьоьга х1ума яа хьайна ца олура, эцца охба а х1оттайой, арайолура чуьра, я тар тесна хиларх, хьо хьала а ца хьавора цкъа а.
Юург ца ло ахь, зуда, хьо мичахь ю аьлла, шега мохь тоьхча: «Эцца стоьла т1ехь лаьтта хьуна, яа. Ас д1аохьа езаш-м вац хьо!» – хазадора арара чу.
Юха иза а д1адолура, кхо-диъ де даьлча, шен хьалхалеррачу таьк (таьк - сиз, тача) т1е охьайоьдура, вог1у-воьду стаг кхаьччий бен ц1енкъа боршам хьакха а ца х1уттуш.
«Хьекъал дац хьа, хьенех, хьекъал», ала лаьара цуьнга цкъацкъа, гуттар а са карзахдаьлча. Ца олура, х1уъа аьлча а, иза кхетар йоцийла хууш. Наха-м 1ехош а лелабора зударий, церан дерг а, доцург а ду моьттуьйтуш. Хьуна ца лаьара иза дан. Хьуна зуда ша кхетийла лаьара, цунна шена гойла дерриг а.
Ма йокха парг1ато хуьлура хьуна, иза ден ц1а яхна а йолуш, хьуо волчу хьаша веъча! «И 1овдал ц1ахь елахьара иштта хир дацар, хьенех, вайшиннан г1улкхаш, дуй», - бохуш, юкъ-кара, ларамза санна, зуда а хастош (ахь цкъа а х1окху кхузткъе шийтта шарахь цхьа а вон х1ума ара ца даьккхинера цуьнан), ши пхьарс гоьллелц хьала а хьокхий, юург кечъян волалора хьо, боккха яй буззуш жижиг кхе а уллий. Лула-кулара зуда ахь цкъа а ца кхойкхура хьайн зудчун чоь царна йовзарна, юха цара иза даржорна юьрта юкъе.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2008, 21:12   #33
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Хьуна иза ца дезара я, ма дарра аьлча, лан а лур дацара хьайн зуда наха волла йийцича.
«Т1ехь беркъа волу къонах нехан нус ю», - аьлла бохуш хезнера хьуна Котар-юьртахь ваьхначу Ба1дуллин 1абдуллас. Зуда ледара йолу къонах а хиллера-кх нахана юккъехь шена ма хетта дош дийца йиш йоцуш, даима мотт кхобу нус.
Бакъду, къонахчун сий-м ца довра зуда вон хиларх, х1етте а цхьа аг1о айпе болуш санна хьахавора-кх хьо наха:
«Хьенехан къа дара иштта зуда хила, хьенех санна волчу къонахчун зуда дика хила езар-кх», - олий.
Иза хьанна оьшура, «хьенехан къа дара» боху, къахета-аш долу хастор а.
Зудчо стагах къонах во, къонах верг воха а во боху дешнаш ма лергах ца хьакхалора хьуна цхьана хенахь!
«Зудчо муха во къонах, - велалора хьо, - я къонах верг воха муха во, зуда – зуда ма ю, ахь тоьхнарг доза долуш, ахь баьстинарг бен некъ боцуш хьан х1усамера д1а! Дино веш ма вац бере, беречо шена ма хетта 1амош ма бу и дин, я хахка, я хьовзон, я вотанца хелхабаха!»
Х1ан-х1а, дине хьаьжжина бен хуьлуш ца хиллера-кх бере а, нийсса ах куц дино деш хиллера беречун. Массо а дин ца хиллера-кх 1емаш а, я 1амалуш а.
Дой а тайп-тайпана нислуш хиллера-кх, цхьаберг – ког тасалуш, важа – урхана онда, ткъа кхозлаг1а берг – яйн йинчу уьшарх сица кхуьуш, некъан бохалла бергийн вотанца яцъеш.
Цхьаццаволу бере-м боккъал а верриг а дино веш а хиллера кху дуьненчохь, кхуьнан ц1архо волу Залиматан Мочакъа санна.
Халидан Мочакъан аьлча, цхьанна а ца вевзара иза кху ламанца. Шен ненан ц1арах – Залиматан Мочакъа аьлла, ц1е яьккхича. Массарна а вевзара.
К1ентий а дика кхиира Мочакъин (нана – Залимат – ч1ог1а хилар бахьна долуш), х1инца Мочакъин 1елий, Мочакъин 1усман аьлла, дийна волуш стагана вевзаш ца хиллачу шайн ден мисканан ц1е махкана а йовзуьйтуш д1абаха.
Мочакъинчул ирс ца хиллера-кх кхуьнан, я х1ара Мочакъел къонах а! Кеста лолда-кх кхуьнгара дакъа, ма да хьоьгур воцуш хили…
Я хьан синан хьашт девзаш, дог 1ехо зуда а ца нисъели, я Далла бу-кх хастам ала, б1аьрг бузо во1 а ца кхии цхьаннах а.
Хьох арахьарчу нахана эла хиларх, хьайн чуьрчу чоьнан зудчо хьох эла ца вича, доьзална а эла хуьлуш ца хилла-кх цхьанна а дех.
Масане дика къонах ваьхна-кх вер-вакхар цхьана дашца дерзош, мехкашна юккъера дов-текъам шен маттаца нисбеш , «хьенех» кхочур ву боху дош муьлххачу а шахьаре кхаьчча (и маца кхочур ца хуъушехь), наха шайн ц1ийнан къуьда буса серлабохуш, шен-шен кхерчал иза (шаьш дийшина ду а моттаделла) т1ехваларна кхоьруш, цунах цунах шайн хьаша ван г1ерташ, х1етте а – маржа йа1! – шен ц1енна, шен доьзална, шен зудчунна мила ву ца хууш, я хуъушехь т1е ца лоцуш, я т1елаца ца туьгуш!
Т1аккха а д1акхехьна-кх оцу къонахаша и зударий, шайн Делаца мах ца бохо я цхьаьннан юьхь лоруш: стунден, стуненан, стунвешин я оцу ц1ийнан цхьана къонахчун, иза вацахь – цхьаннаьн кошан борзан юьхь.
«Ас хьо цуьнан дуьхьа лелайо, я кхечуьн сийнна лору» – ца баьхна-кх цара шайн х1усамнаношка, цара шайн чохь (ч1аг1алла къийлалучу кийрахь) х1ора денна карладохуш, нигатца доьхкуш, масалшца дустуш латтийна-кх и хала собар, и кийрара хьалаг1ерта алу, и 1еттон г1ерта дахьаш…
Ма эрна лелла ца хилла-кх Индарбин Мовла, шахьарера шахьаре лоьрашна т1екхуьйлу ца вуьсуволу дархо санна, ша велча кхин г1ортор йоцу шен кхена (кхена (диал.) – кхиъна яьлла) йо1 т1аьхьа а х1оттийна, х1ора а во1 кхиъначу ден не1 етташ: «Во-о, йо1 маре луш вара ша, ша мила ву хаьий шуна!» – бохуш, цхьа декъаза мохь бетташ. Юха шега: «Теркал дехьара реманаш кхийлинчу, х1ора а мискачу стеган да хиллачу, ваша воцчу йишин ваша хиллачу Индарбин Мовла веца хьо!» – шега аьлча: «Х1ан-х1а, и Мовла вац ша х1инца, х1инца кхин Мовла ву ша. Ша тахана мила ву дийца шена», - бохуш, кхечун уьйт1е х1уьттуш, цигахь а иштта мохь бетташ.
Кхолг1ачу шахьарехула чекхволуш, т1аьххьара дисначу ц1ийнан ша не1 тоьхча, берх1ийттара вала кхо шо т1аьхьа долчу цхьана жимчу к1ентан дас аьлла хиллера кхуьнга х1ара мил ву.
Цо кхуьнга аьллера:
«Хьо кадам эца во1 воцуш, тезет латтон да воцуш, дакъа делхо йиша йоцуш, мангало т1ам бойна, ненах хаьдда лела лекъан к1орни санна, орцах кхайкха стаг воцу х1ара цхьалха буо т1аьхьа а дуьсуш, 1ожаллин гуро лаьцна волу цхьа Делан лай, Индарбин Мовла ву-кх!», - аьлла.
Мовла т1аккха кхеттера, ша боккъал а мила ву хиънийла цу к1ентан дена.
«Пхьара чоьн бос 1аржалле берзаза долчу цу ден боьршачу бераца шен йоь1ан мах а бина, Дала до1анна жоп делла миска стаг санна, декъал хилла ц1авирзира ша оцу дийнахь», - дуьйцу бохура Индарбин Мовлас цул т1аьхьа.
Мовлас эрна хиттина ца хилла-кх, ша мила ву бохуш. Мовлас шен йо1 чекхйоккху йолу стаг лехна хилла-кх, ша мила ву бохуш. Мовлас шен йо1 чекхйоккху йолу стаг лехна хилла-кх цу маьхьарца.
Х1етте а, бакъ ма ду, да къонах вара аьлла, йо1ах б1аьрг бузо мегарг-м ца хиллера берриг а. Йоь1ан дикалла ненехь лаха езаш хиллера, цуьнан ненаненехь я ворх1 нана хийцаяллалц схьаеъначу з1енаца. Цу йо1а йиъна шура талла езаш хиллера къонахчо, хьажа везаш хиллера, х1ун шура ю, мичара схьайог1у, я мичара дуьйна йолаелла, я маца.
Зуд мичча доьдий а ма дехка, муьлхачу а пхьунах а, цунах к1езий а цхьабосса ца кхуьу, массо а ца хуьлу барзана майра я къу вовза хьуьйла (хьуьйла (диал.) – сема) а. Цхьадерг барзо хьо, ткъа вукхо – борз.
Йоь1ан нана шен ц1ийндена, шен х1усамна, шен юьртана мила ю хьажа везаш хиллера: я нус ю, я хьаша ю, я эмгар ю.
Къонахчунна шеца доьналла къовса ма ца оьшура зуда, шен синан т1емаш хила ма оьшура, шен г1елбелла б1аьрг хьаста, я г1айг1ано хьаьшна дог хаддаза 1ехо, я 1ехадалийта, цуьнан кара д1а а делла. Зудчунна ц1ийнда гуттар а хьаша хила ма везара, дахарехь цкъа бен шен х1усаме ца вуссуволу. Ц1ийндел веза хьаша зудчунна хила йиш а ма яцара кху лаьттахь, я цул воккха эла а, и т1ера Дела воцург. Цо ша а ма диллинера иза иштта, ц1ийндех зудчунна эла веш, юха ша велла волу и эла ахь резавичий бен, ша а хир вац хьуна реза, олуш зудчуьнга.
Х1у хедаш дина боьрша бер санна, куьйга-кара эцна, буса вижош, 1уьйранна набарха ца ваккха ког байбина лелаш, доьзалца къастийна шенна кхача латтош, цуьнан дош кхочуш ца дича х1ара дуьне а духур дар-кх цу доьзална моттуьйтуш, д1авоьдуш т1аьхьа юьйлуш, ц1а вог1уш дуьхьал юьйлуш, цуьнан сий дарах терра бен ша х1ума а йоцийла хууш, и шен ц1ийнда 1алашвеш йолчу зудчун йо1 лаха езаш хиллера-кх, х1ара эзар ага долу нохчийн ламанаш буса кхоъ боккхуш, дийнахь пхиъ боккхуш, дуьне мадду кога-акхаваьлла лелла а!
Аьлла а ма бохура Висарган Салимата, шен ц1ийндеца талла вахначу накъостан зуда ша йолчу тийжа а еъна: «Дийна вуьсурий те и шиъ, Салимат, ц1а вог1урий те, дарц ма даьлла ламанца, дуьне гуш ма дац», - аьлла, елха хиъча: «Хьайнчух х1ун хир ца хаьа шена, хьенех, шен верг-м ц1а кхочур ву», - аьлла.
«Хьан верг х1унда кхочу, ва Салимат, шен верг х1унда ца кхочу?», - аьлла, шега оцу зудчо юха хаьттича: «Ша цкъа а доьзалан шуьне ца хийшинера шен ц1ийнда, хьенех, ахь хьайниг санна, цуьнан кхача гуттар а хьешан кхача бара шен», - аьлла.
Кхача а кхаьчна бохура Салиматан ц1ийнда кхоалг1ачу сарахь ц1а, шех къаьстина юхавирзинчу шен накъостан г1орийна дакъа а дохьуш.
Х1аъ, къонах-м дукхахверг зудчо веш а хиллера, аьлча а цуьнан г1иллакхаша.
Х1ара жима бер долуш, кхуьнан дедевешин зуда кхелхинчу тезета, барми т1ехь (ламанца ворда лела некъ ца хуьлура) валарчу вирзина волу Исуп-Хьаьжа а вохьуш бог1у нах кхечира цкъа.
Исуп-Хьаьжа ша жима волуш цхьаьна леллачу, шена Къуръан а, жайнаш а 1амийна, шех хьажо вина хиллачу Воккхачу Дадин коша юххе д1аволла ша аьлла весет а дина, юха шен дуьненчуьра денош куьйгап1елгашца дагардал бен ца диснийла шена хиъча, новкъа ваккхийтина хиллера ша, д1акхачале новкъахь лер ша, я ца лахь цу юьртахь хьаша ву шен, цигахь са далийта шен аьлла.
Юха ша кхаьчначу тезетахь и лоьмаш санна болу къонахий зударех боьлхуш шена хезча, Исуп-Хьаьжас хаьттинера, велларг мила ву аьлла.
Зуда ю аьлла, дийцинера цуьнга.
Шу иштта ч1ог1а делха х1ун г1иллакхаш дара цуьнгахь, кхечу зударшкахь доцуш долу, юха а хаьттинера Исуп-Хьаьжас.
«Юьртан нус яра х1ара, - аьллера цуьнга наха, - кху юьртара массо а боьрша стаг марваша вара кхуьнан, зуда массо а марйиша яра. Кху юьртара цхьаьннан зуда ийг1ина яхча, цу стагана х1ора рожехь бовха кхача оьций йоьдура х1ара, церан даьхний 1алашдора, ж1аьла ца дуьтура пхьор доцуш.
Кхуьнан бен куьг ца товш, кхуьнан марахь садалар хилира кхуьнан марден а, марненан а.
Шен ц1ийнда волу Бойсаг1ар (иза меттахь 1иллинчу ворх1 шарахь) цкъа а цхьаьна стаг воцуш делкъехь а, я пхьуьранна а ша х1ума йиъна д1а ца вахийтира кхуо цу Далла дуьхьал.
Ша охьадина шен бера санна, и Бойсаг1ар шен куьйга лийчавой, коч-хеча хуьйций меттавоккхура кхуо х1ора а п1ерасканан буса.
«Хьенех», - аьлла, буса а, дийнахь а – муьлххачу хенахь – Бойсаг1ар кхайкхича, «х1ун боху» аьлла, дуьхьал кхайкхина яцара х1ара цкъа а, уллохь лаьтташ караяйтина яра», - аьлла.
И тоьшалла шена хезча, Исуп-Хьаьжа шен хьехархочуьнга, Воккхачу Молле а кхойкхуш, вилхинера: «Кху кешнийн ох1ланех т1ехвала бакъо яц шен х1инца, кхеран синойх бехк г1ур бу шех, ша дуьненахь а дукха хьийзинера хьо, кхузахь саца воллу ша тахана. Х1окху зудчун сина Дала т1ебелхочу къинхетамах цхьацца цинц кхаьчча а декъала хир ду х1окху кешнийн ох1ла, кхуьнан лулахо хила хьажа воллу ша», - олуш.
Исуп-Хьаьжа, кхеран юьртара ша кхин вуха ца вохьуьйтуш, уьссалг1ачу буса кхелхира. Д1а а воьллира кхуьнан денден вешин зудчун коша уллохь каш а даьккхина, чуртана цхьа боккха акха чхар (куьйга тобаза болу боккха лекха т1улг) а буг1уш.
Дика зударий буьтуш ца хиллера-кх оцу наха, цкъа а, уьттаза а марехь хилла хиларх.
Бухьарчи Хадижат, шозза марехь а хилла, шиннахьара а йисна 1аш хиллера – хьалхарниг вала а велла, шозлаг1ниг наха а вийна, - Эскин Шовхала юьгуш, цунах а йиса а йиснера. Цул, Эскин Шовхалал, це йолуш к1ант а ца хиллера ламанца, ша нийсса ца хиллехь.
Цу къонахаша зудчун хазалла коьрта лийрина ца хиллера, дикаллий бен.
«Со бен мила ву!» – бохучу къонахчо, и 1ахар санна йолу йо1 т1аьхьа а юьтий, цхьана дикчу к1антах йисина 1аш йолу, я цхьана кхечо мила ю а ца хууш йитина йолу зуда ялийна меттигаш дукха 1иттаеллера-кх дахарехь....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2008, 21:13   #34
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Х1ара гуттар а «м1акваьлла», цхьа замой а, цхьа синкъерам а ца бохуьйтуш, «т1ус т1ебаьлла» хьийзачу хенахь, дас чу а кхайкхина, элира кхуьнга: «К1ант, хийла дика кеп йолуш, б1аьрго йоххол хаза говр нисло хьуна цкъацкъа, я кира кхехьа де а доцуш, я беречунна дин хила хьуьнар а доцуш, ламанца хьалаг1ортийча ерриг а хьацарх а юзий, шена т1ера гора къахко а мало еш лаьтташ. Иштта болчу зударех ларлолахь. Зуда хьан-хьаннах а ца хуьлу хьуна. Цхьаццадолу ц1а бен ца нисло хьуна зудчун х1у дика долуш, цу ц1ийнах массо а зудабер цхьабосса дика зударий а хуьлий д1адоьдуш.
Цу ц1ийнах цхьаъ дара хьуна кху Хилдехьахь хилла долу Т1уьшин Вомарга ц1а. Цуьнан зударех – ши зуда яра цуьнан, шиннан а ц1е Хантоти а йолуш, - схьадевллачу зудаберех дика зударий а хилира хьуна, цара бинчу к1ентех – дика къонахий а.
Иштта ц1а дара хьуна Хьаьнгахь ваьхначу Корталин ц1а а, Ичин ц1а а, кхин дукханнан а.
Со хьоьга х1ун ала г1ерташ воллу хьуна аьлча, гурахь гезаршна т1аьхьа уьду хьокъа-бошто (хьокъа-бошто - кийрахь яь1на дуьненчу яьлла газанан буьхьиг) санна, ший мочхал а чукхетта, вотий-т1араш мел тоьхначу хьайн хехкавалар а дитий, Илесах йисина йолу Жамалдин Тайбат ялае. Иза дика зуда ю хьуна, ша мила ю а, хьенан ю а хууш, шен ц1ийнден доттаг1 верг доттаг1 а хир волуш, мостаг1 верг мостаг1 вуйла а хуур долуш».
Цо дуьйцург хезаш а, ца хезаш а не1ар уллохь хьалалаьттачу хьаг ши б1аьрг даим корах арахьоьжуш бара, са акха латтарна. Ойла Хасранан йо1 Тамри ехачу уьйт1ахь соьцура. Иза хьайна дуьххьара гина сурт а лаьттара дуьхьал, чамица хи эца охьатаь1на йоллуш.
Цунна вог1у ца вог1у а ца хууш, ц1еххаьна динца т1ех1оьттинчу хьуна, буткъа беха букъ гатлуш чекхболлучохь цуьнан горга лацаделла хенаш хазделира ч1ог1а, оцу сохьта лаза а дуьйлалуш алу хьаьддачу некхехь. Юха д1огахь, кучан юх кхачалуччохь, аьхка тесна ло санна, горгачу настарийн к1айн къаьста дуткъа к1ажийн пхенаш а дехаделира хьуна.
Говран «хур-р» хезна, буйнара чами хьостана чу а бужуш, тоьпо къахкийначу масаран (масар – ламанца хуьлу акхачу газанах тера экха) хьажарца, ши куьг некхе а дадош, иза схьайирзича, цуьнан кхерамо шордина, 1аьржачу цкъоцкъамийн х1азарехь лацаделла, сигланийн сийналлица 1ена даккхий б1аьргаш гира хьуна юха.
«Йо1, хьо эца Дала д1а… Хьо ян хьенан ю!» - делира хьан кийрара, оьг1азло а, тар а, ца тар а вовшах а ийна.
«Хасрана ю…» – йо1 цхьа ши ког юхаелира, аьрру куьг некха т1ехь а сецош.
Хьо цхьана маь1аргонна б1аьргаш цуьнан дег1а т1ехула а кхарстийна, кхин цкъа а к1ирвелла (к1ирвелла - лерина, къарззина) д1а а хьаьжна, айхьа-хьуо човха а веш, сихха д1а меттахъиккхира, динна шед а тоьхна.
Цул т1аьхьа и йо1 хуьл-хуьлучохь нислора хьо гуттар а. Цкъа а вистхилла а ца г1уртура, я ловзар хилча, хелха а ца волура цуьнца. Цхьаьнгга а са а ца къоьрура.
Т1аккха сих-сиха цуьнга хабар кхехьийта велира хьо генгенара, цуьнца уьйр йол-йолчуьнгахула:
«Тамрига хьо лозу сан боху алахь, хьенех, ас, х1ара деган х1ума лаамера яллал ч1ог1а», - бохуш.
Ахь нийсса кхаа баттахь кхехьийтира иштта хабар, цкъа а ирахь1ан а ца воьдуш, я вистхила а ца г1уртуш цкъа а.
Т1аьххьар а гуьйренан шолг1ачу баттахь, хан йиллийтинехь х1ун дара те аьлла, гучуваьллачу хьоьга хьан лергана хаза там боцу (ахь цуьнан ечу ойлане диллича) кхо-диъ дош элира Тамрис, шен 1ежин Муслимца дуьйцуш х1ума ду аьлла.
Цкъа «чхамм» деш, ойла шелъелира хьан, Муслиман ц1е хезча. Юха: «Деллахь, цуьнга яххал бен, кхин х1ума яц те х1ара?» – ца кхеташ висира, цуьнан ден, Хасранан ойла а еш.
Хасран наха дика къонах ву олуш вара, цуьнан хьешана комаьрша хиларрий, 1иттаделлачу девнашкахь цо ша доьналле гайтар а къастош.
Г1еххьа ойланаш а йина»
«Д1аяла, дуй, йо1, хьайн доцу захало ду ахь хьехориг… 1ежин Муслим санна болу эсийн 1уй, бераша ловзон г1улгаш санна, карор бу хьуна х1ора а юьртахь, вайца ца дог1у къамел ма де, дуй, лан хала хуьлу иза ша висча», - элира ахь, цхьа г1ийлуо-о велааьшна а дина.
Йо1а корта ластийра, хьан къамел совнаха дуйла хоуьйтуш санна.
Цу дийнахь хьуо ц1а муха кхечира хьуна х1инца а ца хаьа, б1арасерло х1етахь дерриг а д1адахьарна.
Дино ша ц1а кхачийра-кх, сих-сиха лергаш т1ехьа а кхуьйсуш, хьан даге ладоьг1уш санна.
«Къонахчунна дезаделларг цуьнан долахь хила деза», - бохуш, доьзалца нана-ча санна дера волчу хьайн деца кхиъна волу хьо, «ткъарш» аьлла иккхина, дакъош хилла д1а ца воьдуш дика висира оцу кхаа-деа дийнахь.
Дас кхин цкъа а элира хьоьга, чу а кхайкхина:
«Йиллина буьйса галъяллачу къеначу йо1а санна, и хьайн синош дахар а дитий, Жамалдин Тайбат ялае, к1ант, дикчу зудчуьнга кхочуш стом бац хьуна кху дуьненчохь цхьа а. Зуда велча йиса а оьшу хьуна къонахчунна, дийна волуш-м хьаьнггахь а 1а хьуна!» - аьлла.
«Х1инца йисина 1аш ю-кх иза, ахь ша йитахь, - сихо кхоьссира ахь, - со кхин жий-м бац, дитта бухара кхораш лехьо, гаьн т1ера баккха йиш йоллушехь!»
Хьуна айхьа жеро ялийча, х1ара дуьне оста дер ду моьттура, дукха цецдаьлла.
«Ган вехийла хьо х1ета, - элира кхуьнга дас т1аккха, - кхор-м ношбелларг бен ца бужу хьуна охьа… Хьада, д1авало, д1авала суна дуьхьлара, х1ара де дагалецар ма эшадойла хьуна хьуо велла д1аваллалц», аьлла.
Иза цуьнан кхочуш а хилира, Седа-жайна хьаьжча санна – сардам берриг а бахара, сих а, дег1ах а, т1амарх а цхьаьна.
Деца и къамел хилла доьалг1ачу дийнахь, шен юьртахь, поппаран белхехь йоллу Хасранан йо1 Тамри, куьйрано мошарчашна юьллу моха санна, цхьа къиза ка йина, «Делий», «Устаз» боху маьхьарийн орца т1аьхьа а дуьтуш, дина т1ера чукхевдина, нуьйра хьалхахула бертал тухуш, ядийна яьхьира ахь, цунах кесгаш яххал марсадаьллачу синан дераллица.
Кхин юха ца хьожуш шайн уьйт1а кхаьчча – хьо даго ца витира юхахьажа, - дукха хебна, цициган к1орнелл бен йоцу Хасранан йо1 хьайн ненан мара охьа а кховдийна: «Соьгара оьшу массо а пурба ду аьллехь Зубайре, со цхьана шина-кхаа буса юхавоьрзур ву ала», - гуо хьовзош дин юха а берзийна, маьлхан т1аьххьара з1аьнар дуьненах къастале дишнийн лам хадош, боданна къарлучу хьуьнан хотешка вуьйлира хьо, хьайн хьеши болчу – Йоккхачу Нохчийчохь, синан зовкх лаха т1омадаьллачу дагца.
Хасрана там бина ца хиллера, шен йо1 ядийнарг дуьхьал валийта шена, х1ара хьажой а ца кхуьйлуш, аьлла.
И тайпа х1ума хьуна дуьйцуш а ца хезнера.
«Чоьхьвала, чоьхьавала, - элира кхуьнга Хасрана, х1ара юхаг1ерташ, не1арехь г1овг1анаш евлча. – Со-м ахь, б1онна юккъура байракх санна, тайпана эхь деш, юьрта т1ера йо1 ядийнарг вай тахана а, хьо а хил веза селханлерра», - аьлла.
Хьо не1ар уллохь сацавелира, ши б1аьрг ц1енкъара хьала а ца ойуш.
«Охьахаа, - элира Хасрана, велааьшна а дина, - охьхаа, хьо ирахь а латтош къамел дийр долуш вац хьуна со, к1ант!»
Хьо охьа ца хиира.
«Охьахаа, - элира цо юха а, - къонах веца, со санна, ас хьайга бохург де тахана, кхана хьайна луъург дер ахь…»
Юха, хьо охьахиъча, Хасран вехха вист ца хуьлуш 1ийра, цхьана генарчу дагалецамашка вирзича санна.
Т1аккха:
«Мочакъа, - вистхилира иза, - деллахь, Мочакъа, ша тилон доцчу экханна синкъерамна топ кхосса ца оьшура-кх таллархочо, иза тилон долу иччархо вер вуйла шена хуъушехь…
Ма хьаштдоцург ди-кх ахь!
Сайн доьзалхо суна дикох вевзар-кх хьуначул а, хьан дена – Зубайранчул а.
Хьо кху юьртах валале уьттазза сайн доьзалхо схьаваккхалур воцуш ца вахийтир-кх ас хьо д1а. Сайн дахар д1а юьстах а даьлла хиларна, я йо1 ядорах цхьана а дена т1едог1уш эхь ца а хиларна – йо1-м хьаьнг-хьаьнга а яда а ца ло, - хьо хьенан мила ву а хууш, хьан х1инцца долалучу дахаран юьххьехь: «Хьенехера, тоьхна динна т1ера чу а вохуьйтуш, там-мах а боккхуш, дуй а боуьйтуш, зуда д1аяьккхина ца бохий?» – бохуш, вовшашка дохучу кхаьънашца хьо цавезачарна дийца дуьсу долу эшаман хабарш ца хилийта вахийтир-кх ас хьо.
Хьайна тахана сан юьхьах хеташ долу эхь кхана сан букъах, лама сан чуртах хетар дацахь, хьайн дика да Зубайр ваха, Мочакъа, и сан доьзалхо ц1аверзаве – хьан зуда яц хьуна иза. Суна цуьнан нана евза хьуна – ас шовзткъа шо даьккхина цуьнца.
Жийно бина 1ахар и шен нана санна кхуьу хьуна. И жий гуттар а жана т1аьхьа лелаш хиллехь, цо бина и 1ахар а хуьлу хьуна т1аьхьа соьцуш. Нагахь и жий жана юьстах бежаш хилча, 1ахар а иштта 1ема хьуна.
Шу жа лелош нах долу дела, хьо сайх ц1енна кхетийта дуьйцу ас иштта, сайн чоь ерриг а хьуна йийца а ца лаьара суна… Кхана-лама юха сан букъах хьайна эхь хетар дацахь, сан доьзалхо ц1а ваийтахь, цхьана кхечо д1авуьгу волччу беса, хьоьца цхьа а гамо ца езара суна, хьуна дика болх хила лаар бен».
«Зуда валлалц лело дуй буий ца юьгу!» – элира ахь, сихха хьала а г1оттуш.
«Дика ду х1ета, - вистхилира Хасран, дикка хан ялийтина. – Зубайре ас цу юьртарчу муьлхачу а къонахчунна оцу йо1а да хила пурба делла, дерриг а д1адерзо, боху ала… Д1авало, парг1ат хила… Х1окху чуьрчу зудчунна т1е1оттаваларх ларлолахь хьуо араволуш, зударий цхьа шайн амалехь хуьлу хьуна берриш а», - т1етуьйхира цо юха, шай, шен зудий 1ай-б1аьстей санна, вовшех къаьсташ хилар хоуьйтуш санна.
Хьо тахана а, вала ирс доцуш, къена даь1ахкаш малхехь йохъечу дийнахь а ца велира цу дешнех к1елхьара, х1етахь, шовзткъе барх1 шо хьалха, Хасрана аьлла долчу: «Тахана сан юьхьах санна, кхана сан букъах, лама сан кошах хьайна эхь хетар дацахь, сан доьзалхо ц1аверзавехьа, хьенех, хьан зуда яц хьуна иза», - аьлла....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2008, 21:14   #35
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Х1аъ, Хасранна хууш хиллера ша х1ун боху. Хасранна шен йо1 мила ю хууш хиллера, шена и йо1 йина йолу шен зуда мила ю а…
Хьуна Хасран валлалц ца евзира хьайн стунана. Велча-м евзира!
Денц1ай, марц1ай – ший а цхьана 1аьршаца д1аг1оьрташ ца хилча, зудчух зуда хила туьгуш ца хиллера цкъа а.
Хасран велча, цхьа аг1о д1абелира, хьо ойланца т1етийжина аг1о. Т1аккха цхьа висира хьо, шимма текхийна нох айхьа цхьамма ийзо, хьун хьокхуш даьккхина долу юьхкех дуьзна ирзо аха.
Ирзо хала дара, хьан са кхаччол хала, цкъа нахаро хадийна орамаш – гуо а баьккхина, хьо юха мосазза кхочу – х1оразан а хедон дезаш.
Цо цкъацкъа собар кхачо герга вуьгура, мохь тоха цкъа, цкъа г1атта, я цкъа вистхила.
Хасрана ца вуьтура х1умма дан а, Хасранан букъо, юха кешнийн кертахь лаьттачу чурто а.
Гуттар а кайоьхча, цхьацца х1умнаш дагалоьцура ахь: гинарш а, хезнарш а, хилла бохуш дийцинарш а.
«Дуьне кхоьлличхьана схьа мел хилла са а, т1е хила мел дезарг а Дала цхьана дийнахь кхоьллина ду боху, - олуш дийцира цкъа цхьана дешначу стага. – Цу дийнахь Дала омра дина хиллера боьршачу нехан синошка, дуьненахь шайна цхьаьна хила луучу зударийн синошна ц1ераш тоха, билгалонаш е царна аьлла. Къонахий хинболчу нехан синоша, Делах бехк хетта, баккъаш дерзийча, дуьненахь ледара хинболчу боьршачу наха уггар а дикчу, куьцехьчу зударийн синошна билгалонаш йина хиллера. Цунах ду боху, - олуш дерзийра оцу стага шен къамел, - дикчу къонахчун зуда дукха хьолахь ледара а, куьцана г1ийла а хир ю аьлла».
Хьан ца кхоллаеллера цкъа а – х1етахь а, я х1инца а – хьайн са Делах бехк лаьцначу синошна юкъахь нисделла хир ду-кх бохуш йолу ойла.
Мичара!
Дала ларвойла-кх стагана ша къонах ву боху х1ума дагадарах! Ша мила ву шена а ца хууш ма хуьлу къонах кху дуьненчохь цкъацкъа, ша къонах ву моьттинарг х1умма а йоцург а хуьлуш.
Х1етте а цу къонахийн лар езар-кх, уьш лелла некъаш, цара дитинарг, я царах диснарг… Хьуо вацахь а, хила г1ертар яра-кх 1алашо, церан декхарца ваха, царна ца мегнарг ца мага, церан дустаршца нисвала.
Хийлазза оцу зудчо, Тамрис, хьайга ца бог1у мотт лебича, Эскин Шовхала аьлла бохург дагадог1ура хьуна, шен зудчо, Бахьарчин Хадишата: «Х1ей, хьо лаьтта, хьо деха дег1 дерг, схьаверзал цкъа, хьайн да хьакхица воллийла хьан, кху куьйгаша хьакха а деш, кхин ялта-м ца дуун делахь!» – шега аьлча.
Хадишат ч1ог1а дика зуда хиллера, куьйгана говза а, балхана екха а йолуш.
Ялта буса, беттан серлонехь хьокхуш хилла бохура цо маьрсаца, Шовхал кха т1е д1авуьгий, цигга охьа а вижавой, дийнахь хьакхча дакъаделлачу к1ен буьртигаш лаьтта охьаэга бохуш.
Бер ца хуьлуш йолчу Хадишатца кхин зуда ца ялош ваьхча, х1у хеда-кх шен аьлла, зуда ялон барт а бина, Хадишатах къайллах замой новкъабаьхна хиллера Шовхала цкъа. Юха, замой гена бовлале, оцу юьртарчу зударша: «Х1инца лела шена, х1ара «дика» зуда, буса марс хьоькхуш, т1е зуда-х йог1ий кхунна, Дала мукъалахь», - олуш хезнера Шовхална.
«Т1аккха ойла йира ша, - аьлла бохура Шовхала, - х1а-а, х1орш хьо ваха бац, Шовхал, хьо вахон г1ерташ, х1орш хьо вохон г1ерташ бу. Т1е зуда а ялийна, оцу зудчух шуна луург ца даккха, цу зудчун дог ца дохош, 1адда 1ер-кх ша», - аьлла.
Шовхала замой юхаберзийна хиллера х1етахь, генна т1аьхьа а вахна.
Юха иштта лела-а-аш, Хадишатан гергарчу нехан цхьана кхечаьрца яьллачу лер-аларна юккъе масла1атна нисвеллачу Шовхала вукхаьргахьа оьзна хиллера, Хадишатан нахехьа а ца узуш.
Шовхал ц1а кхачале и х1ума Хадишатах д1акхеттера.
Кхано, цхьа-ши де даьллачу хенахь, ц1а вог1уш, шен ц1енна уллорчу пхьоьханахь нахаца сецна лаьтта Шовхал хаавеллачу Хадишата: «Х1ей, хьо лаьтта, хьо деха дег1 дерг, схаверзал цкъа, хьайн да хьакхица воллийла хьан, кху куьйгаша хьакха а деш, кхин ялта-м ца дуун делахь!» – аьлла бохура, шен ши куьг д1а а оьхьна.
«Ай, зуда ма юй хьо, зуда! Хьоьца х1ун дуьйцур ду… Д1аяла цигара, чуг1уо, 1овдал!» – дайн дитинера т1аккха Шовхала, Хадишата аьлларг х1умма а доцчуха.
Юха шеца лаьттачу цхьамма : «Вай, и х1ун къамел ду, ва Шовхал, зудчо «да хьакхица валла» бохург, иза муха олуьйту къонахчо шега», - аьлла, шена цо кхоссар йича, Шовхала аьлла бохура: «Зудчуьнца яхь йина вац хьуна ша, хьенех, цкъа а, къонахчуьнций бен.
Зуда ма ю иза, багица берг бен кхин т1ом боцуш, шена цхьаъ халахетта дуьйцу хир дай цо-м», - аьлла.
Шовхала зудчун мах хадийнера цу дийнахь, зудчуьнца къонахчун яхь хила ца оьшу, зуда къонахашца ма юста аьлла.
Хила а ца оьшура зудчуьнца яхь, я цо багица бечу «т1амна» дуьхьал – цуьнца нисвелла – багица т1ом бан а. Зудчо тур-тапчий ма ца леладо, тай-махий бен.
Бага ма ю зудчун герз, багара мотт, ткъа хьан герз – кхин. Цуьнан герзаца хьо цкъа а лакхавер вац цул – хьуна иза ца девза. Зудчо лебечу маттана дуьхьал мотт лебеш, хьо цул тола г1ертахь, хьо цул б1озза эшна ву.
Цундела соцура хьо а, зуда лен йолаелча, цуьнан багар шат якъаяллалц вист ца хуьлуш, х1инций-х1инций бохуш, кийрара хьалаг1ерта дешнаш десачу къурдашца юха охьа чутоьттуш.
Чуьрко а аьлла бохур-кх, и къамкъарг ма еха ю хьан, х1ун до ахь цунах аьлла, шега хаьттича: «Кхин а еха хила елар-кх шен х1ара, ала ца деза дош меттан буьххье кхачале, къамкъарган яхалла ойла а йина, юккъехь сацон дарий ша», - аьлла.
Собар оьшур-кх массо меттехь а, собар доцчохь а – собар, валлалц айхьа схьакхехьнарг цхьана дашца ца дайа, х1аллак ца дан, нахала ца вала.
Цхьа стаг цхьана х1уманна д1аг1оьртича, берриг а мохк а болу-кх дуьхьал зама телхинчу хьелашкахь, хьо шайн х1азарна юккъера ца валийта, хьо къаьсташ ца хилийта шайл, шайна меггарг магийта хьуна а.
Къонах чекх а вер вар-кх массо а х1умнах, шен сих, шен дагах, шен ойланех кхеташ, ша лелориг х1ун ду хууш йолу х1усамнана Дала шена нисйича, шен 1индаг1ах 1индаг1 хилла и зуда д1аг1оьртича.
Зуда-м, вуон хилча, ца лелон а хала дацара, д1аяхийта а, ворхх1е а дех дуьйна схьа диллина а дара иштта – яхийта а, ялон а....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2008, 21:15   #36
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Делахь а кхин дара новкъа (массо а х1ума мегча а), хьан бен боьршачу стеган куьг кхетаза, хьуна доьзал а бина, хьан чоь а, хьан аре а евзаш йолу стаг цхьана кхечуьнга а яхна – ахь йитинчул т1аьхьа, - цунна иштта доьзал а беш, кхача а кечбеш, цуьнга а (хьоьга санна) хьо бен кхин къонах вац а бохуш, оцу зудчун яха езарх йолу ойла яра уггар а новкъа. Иза дагара ца долура цкъа а, бертал воьрзуш, аркъал вуьйлуш, ахь мел ойланаш херцарх.
Хьан сих са хьирчина, хьан г1енаш а, хьан узарш а девзаш йолчу зудчо цхьана кхечу боьршачу стагаца г1айба бекъа беза бохург массо халонел а хала дара, валлалц гехь и лелон езаш хилча, цкъа а лаьтта охьа ца х1оттаял хала.
Иза кхечунна йовзар а ма дара хьо нахала валар, я иза г1онйолчу стагаца хьо д1анисвалар, къонах хуьлда иза я лай хуьлда – иза цигахь башха а дац.
Дикчу дас шен дин – иза мел ледара хиллехь а – къанбелча бухкуш ма ца хуьлура, я когах телхича. Цо баллалц ма лелабора иза, иштта кхерзина хьаьжк1аш а яош, к1ежъяьккхина хи а милош, т1ехула дайн куьг а хьоькхуш. Ша халла чекхбаьхна, бацахь а бу моттийтина, нехан дикчу дайшна улло тийсина дин ма барра бевзийла хьанна лаьара! Хьан дин бевзича, хьо а ма вевза: «Маржа, эццехь эшориг хиллера-кх ас иза», - бохуьйтуш цхьаьнга.
Ша вовзар хьанна деза т1аккха!
«Хьоьга дакъа муха доьссира, ва Махьмуд, нахаца доцург хьоьгахь х1ун дара», - аьлла, шега хаьттича, Шайх Махьмуда аьлла бохура: «Мискалла сов хилар бен, кхин къаьсташ вацара ша цхьаннал а, наха деш долу пхи ламаз а, мархийн бутт-м кхобура ша а. Бакъду, шенчул хала зуда хила йиш яцара кху лаьттахь цхьана а боьршачу стеган.
Цхьана буса, иза йита сацам шен ч1аг1ьелча, Делаца нигат дира ша: «Х1ай Везахинволу Дела, х1ара зуда д1а а яхийтина, суо санна, цхьа кхин стаг кхуьнга дакъаза воккхуьйтучул, ойла Хьуна т1е а товжийна, болх хьан кара д1а а белла, д1а чекхйоккхур-кх ас х1ара, Хьо-х вуй дерриг а гуш!» Х1етахь, аьлча а цу бусса дакъа доьссира шега, Петарбухехь 1аш волчу паччахьна хьалхахь 1охкучу кехатийн чулацам боввзал», - аьлла.
Дала хьоьга дакъа доссадахь а, ца дахь а, хьуна Делера ял хилахь а, ца хилахь а – шоззе а вуочу зудчух вуон доьзал болуш хиллера-кх, цара йиъначу шуьре хьажжина. Вуочу зудчух баьлла доьзал гуттар а ненан г1олоцуш хуьлура, цу зудчо хьан мостаг1ий бора царах, де-дийне мел долу хьо царна гам а веш.
Кхано юха уьш кхиъча а, наний-доьзал цхьана аг1ор а долий, хийла да къарвора, «1алелай» аьлла, мохь тоьхна д1а ара ца ваьлча, кхин да х1ума а доцуш. Д1а араваьлча – нахала волура, чохь сецча – уьш берриг хуьлура, цаьрца берта вахнарг, я царна резаверг.
Дала а, наха а, я 1едало а сацор яцара и тайпа зуда кху дуьненчохь, ша охьабинчу шен доьзало санна. Цаьрга сацало, амма цара саца-м ца йо цкъа а.
Дала ларвойла-кх хьекъал доцчу зудчух, тешам боцчу зудчух санна, царна т1екхетта – ц1ийндех дуьххьал цхьа пхьу гучу зудчух а.
Оцу тайпанчу зударшца хьан дуьйлуш хилла девнаш (цхьа а бен йоцуш) батте а, шаре а доьрзура, кхин масла1ат ца хуьлуш. Ткъа зуда йолчу зудчуьнца юьйлуш хилла лер-аларш б1аьргех баьлла хин т1адам бакъабаллалц бен ца яхлора шайн, бохуш дийцинера-кх дика зударий бевзинчара.
Маржа я1, къонахчунна цкъа а т1аьхьа ца хиллера-кх зуда ялон, кхузткъа шо, б1е шо я ши б1е шо хьан хиларх. Х1ара дуьне мадду ваьлла лела везаш хиллера-кх къонах, шен амалехь йолу зуда лоьхуш, шега хьоьжуш йолу, я шена аьлла кхоьллина йолу кху дуьненчу цхьанхьа.
Дика зуда цхьана денна а ялон мегаш хиллера, цхьана сохьтана я цхьана маь1аргонна. Цкъа б1аьра хьажжал мукъна а.
Жималло 1ехош хиллера стаг, б1аьргаш хиллера бехке, синтем боцу б1аьргаш! Б1аьргех теша мегарг ца хиллера цкъа а, б1аьстенца серладевллачу б1аьргех-м муххале а. Царна, кеп бен, чулацам гуш ца хиллера, т1ехула юхург, чухула юхург йоцуш санна.
Ша волчу цхьа жима къонах буьйса яккха нисвелча, х1усамдас хаьттина бохура, ахь х1ун до, стенга воьду, х1ун лоьху аьлла.
Хьешо ша ирс лаха араваьлла ву аьллера.
Хьал-бахам буй хьан, хаьттинера х1усамдас, зуда йолуш-йоцуш муха ву хьо?
Т1ек1ел ворх1 шарахь йокъа х1оьттича, ворх1 шахьар кхаббал бахам бу шен, жоп деллера хьешо, зуда шен меха ерг кароза ву ша х1инца а.
Пхьор диъна а ваьлла шаьш 1аш, х1усамдас хьешана хорбаз йохае аьлла хиллера зудчуьнга.
Хорбаз а йохьуш, зуда гучуяьлча, иза д1а а яккхий, кхин я, жиманиг х1унда еъна ахь, аьлла т1ечевхинера х1усамда.
Зудчо кхин хорбаз еънера.
Иза вон ю, кхин харжа, ша хьайга лен а ца веш, бага тоьхнера х1усамдас юха а.
Кхозлаг1а, карахь хорбаз а йолуш, зуда чоьхьаяьлча: «Хьалххе ян езаш хиллера иза, д1аса а ца оьхуш, атий яла х1инца!», - х1усамда сецнера, ша юкъахваьккхинчу хьешан къамеле ла а дуг1уш.
Юха, 1уьйранна, хьаша д1аваха новкъа ваьлча, х1усамдас хаьттинера, вайшимма сийсара йиъна хорбаз дагайог1ий хьуна, хьаша, аьлла.
Хьешо йог1у шена аьлла хиллера.
Ша зуда масийттазза юхайохуьйтуш гирий хьуна, хорбаз кхиерг харжа бохуш, хаьттинера х1усамдас.
Гира шена аьллера хьешо юха а.
И хорбаз цхьаъ бен яцара хьуна тхойшиннан, селхана буса цхьана хьешо еъначу кхааннах шиъ д1а а йиъна, т1ахьайисна. Цкъа йохьуш, бух гойтуш еара цу зудчо иза. Шозлаг1а – бохь гойтуш. Кхозлаг1а – аг1онгахьа ерзийна.
Цкъа а шен дашна дуьхьал дош ца деара цо, ша харц воллушехь.
Ирс а дитий, жима къонах, хьал-бахам а ца лоьхуш, дика зуда лахахь хьайна, и дерриг а – ирс а, хьал а, бахам а – цуьнгахь ду хьуна, дикчу зудчуьнгахь, аьлла бохура т1аккха х1усамдас шен жимчу хьеше.
Хьаша циггара юхавирзинера, ирс х1ун ю а хиъна.
Цхьа мехкан дай, цхьа кура элий хиллера сакъера хевшина 1аш. Даарх-маларх шаьш буьзча, дог1машна парг1ато луш, кузашна т1етийсинчу г1айбешна т1ехула шаьш д1а аг1орбевлча, элаша вовшашка хаьттинера , хьуний-хьуний х1ун дезара, хьанна-мила хила лаьара вайна кху дуьненчохь аьлла.
Шен болчунна т1е кхи оццул бахам безара шена, аьллера цхьамма.
Кхаа мехкан эла хила лаьара шена – вукхо.
Кхозлаг1чо шена дуьненан да хила лаьара олуш, жоп деллера хаттарна.
Вукху шимма цунах бехк баьккхинера, шен метта кховда лаар Дала могуьйтур дуй те аьлла.
«Шу ца кхийти шех, - церан бехк т1е ца лаьцнера кхозлаг1чо, - шу а ца девзаш, шуна а ца вевзаш, юьрта йисттехь цхьа жима х1усам а йина, сарралц даьккхинарг сарахь пхьор даъал бен а ца хуьлуш, цхьана бертахьчу, шена муьт1ахьчу х1усамненаца вехаш хилла велара ша, т1аккха хир вар-кх шех дуьненан да», - аьлла.
Важа ши эла ойланашка вахнера, кхозлаг1ниг бакъвуйла а хиъна.
Ткъа хьанна ца лиънера, хьанна, кху дуьненан да хилла ваха, кху дуьненах шен нус ян, х1ара дуьне шена декхарла дерзо!
Мила ца хиллера хьал а, бахам а, ирс а цхьана зудчуьнгахь ган ца лууш, «хьенехан зуда» аьлла, цуьнан ц1е махкахь яржийта ца г1ерташ, хьоьга кхаьчна вуон – мехкан тезет хилийта, хьан дика – мехкан зовкх!
Да-нана доцуш буо кхиъна а, йиша-ваша доцуш цхьалха хилла а, дикчу зудчун ц1ийнда хила велар-кх, Мочакъа, хьох, иза доцург кхин х1ума ахь лехна а ца хилча кху дуьненчохь цкъа а!
Маржа я1-кх, маржа, тахана, къанвелча, маццахлера чов санна, ног етташ, 1аь1аш, геннара меттахъхьуьй-кх цкъа Ичас (шен дехарна дош ца делча) дина хилла жам1.
Цхьана хьенехдинчун зуда шен велла 1уьллучу ц1ийндена къинт1ера ца йолу-кх, хьенех, цуьнга дехаре волахь аьлла, ша вигча, Ичас дехна хиллера оцу зудчуьнга цкъа а, шозза а, кхузза а.
Зуда къинт1ера ца яьллера.
Циггара, кхин дин т1е ца хууш, масех юьртах чекх а ваьлла, х1ара схьавог1уш, накъосташа аьлла хиллера кхуьнга: «Д1авала деллахь, Ича, ма ч1ог1а халонга дели хьуна иза, зуда х1ун бе ю, к1инт1ера яьлча а, ца яьлча а, цхьа йовсар хилла хир яй иза-м, цхьа йовсар, зудчун сибатехь, - аьлла, - т1ехаахь динна, йитахь хьаштйоцу весаш а».
«Х1ан-х1а, - вистхиллера Ича, - иза къинт1ера ца яларх-м ма ца воьхнера со, цуьнан ц1ийнда хилла волу и 1аддал-Керим къонах ву олуш, шина-кхаанхьа тоьшалла динера ас, суна ма хетта къонах ца хилла-кх иза. Нагахь ша иштта дика къонах хиллехь, оццул вочу зудчуьнца къанлур хир ма вацара боьрша стаг, бохуш, цхьацца шеконаш кхийда-кх даге», - аьлла.
Дика зуда-м къонахчунна къанвелча ч1ог1ох оьшуш хиллера, къона волчул а. Къоналла-м ша д1алелара, ткъа къаналла, эх1! Къаналла дош ца хиллера.
Дош ца хиллера къаналла т1аьхьа йолу къоналла а, валар т1аьхьа долу вахар а.
Стигал бохь хьекхалуш хиларх а, къонахчо зудчух зуда йийр ю бохург а ца хиллера дош.
Оцу Дала ша ца нисдича, нислуш ца хиллера-кх цхьа а х1ума а, жий остабаларна бистаца, мехкан мах болу во1 кхиар а цхьаьна.
Иза хиллера терзан да.
Терза узург а – Иза.
Цу терзан бустамаш а – Цуьнгахь...
Соьлжа-Г1ала, 1991 шо
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2008, 23:08   #37
vesy
 
Вес репутации: 0
ва,Малика дукха яха хьо,ма болх бяш ю хьо кху чохь,аса деша долийна и дийцарш,кхи д1а-а деша хьожур ю со,Дела реза хулда хьуна
  Ответить с цитированием
Старый 18.02.2008, 22:44   #38
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от vesy Посмотреть сообщение
Ва, Малика дукха яха хьо, ма болх бяш ю хьо кху чохь, аса деша долийна и дийцарш, кхи д1а-а деша хьожур ю со, Дела реза хулда хьуна..
Терза, вайна массарна а хуьлийла Аллах1 реза!
Ты получишь истинное удовольствие,
если прочитаешь эти рассказы...
Суна-м к1орда ца до
иза дийцарш юх-юха деша...
Вайн яздархошна юккъехь Мусайга
кхочуш яздархо ван-м вац!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 21.02.2008, 22:56   #39
Хантоти
 
Вес репутации: 0
Эх1, хьо сирла х1усам! Ма гергара а ю-кх хьо сан дагна! Аллах1 реза хуьлда Мусайна а, иштта х1ара тема йиллинчу Додамна а!)
  Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 01:45   #40
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от Хантоти Посмотреть сообщение
Эх1, хьо сирла х1усам! Ма гергара а ю-кх хьо сан дагна! Аллах1 реза хуьлда Мусайна а, иштта х1ара тема йиллинчу Додамна а!)
Додам Хозяйка йолу х1усамаш сирла ца хила йиш яц, Хантоти
Дера ю-кх дукха сирла х1усаmма-м х1ара. Мусан дийцарш а ма ду хаза!
Йог1уш доьххьара сан х1усаме еънехь а, дукха дика а, сирла а х1усам х1ара юйла а хиъна хилла хьуна Хантоти. ))))
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня.
http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.