![]() |
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
![]() |
|
|
Опции темы |
|
|
#11 |
|
Вес репутации: 11 |
"Г1енийн к1айн буьйсанаш"
Воккха стаг къена вара, шена вуйла а хууш.
Нахана кхунначул а дикох хаьара: нах т1ехбуьйлура уллохула. Дахар ойланашка дирзинера, дагалецамашка, ехха юлучу суьйренийн г1айг1анашка, юха буьйсанна тийналле, т1аккха г1енийн вицваларе а, я дерриг а г1ан дара... Воккха стаг сарахь, малх буза лахбелча, юьрта йисте волура, кешнех б1аьрг кхеттаче. Охьахуура жимчу г1анта, гуьйригах дина долчу. Малх ларбора, мархаш, генахь го сийна стигал. Цунна уьш дийна долуш санна хетара, мотт хууш, мотт луьйш. Воккхачу стагана велха лаьара т1аккха, массаьрга а маршалла хата, 1одика ян, х1ора а шена къинт1ера ваккха. Воккхачу стеган б1аьргаш т1унлора. Воккха стаг г1ийла воьлхура, цхьа ша-шена воьлхура: шен валарна, 1ожаллина, коша чу вижа везарна а. Цхьана сарахь, иштта велха а воьлхуш (дуьхьлара кешнаш а гуш), шена хьалхахь 1аса 1уьттуш 1ачу цунна, шен 1асано баьккхинчу к1аг чохь чхьаьвриг гира, етталуш, ша 1аса шолг1а т1ехьочу барамехь. Кхуо 1аса сацийра, чхьаьвриг хьалаяллалц, аьлла. Чхьаьвриг хьала ца ялалора. Йисте кхаччалц хьалайог1ура, юха лаьттан цинцаш т1е а хаьрций, чуюжура. Х1ара вехха хьийжира цуьнга, цецвуьйлуш, цуьнан къар ца яларх тамаша беш, цхьана доккхачу г1уллакхе т1аьхьаюьсуш санна, цуьнан карзах хьийзаре. Чхьаьвриг т1аьххьар а букъ т1е охьаюьйжира, ког таса меттиг а боцуш. Т1ек1ел яла г1ерташ яьллира дуккха а, когаш лестош, гонаш дохуш. Юха сецира, садо1уш санна. Йолаелира юха а. Воккхачу стага декъа бецахелиг а даьккхина, иза чукховдийра цунна. Чхьаьвриго массо а когаца схьалецира бецахелиг... Т1аккха кхуо баца юкъа охьайиллира иза. Чхьаьвриг цхьана юкъана сецира, меттиг толлуш санна. Юха ц1еххьана д1ахьаьдира, когашна т1е лакх а луш, ма яххало сиха. Буьйсанан 1уьйкъахь (ламазаш а дина, до1анашца Далла хьеста а велла), д1авижинчул т1аьхьа, чхьаьвриг г1енах гира воккхачу стагана: «Дала диканца бекхам бойла хьуна, - бохуш санна шега, адамийн маттахь йистхилла, кхуна кхетаболчу маттахь, - ша кхера ма еллера, ахь ша бахьна долуш даьккхина бецахелиг т1еданиг а хилла, шех къа хьарчарна», - бохуш. Воккха стаг цу г1енах сама ца велира: 1уьйранна карладелира кхунна иза, цхьа цецвоккхуш, 1адош. Кхуо и г1ан цхьаьнга а ца дийцира. Х1ара ца ваьхьира иза дийца. Х1ара наха шена цхьаъ аларна кхеравелира, ша иза дийцича. Юха а гира кхунна г1ан, г1уна баьккхича санна, цхьана боккхачу к1ога гонах орца дохуш хьийза цхьа жима олхазар. И керт шена евзаш санна а хетара г1енахь, юха дага а ца йог1ура. Уллора дитт хааделира, б1аран дитт, цхьа га декъа а долуш. И г1ан а дайра самаваьлча, олхазар доцург, кхин дага х1ума а ца дог1уш. Юха кхано, сарахь, ша гуттар 1аш хиллачу юьрта йисте (юрт жима яра, б1е герга бен ц1а доцуш) охьахаа д1авоьдучу кхунна, сенделлачу б1аран декъ га гира, г1ан оцу сохьта карла а долуш. Юха керта чухьаьвзича - Себилин керт яра иза, жоьрахь 1ачу йоккхачу стеган, - можа латта гира, х1инцца, кху деношкахь ор даьккхина. Себиле хьал-де, маршалла хоттуш, вист а хилла, вол-волуш ор долчухьа д1адаьлча, цхьа «хур-хур» хезира кхунна. - Х1ара ор цхьана х1уманна-м даккхийтина ахь, Себила. Х1ун дан йолу хьо? - хаьттира кхуо, шеца Себила д1айоьхуш, ура йисте д1а а хуьлуш. Картолашна даккхийтина ша, элира Себилас: «Ванах, зу яц иза!» - аьлла, шен голаш т1е охьа ши куьг а тоьхна. Зуьно ор ч1ог1а аьхкинера, пеношца д1а 1уьргаш дохуш, некъаш а дехкина, дуккха а латта а доккхуш. Кхуо берашка хьалаяккхийтира иза, чу лами а баккхийтина. Юха шеца д1аяьхьира, берийн кара ца яхийта. Буса хийцира д1а, 1арж а ялийтина. _________________ Кхуо дуккха а буьйсанаш ларйира цул т1аьхьа г1енах, цхьаъ-м гаре сатуьйсуш, юха ша-шех кхера а луш: шена дагадеъначу я дагадан гергахь хиллачу суьртах. Х1ара вехха вилхира до1анашца, Деле шех къинхетам бар доьхуш, шена тарделлачу х1умнах. Т1аккха гира кхунна шен да (кхунна маца гира дага ца дог1у), багахь зуькар а деш, цхьана жимчу маьждигчуьра кузаш дегош воллуш. Х1ара цунна д1а т1ехьаьдира: «Де дика дойла хьан, дада! Х1ун хьал ду хьоьгахь? Муха ду цигахь?» - олуш. Х1ара д1а т1е ца вахавелира. Цхьана х1умно-м сацийра, цхьа гуш йоцчу дуьхьалоно. «Дуьненчохь ма дарра ду-кх, Ибрах1им, цигахь ахь динарг ду, - элира дас. - Хьан 1амалх г1о хуьлу суна, мел нийса бала 1амахь, хаттахь нахе», - аьлла. Иза кхин вист а ца хуьлуш, багахь бечу узамца д1а чу вахара маьждиг чу, карахь куз а болуш. Х1ара латта висира. Юха маьждиг серладолуш гира кхунна, цхьа нуьрах долуш санна, гонах сийна-можа-баьццара буц а йолуш. Кхунна шен ши к1ант дагавеара, дега хата эхь а хетта, ша ца хоттуш витина волу. Г1ан хийцаделира, к1айн жа а, боккха сийна лам а гуш. Т1аккха хи гира, цхьа сирла, хьаьъна, ч1ожа чухула охьадог1уш, шина берда т1е д1аса кхочуш, деха-горга дукъо а диллина. Ша цу т1ехула дехьавала везийла а хиира кхунна, дуьхьлара шен ц1а гича. Ц1а ша лаьттара, х1инцца хьаьхча санна, кир а тохаза, уллохь кхин х1усам а йоцуш. Бен беш ши ч1ег1ардиг а доллура. «Иза х1ун ду те, - хийтира кхунна, - ц1а кир тоьхна ма дара со чуьра араволуш!» - аьлла. Юха хих дехьавала, дукъона т1е ког баьккхича, дукъ керчира, х1ара ч1ог1а кхера а луш. «Салават дилла!» - хезира, х1ара ша волччохь лацаволуьйтуш, инзарвоккхуш, х1ара оцу сохьта самаоьккхуьйтуш. Юха кхин д1а а ца вижира - ца ваьхьира вижа, - 1уьйранна кешнашка вахар бен, шен ден коша т1е х1отта, до1а дан, Далла хьаставала. Х1етта гира кхунна зу, кешнийн кертал чоьхьаволлушехь (и ю-яц-м ца хаьара, ша ор чуьра хьалаяьккхинарг), цхьа техка а техкаш, сеца а соьцуш, наггахь юхаерзарца гуо а бохуш, кешнийн баьрзнашна юккъехула д1айоьдуш. Х1ара зу ларъеш лаьттира, ша беъна некъ а бицбелла, дуьне цхьана маь1аргонна охьа а хаьдда, шен чуьра са д1адахча санна.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#12 |
|
Вес репутации: 11 |
.....Юха а буьйса йолуш санна хилира г1енах я г1енахь де долуш санна,
кхунна зу гуш, шен к1орнешца. - Кхера-м ца велира хьо кешнашкахь? - хаьттира кхуьнга зуьно. - Ца велира, - элира кхуо, охьахууш санна а хеташ я г1а лехна (г1ора дайна), охьахууш. Буц яра, цхьа кегий гунаш; юрт а, аре а ца хаалора, садаьхьначу б1аьрсина саца. - Хьо вог1уш а гина, дуьхьал яьллера со, хьан лаьхьанах б1аьрг ца кхетийта... - Лаьхьий хуьлу кешнашкахь? - кхуьнан дег1ах хорша летира. - Хуьла, цхьаццанан кона чу бог1ий... Т1аьххьара аш д1авоьллинарг 1еса стаг хилла ч1ог1а, цкъа Далла хастам банза, доккхачу даржехь, мискачу нехан хьакъ диъна... - Делан лаамца бен бан йиш юй иза коша чу? - хаьттира воккхачу стага. - Яц. Делан лаам боцуш цхьа а х1ума а хила йиш яц. - Делан лаам ца хилча, суна а гур ма бац иза, - элира кхуо. - Дала ларвина-кх хьо, - элира зуьно, - сох бахьна а деш. Йовмал-къематде даллац иштта цуьнан коша чохь хила безаш бу-кх и лаьхьа, цуьнан дег1ах бекхаш. - Я Аллах1! - элира кхуо, дерриг дег1 тоха а луш. - Я Аллах1! - Цу коша юххехула ма вийлалахь, - элира зуьно, - оцу докъе оьхуш болу мохь хьайна хезча, кхетам соцур бар-кх хьан, дог а лелаш. - Суна а, массо а са долчу х1уманна а хеза, бацана а, кулана а цхьаьна, адам доцчунна. - Массо а х1ума иштта са долуш ду? - хаьттира кхуо юха. - Далла 1амал еш ду-кх массо а х1ума, х1орда чуьра ч1ара а, хи бухара т1улг а т1ехь. - Сийсара... цхьа г1ан-набар... - долийра воккхачу стага. - Сийсара хир дац хьуна иза... кхузахь сийсарий, тховсий дац. Хьуна гина ч1ег1ардигаш, ахь бер долуш, божлин не1 д1а а къевлина, схьалаца г1ерташ, са а кхачийна, дийна ши ч1ег1ардиг дара, - туьдира зуьно. - Хьоьга царах жоп а доьхур ду. Кир тоьхначу ц1а чохь садалар хала хуьлу: дагийна латта ду иза, цуьнга мохь оьху, бекхам боьхуш. Хьайн валар атта делахь, бохург дара иза Адаман бере. «Салават дилла», - аьлла, хьуна бина болу хьехам, Сиррат-т1ай Мухьаммад-пайхамарна (с.1.в.с.) дохкучу салаваташа бен дацдийр дац я сацор а дац, бохург дара. Да реза вина к1ант а хилла хьо; жимма хьайн 1амал нисъе, наггахь хьуо кху валарх денлахь я самавалахь, х1ара цхьаьнга а д1а а ма дийца: наха хьекъалх телхина лорур ву хьо, церан лерам хир бац хьоьца, т1аккха доьзал а дакъаза баларна кхерам бу, хьан терго к1езиг а йина... Д1ога накъост вог1у хьуна! Кхунна шерачу арахула - цхьа баьццара-сийна-можачу - геннара шайна т1едог1у адам гира. - Иза мила ву? - х1ара дахьаьжча, зу яцара я хилла меттиг а. Дерриг а хийцаделлера кхечу басца, аре бен, гуш х1умма а доцуш. Аре йоккха яра, дуьне санна, йоккха - Ассаламу 1алайкум! - хезира. Х1ара цкъа сацавелира, кхера а луш, юха: - Ва1алайкум салам, Делера къинхетам... - мотт ша-шах тасабелира, Хасолта вевзича, шен хилла волу лулахо. - Ибрах1им... - Хасолта, хьо вац иза! - элира кхуо. - Делан пурбанца, Ибрах1им... - Хасолта! Хасолта! - кхуьнга шозза мохь белира, дуьненахь шен хиллачу беркъачу духарца, ехха оба а йолуш, к1айчу г1овталца, тишо маьхьсеш а къаьсташ, шена маара кхета мор г1аттийна лаьттачу Хасолтин нуьре юьхь а, йоцца к1айн, даточу басахь маж а гина. Х1ара вилхира Хасолтин марахь, цхьа хаза архь а етталуш цунах схьа. - Дуьненахь ма хиллара, Дала эхартехь а ши лулахо вина-кх вайша, Ибрах1им, сан кхаъ бу-кх хьоьга! - хезира воккхачу стагана шен лерехь, - садалар муха хилира, хало-м ца хьийги ахь? - олуш. - Садалар? - хаьттира кхуо, - суна-м ца хаьа, т1екхаьчча... - Вайна цхьа к1еззиг х1ума хетта х1ума доккха совг1ат хуьлуш хиллера кхузахь, Ибрах1им; вай къа ца лийринарш - даккхий къинош а долуш... Дохийначуьра ц1а дирзича, Идрисера говран архаш ехна хилла-кх аса, т1аккха говро уьш хада а йина, д1аяла тамехь а ца хетта, кхин оьцур-кх, бохуш, 1ашшехь... юха кхузахь Идрисна д1атекхи ас уьш: декхарна гечдеш ца хиллера, хьайн йолах саг1а деш, хьо к1елхьара валлалц. Дуьне Дала цхьатерра делла ма хиллера, Ибрах1им, малх т1ехьоьжучу лаьтта т1ехь мел долчу х1уманна: адам а, чуьрк а - бен а доцуш. Ц1ена нигаташ, дика ойланаш, деган къинхетам безох хилла, Ибрах1им (уьш цхьа а дан а доцуш), ахь голаш яаяллалц еш хиллачу 1амалал... нах а бог1у вайшинна, хьоьга маршалла хата... Гой хьуна Овтарха а, Дада а, Гилани а... ма дика синош ду, цхьа мерза лулахой! Нах-м дика хилла хьуна, Ибрах1им. Дуккха а дика нах хилла кхузахь, вайна цигахь, дуьненахь, ма хеттара а боцуш... Х1ах1, схьаверза, д1ахеца со. Со д1а а хеций, дуьхьал ваьл царна: уьш а ма бу хьан доттаг1ий, хьо везначу Далла безна, хьох санна, Цо къинхетам бина... _________________ - Кхузахь бел а ма ца лета, кху орамех! Дага а муха деъна алахь цу гужамна, сан каш х1уьнехдинчохь даккха ала, наха санна, могг1арехь охьа а ца доккхуьйтуш. Х1ах1, юха а - орам! - Цхьадика, к1орга даккха-м ца дезара цунна х1ара. - Иза цхьа цуьрриг бен ма вацара, вацарий? - Вацара дера-кх! Ца гинера хьуна иза, эцца гуьйриг т1ехь хиъна 1аш? Циггахь вала а ма велла селхана, шен оцу гуьйриг т1ехь, кешнашка д1а а хьоьжуш... Иштта 1аш ву-м, валлах1, бохура, шен 1асанна т1е а тевжина, шек д1а а воцуш. _________________ - ...Массарна а къинт1ера вели ша а боху кхуо, шена иштта къинт1ера довлар а доьху массаьрга а... - Каш даккха нах бахний те! Асхьаб, сацаделахь цкъа весет. - Бахна, бахна. - Х1ан! Мегар, мегар. Д1адеша ахь, Асхьаб, бехк ма биллалахь... - ...Юха иштта шех декхар доллучу нахе д1адехар а, хаийтар а доьху. Шен докъан ламазехь б1е стаг хилахьара а боху кхуо, кхаа мог1арехь х1иттина. Кешнашка бог1у нах ца къехкор а ду кха т1ехь, жимий-воккхий, ламаз-мархий а ца дуьйцуш, «Лаилах1 Иллалах1» алалуш и стаг мел ву. Юха-а... каш... кешнаш... Ванах, х1ара х1ун ду? Цхьа Хасолта а вуьйцу кху т1ехь... Ис... Ис... Истамулла... Со ца кхета, Мажайд, хьо схьахилахь. Х1ара 1аьрбийн йоза... Х1ара х1етахь яздина а ма дац я х1инца а ма ца яздина... - Истамуллин к1ант Хасолта ву-кх, Асхьаб, ас дешча а, ахь дешча а. Кхин х1ун ду цу т1ехь, д1адешахь! - Цхьа каш-м дуьйцу кхуо... бакъду, х1ара йоза... суна гина йоза-м дац х1ара я кху Нохчийчохь кху тайпа йоза долуш молла а, 1елам а ма ца вевза суна... Схьахилахь, Мажайд! 1абдул-Къах1ир а вуй цигахь? _________________ Каш даккха бахнарш, т1аьхьа стаг а вахийтина, совцийра, кхузткъа шо хьалха велла волчу Хасолтин чурт девзаш болу нах карабаллалц. И тайпа нах карийра юха. Каш кхечухьа а даьккхира. Нах цецбаьхнарг цу весет т1ера цхьа мог1а бара, цу йозанца, цу хенахь язбина боцу, амма хилча санна, язбича санна, шен меттехь, могг1арехь - кхечу шекъанца - цхьанна а цкъа а ца гинчу басахь къаьсташ болу: «Истамуллин Хасолтин коша юххе каш а доккхуш, д1аволла х1ара кхелхича», - аьлла, язбина болу... _________________ P.S. Тезет д1айирзина масех бутт баьлча, Асхьаб бохург (весет дешна хилла волу) ц1еххьана цхьана х1умна-м кхиа воьлча санна, хьаьвззина цу керта юхавог1у, весетах кхин цкъа а б1аьрг тоха. Весет ша хилларг хуьлу, шовзткъа шо хьалха яздина ма хиллара, оццу макхделлачу кехат т1ехь, халла дешалучу йозанца. Цу т1ехь кхин цхьа йоза а ца къаьста, я кхин шекъа дац, я цхьаьннан а ц1е а ца го, я каш а ца хьехадо. Асхьаб цхьана х1умнах а ца кхуьу: иза ца кхета х1ара х1ун ду я ша мича кхоьлахь ву а... _________________ Ткъа воккха стаг! Воккха стаг-м иштта 1аш хуьлура цул т1аьхьа а, юьрта йисттерчу гуьйриг т1ехь, верриг а к1айн, сирла къаьсташ, г1енашца буьйса денъеш санна. Наха-м цуьнан г1аларт ду, олура иза, воккха стаг ша-м велла, олий. Велла хила а мегара я иштта д1а вицвелла 1аш, цкъа чуьра араваьллачохь, юха чу ван а ца хиъна....... 2002 шо, 26 август
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#13 |
|
Вес репутации: 11 |
"Дуьххьарлера т1аьххьара некъ..."
Дикка хьеелла гуьйре яра. Шийла а къаьстара.
Де жимма дохлора делкъал т1аьхьа, юха сарахь, малх д1абайча, цхьа т1уналла 1аь1ара х1аваъца. Т1уналла дег1ах чекхъюьйлуш а хетара. Иза х1инца а чекхдаланза, ши г1ат долчу ц1ийнан лакха т1ехь, сени чохь 1уьллура, корта къилбехьа хир болуш, маьнга пурх а берзабайтина. Цунна иштта д1ахьаьжча арц гора, цхьа сийна-1аьржа хетачу басца. Ц1енойн тхевнаш а къаьстара. Г1а доьжна дитташ а дара. Дитташ 1аьржа дара, дерзинчу генашца. Цара юха сингаттам а кхуллура. Дерриг а цхьа ц1ена хетара, дуьххьара гуш санна, я дерриг а керла; керла х1умма а дацара. Ша хилла юрт яра, иштта лекха арц а гуш, дог1анаш а оьхуш, т1аккха хатт а лаьтташ. Кхунна бевзаш хилла цхьаццаболу нах беллера, вуьш баха д1асаихнера, т1екхиъначарна х1ара мила ву а ца хаьара. Х1ара кхузахь хийра вара х1инца, я цхьанна а ца оьшуш. Кхуьнга кхузахь ца хьежнера. Х1ара ткъе цхьаъ шо долуш д1авахнера, б1аьста, балха воьду аьлла. Юха х1инца, шовзткъалг1а шо дузуш, вала ц1а а вирзинера, массарна а вицвелча. Кхуьнца метишка а еънера, х1ара валош. Юха, кхо де даьлча, д1а ц1а яхара, Гурьеве, ша кхуо ца йитча: «Дала 1алашвойла хьо... Дика вара-кх хьо ч1ог1а», - кхунна елха а йилхина. Метишкана т1ехула йоккха г1овг1а г1еттира. Нана ца 1ара, мохь хьоькхуш: «Ма яийта сан керта кериста, .... д1адаккха», - бохуш. Иза х1ара д1аволла еънера, валлалц лелон. Кхунна йиснарг йоккха хан яцара, к1ира я дикка хилча - ши к1ира. Кхуо масийтта шарахь лечкъийнера иза, зуда яц шен бохуш. Т1аккха х1инца, к1елвисча, дег1 лаамера даларна шен хьашташна гучуяьккхинера, кхин оьшуш а йоццушехь, цхьана кхечун кара ца ваха. Да волура х1ара волчу хьала, кхунна оьшучуьнга хьажа. Охьахуура юххе. Вист а ца хуьлуш соцура, наггахь кхунна б1аьра а хьожуш. Дена уггар а хала дара, цуьнан дерриг а дайнера: кхерч а, ц1е а, дуьненчохь т1аьхьаюьсу з1е. «Кестта вала, Юсуп, хьо», - лохха хезаш вистхуьлура, цхьана кхечуьнга санна, юрг1анна к1елхула настарх куьг а 1уттуш. Буйнахь ч1огг1а къовлура, т1аккха иштта, кхин д1а ца хоьцуш, когийн п1елгашна т1ехула чекхдоккхура куьг. Х1ара вист а ца хуьлура. Кхунна хаьара чекхдаьллийла. Дена а хаьара, кхин х1умма а доций. - Вала веъна суна, метишкана ваца а ваьцна, - бухахь цхьаьнга луьйчу ненан аз хезара, - х1ума т1аьхьа а долуш ца валийна хьуна, дера ца валийна, я кепек ахча дохьуш а... Иди, ... аьлла, схьакхоьссина-кх! Метишка 1овдал ма яц. Кхунна хаьара иза бакъ доцийла. Иза-м цунна а хаьара - нанна. Кхуо ц1а кхехьийтинчу ахчанах вуьрх1ийтта б1е туьма дара почтехь - дас элира кхуьнга. Юха х1инца, вала вог1уш, кхин барх1 а деънера кхуо. ________________ Гуттар хьалха, жима волуш, кхуо дега цкъа хаьттира (х1ора денна и шиъ вовшах леташ шена к1орда а дина), и бала а ца хьоьгуш, хьалххехь д1аяхийта ца мегара ахь иза, ва дада, аьлла. «Ца мегара, - элира цо, - стенга г1ур ю иза, д1аяхча?» Юха цул т1аьхьа, кертана серий даха хьуьнах вахча - дас гуттар а серех йора керт, лекха а, лоха а цхьа буцуш берд а хьош, - дас кхунна шен нана йийцира, ненаваша Исмаь1ал а. Д1адохийча, Казахстанехь, цхьаьна нисбелла хиллера уьш, ши бер а долуш, йоккха стаггий, кхуьнан да волу Баймарзий, шен нахаца. Цара гуттар а цхьаьна екънера мацаллин хало, хьан-сан аьлла х1ума доцуш, шегахь йолчо ах д1а а луш. Юха шина беран нана кхелхича (да церан ц1ахь доллушехь кхечухьа 1аш хиллера, шен зудчуьнца тар а ца велла), и ши бер х1окхаьрца дисира. Исмаь1ал - кхуьнан ненаваша - дикка т1ахъаьлла жима стаг вара, наха дика мага а веш. Цхьана хеннара вара х1ара шиъ. Юха 1едало, жимма онда ваьлча, к1ора боккхучу хьажийра, Джамбулерчу шахте. Исмаь1алан ког баьккхира, настаран канн болччухула. Кхуьнан карахь велира иза, ц1ий дерриг д1а а ихна. Ша валале дийхира кхуьнга, Баймарзе, йиша кхуо шен дола яккхар, иза хенаца чекхъяккха кхуьнгара дош а доккхуш. «И дош ду-кх, к1ант, хьан ненаца ас т1екхориг, - элира дас, дийцина ваьлча. - Дуьненчохь хьуо дукха вахарх, нах боцу зуда ма ялаелахь. Боьрша стаг воцуш, зударшца кхиъна йо1 а йита - цунах а зуда хир яц хьуна, - кхуьнга доцуш санна т1етуьйхира. - Зама лолда хьуна дерриг а ган», - элира юха, чекхволуш. Кхуо иза а, я важа а - дас бийцинарш ца балийра. Кхуо метишка ялийнера, аьлча а цхьана немцочун йо1... _________________ ...Х1ара 1уьллу х1инца барх1 де дара, т1аьхь-т1аьхьа г1ел а луш. Дийнахь шозза маха тухура. Мехий кхуо схьадеънера, цхьана баттана тоъал. Кхин оьшург а хир дацара. Маха тоьхча ойла тхьевсара, цхьа лазам а боцуш. Юха кхано, меттавог1уш, ч1ог1а хала а хетара, ша дийна а каравой. Дийна карор та1зар дара. Шен бералла лохура кхуо, г1овг1анашка ла а доьг1уш - урамехь г1ар-тата дара, цхьацца идочу берийн. Кхунна дуьххьала ша цхьаъ гуора, жималла дага мосазза лоцу. Кхуьнан жималла ян а яцара. Кхуо цкъа а цхьаьнгга а ца йийцинера шен бералла, я х1инца бухахь, кхаъ боькъуш санна, т1екхаьч-кхаьчначуьнга ша вуьйцуш хьийза шен нана ю бохург а. Иза кхуьнца дара. Даима а кхуьнца... «Дада, иза хьер ма яьлла», - вилхира х1ара цкъа, нанас дечиг тоьхна, шен кагбина корта д1а а гойтуш. «Мухха елахь а, хьан нана ю-кх иза, кхин диканиг хила йиш яц. Хьада, д1авада, ловза г1уо, со вист хир ву цуьнга». Х1ара д1алечкъира, д1а а ца воьдуш. Нанас мохь хьоькхура, дена нийсса дуьхьал а леташ. «Ва-а, орца дала, со юьйш ю!» - ц1ог1а хезира цхьа хан яьлча. Юха «т1ап» аьлла д1атийра тата. Дада цхьанхьа д1авахара. Нана х1умма а ца хилча санна, кет1а нуй хьакха х1оьттира. Цо б1аьргашца цхьаъ лоьхура, лерг диллина ла а дуг1уш. Х1ара гучувала ца ваьхьира... ________________ Кхоалг1ачу классе воьдуш, нанас боьзан хеча тийгира кхунна, кхаанхьа пха а тосуш. Ши ког берзина бара. «Яц хьоьга йохаяйта яйн мачаш, ши этаг оьцур ю кхано, дог1анаш дуьйладелча», - цо тергал а ца дира. Ша пха тесна хеча а юьйхина, ишколе г1ур вац элира кхуо - шена эхь хета, доьхка долу хеча еза шена аьлла. Цо кхунна йиттира цу дийнахь. Иза стаг санна летара, буй а, мийра а тухуш. Иза летарх к1ад а ца лора. «Д1а а вигна, сан ваша а вийна - Дала доькхийла хьуна, - юха сан мар а хилла... Дика-м ву доттаг1! Сан нанна девзара шу, цунна массо а вевзара. Цо дуьйцура шу муьлаш ду, морза бен, даа х1ума доцу... Сан да а ма вара шух, шу санна цхьа векъа эла. Валар муха хилир цундела! Дала ийцир сан ненан ч1ир... Хьо а лоцур ву жоьпе», - нана даима а луьйра сарахь, пеша гонах хьийзаш. Иза буса а луьйра, йижинчул т1аьхьа а. Цуьнан г1енаш а бара сардам. Да цуьнга кхин вист а ца хуьлура, иза гуттар а гена ца яьлча. Кертал чоьхьа мукъа йитнера, шена луъург дийца. Арахь дийца ца х1уттура. Дада ц1ераваьлча майрайолура. Юха, дада гича, чуйолура, х1ара кхерош, ши буй вовшашна т1етт1а а бетташ. _________________ Х1орш кхо бер дара, ши йиший, х1арий. Йиша цхьаъ йоккхах яра. Иза шега йола аьлла, дуьххьара вистхиллачуьнга д1аяхара, ирахь 1ен яхханчуьра, кхин чу а ца йог1уш. Иза к1елхьара елира. Цуьнан ялхийтта шо а дацара. Х1ара вилхира цу сарахь, ша цхьа висний а хиъна. Нанас кхунах дог 1абийра, деса гали санна, шена ма луъу д1аса а ветташ. Кхуьнан ненан дагаро хадийча санна, нийсса лоха хьаж дара. Б1аьрнег1арш цхьа чуьра ц1ен къаьстара, даим а т1уьна хета ши б1аьрг а бара ц1ен. Буткъа беха маара чекхболлучохь, иштта дуткъа ши балда гуттар а т1ета1ийна хуьлура, иза цхьаьннан б1аьра йог1аелча. Ч1ениг, боьршачу стеган санна, еак1ов а йолуш, шуьйра къаьстара. Тоьлла яра дег1ана, пхьаьрсашкахь онда ницкъ а болуш. Чувеъна стаг вохавора цо, б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттабой. Сарахь, чохь нисделча, иштта кхеран б1аьра а хьоьжура, х1оранна а, рог1-рог1ана. Х1ара кхоьрура цуьнан хьажарх, цхьанаметта лаьттачу ц1ечу б1аьрнег1арех. Х1ара шена иза гуш ца хилча а кхоьрура цунах, цхьа яь1на йогуш санна а хеташ - кхунна хаьара иза хьоьжуш юйла, схьавирзича - хьажар лаца. Х1ара цунах шех ца кхоьрура, цуьнца долчух кхоьрура, гуш доцчух, цуьнца шеца, дагца, ойланца дехачух. Ж1аьла а, цициг а, етт а, уьстаг1 а, стен а, боьрша а - цуьнан б1аьрго схьалоцу х1ума къа ца доьхуш ца дуьсура, белларш а бара цу юккъехь, ц1еххьана цунна дагабаьхкича. Йоккхахйолу йиша цкъа гучуяла еънера, маре яхна ах шо кхочуш. Цуьнца шен марйиша а яра. Кевна чоьхьайолучу шен йо1ах б1аьрг кхетча, раг1у к1елахь, хьаьжк1аш тилош 1ен кхуьнан нана, меже хьалха-т1аьхьа г1аттар а доцуш, цхьа тоьпо кхоьссича санна, д1аайаелира, хьалха ц1ог1а а тухуш. Йиша сацаелира, шен марйишина хьалхахь ненах яда а ца х1уттуш. Х1ара 1адийча санна лаьттара. Нана т1екхача цхьа-ши г1улч йисча, кхуьнга мохь белира, яда, к1елхьаръяла, кара ма г1олахь цунна олуш. И шиъ кевнал аратилира, наний-йо1 - цхьабосса. Ц1ог1а хезара, сардамаш, лулахойн орца. Кхуьнан йишица еъна йо1, ши буй а бина, йоьлхура, ша лаьттачохь эга а еш. Цхьа иттех минот яьлча, нана гучуиккхира, карахь г1аж а йолуш. Цунна йо1 ца карийра. Йо1 т1ап аьлла яйнера, цхьаннан а б1аьрг ца кхеташ. Кхунна кхин цкъа а ца гира йиша шайга еъна. Иза кхин яцара. Х1ара цига, йиша йолчу, ша армера ц1а веъча вахара. Церан наха цхьа т1екаре ца йира кхуьнца. Уьш «х1инций-х1инций» бохуш санна, цхьана кхерамца хьуьйсура. Уьш кхунах кхоьрура. Йиша йилхира, ша г1ийла ю кхузахь, элира цо, сих-сиха вог1уш хилахь, шен ваша вуйла хаийта лаьара шена аьлла. Цу кертара вадалахь, хьайна зуда а ялаяй, г1ала охьа г1о, цигахь болх а хир бу хьуна. Вукху йишин терго елахь, ненан кара ца йохуьйтуш, цо ша санна тилор ю хьуна иза, жайнаш, молланаш, къахьдарш-марздарш юкъа а даьхна. Цунна ца вевзаш цхьа молла а, я пхьар а вац. Цо ца лелош х1умма а дац хьуна дуьненчохь. Уьш иштта хилла а бу боху вайнах ц1ера бахале а, цу ламанца мел йолу йо1-зуда вайн ненанана йолчу нах вовшийн къахьбеш, марзбеш, нах вовшах боху х1умнаш лелон а оьхуш. Вайн ненахойх болу зударий вон буьйцу кхухазь: «Дала лардойла цу жинех», - олий бен, цхьаьннан а ц1е ца йоккхуш. Вайшиннан нана х1инца ша а йисна, коьртана дика йоцуш ю хьуна, шеца и болх д1акхехьа уллохь йиша а, нана а йоцуш. Я дена х1умма а дан а ца дела, дуьненан аьтто бохор бен. Цунах а хир ю иза ларт1ера яьлла. Х1окхарна бевзаш хилла уьш. Соьгахь ч1ог1а бала бу, Юсуп. Кхеран зударша хьийзайо со, сайн бер човхо а, цуьнга вуон ма лела ала а бакъо а йоцуш. Суна кхузахь хала ду хьуна... Сайн ц1а ян меттиг хилча... Соьга лебен мотт хьайна хиъча: «Хьан нанас, ненананас», - бохуш, цара мел лелийнарг т1ехдетташ... ________________ Кхуо х1етахь, йишас дийцинчул т1аьхьа бен тидам а ца бира шен нана сих-сиха ц1ера йовш хиларан, цхьа тебна-а ара а йолий, дада тезета д1асавахча. Тайп-тайпанчу олхазарийн дакъийна когаш, адамийн м1араш, юккъехула кегдина мехий, кевсиг санна хебна пхьагалан т1ехьара ког а - кхин дукха а х1умнаш юкъахь а йолуш, цхьа йовлакх хуьлура, шад а бина. Схьабаьстича, масех тайниг яра бехчалгех йина, зударийн дех чоьш а хаалора, масех бос а болуш. Х1ора а ялтин буьртиг а бара, дукха а шеддаш дина 1аьржа тай а. Жимчу шина шишан чохь (цхьанна чохь - ц1ен, вукхунна чохь - к1айн) хи дара. Цу юккъехь дукха х1умнаш яра, кхунна ц1ераш ца хууш йолу. Шен коьрта чуьра хье, туьтанах чекх а баьлла, сийна даш санна лелина, массо а меттехула охьа1ена моьттира кхунна, дукха кхеравелла. Дог детталора. Мел болу пал, жайнаш а цхьаьна, схьа ара а баьккхина, уьйт1ахь газетех йоккха ц1е а латийна, багош 1ара х1ара, нана, мох санна, кхат1ера схьахьаьдча - цунна хьожа кхеттера. Цуьнан юьхьан чкъор детталора, балдаш цхьа лекха а, лоха а ша-шах ийза а луш. Х1ара хьалаг1еттира, цуьнга х1ума д1а ца эцийта. Иза кхунна дуьхьал сецира. Чуьра ц1ен б1аьрнег1арш сихха детталора, ши б1аьрг нийсса кхуьнан юьхь т1ехь а болуш, йист ца хуьлура. Т1аккха овкъаршка охьахьаьжира. Б1аьрнег1арш севцира жимма. Лата ца яьхьира я ца х1оьттира, тулур йоцийла хууш. Т1аккха меллаша, бухара хьала б1аьра а хьаьжна, «Дег1ан бустам коша г1ойла хьан, лелочух беркат а хилла, долийнарг чекх а доккхуш, ваха кхерч а нисбелла, х1ара дуьне ца дуун делахь», - иштта сихха д1аяхара, букъ нисбан а г1уртуш. Х1ора меже ша-ша яра, шен дагца, амалца, шена хуучу та1зарца а. Болар а дара нуьцкъала, латта хьоьшуш санна...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#14 |
|
Вес репутации: 11 |
...Нана кхуьнга йист ца хуьлуш (цуьнан бат, уьрсан дитт санна,
юткълора кхунах б1аьрг кхетча, б1аьрнег1арш дегорца горг а луш), х1ара Росси д1авахара, шеца накъост а волуш, болх бан. Кхеран х1усам дукха г1ийла къаьстара, ц1а даьхкинчу юьххьехь дас вовшахйиттина, цхьа лаппаг1наш. Кхунна дикуо ц1а дан лаьара, ши г1ат а долуш; таро хилча, машен эца а. Цигахула заочно д1атасавала аьтто а хир бара (кхузахь ца хуьлуьйтуш болу) - армера ц1а вог1уш кехаташ деллера кхунна, конкурсана г1о хир долуш. Т1ехьийзаш йо1 а яра ц1ахь: мокхачу месашца, кхераделча санна долу б1аьргаш цхьа цеце схьа а къерзош. Жимма ненах кхоьрура, цуьнан наха йийцар а хууш. Т1аккха кхуо шен ненан «леламаш» д1а забаре а баьхна - буса, нарах дин а бой, туьнкалгахула араоьккху, - иза хьаха моссаза йо, бета т1е ши куьг а дуьллий, б1аьргаш чу хиш х1итталц йоьлучьра ца соцура: «Вай Дели, вай устаз, со ца мега, сацахь», - бохуш. _________________ Мокха месаш йолу жима йо1 кхунна кхин цкъа а ца гира. Иза гуттар а кхуьнца йисира, ерриг а шен жималла - цуьнца яьккхина, я иза гуш хилла - масех бутт а хеташ. Зураъ кхуьнан дахар дара, жималлица вузу т1ай, цу шерийн къона сибат, дагалецамийн марзо а. «Суна гечдан доьг1на делахь, сан са цунах хьегарна», - хетара кхунна, иштта 1уьллуш, дагалецамаша дег1 а дицдина. _________________ Гурьеве д1акхаьчча, болх схьа а эцна 1аш, Супьян кулубе вахна хиллера, сарахь. Кулуб гена йоццуш яра. Цхьа метишка иккхира чу: «Твоего брата убивают», - олуш. Д1ахьаьдира, урс схьа а эцна. Жуг1а яра боданехь. Массо а тоха г1ертара. «Задави гадину! В голову, в голову!» - мохь беттара муьжгаша. Супьян гона юккъехь вара, велча санна, 1уьллуш. Кхунна вийна моттаделира. Х1ара юкъаиккхира т1аккха. Коьртах дечиг кхийтира. Ша вужуш цхьаъ лецира, аьрру куьйга кач а къовлуш. П1ендаршна т1е мийра кхийтира. П1енда каглуш хиира кхунна. Кхунна хиира д1адаьллийла, ша цигахь тоха ца лахь. Кхуо урс детта долийра х1ета, т1е а уьдуш, схьа а лоьцуш, охьавоьжнарг а ца вуьтуш. Буй некхах д1акхийтира, мокха дег1ах хьул а луш. Иза велла а хиллера, цу юьртарчу инспекторан цхьаъ бен воцу к1ант. Кхунна шийтта шо хан кхайкхийра. Пуркурор эрмало вара, зуда жуьгти а йолуш. Суьдхочо барх1 бохура. Адвокат жима йо1 яра. Иза «г1аг1» аьлла, йилхира. Кхуо бегаш беш хьийзайора иза, набахте моссаза йог1у. Кестта д1а а ца хоьцура, ши-кхо сахьт ца даьккхича. Цул т1аьхьа иза ша а 1ара, кхуо аьлча а д1а ца йоьдуш. Цигаьркаш а кхоьхьура цо, т1ера пачка д1а а йоккхий. Цкъа ахча делира кхунна, х1ара вайшиннан юкъахь ду, х1окху баттахь хьо волчохь бен ша цхьанхьа а ца хилла олуш. Йо1 зала чуьра араяьккхира, йоьлхуш кхин 1ен а ца тигна. «Это моё первое дело... Почему вы так... почему жестоко», - элира цо арайолуш. «Иди, иди... Тоже мне, детсад!» - пуркурор схьахьаьжира, ша аьллачунна г1о лохуш. «Вот дура», - элира цхьамма, кхечо цхьа эвхьаза дош а. Шийтта шарах итт дира, хала хьелаш а ч1аг1деш. _________________ Д1ога лахахь, гу т1ерчу б1ог1амах кхозу лампа хьалалетира, 1инчу охьа къайлаболу некъ лаха баллалц серлабоккхуш. Серло гуобаьккхина, т1аьхь-т1аьхьа шорлуш, д1асаяьржира генна. Цу гу т1ера хоьхкура х1окхара кегий долуш салазаш. Дийнахь бераш дуккха хуьлура. Юха вовшашна т1етт1а детталора. Буьйсанна хуьлура хаза, беттасечу буьйсанна, салазаша шарбина берриг некъ а къегаш. Цхьа лерг хьоьсту тата уьдура салазна т1аьхьа. Б1аьргех хиш а туьйсуьйтура. Цкъа, дийнахь, иштта чухахкавелла вог1у х1ара, салазан г1о малхо ша башийначу т1улга т1е а нисделла, керччина чувахара, салазал хьалха а ваьлла. Юха аркъал д1акхеттачохь саца а велла, г1атта г1ерташ воллуш, т1аьхьа йог1учу салазан йист лакхарчу балди т1е кхетта, балда дерриг а эккхийтира, бухара доьла а гуш. _________________ Х1инца, иза дагадеъча, х1етахь хилла муо атта схьалехира кхуо, чов йоьрзуш бисна ч1ог1о шад а къаьсташ п1елгашна. _________________ «Х1ун до ахь, х1ун леладо, - ден мохь хезира, - хьан вала мила велла! Тахана-тховсий бохуш, стаг ма 1уьллу сан чохь, хьан велларг вала хьакхица, ва жоьжаг1атан б1ог1ам, ва йилбаз»... «Воллийла! Воллийла, ва веза хинволу Дела, хьол оьшуш хиллехь сан ваша хьакхица, сан да, сан нана, сан мел велларг а цхьаьна... Хьан йо1 ю-кх, хьох схьаяьлла! Со х1инца а йицъелла яц Казахстанехь аш сайн яцор, уллора ваша а вийна, нана а елла... Хьан дог дет1арг ца дахь, со яц хьуна, хьуна хала х1ун да а хьожуш... Со Исхьатан йо1 Аружа яц хьуна юха а, сайн аш х1аллакдина дахар ас шуна ца декхахь!» - иза ненан мохь бара, эзарна юкъахь а къаьстар болуш, цуьнан къамел а, цо бен кхин дан йиш йоцуш долу. Юха тийналла х1оьттира, кхечу нехан аьзнаш а хезаш. Дешнаш ца къаьстара. Т1аккха кхано, цхьа хан яьлча, ламеш т1ехула хьалаволучу ден калош йолчу когийн тата хааделира, «дант-динт-дант» деш. Иштта меллаша чоьхьавелира, лампа а ца латош. Цунна хаьара, кхунна серло ца езийла. Тхьевсина ву моьттуш т1ех1оьттира, генна охьа т1е а таь1аш. - Дада, - х1ара вистхилира. Т1аккха охьахиира, г1ант жимма лекха, кхуьнан белшашка нийсса хьала а даккхина. Дикка 1ийра, вист ца хуьлуш. - И зуда йитахь, дада, х1умма а ца олуш... Цкъа собар... Цуьнан мохь хала бу-кх суна, - элира кхуо. Дас кхуьнан белшех куьг 1оьттира. Юха пхьаьрсаца гена охьа а дохуьйтуш, куьйган п1елгаш совцийра шен буйнахь. - Кестта вала хьо, ма кхачавелла... Хьо ваха, Юсуп, и мохь атта ловш-м со а ца лела хьуна. Дерриг а Дала нисдина ду-кх бохуш, Делан кхолламна к1ел а сецна, Цо динчунна реза а хилла, Цуьнца дина нигат ца дохон г1ерташ, до1анашца собар а доьхуш, д1ачекхвала г1ерташ лела-кх. Гой хьуна, Юсуп, х1окху чуьра и йо1, хьан йиша йолу - йиша-м яцар иза хьуна а, я цхьанна а, - тховса маре яхийти цо. Суна нах баьхкича бен хаа а ца хии. Х1окху масийтта шарахь, к1ел а хиъна, кху буса топ кхосса 1ийна хилла и зуда я ший а цхьаьна. Хьо ца хиллехь, со а ларвийр вара, вала вижаре хьоьжуш... Иза церан кхоллам бу, Юсуп, иштта хила аьлла, нисбина. Вай дерриш а Дала кхоьллина ма ду: астаг1 а - могаш а, кхеташ а - 1овдал а. Делан х1ума массо а цхьана низамна т1ехь а ду, вовшех доьзна, хоттаделла. Оццул болу 1овдал нах а цхьанхьа д1атарбан ма кхоьллина Дала а, церан синошца хьан са дузуш, азаллехь шун кхоллам цхьаъ беш. Дала хьайна дуьненан балина я эхартан совг1атна белла мохь д1а ца кхехьча, Цунна хьалха муха х1уттур ву кхана я тахна, Цуьнга х1ун деха юьхь хир ю... Дела ца хууш ма вац Ша хьуна делларг. Цо цхьана саг1ина кховдийна зер ма ду х1ара дуьне, Юсуп. Къонахчо-м Делаца а яхь лелон езий, шена делларг охьа ца кхуссуш. Цкъа цхьана пайхамарх, цо саг1адоьхург х1ума ца луш д1ахьажийча, бехк баьккхина боху Дала: «Рицкъанаш латториг Ша ма вара. Ас шовзткъа шарахь кхаьбна волу и стаг цхьана дийнахь а ца кхабавели-кх хьоьга», - аьлла. Оцу зудчо гуттар а ч1ог1а хьовзийча: «Алхьамдулиллах1, Хьуна бу-кх хастам, дика а, вуон а тхуна деллачу. Хьоьгара ду-кх массо х1ума а», - олий, Далла хастам а бой, синхьаам бо ас сайна. Юха иштта, Юсуп, цхьана кхечу пайхамаран массо а доьзалхо д1аэцна хилла боху Дала, цуьнан собар духу я ца духу, цо Шена хастам бо я ца бо хьажа. Шена воьлхуш гина боху иза Далла, шега кхаьчначу декъана хастам беш. Шен дег1ах, сих ца 1оттаделча, собарх вухур вац стаг аьлла, Дала юха лазар тоьхна боху цунах шех, иза зен. Т1аккха а Шена хастам беш гича, Дела реза хилла боху цунна. Иштта ду-кх, Юсуп, Делан зераш, вайга-м х1ума ца кхаьчна, наха лайначаьрга хьаьжча. Массо а х1ума лан дезаш ду, лазар а ду хьуна иштта. Хьоьгара цамгар а Делан къинхетам бу хьуна, Юсуп. Хастам белахь Цунна, хала мел хили а воккхавелахь, Делера ял хир ю хьуна, хьан къиношна - пайда а. Бакъдерг дийцича, шовзткъа шарал т1ехваьлча дуьне кхин хьашт-м дацара къонахчунна, цу ханналц-м ваха оьшура, х1ара х1ун ду хьажа а, цул т1аьхьа дерг дощ дац хьуна, марзонаш лаг1ъелча, кху адамех а кхеттачул т1аьхьа. ...Дош дац-м ала мегар дацара х1ара дуьне, Дала кхоьллина долу, бакъду, т1аьхьало йоцуш зовкх ду-кх х1ара, б1аьргаш т1екъевлича карара долу элалла. Шена к1ордийча дита хилча-м хала а дацара, кхин т1екхета х1ума доццушехь, хьежа везар хала ду-кх, бехке воцу къинош а лоьцуш, хьайн хила йиш йоцчу синкъерамаша хьега а веш... Вайга хоьттуш дац-кх, Юсуп, я дерриг нийса лелон вайн хьекъал а ца кхочу, шайт1ано а 1ехаво, цхьацца 1итталучу х1умнаша а ца вуьту чам ца бовш д1а чекхвала... И х1усамнана а, кхечу къомах йолу, Дала тоьхна хьох, Юсуп, хьуна баккха хиънехь, цхьана мелана аьлла. Хьалххехь ц1а ван ма везара, цуьнга тоба а дойтуш, айхьа а ламаз деш... Дала мукъалахь, х1инца хьо товелча, дика 1ийр ду вай, Делан некъаца дерриш а нис а делла... Кхин т1аьхьенах х1ума-м, бер-кер-м дац хьан цигахула?... Эхь дац хьуна, Юсуп, соьга схьааларх, со хьан да ма ву, хьо сан цхьаъ бен воцу во1 а, - да меллаша сецира, шен ойланашна т1аьхьа г1ел а луш... ____________ ...Кхуо д1адийцира цунна. Итт шарах ялх шо хан чекхъяьлча, х1ара мукъавалийтира, деа шарна арахь болх бан. Г1ала Гурьев яра, 1едало къастийна, вахар - юкъар1ойлехь. Цигахь хала дара. Х1ара санна болу лецна нах муьйлуш бен ца 1ара сарахь. Юха х1ара лиэта везара. Т1аккха юха а - набахте. Кхуьнга араволуш кехат делира немцочо, шен да-нана долчу хьажа х1оттахьара хьо аьлла. Х1ара гучувала вахча, бухахь а дара кехат, кхуьнан терго яр доьхуш, цо шен доьзале яздина. Цуьнан йишас, Шарлоттас, ваша санна т1еийцира, доккха ши стаг а хьаьвзира ч1ог1а. Юха, цул т1аьхьа, х1ора сарахь, йо1 йоуьйтура юург йохьуш. Сих-сиха д1а а воьхура шайга, ца веъча дегабаамаш беш, бехкаш а дохкуш. Барх1 бутт баьлча церан к1ант, Генрих, лаьцначуьра мукъавелира. Кхуо набахтехь г1уллакх дина вара иза, тутмакхашка эрча ца воккхуьйтуш. Генриха х1ара юкъар1ойлехь ца витира. Шайга д1авигира (1едалца дийца а дийцина), 1уьйранна цигара балха д1а а оьхуш, юха сарахь чу а вог1уш. Кхунна цигахь атта дара. Юха ч1ог1а хала а. Шарлотта яра хала, дас-нанас а, вашас а, юха цо ша а хьайн зуда е бохуш, т1ете1ош йолу. «Там видно будет, не мучайтесь оба… Пусть с тобой, чем с русским. Баба – дура… я не хочу, чтобы её какая-то свинья пачкала. Мы всё равно уедем в Германию, а ты к себе домой. Живите, пока живётся», - Генрих ца 1ара, жималла а яра хала… Даккха дезаш кхин кхо шо а. Х1етахь дуьххьара ц1а веара х1ара, 1едална х1ума луш, к1ира хан а яьккхина. Генриха дира иза. Кхунна Зураъ ган лира, шена даима ца тоьънарг, шеца хилларг, ша хьегнарг, дерриг дуьне а шен ц1арах латтийна йолу Зураъ. Зураъ марехь йолу ялх шо хиллера, ши к1ант, цхьа йо1 – кхо бер а долуш. Т1аккха Гурьеве д1акхаьчча… Т1аккха цхьамма а ца сецийра, я сецон хьашт а дацара. Юха цхьаьннан а бехк а бацара: я кхуьнан а, я Зураан а, д1аихначу оцу шерийн а, бухахь йолчу Шарлоттин а – дерриг а д1а хецаделира, ша т1ехь верг латта дуй а хиъна, стигланаш мукъа а йовлуш. Юха Зураъ я Шарлотта, я Шарлотта – Зураъ кхуо цхьаьнний д1а хьистира, цу шиннан ц1ерашца цхьаьна. Иза къа а дара, юха – мел а. Иза къастар а, безам а бара. Чаккхенан юьхь я юьхьан чаккхе. Йо1 хилира. Ахь Зураъ тиллира ц1е, мацах хьо хьегначух ваза, я х1инца а, цул т1аьхьа а цкъа дагара ца яьллачун безамна, мокха месаш хиллачу дагалецаман ц1е… Хьуна хиира бералла юйла кху дахарехь уггаре а мерза, уггар а ц1ена, уггар а сирла… Бераллех т1ехдаьллачух олуш хиллера дахар, ткъа бералла – ша дуьне, тешамах дуьззина, х1инций-х1инца, т1аккха-кхана, пхи шо даьлча я итт шо – цкъа а хьежарх ца к1ордош, абадел доккха дуьне бераллин тешамца, иштта шортта безам а, хьан бералла хьоьца мел ю… _________________ Тоьхна хан чекхъяьлча, циггахь балхахь сецира хьо. Ахь ахча а доккхура дика. Сих-сихха ц1а а хьодура, дена нахарт-х1ума йохьуш, цуьнга юрт йолаяйта. Шарлотта цкъа а хьаха ца йора – бух бацара хьан т1елаца. Юха уьш Германе д1абаха дагахь тохабелча, Шарлотта дуьхьал елира ч1ог1а, ша Юсуп реза велахь, Нохчийчу г1ур ю аьлла. Х1ара реза хилира, шен ц1енош чекхдовллалц цаьрга собар дар а дехна. Кхунах лазар кхийтира т1аккха. Шелвелла бохуш лийлира цхьана баттахь сов, йовхаршна мехий а детташ. Кхин ши бутт – больницехь а. Т1аьххьар а: «Онкологически диспансер» - не1арна т1ехула у кхозачу г1ишлонах б1аьрг кхетча, «д1акхечи» аьлла хийтира. Д1а-м кхаьчна а хиллера. Ялхазза облучени йинчул т1аьхьа, коьртара месаш, цхьа лазам а боцуш, куьг мосазза хьакхало, цхьа ша-шах охьаевлира. Ши мекх а делира иштта д1а, п1елгашна т1аьхьа охьа а оьгуш. Дерриг а цхьа сиха хилира, цхьана баттана дах а ца луш. Т1аккха х1ара ц1а веара, я, нийсса аьлча, валийра, Шарлотта шен нахаца д1аг1ур йолуш, барт а хилла. Кхуо шен йо1 ца къевсира. Кхунна ца хаьара шен ц1ахь х1ун ду, х1ун хир ду, йо1 ша стенга хьур ю я, аьлча а дика хаьара, кхузткъе итт шарера ваьлла цхьа къена да воцург, шен ши шо кхаьчначу йоь1ан цхьа а стаг воций малх кхетачу дуьненахь, нана – Шарлотта – д1аиккхича. _________________ Да вист а ца хилира. Да вехха 1ийра. Да, хьала а г1еттина, чухула д1асаволавелира. - Къинт1ера валахь сунна, Юсуп, - элира дас т1аьххьар а, - хьуна да хилар бен, хьан накъост, доттаг1, хьан деган гергара стаг хила хьекъал ца кхечи-кх сан тахана бен… Со хьайх дагавуьйлуш хиллехь, ваша воцчу хьан ваша хила со г1иртинехь… - Дада, х1ума ма дац, со мила ву хьуна къинт1ера ца вала… Хьо суна валахь, дада, къинт1ера, со хьох эхь хеташ… - х1ара дуьйцуш 1уьллушехь, да сихха аравелира, цхьана х1умнах-м водуш санна, я ша-шех хьулвала. Кхунна дуьххьара хала хилира цу буса. Кхунна хала хилира, да иштта араваьлла, иза охьаволуш, цуьнан когийн тата хезаш, цуьнан сел йиш йохар а хилира кхунна ч1ог1а хала. Кхунна ша цхьа велха везаш санна хийтира, шена велха лууш санна. Кхунна хаьара, ша воьлхур воцийла. Велха т1аьхьа дара. Велха оьшуш а дацара. Велхар – толам я эшам бацара х1инца. Х1инца х1умма а ца диснера велха, сатийса я дохковала. Х1инца хьежар дара, к1елхьаравала меттиг боцу, чаккхе евза хьежар. Цундела иштта д1а тийсавала а везара, дагалецамашца хан а яцъеш, дерриг а цхьа дош а ца лоруш, т1екхаьчнарг хьайн дуй а хууш. Кхунна цхьанхьа, кертахь: «Ах1-ух1-увв», - хезира дехха, къорра, лазамна юккъехула чекхдуьйлу шен ден велхаран узарш. Кхунна шен дех къахийтира. «Бала берг иза ву, - элира кхуо. - Иза т1аьхьавуьсур ву шен цхьаллица, цуьнца шен ойланаш а юьсур ю, х1ара доккха хетта к1езиг дуьне а». Ткъа кхиберш: нана, Жовзан, кхунна цкъа а гур йоцу йоккхах йолу йиша Марет а… «Маржа Жовзан я!» - элира кхуо юха, шен йишин маре яхар цхьа тамашийна дуьхьал а х1уттуш. Ша дуьххьара, аьрру пхьарс Шарлоттас лаьцна а болуш, кевна чоьхьа ваьккхича, Жовзанах б1аьрг кхийтира кхуьнан, раг1у к1елахь, г1анта т1е бога а х1оттийна, даима санна, голел лакха хуьлучу йоцачу халатца цхьаъ-м юьттуш йоллучу. Иза меллаша хьалатаь1ира. Куьйгех хиш 1енара. Берзина, стомма, хаза ши пхьарс т1ехь к1айн чопа лацаелла бара. Х1ара улло кхочуш, ши куьг хаьнт1е х1оттийра цо, халат генна хьала а озалуш. Хьаьжира сихха, тидаме. «Пуф», - б1аьрга т1ееъна мас къахкийра. - Здрасьте вам! – елакъежира. – Как вас по батюшке? Ивановна? Может, Михайловна? - Добрый день! – кхуьнца йолчо. - Нана-а! – мохь туьйхира, - гучуялахь, нус еъна хьан… - елаелира ч1ог1а, горга, могаш, нуьцкъала цергаш а кхийсалуш. Цул т1аьхьа «ловзар» х1оьттира, «тезет», цул т1аьхьа шайт1анан мукъаме дахара дерриг а: керт а, пхьоьха а, х1окхарна юххера масех куп а. «Ва-а, устаз, соьга х1ун деа… сан Дела! Хьо ма да бусалбанашка, хьо ма кхача стагана т1е… Кериста… сан кертара д1аяккха… Де………, д1адаккха сунна хьалхара», - мохь, ц1ог1а, нанас шена т1е охьадетта куьйгаш, лаьттахула д1асакерчар, лулара зударий, урамера бераш. «Х1ун хилла? Х1ун ду кхузахь? Велла? Мила?» «Метишка ялийна?» «Хьан ялийна?» Юха Жовзан латтар, цу синкъераман цхьаъ бен йоцу хьажархо, оцу пьесин режиссёр, цу белхийн куьйгалхо. Х1ара лохачу г1анта т1ехь 1а. Уллохь лаьтта метишка. Да гучуволу. Х1ара лакхавоккху. Д1авижаво, хаттарш а доцуш. Т1е дукха а юрг1анаш тосу. «П….! – хеза. –Ах, п….., до чего довела человека… Любовь кончилась, значит. Да?» Метишка дас х1ара волчу хьалаялайо. Да цкъа а вист ца хуьлу. Юха охьаволу, зударий болчу. Г1овг1анаш туьй. Цхьа сахьт зама яьллачу хенахь Жовзан йог1у чу, гуттар а иштта хилча санна, цхьа йохар а доцуш. Ши б1аьрг боьлу, горга, буьзна, шовкъахь 1аь1на ши б1аьрг. - Хьан метишка-м хаза ю. Неханаш цхьа ирча хуьлу дела… Вкус хороший. Блондинка… Суна хьан метишка юй хуу дукха а хан ма яра… Дагадог1ий хьуна, хьо шолг1а ц1а веъча, хьуна юург луш со йоллуш, айхьа уьрсаца булочка хадийна… Со оцу сохьта кхийтира. Цхьа пурх хедайора ахь булочка, дуткъа цастарш а дохуш. Лазар ч1ог1а ду моьтту суна хьан… больница яцара цигахь?... Ахча а ма дара хьан! Т1ера х1умнаш д1аяха ала оцу хьайн – мила ю х1ара х1инца – хьайн зудчуьнга, сан несе, значит… Иза кхалла г1ерташ стаг а вац кхузахь! Ца моьттура х1ара дийр ду, цхьаъ бен воцчу вашас, - д1айоьрзу, д1айолало. Лекха. Товш. Хенат1ера хенат1е те1аш, мукъаме болар, берзина кхозу ши пхьарс, д1асасеттон г1одаюкъ. Арайолуш схьахьажар, юха цхьа дайн елааьшна, цхьа кура, цхьа кхардаме, цхьа доггах дог 1абош, могашаллех хьагавеш а. Т1аккха когийн тата хазар, ламеш т1ехула кхийсалучу, ламеш т1ехула охьадовлучу, юха кхин цкъа а гучу ца йолуш, тховса маре яхар а, х1инца кхоалг1а, кху юьрта, нанна т1екхача йиш йоллучу.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#15 |
|
Вес репутации: 11 |
...Кхуо иза дукха жима йолуш, дейтта-пхийтта шо долчу хенахь,
цкъа дера човхийра, цо лелон «х1уьмалгаш» ненера схьа дуйла а хиъна. Чуьра мода а ца йоккхуш, урам къагон х1уттура, х1ора денна нуй хьоькхуш, готталла эккха гергга йолчу йоцачу кучахь, пхьаьрсах дашон сахьт а доьхкий, лергех а, п1елгех а ч1агарш а ухкий, логах ши-кхо з1е а кхозуш. Нуй некъехьа букъ а бкрзабой хьокхура, ши ност т1етт1а хилайой, гола саттор а доцуш. Кертал чоьхьа волчу кхунна сих-сиха машенийн ц1ог1а хезара шайн урамехь, боьршачу наха йовхаршца еш йолу йиш-ма1аш. Х1ара х1оразза араволура, и г1овг1анаш шена хезча. Кхуьнан йиша хьаланислора, х1ара къайлаваллалц нуй а сацош. Х1ара ца кхетара г1овг1анех а, шен йишас лелочух а. Кхунна х1умма а ца хаьара. Юха т1аьххьар а ша кхетча, кхуо йишина нуй биттира……. - Экханан лар хуьлда хьан некъаш, цхьана меттехь сацар доцуш! Хьан дай, хьой ма майра ву… Кху йо1ах х1ун доллу хьан, ас мила вийна хьан а, хьан ден а? – ненан б1аьргаш горгделира, букъ т1ехьа йо1 а лечкъош, - сийна соьла оьхийла-кх шу дицден долчунна… - схьахьаьжира, б1аьргашца цоьстуш, воруш, б1аьргашца дакъош дохуш сана. Кхуо цуьнан жайнаш дагийна кхочуш бутт а ца баьллера… ________________ Жовзан, берх1ийтта шо кхочуш, дуьххьара кху юьрта маре яхначуьра хьем ца беш лаьллинера, аьлча а не1ар т1е схьакхетийнера, х1ара зуда керта еъчхьана, барт боьхна шайн аьлла. Т1аккха и стаг, кхеран нуц хуьлуш верг, дийцарх, еттарх, я паднаран когах д1авехкарх а, Жовзан схьая бохуш, мохь хьоькхуш, воьлхуш, дерриг дег1ах хьар а даьлла, кхин меттаван а ца тигна, юха д1а а йигнера. Цул т1аьхьа ша еънера ц1а, ненан лаам кхочушбеш. Оцу стеган нах хьестало бохура нанна: «Ахь боххург а дийр дара, цу йо1ана лууш дерг; стаг х1аллак ма ве тхан, йо1 схьаяийтахьара», - бохуш. «И стаг кхин боьрша ву ша аьлла вахахь, со Аружа яц-кх хьуна, - баьхна бохура кхуьнан нанас шен йо1е. – Хьан цара хьийзор ас царна доькхур ду-кх хьуна», - бохуш. Кхин шозза а зуда ялорах 1ер-дахар а ца нисделла, къаьркъано талха а вина, д1авелира боху и стаг, т1екхаьч-кхаьчначуьнга кепекаш а йоьхуш. Жовзан шолг1а маре яхнера. Юха а кху юьрта. Цкъа Жовзане (ц1ахь йолуш) хан а йиллийтина, юха ведда хилла бохуш, дуьйцура иза, шен гергарчу наха инзар а ваьккхина. Шозлаг1а цуьнга яхнера, зудий, ши бер а долуш, хаза дика шена воллучу. Цигахь нийсса шо даьккхинера Жовзана, оцу нехан дерриг а тайпа дуьхьалдаьлла лаьтташехь. Цигара а ша еънера, ненан бекхам кхочуш хилча. Ткъа и миска, доьзалан да, хьалха хилла зуда кхин юха а ца еъна, юьртахь 1ен эхь а хетта, кху юьртара хьовха, кху махкара а ведда, цхьанхьа Владивостокехь гина бохуш а дуьйцура, и захало доьхна ворх1 шо даьллачул т1аьхьа. Жовзан х1инца, кху буса, кхозлаг1а чутилинера, цхьана бекхамна я декхарна, цхьанна-м цхьаъ нисдан. - Дера, хьо ваха, Юсуп, ца яхна-кх гена-м, - элира дас, кхуо хьаьнга яхна аьлла хаьттича. – Эцца 1ина йистехь 1аш волчу Вах1абан к1анте яхна-кх, шел ялх шо жима волчу, я цкъа а зуда ялийна а ма вац… Цхьа дика стаг вара хьуна и Вах1аб ч1ог1а, цхьа хаза мукъам а болуш, зерате а, зикаре а лелаш… Х1инца цигахь а… - куьг тесира, «дош дац хьуна» бохуш сана… К1ант, Жовзанал ялх шо жима а волуш, зуда ялоза хилар дагадеъча, шен йишин кхозлаг1а долу маре т1аьххьара хила мега-кх аьлла, ойла мелла а тейира кхуо. Кхунна дуьххьара шех къахийтира цу буса, ша лийринарш кхочуш ца хилла, шен лацар, юха Шарлотта, х1инца шен вижар а. Иштта хьанна моьттинера… Ц1а-ц1е а дина, чу а, т1е а эцна, шен наний, йиший – тоха езачохь тухуш, ала дезачохь олуш – цхьана сиза т1ехь саца а йина, дена (ялсмани дуьненахь а хуьлуш юй цунна хаийта) цхьа дика зуда нисъеш, кху ц1енна гена а ваьккхина, шена Зураъ ялийна… _____________ ...Сахила герга дахнера, юха цхьа ч1ог1а дог1а а доладелира, цхьа т1уьна, шорта, массо а меженах, сих, массо а ойланах чекхдуьйлуш санна. Дог1а дехха ихира, саца ца туьгуш, чекх ца долуш, чекхдаьллачул т1аьхьа а ладаршца 1енаш, х1аваъца дазлуш, 1аьнарца 1аь г1иттош. «Буса валар халуо ду-кх, дийнахь лечул», - хийтира кхунна, шен дег1ан хуттургаш мохь хьеккхал лаза а евлла, мохь хьакха де а доцуш, ша меттахь 1уьллуш. Кхуо 1уьйранна н1аьна кхайкхаре сатуьйсура, ламазан хан т1екхачаре. Т1аккха дада г1оттур вара, юха х1ара волчу хьала а волуш. Т1аккха маха а тухур бара. Хьалхарчу деношкахь цхьа маха тоьара дийнахь, т1аккха, буьйса екъалуш, кхин цхьаъ а тухура. Лазар т1аьхь-т1аьхьа хала хуьлура, цхьана махане саца ца луш, юха мехий шишша тухура, х1инца кхаанна т1е а даьллера. - Юсуп, т1е-м ца таь1на лазар? - хоттура дадас, ша чоьхьа ваьлча. - Дада, схьакхайкхалахь лулахочуьнга, цхьа дика вац хьуна со, - сих а ца луш олура кхуо, дена хорам ца хилийта. - Со ахь буьйсанна хьайца витахьара... - да меллаша араволура, лулахойн йо1 схьаялон. - Ахь узар беш а ца хилча, суна х1ун ду а ма ца хаьа, хьо кхачалуш хилар бен... Кхунна, маха тоьхча, наб кхийтира. Делкъахан хуьлуш веара метта, жим-жимма серло а къаьсташ. Дег1 дацара, ойла бен. Дег1 доцу дуккха хан а яра. - Юсуп, - хезира. Да вара когашкахь хиъна 1аш. Когаш кхуьнан бистинера, цхьа стаммий, гоьргаш санна. - Юсуп, - элира дас шозлаг1а а, - муха ву хьо? Х1ума лозий? - Ца лозу, дада, - элира кхуо, - цхьа х1ума а ца хаало... - Иза дика ду ч1ог1а, Юсуп, ца лозуш дика ду... Иза хаза г1уллакх ду. Де гой хьуна декхна, бовха малх а болуш. Хьо то а велла, Дала мукъалахь, ч1ог1а дика 1ийр ду вай... Ламазан бисмилла а, къулха а доьший ахь, Юсуп? Делан ц1е йоккхуш хила веза, пайхмарна салават а дуьллуш. Хьо эццахула лелла, цхьацца х1умнаш дицделла хир ду хьуна, уьш карла а дохуш, тоба а дина... Х1ара кхийтира. Да кхуьнга тоба дан деза аьлла, х1ара хиламна юьхь-дуьхьал ца х1оттон, я кхуьнан дог ца ата, цхьа геннара, меллаша, кхийд-кхийда-аш т1евеара бакъдолчунна - хила езачу тезетна, даккха дезачу кошана, шега наха, мел кхайкхош: «Тобанна чохь варий х1ара?» - аьлла, лундолчу хаттарна а. - Дада, - кхуо юкъахваьккхира иза, - и хьоьга ала дагаоьхуш, юха лазаро виц а вой... Цкъа-м динера ас тоба, арме воьдуш... Х1инца юха а карла даьккхича... Да хьаьжира, шегара цхьаъ даьлча санна, толлуш. - Дина хилча-м дика ду тоба, со вицвеллера-кхи... Карладаьккхича зен дац... Хьуна лахь, ас... - Цхьаъ валавехьа, дада, де иштта хаза доллучуьра, - элира кхуо, цунна г1о деш. Иза юха араваьлча, лохха шабарш хезира кхунна, дас цхьаьнца къамел деш. Т1аккха жимма хан а ялийтина, йовхарш а тухуш, ч1ог1о лерца (шаьш цхьанхьара вог1уш санна), кхин къамел а ца хадош, чоьхьавелира цхьана стагца. - Маршалла лолда хьуна... Муха ду... хьал, - стаг сецира, лаца а луш. Цуьнан хьажар доьхнера. - Вон дац. Маршалла хуьлда хьуна а, - элира кхуо. - Баймарзас хьуна иштта цхьацца х1ума... карладаккха лиънера а аьлла... Делан хьехамаш, пайхамаран хьадисаш даим вайца хила дезаш ду-кх. Ц1е муха ю, Баймарз, х1окху... - Юсуп ю хьуна, Сиражди, х1окхуьнан ц1е. - Х1аъ, Юсуп. Хьалха тоба дийр ду вай, Дала мукъалахь. Ас аьл-аьлларг нийсса суна т1аьхьара эр ду-кх ахь, сих а ца луш... Дика дуй? Кхуо корта та1ийра. - А1узу биллах1и мина шшайт1аниррожийм, бисмиллах1иррохьманиррохьийми, - цо мерчухула дах а деш, ши б1аьрг т1е а къевлина, цхьанаэшшара д1адолийра. Кхуьнан аз шен бен ца къаьстара. Кхуьнан де ца тоьара цо санна дахдан. - Ашх1аду аллаилах1а иллаллах1, ва ашх1аду анна Мухьаммадан ррасулуллах1. Ашх1аду (ас тоьшалла до) аллаилах1а (кхин Дела ца хиларца, шена 1ибадат дан хьакъ волуш) иллаллах1 (Аллах1 ц1е йолу цхьаъ бен воцург). Ва ашх1аду (ас т1аккха а тоьшалла до) анна Мухьаммадан (Мухьаммад хиларца) расулуллах1 (Делан элча а, цуьнан тешаме волу геланча а, шен бакъдолу дин нахе д1акхайкхо дуьненчу ваийтина хилла волу). Аманту (ас има дилли) биллах1и (Деле), ва мала икатих1и (Делан маликашна), ва кутубих1и (Делан жайнашка), ва расулих1и (Делан пайхамаршка), ва йовмил ахири (къемат дийне), ва бил къадари (Делан балхе), хайрих1и (дика хуьйла иза), ва шарих1и (вон хуьйла иза), ва минналах1и та1ала (Лекха хилла волчу Делера хиларх тийши со). Астаг1фируллах1. Астаг1фируллах1. Астаг1фируллах1. Со дохковели-кх сайгара мел эгначу массо а вуочу х1умнашна. Кхин вуо х1ума ца дан т1е а леци ас. Сайн ницкъ ма кхоччу Дала бохург дан, дагца ч1аг1о йина, сацам а би-кх ас. Везан Дела, сан тоба къобал а дай, со бусалба велахь. Хьо Цхьаъ винчех а, Хьайн элча бакъвинчех а ларалахь со. Амин я Аллах1! - Хьан тоба, Юсуп, Дала мукъалахь, къобалхир ду. Ша везарг ма веза Далла а. Са ма гатде... Х1инца тхо арадевр ду, сада1а жимма... Дала маршалла лолда хьуна, 1одика йойла. - 1одика Дала йойла, - элира кхуо, цунна т1аьхьа а хьожуш, - Дела реза хуьлда.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#16 |
|
Вес репутации: 11 |
.....Кхунна тайра иза, горга юьхь-кха а къаьсташ,
жимма хьалатоьхначу 1аьржачу мажца, цхьа а совнаха х1ума ца хаалун хенаро къонах. Юха иза д1а ара а ваьлла, ша 1уьллуш, шен са цунах хьаьгча санна хийтира кхунна, цуьнан иманах, собарх, цуьнан юьхь т1ехь хиллачу цхьана боккхачу тешамах а. «Нах дика бу-кх хьуна, - элира кхуо шега, - нах дика хилла-кх ч1ог1а», - аьлла. Юха шен тоба дагадеара, дог къийлалуш санна а хетта, дагна цхьа эхь хеташ, я синан бехкаш, шех а, дагах а дохуш долу. Иза дан а дара эхь, са далале я са долуш юхахьажар. Цуьнга хьалха ца кхайкхар. Цунна хьаста ца валар, шовзткъа шарахь цкъа ламазна гор ца воьдуш, дуьненчухула ваьлла лелар. Кхунна ч1ог1а эхь хийтира шен вижа везачу кошах, ша ца йинчу 1амална, х1ара дерриг (тоба а цхьаьна) иштта тамашийна нисделла а. «Делан х1ума доккха ма ду, - ойла яьржира кхуьнан т1аккха, - Цуьнан хьаг1 хир ма яц тилла лелачу соьца - Цо гечдийр хир ду-кх суна, со дохковаларна. Суна боккъал а хала-м ду иштта веса дуьхьал ваха, векъа, цхьа дагахьбаллам бен, дина х1ума а доцуш». Кхуо юха дуьхьал х1оттийра шена латтанаш, мехкаш, г1амарийн аренаш, тхов беш лаьтта стигал а. «Ярабби, - элира кхуо, - ма доккха х1ума хилла-кх х1ара, оццул долу х1ара дуьне, стигланаш, х1ордаш... Малх бузар, юха г1аттар, б1аьрг ца кхочу паналла, йист ца го зама, хотешкахь къора хьаннаш, латта дузу лаьмнийн з1е, хаддаза оьху дог1анаш, стом латор, заза даккхар, тарханашкахь хеба экха... Юха оццул садолу х1умнаш, х1ора а цхьана 1алашонна, т1аккха адамаш, церан дукхалла, тайп-тайпана меттанаш, юха х1ора а вала везар, веллачул т1аьхьа латта хуьлуш: хиш, патарш, беттаса, лаьтта т1ехула к1айн дохк а. Ма к1езиг хилла-кх стагана моьттинарг, цо лийринарг, лехнарг. Стаг х1умма а ца хилла-кх, я цхьа х1ума - дош а. Синкъерам ца хилла-кх хьо, дахар, синкъерамна бен кечамаш бен»... ...Иза дуьххьара 1адийра шен хиллачу ойлано. Иза дуьххьара меттавеара, цхьа а лазар доцуш санна. Цунна боккъал а къахийтира т1аьхьабуьсучу нахах, церан некъех, ойланех, цара лоьру долчу х1уьмалгех а. Ша ирс долуш хийтира цунна, дуьненах кхетча санна. Юха цо шен ненан ойла йира, маре хьаьддачу Жовзанан. Цхьанхьа ша-шена къийлалучу ден, Баймарзин а. «Ма хала ду-кх нана кхета, - элира цо т1аккха шега, - чу а еъна, къинт1ера яла. Дала делла хир дац-кх цунна... Со-м вели царна къинт1ера, т1аьхьабуьсучарна, массарна а, цкъа иштта уьш а бевр хир бу-кх х1оранна а, х1инца со санна... Ша леш вуйла ца хууш вала массарна а ца делла-кх. 1ожална т1аьхьа цхьа а ца вуьсу. Стаг ца лайча ца волу г1ело хилла-кх 1ожалла а»... ...Делкъал т1аьхьа, кхоъ долуш (цхьаьний ши маха а тоьхна тхьевсинчуьра меттавог1уш), маьрк1ажан бода т1етаь1аш, г1енах санна, жим-жима волуш, самавала дийзира цуьнан. Буьйса гича халахийтира. Буьйса цхьа хала яра ч1ог1а, цо кхерам бохьура, цхьа карзахалла, цхьалла, хила г1о доцу шеконаш а. Буьйса жимчохь яра дика, хьо къона волуш, могаш. Х1инца дийне сатуьйсура, сахиларе, г1овг1анашка. Юха 1уьллуш, кхано (да, кхуьнца веха 1ан а 1ийна, охьаваьллачул т1аьхьа) боккха схьакхетта бутт гира кхунна, цхьа дуккха а седарчий а, сирла-сийна къаьста бода а бара. Беттан серло дети санна лелинера, седарчех к1ац оьгура. Стигал ийна а къаьстара кхунна. «Маржа, - ойла хьаьдира, - буьзна бутт юха схьахуьлуш, т1аккха мичара, кхин беттаса, седарчий а... Можа г1аш, екъа гуьйре... Заза - к1айн, ал, т1ехула хьийза накхармоза... Дуьне... дуьне хаза... хаза ма дара, цхьа къона», - иза г1овг1анаша цецваьккхира - цхьа са г1ийла г1елдечу къастаран маьхьаро... Г1овг1анаш г1арг1улийн яра, «къваркъ, къваркъ» деш, стигланний, боданний юккъехула, беттан серло муьйлуш, д1айоьдучу заманца цхьаьна мохк а буьтуш, тийжачу я махкана йоьлхучу, даймахках къаьстачу... Кхуьнан са карзахделира, царна т1аьхьа хьаьггинчохь, са цхьа г1ийла г1елделира, къурдашка даха санна, са дехха уьг1ира, некхан готтехь горг а делла. Са лестира, са хьаьдира, са б1аьрзе б1арзделира. Са т1аьххьара араэккхаш, са 1аьршашка д1ахьодуш дег1ан чарх тохаелира, накха ц1аро кхорзуш, некха чуьра сирла суй азаллехь д1а а бовш... ______________ Дег1ан чарх 1илла йисира, са д1адахча, дакъа хуьлуш. Дакъа новкъа а делира т1аккха, дуьххьарлера т1аьххьара некъ юьхьар а лаьцна, шен бакъйолчу х1усаме кхача - каш готтачу лахьти чу... Каш. Лахьти. Къематде. Б1аьрг кхоларца духу дуьне а....... 1996 шо, август-октябрь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#17 |
|
Вес репутации: 11 |
http://http://www.teptar.com/2007/10/26/beksultanov_alamat.html
Кхузахь Мусайн суна уггаре хаза хетачарех цхьаъ долу дийцар ду... "1аламат"
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#18 |
|
Вес репутации: 11 |
"1аламат" кийсак...
«Элдарха, - тIейирзира иза кхунна, - со вайн къам - къам хеташ яц хьуна тахана,
я вайн боьрша нах къонахий хеташ а. Цхьана къонахчо цхьа топ а ца кхуссуш, неро хьокху нехаш санна, дийнна къам цIера доккхучу дийнахь хиъна суна кху дуьненчохь суо хьеннан а долахь юйла, со хьаъа а яхкор юйла а, шен лаам боллучо. Ас сайн вежарий массо а цу дийнахь белла хуьлуьйтур бара, Элдарха, гIело ца лайначу вежарийн йиша йогIу, некъ биталаш цунна, сайна бахийта. Генара-улора, къайлах-гучух соьга бистхила оцу вайн юьртах кхолха гуо тийсинчу нохчийн курчу кIенташа (вай дохочу доккхачу дийнахь), мотт бастаза долчу нускало мардех лечкъо юьхь санна, со яьл-яьллачуьра шайн догIмаш идош сайна гича, цхьа тамашийна куралла йоьссина, Элдарха, сан дагтIе, дийнна къам гора хIоттош, мостагIашка суо эша ца елча санна. Цундела къомах суо цхьаъ йисна лору ас лайн мухIар тохаза. Вай делла хила ма дезара, ва Элдарха, цу дийнахь, цу цхьаъ бен доцчу доккхачу дийнахь, зуда а, боьрша а - цхьа а стаг тIаьхьа а ца вуьсуш. Цкъа даьлла са шолгIа дала йиш ма яцара, и де а догIур ма дацара кхин. Вай дехар ма дара тIаккха, хIара дуьне мел деха, къар ца деллачу къоман мохк бу хIара бохуш, аб-абаде яллалц хIара дуьне цец а дуьйлуш. Ткъа хIинца... хIинца куралла дIа ма яьлла, Элдарха, сонталла хьаша ма хьаьши, ойла ясса ма ели, баьккхина бIаьрг санна, - Тайбат, бертал а йоьдуш, йилхира, кIезашна угIучу зуд-бaрзах терра, тIаьхь-тIаьхьа гIуьрашка а юьйлуш. - Хьо цу дийнахь цаьрца хиллехь, бохийначаьрца хьо схьавеънехь, хьоьга а мила йогIура, хьо а хьанна оьшура, хьох а мила ешара. «Иза лийриг хир вар-кх цу дийнахь, иза вогIур вацара-кх иштта», - бохуш, хьох са Iехош, ойла тешош, кхин цхьа а ца висарна кхечин со-м хьоьга, ахIи-ахIи-ахIи», - Тайбат дуккха а йилхира, хIора буса, хIора дийнахь, хIора кIирнахь йоьлхуш. Хьо цуьнга хIумма а ала а ца хIоьттира. Хьан хьайн бара баланаш, хьайн а бара мостагIий, Дала итт эзар са луш кхоьллина хилча, и итт эзар са дуьхьал даххал дукха......
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#19 |
|
Вес репутации: 11 |
"1аламат" кийсак...
«Боьрша стаг боьрша хила веза хьуна, - баьхнера охашимма цу йоIе,
- боьршачу стагца доьналла ма къийсалахь. Хьуо дIаяхначу цIийнан сий ларделахь, хьайн денцIенна эшам бай а, иза ду хьуна хIинца хьан коьртан а, хьан некъийн а да, хьох долу жоп а цуьнгахь ду хьуна, иза ларалахь жоьпан да, хIара цIа доцуш санна, хIара кхин дац хьуна. Де деха а, доца а хуьлу хьуна зудчун. Де дахдан Iамалахь, Iуьйранна цIийлучу анайистаца кетIа юьйлуш. Цкъа дахдича гуттар а деха лаьтта хьуна де, дацдан дага а ца догIуш. Несах йоI ца хилла хьуна, марненах - нана а. Хьуо нус хилар ма дицделахь, неслара яла а ма гIерталахь. ЙоIах йийлина нус нанна йилхина олуш ду хьуна. Йижар несачух тера делахь, гIаттар - невцачух. ХIуманна да хIотта ма гIерталахь, айхьа охьабинчу хьайн доьзалан а хьуо хехо юйла хаалахь, деца шун доькъуш йолу. Чаьмза даар чоме делахь схьадала хаарца, чам болчух моз делахь, тоъал бен ца кечдеш. Хьайн мардех эла велахь, марненах - элан сту. Марйишин гIарбаш хIотталахь, марвешин - йиша».....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#20 |
|
Вес репутации: 11 |
Эх1, Доттаг1ий, ма ца хаа шуна..
Ма суна санна хетахьари юх-юха а доьшуш доьшур дара-кх аш Мусайн дийцарш.. Его ещё называют "Бисултанов в прозе"..)) "Я хьан тухур буьйсанна хьан не1" моя настольная книга..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|