Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 11.02.2008, 13:31   #591
Lara
 
Вес репутации: 0
Кхеташ дара,дара дерриг атта,
Амма х1инца шеко кхоллало.
Бераллин и ловзар чекх а даьлла,
Хьан и велакъажар къегира.

Аьрха зударий муха къарбан беза?
Хазчу дешан ницкъах кхийтира:
Со 1емира хьуна атта гечдан,
Даггара хьо сайна везарна.

Ткъа денош-ма уьдура д1а чехка,
Хьан лаамна х1усам муьт1ахь еш.
Хаа ца луш,денна кхерчахь г1еллуш,
Сан ирсан ц1е яйра эххар д1а.

Цул т1аьхьа д1аихана шераш хийла,
Ц1еххьана со меттаеара,
Сайн куралла юхаъ даг т1е тесна,
Хьалха санна яха 1емира.

Йисира со сайн кхолламца цхьалха,
Хенал хьалха кхаьчна шийла 1а.
Ма цхьа яра х1етахь,хьоьца йолуш!
Х1инца суо ю.Амма цхьалха яц.
  Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 21:35   #592
CHErtenok
 
Вес репутации: 0
Разве ближних вам не жаль
Если их гнетет печаль?
Зная плижнего мученья
Кто не ищет облегченья?
Можноль видя слез ручьи
Не прибавить к ним свои?
И кого из вас не тронет
Если сын ваш тяжко стонет?
И какая может мать
Вместе с крошкой не страдать?
Нет,нет,никогда
Ни за что и никогда!
Как,же тот кто всем отец
Видит скорбь твою,птенец?
Как всевидящий и чуткий
Может слышать стон малютки
И не быть вблизи гнезда
Где тревога и нужда
И не быть у той кроватки
Где ребенок в лихорадке?
Не сидеть с ним день и ночь
Не давая изнемочь?
Нет,нет,никогда
Ни за что и никогда!
  Ответить с цитированием
Старый 12.02.2008, 02:11   #593
Гелла
 
Аватар для Гелла
 
Вес репутации: 5
ДЕКЛАССИРОВАННЫМ ЭЛЕМЕНТАМ



Деклассированных элементов в первый ряд
Им по первому по классу надо выдать все
Первым классом школы жизни будет им тюрьма
А к восьмому их посмертно примут в комсомол

В десяти шагах отсюда светофор мигал
Желтым светом две минyты на конец дождям
А в подземном переходе влево поворот
А в подземном коридоре гаснyт фонари

Коридором меж заборов через трyпы веков
Через годы и бyрьяны, через трyд отцов
Через выстрелы и взрывы, через пyстотy
в две минyты изловчиться - проскочить верстy

По колючемy пyнктирy, по глазам вождей
Там, снарyжи, мертвой стyжей по слезам дождей
По приказy бить заразy из подземных дыр
По великомy наказy строить старый мир

Деклассированных злементов в первый ряд
Им по первомy по классy надо выдать все
Первым классом школы жизни бyдет им тюрьма
А к восьмомy их посмертно примyт в комсомол

Янка
__________________
Только овощи счастливы. (с)
  Ответить с цитированием
Старый 12.02.2008, 04:46   #594
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Ма деха дара и 1а,
Б1аьсте цо х1аллак ма йира,
Гуьйре цо 1ана ма йира,
Ма деха дара и 1а.

Ма деха дара и 1а,
Хьаькхча шен мохь хезар боцуш,
Орца т1е хьада стаг воцуш,
Дуьненчохь адамаш доцуш.

Ма буьрса дара и 1а,
Цхьа дахарш холбата ховшош,
Хьарамдеш ирс довза лаар,
Дуьненан къайленаш хаар.

Ма деха дара и 1а,
Б1аьсте цо х1аллак ма йина,
Гуьйре цо 1ана ма йина,
И ша а г1ора ма дина...

Хеда Батаева 1990

Etot stix ochen' xorosh,pochemu-to chertovski podxodit i pod nastroenie!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 12.02.2008, 10:57   #595
Lara
 
Вес репутации: 0
***
Хьо воцуш г1елъелла со,
Х1инца сан елхар а, елар а
Шийлачу эшаман маьхьаре дирзи.
Хьо воцуш къежъелла со...
Къа доцчу сан сина дазделла
Вайн къастар стигалан
Б1аьргашчохь даьржи.
Хьо воцуш къанъелла со...
Лазаман товханехь чахчийна
Диттийн г1аш нисса кху
Сан дагт1е оьгу.
Хьо воцуш йицъелла со
Кху денойн хьесап дан.
Эх1, маржа, кху шарахь
Гуьйре а ма хьалхе йог1у.
( Бана Гайтукаева)
  Ответить с цитированием
Старый 12.02.2008, 17:28   #596
Chaborz
 
Аватар для Chaborz
 
Вес репутации: 2
Бисултанов Апти

Дерзоран байташ

даше мотт кхобуш сан синметтехь дижина бакъдерг
со цкъа а гина вац и х1инца санна сел эсала
цуо дуьне марздина х1ора сан син=дег1ан хьесана
ас х1инца дицдина цкъа а ша диц ца дан хьакъдерг
мацца а д1аваха дезар
уггаре а сийлахь дезар


со волуш хилар бен кхин хиндерг хила йиш хилча
тахана доцуш ду боцуш бу кхин цхьа а иэшам
сан са ду кху лаьттан х1ора а т1улг ц1уббан кийча
шенна садоь1у д1о малхо а дуьнене хьиэжар
йовхонна лерина доцуш
серлонан къайлене кхочуш


сан хьалавалар а т1емаша ойла ца ечу
хенах д1акъаьстинчу сан некъан тамаша беца
похьмалле ваьлла со хьаьркаша дола ца дечу
б1аьргаша дов дечу шаьш бацо леринчу деца
аз колладалале лерса а кхачалучу
1ожаллех коьртара чо а ца бачалучу


со санна хилла хир=кх цкъа мацахлерачу суьртехь
назманан мукъамехь тихкина ламанан тарха
лаьттан хьу евзина бегабо ялтанан буьртиг
1аьршийн хьу евзина з1аьнарша егайо марха
1ожалле мел г1оьрти некъ беха гуш ган
яь1ни т1ехь къа доцчу адаман сужда


х1ора сан т1амарца г1уьттуш ю абаден алу
х1ора сан хоттарехь лелаш ю азаллин шело
кхин цхьа а ницкъ бац со хиллачу хьесапе вало
кхин цхьа а зовкх дац со хиллачу хьесапехь вело
кхин цхьа а г1ело яц со юха карзаха ваккха
кхин цхьа а к1ело яц соьгара маршо д1аяккха


наха мел кхоьллинчу харцонал тоьлла букъ берзош
ас метта буьххье сайн гулдина б1ешерийн хьекъал
парг1ата довлуьйтуш со вен мел лерина герзаш
ас кераюккъехь сайн гулдина дуьненан некъаш
сайна мел кечдина буржалш ас парг1ата дехи
сайна мел аьхкина кешнаш ас къинт1ера дехи


Шемера дуйна ас Кавказе кхаччалца некъ беш
до1анехь массо а мотт кхачабаллаца ехначу
ас Дади=юьртара Хьайбаха кхаччалца некъ беш
къийсамехь массо а лам кхачабаллаца лехначу
маршонан суй карлабаьлла
со х1окху лакхене ваьлла
__________________
Если человек не может проглотить обиду, надо ему разжевать!
  Ответить с цитированием
Старый 13.02.2008, 02:21   #597
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Даима а - хьуна...

Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна б1аьрхиш,
Ас хьоьга д1ахьовсор ду
Къастаро делхийна б1аьргаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Ирсо вайн къагор ду дегнаш,
Ас хьоьга туьдуьйтур ду
Сайн безам хьагбина г1енаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Дитина мел долу дезарш,
Ас хьуна д1айоьшур ю
Хьан ц1арца кхоьллина байташ.

Теша со, со хьоьжуш ю,
Дицдина мел хилла вонаш.
Хьан белшаш т1е дохкур ду
Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 13.02.2008, 15:04   #598
Lara
 
Вес репутации: 0
Вай д1аса къастарх х1инца со тийщи....,
Хьо дохко валаре ас са тийси...,
Ца олуш соьга дош,са кийра ц1е латош
Соьх къа ца хеташ,ахь са д1а теси....
Хьомениг хьо ас цкъа а виц вийр вац,
Ахь со ялхор ас цхьаьнге дуьйцур дац,
Ва маржа 1айла хьо,ва маьрша лела хьо
Хьо суна-м цкъа а кхи гур вац.......
  Ответить с цитированием
Старый 14.02.2008, 22:17   #599
Хабибул
 
Аватар для Хабибул
 
Вес репутации: 5
Лазийнарг,
Дег1ана йина чов йоцуш
Со вина ахь тахна,
Ас х1ун дер хьуна?!
Кхул т1аьхьа со леван
Безам а боцуш,
Гергарло ахь хадор
Атта дац суна.
  Ответить с цитированием
Старый 15.02.2008, 09:48   #600
Chaborz
 
Аватар для Chaborz
 
Вес репутации: 2
Ениггам

Толам с нами, Сан Йиш! Дац?
Хьешаца деза сан г1илкх лац))))
Вац и вайна кхераме,
Волчух тер ву кхетаме.
Вай дукх ч1ог1а к1езга ду
Пополнени оьшуш ю)
__________________
Если человек не может проглотить обиду, надо ему разжевать!

Последний раз редактировалось Chaborz; 15.02.2008 в 09:49. Причина: изменение жирности шрифта
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.