![]() |
|
|
#61 |
|
Вес репутации: 2 |
Бухарон холхаза чо чола куй санна,
цхьаммо-ма бетта нур тиллина буьйсанна, г1овтал а юьхина исхарен сийначу, ши а т1ам баржийна дийнахь малх 1ийнначу. Юкъ къовлуш седарчийн доьхку а дехкина, кхин хийла аматаш стигалахь дехкина. Х1ун ду кху дуьненчохь Дала ша кхоллаза, кхоьллинчех х1ун хир ду, Нохчийчоь, хьол хаза! Шовданаш дека хьан пондаран аз санна, къоламца х1ун дустар даладе ас царна! Мила ву сурт дилла, куьйгаца говзачу, зазанан полларчийн, хьан бешахь ловзачу! Карадац маттана хьох лаьцна ала дош, и хила дезара эчиг а лаладеш! Суна гург г1аларт ду, туьйра ду, г1енах ду, со хьуна, Нохчийчоь, генерчу генахь ву, айса суо лево ас, сингаттам 1евжина, лаьтто со ойланехь хьан мара тевжина! Дег1ан чарх мел леларх дуьненан паналлехь, хьо йоцург г1ортор яц беркъачу цхьаналлехь - кхин г1ишло йог1алац, кхин латта хьасталац, Даймахках ваьллаче кхин Даймохк къасталац!
__________________
...... |
|
|
|
#62 |
|
Вес репутации: 2 |
Некъ бу со!
Суна т1ех Атилла тилла, х1ор а берг тоьхначу муо латош - куьган цхьа ц1азап1елг биллал, меттиг яц зил база буолато! Некъ бу со! Эзарза эзар лан кхетта, чов лешаш, да1 хилла дег1ах сан, шокъалеш лозуш синметтехь, к1адъелла даь1ахкаш хьег1а сан. Некъ бу со! Адамийн туьтанаш 1охку, сан х1ор а доьлана лерина, мостаг1ша саьнагаршца охкуш, со ирх-пурх масаззу берина! Некъ бу со! 1ожаллан бирг1анан готтехь, замано заманчу биллина, бог1у со йиш йоцуш х1отта, йесан мохь белшаш т1е биллина. Некъ бу со! Ламчура Сибаре кхаччалц, 1уьллу со ца йоьрзу чов хилла, ас маса теллина паччалкх, со маса паччахьо човхийна! Некъ бу со! Хиллачо хиндерг а хьешна, ойлане дог1уш ду тача сан! Х1етте а! Х1етте а тешна… 1ийр боций цкъа сайн ц1а кхачаза...
__________________
...... |
|
|
|
#63 |
|
Вес репутации: 2 |
***
Малх, хьо малхах тера х1унда бац? К1ора санна, 1аьржа кхетта хьо. Бутт, хьо баттах тера х1унда бац? Б1аьрхих бешна х1унда ледда хьо? Хьайх тера х1унда бац, седа, хьо, тоьпан даьндарг х1унда хета хьо, стенга, хьанна, йоьдий, кхета хьо? Стигал, хьо хьайх тера х1унда яц? екхна ма яра хьо йиллина, тахана - 1аьржа к1урз биллина. Хьайх тера х1унда яц, аре, хьо? Мича дахна сийна дари хьан? Экъа санна, х1унда яьгна хьо? Оьрнаш дохуш, х1унда аьгна хьо? Беш, хьо бешах тера х1унда яц? Хьо ма яра стоьмех йоьттина, кхораш, 1ежаш дешех доьттина. Хьайх тера х1унда дац, шовда, хьо, ма ца доьду зевне, дедда, хьо. Ц1ечу алхех х1унда детта хьо? Со суо вац сайх тера тахана, генара хьажарх, я уллера, сох тера хилларг д1авахана, и тилла веана хиллера... Султан Яшуркаев.
__________________
...... |
|
|
|
#64 |
|
Вес репутации: 6 |
Со-м бер дарий.Бер!
Соьца юкъаметтиг къастош, тоьпан бирг1ан т1е доьг1на, нийсса синметта тоьхна, ангали санна доьхна сан туьйра, итигца бердах чухарцош! Со-м бер дарий.Бер! Агана диллаза, яккха ц1е тиллаза, цхьа ког а баккхаза, зама, ахь доккхуш дакъаза! Со-м бер дарий.Бер! Мацалла б1аьргаш чу юьллуш, дег1ах чекхъяккхина, межанаш якхъйина, дашо бос макхбина, гармана ара ахь дуьллуш! Со-м бер дарий.Бер! Чекххьажча, чекх са а гуш, цхьа къа а латаза, цкъа ловза хьадаза, цкъа 1аббалц дакхаза, 1ожаллин бага ахь луш Султан Яшуркаев. --------------------------------- Х1ара байт - вайн къоман лазам, вайн истори, вайна х1ора 50 шо моссаза дeли хуьлушдерг... беран аз доцу мохь... Вайн дегнаш чохь 1ийжам а хилла лаьтташ болу, вайн иэсехь бехаш болу. Яшуркаевн байташ - т1амах йисина лазаме чевнаш, Даймахке безам, харц дуьненах ойланаш, д1адахначух, долчух, хиндолчух хаддаза еш йолу ойланаш. Гергара хета синна цуьнан байташкахь дуьйцушдерг, х1унда аьлча, вайх дуккха а бу дахаро шен к1урк1аманино юкъахьовзийнчохь ша шега хаттарш динарш: Х1ара х1ун ду? Со стенгахь ву? Сийсара суна г1енаха гина сан дайн кхерч, уйт1е, нохчийн лаьмнаш стенгахь ду? И лазаме хаттарш вайна девза, Даймахке безам, цунах доглазар. Яшуркаев Султана говзачу даше ерзийна ойланаш вайна гергара ю цундела. Адаман синна ницкъ белла Дала: Оццул болу бала т1ех1оьттича мотт сецна ца висар, цунах лаьцна яздан ницкъ хилар - и дерриг а Делера ду. Харцонца къийсам латторехь Яшуркаев Султана бечу балха т1ехь Везчу Дала аьтто бойла цуьнан, синан а, дег1ан а г1ора а латтадойла! Вайн литература къен хир яц шен мостаг1а муьлхачу аг1ор ву а, доттаг1а муьлхачу аг1ор ву а къастон хууш болу яздархой шен мел бу!
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
|
#65 |
|
Вес репутации: 11 |
Гора я1, нохчийн мотт, дош метта диллий,
д1аала вайша цхьа даггара илли, хьалхара ахь олуш, т1аьхьара – ас, дуьненна хазийта вайша хьан аз! Х1ун алий мохьтоха дуьнене вайша, тахане йийца я лелийнарг дайша, я верта т1етесна к1айн барам санна, Нохчийчоь д1аохьа вайшимма царна? Даймехкан каш доцчу мокхазан чартийн йист йоцу к1айн маг1арш д1агойтур дар-те? Я дийца мел ца лург 1адда а дитий, теш лаций и кхозу беттаса тайша, ворхх1е а дуьненчу охьаделха вайша!..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#66 |
|
Вес репутации: 11 |
Хьийза, гатлун са, сох хьо къастахьа,
шийла ойланаш гена хьайца хьош, кийра х1оьттина шад д1абастахьа - соь ца алалун логехь сецна дош. Гул мел делларг кху ц1ечу бохчийчухь, х1окху овгалахь, дог шех олучу, деза айдай хьой винчу Нохчийчу, охьадиллахьа Ц1ен-берд боллучу. Охьадоьссича оцу бердахь хьо, жима юрт хир ю цуьнан ахкачух, оцу юьртара даьлла бер ду со, арахь дисина пана акхачу. Цига доссалахь ц1ечу полланах, сан ц1а хиллачу хьаладалалахь, гулбай пхьоьхана юьртахь боллу нах, со ца ала лург цаьрга алалахь. Жаг1а-коьрте г1ой делкъан ламаз дай, юьртахь лелалахь сарралц меллаша, жима волуш суо, къона зама сайн кура ловзаеш со мел леллачух. Схьа ма доьллахь хьо кийра батта сан, меттиг яц хьуна хьо чу дилла сан, дийнахь малхаца, буса баттаца Цигахь лелар хьо илли хилла сан....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|