Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 21.01.2008, 23:50   #51
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Хаза ю х1ара байт...

Гора я1, нохчийн мотт, дош метта диллий,
д1аала вайша цхьа даггара илли,
хьалхара ахь олуш, т1аьхьара – ас,
дуьненна хазийта вайша хьан аз!

Х1ун алий мохьтоха дуьнене вайша,
тахане йийца я лелийнарг дайша,
я верта т1етесна к1айн барам санна,
Нохчийчоь д1аохьа вайшимма царна?

Даймехкан каш доцчу мокхазан чартийн
йист йоцу к1айн маг1арш д1агойтур дар-те?
Я дийца мел ца лург 1адда а дитий,
теш лаций и кхозу беттаса тайша,
ворхх1е а дуьненчу охьаделха вайша!..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 03.03.2008, 20:12   #52
Amma
 
Вес репутации: 2
Султан Яшуркаев


Гал-г1ожмехь ловзанза
Цхьа йо1 а йовзанза,
Цхьа некъ а билланза,
Цхьа т1ай а тилланза,
Цхьа илли аланза,
Цкъа хелха валанза,
Цкъа ага тахкоза,
Хастоза махко цкъа
Стаг вели-кх тахана
1абаза дахарах-
Аш бер ду бахарх,
Аш бер ду бахарх..
__________________
......
  Ответить с цитированием
Старый 22.03.2008, 00:14   #53
Amma
 
Вес репутации: 2
Со-м бер дарий.Бер!
Соьца юкъаметтиг къастош,
тоьпан бирг1ан т1е доьг1на,
нийсса синметта тоьхна,
ангали санна доьхна
сан туьйра,
итигца бердах чухарцош!

Со-м бер дарий.Бер!
Агана диллаза,
яккха ц1е тиллаза,
цхьа ког а баккхаза,
зама, ахь доккхуш дакъаза!

Со-м бер дарий.Бер!
Мацалла б1аьргаш чу юьллуш,
дег1ах чекхъяккхина,
межанаш якхъйина,
дашо бос макхбина,
гармана ара ахь дуьллуш!

Со-м бер дарий.Бер!
Чекххьажча, чекх са а гуш,
цхьа къа а латаза,
цкъа ловза хьадаза,
цкъа 1аббалц дакхаза,
1ожаллин бага ахь луш

Султан Яшуркаев.
__________________
......
  Ответить с цитированием
Старый 22.03.2008, 01:56   #54
vesy
 
Вес репутации: 0
Со-м бер дарий.Бер!
Чекххьажча, чекх са а гуш,
цхьа къа а латаза,
цкъа ловза хьадаза,
цкъа 1аббалц дакхаза,
1ожаллин бага ахь луш

валай дагах-м язйина цуо иза.........
  Ответить с цитированием
Старый 22.03.2008, 02:08   #55
vesy
 
Вес репутации: 0
Дуьххьара дош хьан ду, Дела,
т1аьххаьрниг а долудела.
Сан дош-м – дош а дац,
сан мотт-м – мотт а бац...
лаьттан б1елиг бай,
бецан хелиг дай,
беша заза дай,
малхал хаза дай,
бетта нур диллий,
дашо к1ур биллий,
мазал мерза дай,
Мизийн-терза дай,
к1айчу дарийн дай,
сийна аре яй,
ялтийн хьаса бай,
ловза 1аса яй,
пардол ховха дай,
ц1арал довха дай,
дагца овхадай...
бабий урчакх яй,
дадийн очакх дай…
кийра баста сайн,
нана хьаста сайн,
Даймохк бийца сайн,
дуьне хийца к1айн,
илли ала сайн,
йоцуш дуьхьало,
цхьа дош лохьа, Дела,
Дела дуьхьа ло!
Буобер дай со-м, Дела,
сайн Даймахках даьлла!..
  Ответить с цитированием
Старый 22.03.2008, 03:05   #56
Amma
 
Вес репутации: 2
Хьо зама хила а ца хилла те,
я хилла яц алий д1айилла те,
хьайн туьха диънарг ахь муха зий,
шийла хи мели цо, я довха ц1ий?
__________________
......
  Ответить с цитированием
Старый 22.03.2008, 16:36   #57
Amma
 
Вес репутации: 2
Зама, вайшиннах муьлханиг тилла те,
хьо ца хилла те, я со ца хилла те?
Хьо мичахь ю, ян, со мичахь ву, ван,
ма галморзах яьлла вайшиннан хан.


Султан Яшуркаев

журнал Орга.2006.
__________________
......
  Ответить с цитированием
Старый 22.03.2008, 16:49   #58
Amma
 
Вес репутации: 2
***

Хьоьца, мукъа, х1ун къевсина,
чекх са ма го хьан левсинна,
пиллагаш ма дац хьан дийна,
кехатпондар, хьо хьан бийна?

Мохь бу х1ор а чов хьан дег1ан,
кийрахь иза боьлхуш хьег1а,
хилла аз хьан генахь хиэза,
пондар боцуш х1ун дан деза?

Ас хьан чевнаш муха ехка
аз ца дайта винчу мехкан?
__________________
......
  Ответить с цитированием
Старый 24.03.2008, 20:31   #59
Amma
 
Вес репутации: 2
Стиглахь беттан нисса ах д1аяьлла,
Йоккха топ кхетта те мисканна?
Х1ара мича хиъна баьрчче баьлла,
Вай т1ом беш дуй ца хууш санна!..

Султан Яшуркаев
__________________
......
  Ответить с цитированием
Старый 26.03.2008, 18:39   #60
Amma
 
Вес репутации: 2
Наноша, къестаеш, хаза ц1ерш техкина,
базамца аганийн кохкаршца дихкина,
генара, бералла олучу эвлара,
туьйранех доьттина вай новкъадевлира.

Денна т1е де кхеташ, шарна т1е шо кхеташ,
хийла некъ телли вай, хийланнах ца кхеташ.
Генарчу генахь ю тахана эвла вайн,
хьаьрчина некъийн теш, галморзахдевлла вай...
__________________
......
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.