![]() |
|
|
#41 | |
|
Вес репутации: 3 |
Цитата:
*** Шийла шовданаш, чехка довдалаш, хьагах волчунна орцах хьовдалаш. Дато беттаса, наб ма кхеталахь, новкъахь волчунна сирла кхеталахь. 1ежийн-кхорийн беш, заза даккхалахь, стоьмех 1абор ду адам т1аккха ахь. Хьаьжк1а беркатен кенаш дахалахь - сискал оьшур яц махкахь нахана. Даймохк хьомен сан, х1ун ду хьо бен сан! Г1оза бахалахь, ирзеш дахалахь, тоьпах гота яй, уьш д1а ахалахь, синтарш д1ог1алахь, г1ишлеш йотталахь, юха когаг1ой ирах1отталахь! |
|
|
|
|
#42 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
Дика ловц баккхар ду яра-м) Хаза байт ю)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#43 |
|
Вес репутации: 3 |
Додам, хьо дукха яхарг, оцу айхьа кест-кеста балочу шина мог1анан гоч дийр дарий ахь? Суна-м цхьа тамашийна хета церан маь1на, цхьа сардам боллар санна ма ду изам-м. Шераш дуучу лазамал а цхьалха хилча, ма вон положени хила еза оцу накъостехь. Дика х1ун ду кхузахь? Я со ца кхета-те ишттачу к1оргерачу "матерех"? Г1о дехьа!
|
|
|
|
#44 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
аса-м и ши мог1а кест-кеста балош ма баций) Уьш-м сан "подписехь" лаьтташ ма бай)) Аптин байта юккъера ду-кх и дешнаш) Цуо-м йо1анна лерина яздинера уьш, аса сайгара иштта д1а яздина-кх... Со кхетарг иштта ду (бехк ма билла сайна ма хетта аларна, со мелла а хьоьх озалуууш ю)) - коьртаниг Иза хилар ду, цхьаннахь кху лаьтта т1ехь вехаш, дийначарна юккъехь... Иза цхьалха хилар дика ду бохург ма дац и! Иза ишта а, вуьшта а цхьалха волуш ву... лаахь а, ца лаахь а... Сан даге хаьттича-м цул ирсе адам хир а дарий техьа?)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#45 | |
|
Вес репутации: 3 |
Цитата:
Хаза язйина ч1ог1а. |
|
|
|
|
#46 | |
|
Вес репутации: 3 |
Цитата:
Амма сох иза ма лоьлахь, со, мелхо а, хьо сайн список друзей д1а а язйина 1аш ву хьуна. Бакъдерг аьлча, жимма придирчивый хеташ тон хир ю сан, вообще, придирчивый амал йолуш хила а тарло со, делахь а, вайна массарна везаш волчу Аптийн ялахь а, кхучун ялахь а, стихаш а, кхин долу йоза а, четко, гуш, кхеташ маь1на долуш хила деза аьлла хета. Просто ради звучания самих словосочетаний вовшахтесна абракадабраш цхьа фальшивомонетчество санна хета, цхьа хьо санна долу дог ц1ена адам леда санна. Хестораш дукха ду вайн, амма жимма б1аьрга а, коьртан а тидам сов хила безара. Вайн и боцу дела, дукха произволаш лела йо кху чохь а, вайн политикехь а, литературехь а, маттехь а дуккха наха - цуьнан результат ю вай ваьш а, вайн восприяте а, кху чохь а, кхечу сайташкахь вай ден дукхах долу къамелаш а, стихаш а, исторех лаьцна дерг а, къомах лаьцна дерг а иштта д1а кхин мел ду уьш. Со-м нохчийн меттан специалист а вац, цу маттан цхьана урокехь хилла а вац, дукха хууш а вац, амма обидно ду ша нохчо ву бохучо вортанах г1орт алар, кхин меланна т1е1оттало кху чохь. Шен къоман, шен ненан, шен ден мотт ца хаарал йоккха юьхь1аржо яц стагана, цхьа а оправдане а яц цунна, цхьа а бехке а вац и шай, цуьнан наний, дай доцург. Бехке ца во ас дика яздан ца хуург, грамматика 1амийна ца хилча бехк буьллийла яц цунна, айса шортта г1алаташ дой а хаьа... Жимма вайшанна темий т1ера хер вели со, делахь а, кхетта хир ю-кх хьо со ала г1ертачух. Дукха яхийла хьо. |
|
|
|
|
#47 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
Причём сан догц1еналла я дог1аьржалла?)) Я со х1унда лейора цхьаммо а? Натлус, сан амал муха ю хаий хьуна? Если у меня о ком-то или о чём-то сложилось своё мнение, то оно непоколебимо, кто бы что бы ни говорил!) На основании чужого мнения своё я не изменю никогда) Аса а, ахьа санна, сайна хетарг аьлла))
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#48 | |
|
Вес репутации: 3 |
Цитата:
|
|
|
|
|
#49 |
|
Вес репутации: 11 |
))))))) "Ахьа папуасий мотт бийцахь а
реза ву-кх со" бахий ахь, Натлус?))))))
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#50 |
|
Вес репутации: 3 |
|
|