Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 16.10.2007, 20:43   #21
Natlus
 
Вес репутации: 3
***

Дог лозуш я ловзуш,
дийнахь я буса,
х1ор илли даггара
кхоьллина ду сан.
Ойлан т1е ойла сайн,
т1улг санна, юьллуш,
шуна ас йоьттина
к1айн б1евнаш ю уьш.
Яьсса ю чуваха
да воцу х1усам,
цундела шуьга цхьа
дехара ду сан:
Цхьаммо а соьца
мекха ма лиэцалаш,
шайн дуьхьа йоьттинарш,
шайн яй т1е эцалаш.
  Ответить с цитированием
Старый 16.10.2007, 20:46   #22
Natlus
 
Вес репутации: 3
Нохчийн поэзи

Илланча, нийса ехкин-м хаац, амма шортта Яшуркаевн стихаш ехки хьуна ас кху чу. Хьайна хетарг аьр ахь а. кхечара а.
  Ответить с цитированием
Старый 16.10.2007, 23:19   #23
vesy
 
Вес репутации: 0
баркал хьуна,байташ ч1ог1а хаза ю,Яшуркаевс дика язйо
  Ответить с цитированием
Старый 17.10.2007, 12:25   #24
Natlus
 
Вес репутации: 3
Нохчийн поэзи

Селхан дикка Яшуркаевн стихаш ехкинера ас кху чу, х1инца д1ахьажча ши-кхоъ бен ян-м яц. Суна дика ца хаьа х1ара х1уманаш лело. И "отправить" боху дош дан а ма дац кху чохь. Суна цхьаммо хьехийша х1ара говзалла. Юха шайна хуучо нахчийн маттахь "горбатый" муха ду а ала. "Буькур" ду ма аьллаш. "Буькур" бохург охьатаь1ана ву бохург ду.
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2007, 04:53   #25
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от Natlus Посмотреть сообщение
Селхан дикка Яшуркаевн стихаш ехкинера ас кху чу, х1инца д1ахьажча ши-кхоъ бен ян-м яц. Суна дика ца хаьа х1ара х1уманаш лело. И "отправить" боху дош дан а ма дац кху чохь. Суна цхьаммо хьехийша х1ара говзалла. Юха шайна хуучо нахчийн маттахь "горбатый" муха ду а ала. "Буькур" ду ма аьллаш. "Буькур" бохург охьатаь1ана ву бохург ду.
Вход йинерий ахь Логин а кодовый дош а яздеш?
Х1умма а дац жим-жимма 1емар ду дерриг а.
Айха язьеш йо.лу пост цхьамма аьллачунна т1ейоьг1на елахь, "цитировать" боху кнопка та1ае, т1аккха цитата гучаёлу, цу бухахь ахь хьайн пост я3йо.
Дукха-м ца лоь со?
кхин а хатта хьайн х1ума делахь, пхоьха ц1е ёлчу темехь хьайна ца хуург хатта, пхоьханахь нохчийн мотт бийцичхьана къамелаш дан мега дуккха а
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2007, 05:03   #26
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от Natlus Посмотреть сообщение

***

Хьоьца, мукъа, х1ун къевсина,
чекх са ма го хьан левсинна,
пиллагаш ма дац хьан дийна,
кехатпондар, хьо хьан бийна?

Мохь бу х1ор а чов хьан дег1ан,
кийрахь иза боьлхуш хьег1а,
хилла аз хьан генахь хиэза,
пондар боцуш х1ун дан деза?

Ас хьан чевнаш муха ехка
аз ца дайта винчу мехкан?
Х1ара дешнаш хаза аьлла ду ч1ог1а

Кхин а ялахь Султан Яшуркаевн байташ.
Цуьнга маршалла а д1алолахь ешархошкара.
barkalla h'una Natlus.
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2007, 12:28   #27
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Natlus(c1e-m ju h'an ch'a tamashijna),Dela reza hijla h'una! Dika bolh bina ah'! Ch'a h1uma-m du - khu choh' errige bajtash Sultani hilcha,temi c1e hijcicha dika hir dara,moderatore ala a a'lla) H'una muha heta iza?)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2007, 12:36   #28
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Lerrina shena tema hilcha dika hir dara, Sultani bajtash jovzaesh esharhoshna! Cunna du h'una asa bohurg, Natlus) Nagah' h'o reza valah' vaj khu temi c1e hu'jcitar ju) Laramca Dodam p.s. nohchijn poezina shena lerina shi" tema ma jaj khuzah'...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2007, 13:47   #29
Борзаб1ярг
 
Аватар для Борзаб1ярг
 
Вес репутации: 3
Нанас дена ма валда яхь йоцу ва к1анат
Валанза ва висна и дуьненчу ва валахь
Цуьна валар нислойла
Куьг хьокхуш шар йинчу ц1енкъа т1ехь
Ког шершина, гайх к1охцал ва дахна
Яхь йоцучу к1натал торг1ул етт ма тоьлу
Оьзда воцучу к1антал бог1ул етт ма тоьлу
Ялалахь я ла лай, ва лалахь ялалай


P.S. Нохчийн шира илли-поэзи))))
__________________
Прости Ичкерия Прости!!!
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2007, 16:41   #30
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Borzab1a'rg, khu ag1oneh' tema ju h'una "Nohchijn shira illesh, esharsh") Nagah' h'ajna hala dacah' h1ara ajha jazdina illi cigah' a jazdeh'a, dik duj?) Laramca...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.