![]() |
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
![]() |
|
|
Опции темы |
|
|
#11 |
|
Вес репутации: 3 |
***
К1адбелла ц1ийх буьзна сан дега къолам, дог доцуш вахалург, хьо я1-кха жолам! Дош доьлху илли ала хьан дезац, къизаллехь беллачийн шийла мохь хезац! Ца диэза сахиллац юха уьш беха, Даймехка юкъ кегош даь1ахкаш леха! Дог доцуш вахалург, жолам я1 тахана!.. *** Хьоьшу латта хьешна, деза еса дешна, новкъа довлуш вай, упха къовлуш вайн, д1а х1ун хьош ду вай, дита дош дуй вайн? Гота эхи вай, мангал туьйхи вай, хьанал дехи вай, хьарам дуьйхи вайн? Даймохк беккхи вай веша аттачу, бита пекъар вай, т1амо аьттачухь? Делхи, дийли вай, дохко дийли вай, стенах кхийти вай, муха хийти вай? Х1ун т1едеккхи вай, х1ун ц1е еккхи вайн, д1а х1ун дийци вай, схьа х1ун йийци вай? Луур дели вайх, б1оьвнаш х1иттий вайн, вазви Дела вай, юьхьк1айх1итти вай? Маса некъ билли, маса т1ай тили?.. Маса аьхки каш… цу чубехкинарш… цу чу бехкинарш!.. *** Адамийн дог1маш 1охку, гоьргаш санна, ц1ен дечигдаккха херх хьекхна-те царна? Цхьадерш, бежанна санна, арсаш хьекхнарш… гонахь ц1ечу 1аьмнийн етта хьоькхнаш... Кортош…куьйгаш… когаш… маж а т1ехь мочхал… хадийна охьатесна адаман мотт ша… 1енийна хьаьжк1ан буьртигаш – цергаш, ма аьллаш бакъ дац – со хьежна цаьрга! Майда май-ю меженаш д1асаяржийна, акха девллачу ж1алешна яжийна!.. Вайна дитина, «къа», «маьл», олу ши дош, дог1мех доьвлла дахана церан синош! Д1аь1аьхк миччахь 1илларх башха дац царна, вай х1ун дан деза, вай мича довла-те, ихча тоьий кульсе, междиге... мовладе... ч1ир ма ю вайна т1ехь массарна?! Уггаре лекхачу ламьт1е а ваьлла, кху дуьненчу шийла мохь тухур бара: адам, ма де, хьуо санна адам! – аьлла, амма Муса – пайхамара… 1иса – пайхамара… Мухьаммад – пайхамара... иза аьлла, маса эзар шо даьлла!.. |
|
|
|
#12 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Некъ бу со! Суна т1ех Атилла тилла, х1ор а берг тоьхначу муо латош - куьган цхьа ц1азап1елг биллал, меттиг яц зил база буолато! Некъ бу со! Эзарза эзар лан кхетта, чов лешаш, да1 хилла дег1ах сан, шокъалеш лозуш синметтехь, к1адъелла даь1ахкаш хьег1а сан. Некъ бу со! Адамийн туьтанаш 1охку, сан х1ор а доьлана лерина, мостаг1ша саьнагаршца охкуш, со ирх-пурх масаззу берина! Некъ бу со! 1ожаллан бирг1анан готтехь, замано заманчу биллина, бог1у со йиш йоцуш х1отта, йесан мохь белшаш т1е биллина. Некъ бу со! Ламчура Сибаре кхаччалц, 1уьллу со ца йоьрзу чов хилла, ас маса теллина паччалкх, со маса паччахьо човхийна! Некъ бу со! Хиллачо хиндерг а хьешна, ойлане дог1уш ду тача сан! Х1етте а! Х1етте а тешна… 1ийр боций цкъа сайн ц1а кхачаза... |
|
|
|
#13 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Дуьххьара дош хьан ду, Дела, т1аьххаьрниг а долудела. Сан дош-м – дош а дац, сан мотт-м – мотт а бац... лаьттан б1елиг бай, бецан хелиг дай, беша заза дай, малхал хаза дай, бетта нур диллий, дашо к1ур биллий, мазал мерза дай, Мизийн-терза дай, к1айчу дарийн дай, сийна аре яй, ялтийн хьаса бай, ловза 1аса яй, пардол ховха дай, ц1арал довха дай, дагца овхадай... бабий урчакх яй, дадийн очакх дай… кийра баста сайн, нана хьаста сайн, Даймохк бийца сайн, дуьне хийца к1айн, илли ала сайн, йоцуш дуьхьало, цхьа дош лохьа, Дела, Дела дуьхьа ло! Буобер дай со-м, Дела, сайн Даймахках даьлла!.. |
|
|
|
#14 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Схьаболахьа, нохчийн мотт, улле охьахаахьа, хазийтахьа дагна хьайн дешнийн мукъам, ца воллу со илли ала г1ерташ садаа хьан, ненан мотт хезча долур-кха самукъа. Дукха хьан ю херделла вайша, ахь со ца вуьйцуш, ас хьо ца буьйцуш – вовшен дицделча санна, даго маса сардам буллу, хезанчунна луьйца, со хьох векхинчарна, хьо сох бекхинчарна! Ца воллу, х1ара аьлла, хоьга х1ума деха а, к1адвелла тоххарехь байташна дешнаш леха а, Ишттта, паргг1ат, цкъа хьуна улле охьа а хиъна, дагалаца лаьр-кха хилар суо хьан накха биъна... |
|
|
|
#15 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Буткъбеллачохь, хада мега пха, хьо воьдуш лаьтташехь деган хьан - хийла дош дуьсур ду аланза, хийланиг – къинт1ера валанза! Деана и де т1е кхачале, тебначу 1ожалло лацале, мохь охьабуьллу сайн дагт1ера - волу со массарна къинт1ера! Дуьненчу со маьрша веана, вер-ваккхар сайца ца деана, цхьанна а ч1ир а яц суна т1ехь, дуйбаа Къор1анан суратт1ехь. Дийцина вер а вац г1алаташ, мел лекха хир яра г1аланаш, гулдина т1ек1ел уьш доьттича, иэхьхета дагар дан х1оьттича! Къинош а, дера, ма летийна, Далла уьш хала ма хетийла, вер ма вац уьш а дийцина - шортта ду дег1аца дуьйцина! Масане хьаштдоцург делира, ала ца деза дош элира, масаннах кхаьрдира, вийлира, юха хьуо мел дохко вийлира! Делахь а! Иштта и делахь а! Суо х1инцца охьакхетта лахь а! Тахана, сайн къинойх воьттина, шун юьхьадуьхьал а х1оьттина, ала ду: вина мохк боьхкина, ас коча мидалш ца оьхкина! Сом а ца диллина кисана, куьйгаш т1ехь ц1ий а ца дисина! Къам а ца декъна ас юккъех сайн, герз а ца лелийна юкъах сайн, маьхьарца майдант1е х1оьттина, ц1ехь вуьзна дарже ца х1оьттина!.. Делахь а, сайн къинойх воьттина, къинт1ера ваьлла со массарна, шуна а хийла т1ех1оьттина, аш а дог даста шайн… ас санна!.. |
|
|
|
#16 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Дайх бисна мерз-пондар, хьан ма 1а тийна, хьо сачохь бан а буй я т1амо бийна, боха ма бохахьа, кху доьхначу дийнахь, мукъам ца бисна-те, хьан зевнечу кийрахь! Г1аттахьа, цхьа илли д1аала вайша, олуш ма хиллара вайшинна дайша, малхбале, малхбузе, цу къилбаседе дагара дуьйцуш сан, мерзаш хьайн леде! Вайшинна илли дац зезагах, баттах, Даймахках лаьцна ду, даймахкан маттахь. Лаьттара стигала, стиглара лаьтта, кхачаде вайша и массо а метта! Сан кийра гатбинарг хьайн кийра диллий, алахьа тахана и деза иллий! Дуьненан йиъ м1е1е хазийтуш аз хьайн, буолатчу мерзах п1елг мел туху ас хьайн. Вешшанна къома дог дуьненна хьалхха, охьадилла вайша, – аса а ахь а, - цу деган ц1аналла, цу деган лазам, белха бе вайшиммо, х1оранна хаза! Хо-м дечиг яций сан, аз дайна 1илла, нохчий мерз-пондар бай, къаман аз хилла! Хьайн накха беринчу чоьвна сатохий, Башлома лакхалле бовха мохь тохий, сан синпха хьайн мерзех шеддашца хоттий, д1аала илли хьайн, ира а х1оттий! *** Латта мокха деш, текха йиълара мархийн 1окъанаш неха стиглара. Кхачий кхин цхьа де, буза боьду малх, буьйса йог1у т1е, шайн чу боьлху нах. Буьйса еха ю, х1усам неха ю, вижарх наб кхетац, юха малх кхетталц. Даймохк, хьоме сан, х1ун ду хьо бен сан, хьо ма генахь бу, со ма генахь ву! Хьох х1ун хила-те, сох х1ун хила-те, хилларг вайшиннах мича дилла-те. Ойла лацало, ц1аьххьа 1адайой, хилларг ла ца ло - з1е ма хаьда вайн. Буо ю ойла цхьа, йисна арахь ша, вина оьвла сан, вина, нана сан, шу ма генахь ду, со ма генахь ву... *** Бухарон холхаза чо чола куй санна, цхьаммо-ма бетта нур тиллина буьйсанна, г1овтал а юьхина исхарен сийначу, ши а т1ам баржийна дийнахь малх 1ийнначу. Юкъ къовлуш седарчийн доьхку а дехкина, кхин хийла аматаш стигалахь дехкина. Х1ун ду кху дуьненчохь Дала ша кхоллаза, кхоьллинчех х1ун хир ду, Нохчийчоь, хьол хаза! Шовданаш дека хьан пондаран аз санна, къоламца х1ун дустар даладе ас царна! Мила ву сурт дилла, куьйгаца говзачу, зазанан полларчийн, хьан бешахь ловзачу! Карадац маттана хьох лаьцна ала дош, и хила дезара эчиг а лаладеш! Суна гург г1аларт ду, туьйра ду, г1енах ду, со хьуна, Нохчийчоь, генерчу генахь ву, айса суо лево ас, сингаттам 1евжина, лаьтто со ойланехь хьан мара тевжина! Дег1ан чарх мел леларх дуьненан паналлехь, хьо йоцург г1ортор яц беркъачу цхьаналлехь - кхин г1ишло йог1алац, кхин латта хьасталац, Даймахках ваьллаче кхин Даймохк къасталац! *** Пулемет, пулемет, хьуна хьун моьтту? Хьаьжк1аш ю моьтту айхьа оруш ерш, эшарш ю моьтту айхьа олуш ерш, я моьтту ю хьуо дашо г1ала еш, ц1ен пен ботта ц1аста-даш лаладеш, я моьтту лекхачу дитта т1е яьлла, егош ю берашна ц1ен горга баьллаш? Пулемет, хьуна мотта х1ун моьтту? Моьтта-те, хаац, айхьа етт боьтту, лаьхьанах терачу хьайн бирг1анчуьра, татолах ледаш ю эттан к1айн шура! Я хьуна ц1ениг бен бос ган а гиний, цкъа а куьр лисина цу межарг биний? Пулемет, пулемет, хьуна х1ун моьтту? Хьо етташ волче-м ас х1уммаъ ца хоьтту... *** Г1о де Дала вайн, к1а т1е дала вайн, т1улгаш бийначух! Г1о де Дала вайн, хьаьжк1а яла вай, дошан буьртагех! Г1о де Дала вайн, йохна г1ала вайн юхах1отта вайн! Г1о де Дала вайн – эца бала вайн - вийнарг г1атта вайн!.. Амма юха т1улг беле, сийна даш деле, вовшен ваьш деле, Деле хатта вай!.. *** Седарчий генахь ду, цундела - кегийра – дашо чемхьаьлгаш санна, цхьаммо-м кегийна. Вуьшта-ма хьаха ду силана даккхийра, 1аламат йоккхучу нанас шаьш дакхийна! Вай ган а гой-те цу цигара схьахьаьжча, вовшен юьхьдуьхьал лаьтташех ца гуш долу, иха-м уьхура вай х1ор а шарахь хьаьжц1а, ц1а даьхкача, юха а кегийра довлу-кх... |
|
|
|
#17 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Х1ей, цхьалха мотт шалха бийцинарш, охьайилла, х1ун са ийци аш?! Х1окху ор чухь, х1окху т1улга к1ел, шаьш дина къамелаш юха дел! Дерг ца гуш, доцче сатийсинарш, мича кхечи шун сатийсамаш? Тахана стенга сатуьйсу аш, долчухь шаьш, хьаьнца х1ун къуьйсу аш?! Хьей, паччахьаш, дуьне дегийнарш, селхана хийла шайх хьегийнарш! Х1ун ду цигахь, муха дохку шу, мел шуьйра буьстина мохк бу шун, х1ун деккхи цигахь шайн долу аш, висинче кхузахь х1ун олу аш?.. Иштта, Дала ша кхоьлличахьана, ду шуна дуьне: «тахана-кхана»... 1ожалла Даккхий-м дедо замано шех, амма 1ехадала оьшуьй-те? Цхьа х1ума ю цуо лелош чехь – гучайоккху вай шех тоьшшийте! |
|
|
|
#18 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Суьйранца баккхийнах пхьоьхана бовлура, воккханиг - хьалха, ткъа вуьйш т1аьхьах1уьттура, цкъа хьал-де хоттура… сов дош ца олура, тхо цаьрга ладог1а уьхура гуттар а, церан къамелаш самукъане хетара, дийца мел дуьйцчух-м кхета а ца кхетара, х1етахь, ца кхетарг, хатта а иэхь хетара... Воккхачо аьлларг лардора кегийчара, дагахь цхьа кхин делахь а шайн дуьхьал ала... Масала, олура: «…бу цхьа боккха ч1ара, цуьнан букъа т1е х1оттийна дуьне Дала…»… Дах ца деш, и шениг дийцина волура, юха, цуьнан пурбанца, кхечо олура: «Вай кху дуьненан б1аьрга бахана цинц бу, вукха дуьненан б1аьргахь ду х1ара ша а, х1ара ворхх1е дуьне цхьана Дела ницкъ бу, вай-м шек а дац, ойла еш вац вайха цхьа а: оцу дехьарчу дуьнено цхьа туй кхуссахь, хьанна хаьа х1ун хир ду кху вайнчух кхузахь?..» Ас х1ара шуна х1унда дуьйцура аьлча, муьлхха велахь а, стаг цхьана хене ваьлча, цхьацца х1уманаш дуьйлало дагайихьа, шуна цкъа а гур бац и баккхийнаш, и хан, суна шух къахета, шун хир яц и пхьоьха, шун тобанаш хир ю, цхьаъ вукхал боьха... |
|
|
|
#19 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Ойланаш, аш соьга баха х1ун боху, х1ун дицде боху аш, х1ун карладоху, мел хилларг юх-юха аш х1унда хоьтту, шуна со аьшка ву, дешкан ву моьтту?! Я т1улг бу биллина суна синметтта, я чим бу овкъкаран кийрачу летта, дийцийша, соьгара шуна х1ун даьлла я хета шуна со лазош вац аьлла? Сайниг бен дов дац-те дуьненчохь хатта, со ву-те къиношца даздинарг латта, адамо мел динарг суна т1е дилла, ма охьахоьвжа шу Мехкакхел хилла... |
|
|
|
#20 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Седарчий, мичара девла шу, мичара оьгу шу эвлачу, 1илмано боху шу генахь ду, б1аьргашна гушдерг ткъа г1енах ду? Сахьтана т1ом сецна аьлла, шун ма ч1ог1а самукъадаьлла! Д1адовла, ма ловза бешахь, лазор ду шу шокъалеша… *** Хьоьца, мукъа, х1ун къевсина, чекх са ма го хьан левсинна, пиллагаш ма дац хьан дийна, кехатпондар, хьо хьан бийна? Мохь бу х1ор а чов хьан дег1ан, кийрахь иза боьлхуш хьег1а, хилла аз хьан генахь хиэза, пондар боцуш х1ун дан деза? Ас хьан чевнаш муха ехка аз ца дайта винчу мехкан? |
|