![]() |
|
|
#71 |
|
Вес репутации: 3 |
***
1аьршашкахь кхоьлина, син хьаса ца гучохь Боху соь, малх ч1ог1а къегина, ала, К1охцалгийн кондарша когаш ц1ийх бузучохь Боху соь, зезагийн аре ю, ала. Шаьш элий хетачу, тентакийн тобано Суо тентак йоцийла хаийта боху, Шайн эраш эмкалшна т1ехахка кхобучо Суо эмкал йоцийла хаийта боху. Ягаеш, йоттуш со дег1ах ц1е хьерчачохь Б1аьстенан мела мох бу ала боху. Безашберш, бевзашберш, нана-бер хердечохь Бехкеверг лаьттахь вац, стиглахь ву, боху. Лакхара оьг1азло юссийла ца лаахь, Сан декхар ду боху тийна «къурд» алар. Ткъа харцо гушшехь, вай биен доцуш 1адда 1ахь, И йийраш вай а ду, ца боху Дала? 2002. |
|
|
#72 |
|
Вес репутации: 16 |
"Х1ара а Батаева Хедин байт ю"
Кеманаш, шаьш дийриг дина, Д1адаха шайн аэродроме, Вала мел ца везарг вийна, Амал зуьйш кху нохчийн къоман. Аганахь беро мохь бетта, Мохь бетта 1уьллучу докъо: "Хьан боху лиелаш ю лаьттахь Маьрша нах ца байъа бакъо?" Хьан боху и ларьеш нах бу Само еш бехк боцург виерна? Хьан боху шина шайннал мах бу Цара мел дуьйцучуьн эрна? Мичхьа ю и конституцеш Ларьяран адамийн бакъо? Бакъо ю танг1алкхаш юца... Бакъо ю доь дайъа докъан... Бакъо ю дин кхин ду аьлла, Х1аллакдан шайн доцу мехкаш. Ткъа нийсо-м 1уьллу йиш хаьлла, Луъучо бага д1айоьхкуш. Бакъо ю, барт бохош, декъа, Ц1ерш тоьхкуш, сийсаздан къаьмнаш, Моьттур ду Нохчийчохь деккъа Тротилах дуьзна ду лаьмнаш. Бакъо ю лами беш даржан, Гаренгаш адамех йотта, Кхечарах питана даржон Шайчеран схьадаха кортош. Бакъо ю хьалаолла паччахь, Доь доцуш докъаза вайъа, Хьоь олуш, ворх1е ден марчох Е, хьайна са дезахь, байракх. Кеманаш, шаьш дийриг дина, Д1адаха шайн аэродроме. "Кхелахой" "ц1ийлахь дог" диъна, Хьовсуш бу десертан чоме... Батаева Хеда.
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина Галстукаш коча а оьxкина Г1аддахна лелаш ду г1аларташ Cан къоман историн г1алаташ! |
|
|
#73 |
|
Вес репутации: 11 |
Хеди х1ара байт суна цхьана
дикачу доттаг1чо яийтина) Ахдуьне даьккхинчу ондачу 1апказан ерриг а шело д1ахуьйдина тарха, 1апказан туьхано дурбинарг, и туьха хьайна чу гулдинарг, х1ара дуьне санначу ширачух тахана доьххьара кхийти со хьан дукъах куьг 1оттаделча: хьо даим ца хилла-кх шийла. Деккъа сайн г1оразчу куьйгашца хьох д1а мел хуьйдина дуьненан шело схьаэца орцаха еънера хьуна со, дуьненан д1о цхьана йистера вукхузхьа кхаьчначу тулг1енах терра, хьан шога хебарш, куьг хьаькхна, шарян, сан шира 1апказан тарха. Амма хьо даима хуьлуш ца хиллера шийла: стиглара малх ма бу маьрша ма тов кху лаьтта т1е хьежа, хьуна сан куьйгаш ца эшшал, сан шира 1апказан тарха. Цу малхо хьуна схьакховдийна йовхо ур-аттал сайн дег1ан 1индаг1ца шел ца ян, со юхайолу цу дахарал некъ бина, берда т1екхоччушехь, мох юхабирзина, б1остане йирзинчу тулг1енах терра. Дависарг, йовза йиш хилча шена т1екхачале, б1остане йирзинчу гилгачу тулг1енах тархано ен ойла...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
#74 |
|
Вес репутации: 6 |
***
-Бердаш дуу, шовда муьйлу Хьогах Орга, Ца тоьу хьуна хьайн шоралла, Бух а к1орга? -Ца тоьу дера. Ломан боьххьехь б1ешерашкахь Лацабелла И буто ша бохабар соь Лан ца делла. -Новкъахь доцург, бердах долий Хорша доккхуш, Ца го хьуна ломан ч1ож ахь Хорше доккхуш? -Ца го дера. Кху шераша со ц1ийн 1оврех Дакхийначу, И ц1ийн 1овраш дукха мийлош Дахийна со. -Хоршах даккха дуьхьалонаш Ехки хьуна, "Акха", "къиза" - дукха ц1ераш Техки хьуна. -Техки дера. Со ломан хи дуйла шайна Хуу дела, Оьг1аздахна, некъах дохар Луу дела. 2002. |
|
|
#75 |
|
Вес репутации: 6 |
***
Тхов йисттехь кхозучу Ша чохь д1адижна ду Беттаса. Кху буса г1урано Хьанна ха деш хилла Кхетта со. |
|
|
#76 |
|
Вес репутации: 6 |
***
Буто бина ша бу ала, Ша т1ехь лаьтташ со ю ала, Ша бохийна хи ца оьцуш, Сайн хьомениг варе хьоьжуш. (халкъан йиш) --- Я тхан лаьмнаш лекха дара? Я тхан мехаш шийла дара? Я хьан лерса къора дара, Ломахь лекхна йиш ца хаззал? И буто ша каг ма бели, Со т1ехь латтар дах а делла. Цу хи т1е мел дорцаш хьийзарх, Кхин ша баре са ма тийса. Гобаьккхина лам бу бохуш, Цу ламанца со ю бохуш, Цкъа мацаха хезна алий, Кхин тхо долччу схьа ма вала. Гонд1а лаьмнаш лакхадевли, Арахь дорцаш марсадевли, И буто ша бешна бахна, Сан к1удал а хи чу яхна... 1991. /Батаева Хеда/ |
|
|
#77 |
|
Вес репутации: 6 |
***
Кора т1ехь ж1амараш ехкина г1урано, Сан даг т1ехь ж1амараш ехкина Сан шийла саде1аро - Цундела моьттуш хир нахана Сан дагчохь зезагаш девлла. |
|
|
#78 |
|
Вес репутации: 11 |
Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллaр бу, Хьун кхачаелча, Ас дитташ дуг1aр ду. Аьнгалин бошхепахь Ца баьлла бай буьйцуш, Са кхачалучохь Цхьа илли кхуллaр ду. Ас сийна ойла Мукъаме ерзор ю, Ас можа гуьйре Г1аш 1енош елхор ю. Ас ц1еран меттана Сайн б1аьргаш латийна Сайна т1ебог1у Некъ серлабоккхaр бу. Сан б1аьргийн серло Кхоьлина хеталахь, Суна т1ебог1у Некъ ахь ма биталахь. Сан б1аьргийн серло Буьйсано мийлина, Г1елделла б1аьргаш Б1аьрахиш къийлина...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
#79 |
|
Вес репутации: 16 |
Нохчийчоь
Хьо суна езнера, Нохчийчоь, Х1инца а еза, Хьан чевнийн моьнаша Б1аьрса д1ахудучу хенахь. Хьо суна езнера, Нохчийчоь, Х1инца а еза, Даима езна хьан Ихначу б1ешерийн гене. Тахана т1еман к1ур, Де кхолош,1аьршашка 1аь1на, Маьлхан нур чекхдала ца дуьтуш, Кхолийна латта. Сан кура Нохчийчоь, Хьан корта охьа ца таь1на, Т1еман кхаж д1акхехьа Хуьлуш ца хиллехь а атта. 1уьйренан - "Г1овтта, х1ай!" Суьйренан - "Уьстаг1ий дог1у!" Дененан - "Бабин йо1", Ненаден – ”Д1алакха йиш"- Хьо яра, Нохчийчоь, И дерриг хьайна чудог1уш. Хьо йиси т1улг хилла, И дерриг - д1аихна хиш. Хьо даим лаьттар ю, т1улг санна, Белахь а г1ерташ Хьан луьра мостаг1ий 1аьвдина хи даккха хьох. Хьо даим ехар ю, Къонахий мел бу хьан лаьттахь, Хьо, Дела воцчунна, Суждане ца ихна мохк. *** Некъ кхачабелча, Ас кхин некъ буьллур бу, Хьун кхачаелча, Ас дитташ дуг1ур ду. Аьнгалин бошхепахь Ца баьлла бай буьйцуш, Са кхачалучохь Цхьа илли кхуллур ду. Ас сийна ойла Мукъаме ерзор ю, Ас можа гуьйре, Г1аш 1енош, елхор ю. Ас ц1еран меттана, Сайн б1аьргаш латийна, Сайна т1ебог1у Некъ серлабоккхур бу. Сан б1аьргийн серло Кхоьлина хеталахь, Суна т1ебог1у Некъ ахь ма биталахь. Сан б1аьргийн серло Буьйсано мийлина, Г1елделла б1аьргаш Б1аьрахиш къийлина. Хеда Батаева
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина Галстукаш коча а оьxкина Г1аддахна лелаш ду г1аларташ Cан къоман историн г1алаташ! |
|
|
#80 |
|
Вес репутации: 16 |
Вай хийла хийци хийра г1ала,
Вай тутм1аьжиге бийци бала, Вай кхийти дуьне горга дуйла, Вай кхийти дуьне къора дуйла. Вай кхийти адамел а дукха Кху лаьттахь дуйла дажалш, г1емаш, Д1о къийго, аьрзух лела 1емаш, Мах белла оьций цуьнан т1емаш. Вай ц1арах кхетта ц1ергахь даьгна, Вай г1урах кхетта г1орош даьгна, И дерриг тептар т1ера дешнарг Ша вайл а дика кхетарх тешна. Вай тедан цхьа а синтем боцуш, Вай хьулдан цхьа а соне йоцуш, Вай кхетта дуьне горга дуйла, Вай гуш ду лахьта к1орга дуйла. Хеда Батаева 2007
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина Галстукаш коча а оьxкина Г1аддахна лелаш ду г1аларташ Cан къоман историн г1алаташ! |