Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 30.09.2007, 17:55   #61
Enigma*
 
Вес репутации: 6
"Ма деха дара и 1а" гулам юккъера:

***

Сийна, сийна, сийна сахили,
Сийна ойла кхочуш ца хили.
1аьржа буьйса 1инчу керчина,
Мерза г1енаш месех хьерчийна.

Сийна, сийна, сийна сахили -
К1айн говр хилларг самах - г1ан хили.
Даима а иштта хуьлу те,
Дезнарг д1адовш, лар ца юьтуш шен?

1990.
 
Старый 07.10.2007, 17:05   #62
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Алхьамдулиллах! Аллах реза хулд х1ар тема создaт йинчуна
ч1ог1 хаза хита сун!
Хеда сун ёйзаш ю
сун ёйзан ца 1аш дуккху нахан ёйзаш ю
к1астан вай к1оман ц1е ёххан болу Яздархойшан Поэташна а.
Хеда байтнаш ч1ог1 хаз хита сун
цхьа х1ум ду,дагахь к1езгу хаъ сун цуьнa байтнаш
амма,Дал мук1алахь вай тохан дуьн болх д1абула бер букх.




"Тиларчохь язйина байташ"
юккъера:


***
Со д1аяха стиглахула лела,
Суна х1инца лаьттахула лела
Цхьа ког биллал меттиг битна бац:
Даймохк д1абаьккхина,
Дец1а а дагийна,
Ц1енц1а а дагийна.
Со х1инца цу стиглахула лела
Лаьттах наггахь корта хьакхалуш.
Цкъа-цкъа месаш т1ера схьа а лоций,
Со лаьтта чуийзош хуьлу цхьаберш
Иза а со неха лаьтта йоссон,
Амма суна лаа-м ца лаьа
Оцу неха лаьтта охьайосса,
Со сайн махкахь цхьа ког охьабиллал
Меттиг хиллалц стиглахь ехар ю,
Лаьттах хьекхалучу коьртара
Месаш ийзорх реза боцчу наха,
Сайн тиларчохь иштта ехар ю.
Оцу стиглахь мархел лакхаваьлча
Сийна ц1ена маьрша стигал ю,
Амма цунах кхаъ ца хуьлу синна,
Боларна бие хьашт ца хили иза -
Оцу стиглан чакхе йоцу маршо,
Ткъа сан синна мехкан маршо оьшу,
Стиглан к1орге олхазаршна йита.
Цкъачунна ас доцу некъаш хьоьшу
Оцу стиглан сийна есаллехь.

06.07.07.
Хеда Батаева
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
 
Старый 07.10.2007, 17:05   #63
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
***
Бердана т1екхача
дахарал некъ бинарг -
тулг1е

Эзарнаш юккъера
шега сатийсинчу
т1улге

К1айн-сийна дог далхон,
т1аккха дог иккхина
яла,

Цо еъна азаллех
абадехь къинхетам
балла...

Хеда Батаева
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
 
Старый 08.10.2007, 23:19   #64
Enigma*
 
Вес репутации: 6
"Ма деха дара и 1а" гулам юккъера:

***
Дог1анашца стигал йоьлху,
Татолашца латта доьлху,
Цхьанхьа, б1аьрхиш кхачаделла,
Шен иллица адам доьлху.

Стиглахь юькъа мархаш хьийза,
Лаьттахь болар мел дерг хьийза,
Цхьанхьа, т1омаяла г1ерташ,
Цхьаннан коьртехь ойла хьийза.

Латтана шен стигал йисна,
Стиглана шен латта дисна,
Цхьанхьа, кхоллам доза хилла,
Шен кхолламна адам дисна.

1990
 
Старый 09.10.2007, 23:11   #65
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Х1ара ю цхьа байт
Вайн массара лоруш ёлуч Батаева Хедин
Хар ас массуз юш
Сан дахарехь сун хаз мел хет дол хума
сун дукх мел безан болу нах а,дага боитакх сунa!
ас кест кест юша х1ара байта
Дал сий дойл Батаева Хедин


Абат

Маржа я1, сан Абат,х1инца а, Абат,
Г1езаш ю боху ахь цу Ану Бабин,
Хаза ю боху ахь вайн Соьлжа-г1ала,
Трамвайш, троллейбусаш, паркера 1алам.
Ткъа къена сан Абат, ца хаьа хьуна,
Озниев Хьуьсена 1амийнарг суна,
Мохк богуш яьгнийла и Соьлжа-г1ала,
Трамвайш, троллейбусаш, паркера 1алам,
Ц1ен г1опан саьрмико т1ом беъний махка,
И Ануй, Бабий ц1ерш чарташ т1е йохкуш?

Хеда Батаева
2000
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
 
Старый 10.10.2007, 22:43   #66
Enigma*
 
Вес репутации: 6
***
oкна пустых обгоревших домов
словно глазницы пустых черепов,
в которых,
ликуя,
тихо
смеётся
смерть...

Х. Батаева
 
Старый 10.10.2007, 22:58   #67
Enigma*
 
Вес репутации: 6
***

Шело лан йиш йоцуш,
Йовхо лан йиш йоцуш,
Я хила безам,
Я цабезам хила,
Цхьа т1улган х1оллам бу иза.
Х1олламан муха хир
Цабезам хьоьга,
Безам а хила йиш йоцучу?
Хилча и цуьнан кхоллам
Дуьненчохь хила х1оллам,
Хьажар ца хийцалун,
Шен болар доцу,
Я шена луъучохь
Латта йиш йоцу,
Декъаза и йоь1ан х1оллам.
Дуьненчохь ши сахьт биен
Кхин оьмар йоцург
Х1олламан некха т1ехь
Коканах баьлла полла
Хеназа белира
Хьан коран б1аьрга т1ехь,
Ламазна кхойкхуш молла...
 
Старый 13.10.2007, 03:28   #68
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от ARZO Посмотреть сообщение
АЛЛАХУ марханаш к1обул дойла шун
Хьяган мел долу къа меляхь яздойла
Т1еёхуч хена кхаба даста а могшул лойла шун

Ларамца,Аьрзу
Дала хьан а массеран а къобал дойла марханаш, Аьрзу!
Дала кхаба а, даста а могушалла латтайойла массарна а.
Дала вайн къомана ирс, аьтто, вайн сатийсамийн кхочушхилар а дахьаш йог1ийла вайна т1ейог1у хан.
 
Старый 13.10.2007, 05:01   #69
Carolina
 
Аватар для Carolina
 
Вес репутации: 10
Юх-юха йоьшу аса х1ара байт.

Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллaр бу,
Хьун кхачаелча,
Ас дитташ дуг1aр ду.
Аьнгалин бошхепахь
Ца баьлла бай буьйцуш,
Са кхачалучохь
Цхьа илли кхуллaр ду.

Ас сийна ойла
Мукъаме ерзор ю,
Ас можа гуьйре
Г1аш 1енош елхор ю.
Ас ц1еран меттана
Сайн б1аьргаш латийна
Сайна т1ебог1у
Некъ серлабоккхaр бу.

Сан б1аьргийн серло
Кхоьлина хеталахь,
Суна т1ебог1у
Некъ ахь ма биталахь.
Сан б1аьргийн серло
Буьйсано мийлина,
Г1елделла б1аьргаш
Б1аьрахиш къийлина...
__________________
 
Старый 25.10.2007, 22:05   #70
Lamanho
 
Вес репутации: 3
Обарг

Шелонна шаш лелхаш йог1учу буса,
Г1елонна г1ар-тата дайначу буса
Даима кхетамехь хуьлушдерг ду сан:
И буьйса хилла-кха обарган х1усам.

Наб кхерош, са 1адош ирча г1ан гича
Бийшанчийн синтемо дойу сагатдар.
Ма ирча хир дара 1аьржачу 1ин чохь
Чаг1алкхийн ц1ийзарехь цу г1ено г1аттор.

Сайн перза мархин де дахделла хеташ,
Ас стиглахь лохура суьйренан седа.
Ма хала марха ду досту досту хан йоцург,
Ша лоцуш дешна шен нигат а доцург.

Ц1енна сагатделча, дег1ах са къасттал,
Ц1акхочуш олу-кха:"Далла бу хастам!"
Ма хала х1ума ду-кх к1айн-1аьржа къастор
Шен ц1ийнан коре б1арг геннара кхарстош.

1992.
 
Закрытая тема

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.