![]() |
|
|
#241 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Шийла ша кагбина шат1улгаш лехьочул, Йогучу ц1ергара алу схьалехьочул, Цу ша т1ехь ког шершош хехкалур ярий со-м, Цу ц1арах дог 1абош йохлуш 1ийр ярий со-м Ахь бохург къобалдеш 1адъ1ийриг хиллехь. 1а шийла ду аьлча, г1орош хир ярий со-м, Малх бовха бу аьлча, йохлуш хир ярий со-м Массара бохучух тоам беш хиллехь. Дахарнa къаръелла парг1ат хир яра со, Сайн говран архаш а хецна хир яра ас Ахь аз а къардина соцуриг хиллехь! Х.Батаева 1988. |
|
|
#242 |
|
Вес репутации: 2 |
Бекиева 1айшатана
Цу цхьана м1аьргонна севцира стиглара мархаш, Севцира дахаран боларца мел уьду хиш, Хено а ц1еххьана озийра юха шен архаш... Ткъа оцу юкъана дуьнен чу елира ша-шех Ахь цкъа а лакханза йисина аганан йиш. Жимачу берана ши пазат ялла бен боцуш, Дахаран к1айн уьйриг ма жима хиллера хьан. Хилла хьан дахaр хьан ч1абанал дуккха а доца, Хьоь ала сан диснарг - сан юкъах мел дуьсу г1ан. Лайн чимаш х1аваэхь дисира охьа ца эгаш, Акхтаргах хьаьрччинчохь бисира 1адийна мох, Ткъа буьйса... И-м хилла хьан б1аьргийн 1аьржаллех хьоьгуш, Хьан жима к1айн дахар т1аьххьара д1акъаьсташ хьох.
__________________
"Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш, ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. " |
|
|
#243 |
|
Вес репутации: 0 |
Абат
Маржа я1, сан Абат,х1инца а, Абат, Г1езаш ю боху ахь цу Ану Бабин, Хаза ю боху ахь вайн Соьлжа-г1ала, Трамвайш, троллейбусаш, паркера 1алам. Ткъа къена сан Абат, ца хаьа хьуна, Озниев Хьуьсена 1амийнарг суна, Мохк богуш яьгнийла и Соьлжа-г1ала, Трамвайш, троллейбусаш, паркера 1алам, Ц1ен г1опан саьрмико т1ом беъний махка, И Ануй, Бабий ц1ерш чарташ т1е йохкуш? Хеда Батаева 2000 он очень грустный и вместе с тем какой то легкий...он мне очень нравится |
|
|
#244 |
|
Вес репутации: 9 |
Лам т1е волуш, тийсира цо цергаш,
Ткъа куьйгашца къевлинера лергаш. Хьалаваьлча, къарделлера лергаш, Амма дийна йисна хилла цергаш. |
|
|
#245 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Дагахь доцчуьра бог1ий, Шелйо шийлачу мохо... Хьанна новкъа ду техьа Суна х1оьттина ан? Лаахь - г1енашна яла, Лаахь - г1емашца лета Суна елла ю-кх Дала Х1ара буьйсанан хан. Х1ара байт а ю сайниг Йолуш рифма, я йоцуш Волуш йоьшург, я воцуш, Амма йолуш шен со. Х1ара грипп а ю сайниг, Долуш молха, я доцуш, Сан и делахь, я дацахь Цхьаннан п1елг лозур боцуш Суна хьежабеш болу. Лаахь, рифма ян, молу Ас цу молхана метта Цхьамма кховдийна д1овш, Иза кховдийнарг кхин а Волчунт1е а цецвоккхуш, Къаждеш, дийца сан эхарт Цунна шолг1а некъ боккхуш... Хала делахь а ваха, Велча - хирг хир ду атта, Хьуна т1ера къа оьцу Нах мел беха кху лаьттахь. Ког хьан тийсалуш хиларх, Иштта хуьлуш а хуьлу-кх: Цу хьан т1аьххьарчу дийнахь Х1оттош 1ожалло г1иллакх... 2008 Хеда Батаева |
|
|
#246 |
|
Вес репутации: 100 |
Тема закрыта по просьбе Хеды.
|