![]() |
|
|
#211 |
|
Вес репутации: 9 |
***
Дагахь доцчуьра бог1ий, Шелйо шийлачу мохо... Хьанна новкъа ду техьа Суна х1оьттина ан? Лаахь - г1енашна яла, Лаахь - г1емашца лета Суна елла ю-кх Дала Х1ара буьйсанан хан. Х1ара байт а ю сайниг Йолуш рифма, я йоцуш Волуш йоьшург, я воцуш, Амма йолуш шен со. Х1ара грипп а ю сайниг, Долуш молха, я доцуш, Сан и делахь, я дацахь Цхьаннан п1елг лозур боцуш Суна хьежабеш болу. Лаахь, рифма ян, молу Ас цу молхана метта Цхьамма кховдийна д1овш, Иза кховдийнарг кхин а Волчунт1е а цецвоккхуш, Къаждеш, дийца сан эхарт Цунна шолг1а некъ боккхуш... Хала делахь а ваха, Велча - хирг хир ду атта, Хьуна т1ера къа оьцу Нах мел беха кху лаьттахь. Ког хьан тийсалуш хиларх, Иштта хуьлуш а хуьлу-кх: Цу хьан т1аьххьарчу дийнахь Х1оттош 1ожалло г1иллакх... 2008 Хеда Батаева |
|
|
#212 |
|
Вес репутации: 0 |
Цхьамма кховдийна д1овш,
Иза кховдийнарг кхин а Волчунт1е а цецвоккхуш, сильно,мне даже страшно стало за них от етих слов......,Хеда молодец в ней чувствуется сильная личность,но и конечно же нежная женщина......... |
|
|
#213 |
|
Вес репутации: 0 |
Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллaр бу, Хьун кхачаелча, Ас дитташ дуг1aр ду. Аьнгалин бошхепахь Ца баьлла бай буьйцуш, Са кхачалучохь Цхьа илли кхуллaр ду. Ас сийна ойла Мукъаме ерзор ю, Ас можа гуьйре Г1аш 1енош елхор ю. Ас ц1еран меттана Сайн б1аьргаш латийна Сайна т1ебог1у Некъ серлабоккхaр бу. Сан б1аьргийн серло Кхоьлина хеталахь, Суна т1ебог1у Некъ ахь ма биталахь. Сан б1аьргийн серло Буьйсано мийлина, Г1елделла б1аьргаш Б1аьрахиш къийлина... |
|
|
#214 |
|
Вес репутации: 2 |
Г1айг1анна т1ера баьккхинчу бустам т1ехь
Кхоьллина хилла-кх хьо, йист йоцу аре, Б1аьргашна чуьра баьккхинчу бустам т1ехь Кхоьллина хилла-кха, геналла, хьо. Б1аьрхин чам бевзина волучуьн ойланах Кхоьллина хиллий-те, дуьра х1орд, хьо?
__________________
"Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш, ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. " |
|
|
#215 |
|
Вес репутации: 9 |
Баба=гуьйре
Ц1узам=яйне лоькхуьйтуш Синхаамийн мукъам, Цхьана 1ийр ю вайшиъ, гуьйре, Товжуш 1аьнан букъах. Суна лаьа, баба=гуьйре, Хьан к1ентан йо1 хила, Ахь дуьйцуш хьайн дашон туьйра, Ткъа ас хьуна - иллеш. Суна беза хьоьца машар, Хьо къинт1ера яла, Хьалха ас хьан можа к1ажарш Ца юьйцина алий. Хьан дог1анийн дуткъа хьесий Сайн корашца делхош, Хьан аматаш хилча серсаш, Сан амалаш телхаш. Ас хьан можа патар=бецех Довха юрг1а дийр ду, Со, хьан х1усам хилча еса, Даим хьоьца 1ийр ю. 1енар ду хьан можа туьйра Х1ора патар хилла. Лаьа суна, Баба=гуьйре, Хьан к1ентан йо1 хила. 1992. Батаева Хеда Хазачу дийнахь Хеди хаза ,синкъераме байт керла ёккху ас шун лерина Йижарий!!! ![]() ![]() ![]()
|
|
|
#216 |
|
Вес репутации: 2 |
Vesy, хьайна а керла байташ езахь цхьаъ дан деза ахь,
мехаз д1алуш х1умма яц тахан..)))) ![]()
__________________
"Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш, ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. " |
|
|
#217 |
|
Вес репутации: 6 |
Ой, Терза ахь селхана делла хаттар стенга дахна кху чуьра?
Х1етте а ас жоп ло хьуна. Х1ан-х1а, Терза ТурпалНажас йийцинарш цуьнан керла байташ яцара, уьш уггар а "шира")) байташ яра цо 17-18 шо долуш язйина йолу. ТурпалНажас шен и гулар ю бахара. "Малх лаьцначохь" ю цуьнан ц1е. Цу т1ера цхьа стих х1ара ю: Хьо вуьйла хаале, Хьох паччахь хилале Дуьненахь йоккху хан яьккхина елaра со, Хьо хиллий хиича, Сайн халкъан б1аьргаш чохь Ахь динчу 1азапан ц1ен лараш гучул а х1инца. Хьо вуьйла хаале, Хьох паччахь хилале Сайн дахар чекхдаьлла д1аяхна елaра со, Хьо хиллий хиича, Х1ума дан ницкъ боцуш Сайн эккха г1ерта дог д1атедан г1ертачул х1инца. Б1аьргашна ца гарах, Лергашна цхьахеза П1елг хьажон бехк боцуш, сан халкъ, ахь д1атекхна бала. Ца такха мегара Хьайн х1ора ламазехь Цу Деле х1аллакве ахь олуш хиллехь и Сталин. Шен дег1ах д1акъастар Эхь лоруш лелийна Ворх1е дайн буьрса герз хьан буйнахь х1унда ца хилла. Дех санна тешарна, Ца девзаш хилла хьо Т1екхета кечделла 1аш долчу экханан х1илла. И вуьйла хаале, И паччахь хилале Сайн дахар чекхдаьлла д1аяхна елара со, И хиллий хиича Х1ума дан ницкъ боцуш, Сайн эккха г1ерта дог д1атедан г1ертачул х1инца.
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
#218 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
П.С.Кстати,с прошедшим тебя!!! |
|
|
|
#219 |
|
Вес репутации: 0 |
Ени и са вопросаш-ответаш ишт цхьа,со суа а баш кхета ца кхеташ ма хуьлий,цундела д1адаькхина хир ду цара иза
Но меня удивило другое,17-18 девочка пишущая такие серьезные стихи в етом возрасте,да она видимо очень рано начала понимать некоторые вещи.. Спасиба,что отозвалась |
|
|
#220 |
|
Вес репутации: 0 |
Г1айг1анна т1ера баьккхинчу бустам т1ехь
Кхоьллина хилла-кх хьо, йист йоцу аре, Б1аьргашна чуьра баьккхинчу бустам т1ехь Кхоьллина хилла-кха, геналла, хьо. Б1аьрхин чам бевзина волучуьн ойланах Кхоьллина хиллий-те, дуьра х1орд, хьо? __________________ и мне очень понравился етот отрывок или ето стих полностью,я нахожу его очень глубоким,уж тем более для такого возраста.... |