Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 26.02.2008, 18:51   #201
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от Xasan1982 Посмотреть сообщение
Хеда с Комсомолского?(Гой-чу)
Хьасан, она самая..) Са1ди-К1отарар ю-кх Хеда...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
 
Старый 26.02.2008, 23:34   #202
vesy
 
Вес репутации: 0
баба=гуьйре

Ц1узам=яйне лоькхуьйтуш
Синхаамийн мукъам,
Цхьана 1ийр ю вайшиъ, гуьйре,
Товжуш 1аьнан букъах.

Суна лаьа, баба=гуьйре,
Хьан к1ентан йо1 хила,
Ахь дуьйцуш хьайн дашон туьйра,
Ткъа ас хьуна - иллеш.

Суна беза хьоьца машар,
Хьо къинт1ера яла,
Хьалха ас хьан можа к1ажарш
Ца юьйцина алий.

Хьан дог1анийн дуткъа хьесий
Сайн корашца делхош,
Хьан аматаш хилча серсаш,
Сан амалаш телхаш.

Ас хьан можа патар=бецех
Довха юрг1а дийр ду,
Со, хьан х1усам хилча еса,
Даим хьоьца 1ийр ю.

1енар ду хьан можа туьйра
Х1ора патар хилла.
Лаьа суна, Баба=гуьйре,
Хьан к1ентан йо1 хила.

1992.

Батаева Хеда
__________________
 
Старый 27.02.2008, 13:07   #203
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
--------------------------------------------------------------------------------

Ас къиза дош яздахь, делхий ма даржалахь шекъа,
Ас довха дош яздахь, кехат, ма дагалахь хьо,
Х1ай б1аьрхиш, яккхалаш адаман даг чуьра мекха,
К1удална сагатдеш кхойтта шо даьккхина шовда,
Ахьа а де суна сан даг чохь декарца г1о.

Хьуо, мала стаг воцуш, эрна духдийлинчу хенахь,
Шийлачу буьйсана меца борз уьг1ича генахь,
И хьенан г1ийлачу велхарах тарлора хьуна?
Ткъа хьаннаш х1аллакйо мох стенах тарлора хьуна?

Ладог1ал цкъа соьга, х1ай хьаьдда йоьду хьо зама,
Хьо цкъа а ца сецна бохучух-м со тешаш яций,
Хьо сецна цкъа мацах, 1адийна йоьлхучу нанас,
Ткъа йолаелла хьо маьхьаран шийла лар лаьцна.

Хьайн некъах тилъелча, и мохь хьайн некъ бу а моьттуш,
Хьо йоьду лар лаьцна шийлачу маьхьаран ненан,
Хьо гена йоьдуш ю, ткъа мохь а кхаьчна-кха гена,
Дуьнен чу ер йолчу суна а лерсих а кхетта.

Ахь хьенан дог делон денйора бошмаш, х1ай б1аьсте?
Кхойттаза еъна хьо, стаг воцуш хазалла хьаста,
Ахь чу са кхоьллинчу бешара стом лаьттах кхетча,
Шийла мохь болура да1 хилла 1уьллучу лаьтте.

Ас къиза яздинехь, делхий ма даржалахь, шекъа,
Ас довха яздинехь, кехат, ма дагалахь хьо,
Мел лайнарг лараде, диц ца деш, адаман хьекъал,
Ахьа а делахь дог, хьекъална ца талха г1о.

Я все оттягивала момент ,не читайа етот новый,во всяком случае ,мне незнакомый стих...Я как чуствовала,что к его прочтению нужно быть готовым...
Все становится мелким ,незначащим ничего,когда вчитываешься в ети строки,как страдает и мучается душа той,которая писала их...Время ,ее ,как поэтессы, место в етой жизни ,ее стихи,горе ,которое вокруг нас,плач матери,быстротечность времени ,которое ,она уверена ,не могло не остановиться,услышав крик страдающей матери,столько образов она собрала в одном стихе ....Даже мурашки идут по телу...Перед глазами встают сотни чеченских матерей ,наша истерзенная ,такая родная и такая бедная земля....
Аллах,дай нам мира ,дай нам покоя ,дам нам быть лучше друг с другом ,дай нам быть терпимее друг к другу, любви нам дай и силу, ума и прозрения ... Укрепи нас в Вере ,ведь твое могушество безмерно ,как и твоя милость ....Прости нас за все,и направь на правильный путь...Амин!!!
Хеда ,я нашла в твоих словах ,скрытую мольбу,может я и неправа ,но ета молитва нам так нужна ...Дала дукха яхойла хьо!!!Дала вайх къинхетам бойла !!!Вай вай а бойла вайх , вовшех къинхетам!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Старый 01.03.2008, 18:25   #204
vesy
 
Вес репутации: 0
Хьо стигал ю, я латта ду?
Хьо шовда ду, я д1овш?
Хьо дуьне ду, я лахьта ду?
Хьо машар бу, я дов?

Я доттаг1 ву, я мостаг1 ву?
Цу юккъехь-м ша биен бац.
Хьо мила ву? Хьо мила ву?
Я ц1е хьан ян а яц?

Я диканна, я балина
Хьан некъ сан лулахо?
Я хазош ч1огг1а ала хьох?
Я къайлах-къулаха?

Х1ун жайно къаста ца дуьту?
Я дикачо, я вон?
Я цабезам, я сагатдар?
Я сиз бу и, я гуо?

я нашла вот ето.....мне понравилось
 
Старый 03.03.2008, 03:33   #205
Enigma*
 
Вес репутации: 6
***

Сан п1елг бен буйна ца хоьу и ц1инц1олиг-куьг...
Цу куьйган ах м1еран меха яц
Кху лаьттахь цхьаьллиг цхьа 1алашо!

Со оцу куьйган да - и жима бер
Синтемах дохошверг синтемах вохаван
Дина ю тоба.

Сан п1елг бен буйна ца хоьучу цу жимчу беран
Со цхьаъ бен яц х1окху лаьттахь
Цо "нана" ала хьакъ йолуш.

Суна сайн нана ю моьттура
Буьйсана аганан иллица со йижош,
Стигланан дари т1е седарчий летошьерг...

Суна сайн да а ву моьттура
Буьйсана сайна т1е стигал ца йожийта,
Г1орторна х1оттийна хьокх хилла лаьтташ...

Цхьа п1елг бен буйна ца хоьучу
Цу жимчу берана ца хаьа х1инца а
Кху лаьттахь мел дукха д1овш ду

Кхоьллина "адам" ц1е йолчо
Ч1ениге г1а ца хецийта,
Синтарах дитт ца хилийта.

Цу беран ах м1еран меха яц
Цхьанна а стага
Кху лаьттахь, ша къена къанваллалц, мел йоккху лакхе!

Уьш ерриш - цхьа мархийн г1аланаш,
Шаьш шайна кхоьллина баланаш,
Есалле д1ахецна лоппагаш,

Хеташдерш, шайна а кхета ца кхеташдерш,
Есалла,1есалла -
Лакхарчу т1ег1а т1е х1иттийна йолу.

И дерриг -
Адамо ша шена кхоьллина б1арлаг1аш,
Ша шена х1иттийна к1арлаг1аш...

Ткъа беран куьг -
И ДАЛА кхоьллина БАКЪДЕРГ.
Шен доьхьа вала а хьакъдерг.

Цхьа п1елг бен буйна ца хоьу и беран куьг
Гина ца хилла те цкъа а
Дуьненчохь доьххьара йинчунна бомба?

Эхартахь хуьлда и б1аьрзе!
И боху нанас.
Нохчийчоь яьгча, ша яганза йисинчу нанас!


Х. Батаева





__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня.
http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related
 
Старый 03.03.2008, 13:27   #206
vesy
 
Вес репутации: 0
Ени,ма ч1ог1а чулацам болуш ю байт,он очень близок каждой женщине,Батаева очень красиво ето выразила,а в добавок твоя подпись еще к етому стиху.......
 
Старый 03.03.2008, 21:30   #207
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
***

Сан п1елг бен буйна ца хоьу и ц1инц1олиг-куьг...
Цу куьйган ах м1еран меха яц
Кху лаьттахь цхьаьллиг цхьа 1алашо!

Со оцу куьйган да - и жима бер
Синтемах дохошверг синтемах вохаван
Дина ю тоба.

Сан п1елг бен буйна ца хоьучу цу жимчу беран
Со цхьаъ бен яц х1окху лаьттахь
Цо "нана" ала хьакъ йолуш.

Суна сайн нана ю моьттура
Буьйсана аганан иллица со йижош,
Стигланан дари т1е седарчий летошьерг...

Суна сайн да а ву моьттура
Буьйсана сайна т1е стигал ца йожийта,
Г1орторна х1оттийна хьокх хилла лаьтташ...

Цхьа п1елг бен буйна ца хоьучу
Цу жимчу берана ца хаьа х1инца а
Кху лаьттахь мел дукха д1овш ду

Кхоьллина "адам" ц1е йолчо
Ч1ениге г1а ца хецийта,
Синтарах дитт ца хилийта.

Цу беран ах м1еран меха яц
Цхьанна а стага
Кху лаьттахь, ша къена къанваллалц, мел йоккху лакхе!

Уьш ерриш - цхьа мархийн г1аланаш,
Шаьш шайна кхоьллина баланаш,
Есалле д1ахецна лоппагаш,

Хеташдерш, шайна а кхета ца кхеташдерш,
Есалла,1есалла -
Лакхарчу т1ег1а т1е х1иттийна йолу.

И дерриг -
Адамо ша шена кхоьллина б1арлаг1аш,
Ша шена х1иттийна к1арлаг1аш...

Ткъа беран куьг -
И ДАЛА кхоьллина БАКЪДЕРГ.
Шен доьхьа вала а хьакъдерг.

Цхьа п1елг бен буйна ца хоьу и беран куьг
Гина ца хилла те цкъа а
Дуьненчохь доьххьара йинчунна бомба?

Эхартахь хуьлда и б1аьрзе!
И боху нанас.
Нохчийчоь яьгча, ша яганза йисинчу нанас!


Х. Батаева





Ении, докх баркал хьуна
Ма ч1ог1 хаз байт ю х1ар!
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
 
Старый 04.03.2008, 21:41   #208
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
***

Сан п1елг бен буйна ца хоьу и ц1инц1олиг-куьг...
Цу куьйган ах м1еран меха яц
Кху лаьттахь цхьаьллиг цхьа 1алашо!

Со оцу куьйган да - и жима бер
Синтемах дохошверг синтемах вохаван
Дина ю тоба.

Сан п1елг бен буйна ца хоьучу цу жимчу беран
Со цхьаъ бен яц х1окху лаьттахь
Цо "нана" ала хьакъ йолуш.

Суна сайн нана ю моьттура
Буьйсана аганан иллица со йижош,
Стигланан дари т1е седарчий летошьерг...

Суна сайн да а ву моьттура
Буьйсана сайна т1е стигал ца йожийта,
Г1орторна х1оттийна хьокх хилла лаьтташ...

Цхьа п1елг бен буйна ца хоьучу
Цу жимчу берана ца хаьа х1инца а
Кху лаьттахь мел дукха д1овш ду

Кхоьллина "адам" ц1е йолчо
Ч1ениге г1а ца хецийта,
Синтарах дитт ца хилийта.

Цу беран ах м1еран меха яц
Цхьанна а стага
Кху лаьттахь, ша къена къанваллалц, мел йоккху лакхе!

Уьш ерриш - цхьа мархийн г1аланаш,
Шаьш шайна кхоьллина баланаш,
Есалле д1ахецна лоппагаш,

Хеташдерш, шайна а кхета ца кхеташдерш,
Есалла,1есалла -
Лакхарчу т1ег1а т1е х1иттийна йолу.

И дерриг -
Адамо ша шена кхоьллина б1арлаг1аш,
Ша шена х1иттийна к1арлаг1аш...

Ткъа беран куьг -
И ДАЛА кхоьллина БАКЪДЕРГ.
Шен доьхьа вала а хьакъдерг.

Цхьа п1елг бен буйна ца хоьу и беран куьг
Гина ца хилла те цкъа а
Дуьненчохь доьххьара йинчунна бомба?

Эхартахь хуьлда и б1аьрзе!
И боху нанас.
Нохчийчоь яьгча, ша яганза йисинчу нанас!


Х. Батаева






Я знаю ,что нельзя копировать крупные посты,но этот стих Хеды я повторю,он во-первых новый,а во-вторых ,он произвел на меня огромное впечатление...в голове все перемешалось-детство ,юность ,родные,родители,счастье ,радость,дети,война,горе-разобратся бы в етом потоке эмоций...Как в быстром кино,все промелькнуло перед глазами,вся жизнь...!!!Хочется плакать,непросто,а от души,во весь голос...Выплакать все,что накопилось ,все что не выплакано...Освободиться от груза ....Ах,если бы знать ,что это принесет облегчение,что душа сможет стать чуть-чуть свободней...Но не получится ....
Не сможем мы найти покой, пока хотя бы одна чеченская мать страдает ,пока наша родина,наша маленькая,истерзанная,бедная ,но Дала мукълахь,гордая и непокорная чечня несвободна...Как мучительно выносить в своей душе ,вовлечь в слова ,и донести до нас как стих, всю свою боль ,все переживания,всю ненависть к врагам ,всю свою беспомощность для Хеды ,как поэтессе,как женщине,как матери...Ведь ето не один день ,не одну неделю пропускала она все ети чуства через каждую клеточку самой себя...Но она справилась,она молодец...Все незря ,Хеда...Ты написала прекрасный стих ,как по содержанию ,так и по стилю изложения...Ты стала сильнее ,увереннее ,может быть и где-то взрослее и мудрее...Твой стих говорит об этом...Дела реза хийла хьуна...Дала аьтто бойла хьан!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Старый 05.03.2008, 03:20   #209
1amaran Zaza
 
Вес репутации:
Тахана, 2008-чу шеран 5-чу мартехь 8 шо кхечи россин ардангаша Г1ойчу (Са1ди к1отар) юьртана т1елатар дина (5.03.2000), иза х1аллакйина.
ХХ-чу б1ешеран чакхенехь россин пачхьалкхо юха а гайти шен нохчийн къоме а, цуьнан маршо езаран амале а
болу боьха цабезам, цул хьалха а ша дуккхаза а гайтина болу.
Вайна йиц ца елла Дади-Юрт, Хьайбаха, Сема1аш иштта дуккха а кхийолу нохчийн ц1ий 1енна ярташ.
Шен юьхь1аьржанонан а, шен к1иллоллин а истори юккъе кхин цхьана юьртан ц1е а язйи россино ц1ийн элпашца - село Комсомольское (Г1ойчу, я Са1ди к1отар).
Амма нохчийн къоман истори юккъехь вайн ц1ий мел 1аьнна х1ора юрт а, ирзо а цигахь мел эгначеран ц1ераша нуьрах лепош хир ю даима а!
Дала Г1азот къобал дойла цу новкъахь Далла дуьхьал мел вахначуьн!


Са1ди к1отар

Йохийна, шарйина дай баьхна юрт,
Хьо-м кошах таръели, доьг1чхьана чурт.
Б1ашераш хьалха а - Нохчийчохь т1ом,
Б1ешераш т1аьхьа а - Нохчийчохь т1ом.

Бераллин майданех хуьйдина ц1ий,
Минаша сакхйина, хьаннаш д1атий.
Де-дийно кешнийн керт юкъелла йог1у,
Хетало цо: «Аш а кечам бе», - боху.

Ас, доьза ца дайта, ийзаеш кхес,
Херцораш юккъера г1иттадо эс:
Г1овг1ане урамаш, бералин хан,
Схьагушдерг хетало цхьа ирча г1ан.

Дагара дер ма дац хьо яьгна сурт,
Къар ца луш г1атталахь, дай баьхна юрт,
Бух боцуш муха хир т1аьхьенаш вайн?
Бийца лам боцуш верг-м лериний лай!
 
Старый 05.03.2008, 18:26   #210
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Амин!!!
Дала г1азот къобал дойла цера!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Закрытая тема

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.