Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 27.01.2008, 17:12   #121
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Тиларчохь язйина байташ"
юккъера:

***

Чиллана а карий
даиманна метта мотт -
адаман даг чохь.

Карарчу ханна а карий,
къеначу француженкина
ж1аьлин к1еза санна,
1ехаяла х1ума -
яхна хан.

Амма йог1учо х1инца а лоьху -
шен дайна б1аьрса.

Набаро а лоьху -
нохчийн х1усмаш йогуш,
царца цхьаьна шен яьгна,
чим хилла марзо.

Иллино а лоьху -
шен байна мукъам,
Нохчийчохь билхинчу нанойн
маьхьарша 1адийна
панабаьлларг.

Байтийн а яйна -
рифманаш,
могг1ара 1охку мог1анаш.

Амма цу байташа
х1инца уьш ца лоьху,
царна уьш ца оьшу.

Дош дашца ца нисдича а,
дукха ду цу байтийн дийца
каш кашца нисдеш
Нохчийчохь байинчу нахах...

07.07.07

Дуккха хан яр со х1оккхе яза!!!!.АРЗО кху бухе гич готтар ч1ог1 хазхет сун!!!Хеди байташан са гат дел енакх со!!!
Хаза баит ю!!!

Дала лар дойла вай къизачу нахах!!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Старый 28.01.2008, 21:24   #122
Enigma*
 
Вес репутации: 6
***
Ас лазий хьо, тийналла,
Ас лазий-кха хьо...
Х1инца ахь сан ц1ий мала
Ч1ир д1аоьцуш сох.

Батаева Хеда
(Журнал "Орга" 3, 1992.)
 
Старый 29.01.2008, 01:22   #123
Lamanho
 
Вес репутации: 3
Сан Нохчичоь

Хьан т1улгийн тийналлехь еха
Дукхачу б1ешерийн г1овг1а,
Хьан т1улгийн шийлаллехь еха
Баьгначу кхерчара йовхо.

Хьан т1улгийн шогаллехь еха
Т1емаша шагйина амал,
Хьан т1улгийн шогаллехь деха
Бер когадахийта 1амор.

Хьан т1улгийн хьаьркашкахь беха
И шира кхоллам вайнеха,
Хьан б1аьвнийн локхаллехь деха
Собаран масийтта т1ег1а.

Хьан лаьмнийн иэс дайа г1ерташ,
Х1оъ-молха диттира хьуна,
Хьан къоман сий дайа г1ерташ,
Бехкаш т1етиттира хьуна.

Хьан сийден мехкарий мел бу,
Хьан кхерчахь ц1е хир ю хьуна.
Хьан сийден къонахий мел бу,
Хьан яккха ц1е хир ю хьуна,
НОХЧИЧОЬ!
____________
Батаева Хеда.
 
Старый 30.01.2008, 00:43   #124
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Сайн шога дахаран бохь ира киртигаш
1итта ца ялийта уллехь болчарна,
Со дийна турс хилла дуьхьалах1иттина,
Ца безаш сайх цхьа а къинхетам, кхардам.

Сан синан тог1ешкахь даьллачу шовдано
Киртигаш ирйо чохь 1охкучу т1улгийн,
Ас к1удал кховдайо буьйсанан бодане:
Доьхьала схьахеза цо ца ден къурдаш.

1анайо адамаш лелачу новкъа и:
1аьнначохь нитташ биен кхуьур бац олу.
1анайо синошна х1оьттинчу йокъане:
Сан шовда цхьа деккъа б1аьрхиш ду олу.

1анайо бух боцчу бердаха, д1ахецна,
Хеталой - цхьанна а шовда ца оьшу.
Со оцу 1анаран йилбазмохь схьахезна,
Х1инца цу бух боцчу бердах чухьоьжу


Хеда Батаева
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
 
Старый 01.02.2008, 04:49   #125
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Цитата:
Сообщение от ARZO Посмотреть сообщение
Сайн шога дахаран бохь ира киртигаш
1итта ца ялийта уллехь болчарна,
Со дийна турс хилла дуьхьалах1иттина,
Ца безаш сайх цхьа а къинхетам, кхардам.

Сан синан тог1ешкахь даьллачу шовдано
Киртигаш ирйо чохь 1охкучу т1улгийн,
Ас к1удал кховдайо буьйсанан бодане:
Доьхьала схьахеза цо ца ден къурдаш.

1анайо адамаш лелачу новкъа и:
1аьнначохь нитташ биен кхуьур бац олу.
1анайо синошна х1оьттинчу йокъане:
Сан шовда цхьа деккъа б1аьрхиш ду олу.

1анайо бух боцчу бердаха, д1ахецна,
Хеталой - цхьанна а шовда ца оьшу.
Со оцу 1анаран йилбазмохь схьахезна,
Х1инца цу бух боцчу бердах чухьоьжу


Хеда Батаева
АРЗО 1аггам вацар))),со как раз я байт хазхет, яр керл якх г1ерташ яракх!
Но юха1 керл яккхарх, талх х1умма1 дац аьлл хет сунам,даже АРЗО!
Со нийс кхеттим ца ха сун,кху байтах,ас и йешч са ойла кхолло ишта.
Хьо Адамашна дик да мел г1ерта1,кхи1 ч1ог1ах харсахь кхета докх царна хьа дика.
Т1аккха сел къизачу харсоно, дуьненах болу чам а,марзо а д1аёккху.Мел хал ду юх цу адамашца кхи д1а а цхьана хилла а,уьш ла а. Амма хьа дог а ,хьан ойланаш а ц1ена хилча, дал хьуна ницкъ ло харсо ла а,къинтер вала а!!!
Хотя ,я считаю,что иногда полезно бы уметь быть жестоким,но свою природную натуру,данную Богом ,не переделать,и мы снова и снова прощаем, понимаем и терпим несправедливость,жестокость и равнодушие окружаюших нас людей, и чаще всего ,людей ,близких нам !
Са ойлнаш ю шун ярш,я не хочу их навязывать другим,а тем более приписывать Хеде!
Дела реза хуйла хьуна ,Хеда!
Дала аьтто бойла хьа ,массо а хуман т1аьхь!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Старый 02.02.2008, 06:12   #126
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллар бу,
Хьун кхачаелча,
Ас дитташ дуг1ар ду.
Аьнгалин бошхепахь
Ца баьлла бай буьйцуш,
Са кхачалучохь
Цхьа илли кхуллар ду.

Ас сийна ойла
Мукъаме ерзор ю,
Ас можа гуьйре
Г1аш 1енош елхор ю.
Ас ц1еран меттана
Сайн б1аьргаш латийна
Сайна т1ебог1у
Некъ серлабоккхар бу.

Сан б1аьргийн серло
Кхоьлина хеталахь,
Суна т1ебог1у
Некъ ахь ма биталахь.
Сан б1аьргийн серло
Буьйсано мийлина,
Г1елделла б1аьргаш
Б1аьрахиш къийлина...

Я Хеди байт иттаз йешна ца 1ийна со,дукх яр хазхеташ,амма х1инци бе цун маь1не ца кхи1ар-кх со.Ишт кхул хиг юкх Байта1,ше са парг1ате хиларе ,я цахиларе хьажна.
Я вижу ,что ето не просто мастерски написанный,красивый,сильный,богатый содержанием стих,сегодня он звучит для меня по другому.
Не терять надежду,все равно, что произойдет,сохранить ето чуство даже в самые невероятные,невозможные,нечеловечески трудные моменты Жизни.
И ты сможешь,ты справишься ,и ты дождешься ,и тебя дождутся -только сохрани Веру,Надежду,Любовь!Так красиво!Со харсахь кхеттаьхь,бехк а ма биллаш сун,амма тховса сун ч1ог1 кху байтан и маь1ан хуьлийл лаь1ар-кх!
Баркалла хьуна,Хеда!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Старый 02.02.2008, 22:42   #127
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
СОНЕТ

Пелхьочун говзалло сиртан т1айх чекхвоккхур вац,
Баланан йозалло дикаллин кад харцор бац,
Хьан нанас йиначо г1о доцуш-м хьо вуьтур вац,
Ахь суна дехалахь сан данза мел дисна парзаш.

Къинхетам бехалахь суна ахь, ма лолахь виц,
Маьждиган майданахь къилбехьа ас г1улчаш йохуш,
Когаша мийлина некъаш т1ехь даьржина ирс
Ц1ийх 1енош, сиртан т1айн иралло когаш сан охур.

Хьуна гуш ма баре сан г1отту, чубузу малх,
Хьан коьртахь хьакхалуш биен г1атта, буза йиш йоцург.
Кхечара тосур бу «чекхъер ю - яц» боху пал,
Ахь до1а делахь: сан дика-вуо дара хьох дозуш.

Пелхьочун говзалло сиртан т1айх чекхвоккхур вац,
Баланан йозалло дикаллин кад харцор бац…
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
 
Старый 02.02.2008, 22:48   #128
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от so jar isam Посмотреть сообщение
Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллар бу,
Хьун кхачаелча,
Ас дитташ дуг1ар ду.
Аьнгалин бошхепахь
Ца баьлла бай буьйцуш,
Са кхачалучохь
Цхьа илли кхуллар ду.

Ас сийна ойла
Мукъаме ерзор ю,
Ас можа гуьйре
Г1аш 1енош елхор ю.
Ас ц1еран меттана
Сайн б1аьргаш латийна
Сайна т1ебог1у
Некъ серлабоккхар бу.

Сан б1аьргийн серло
Кхоьлина хеталахь,
Суна т1ебог1у
Некъ ахь ма биталахь.
Сан б1аьргийн серло
Буьйсано мийлина,
Г1елделла б1аьргаш
Б1аьрахиш къийлина...

Я Хеди байт иттаз йешна ца 1ийна со,дукх яр хазхеташ,амма х1инци бе цун маь1не ца кхи1ар-кх со.Ишт кхул хиг юкх Байта1,ше са парг1ате хиларе ,я цахиларе хьажна.
Я вижу ,что ето не просто мастерски написанный,красивый,сильный,богатый содержанием стих,сегодня он звучит для меня по другому.
Не терять надежду,все равно, что произойдет,сохранить ето чуство даже в самые невероятные,невозможные,нечеловечески трудные моменты Жизни.
И ты сможешь,ты справишься ,и ты дождешься ,и тебя дождутся -только сохрани Веру,Надежду,Любовь!Так красиво!Со харсахь кхеттаьхь,бехк а ма биллаш сун,амма тховса сун ч1ог1 кху байтан и маь1ан хуьлийл лаь1ар-кх!
Баркалла хьуна,Хеда!
Суна-м хьо нийса кхетта аьлла хета цу байтех...
Мне тоже очень нравится это стихотворение,
и я его поняла так же...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
 
Старый 05.02.2008, 01:19   #129
Enigma*
 
Вес репутации: 6
***
Кеманаш, шаьш дийриг дина,
Д1адаха шайн аэродроме,
Вала мел ца везарг вийна,
Амал зуьйш кху нохчийн къоман.

Аганахь беро мохь бетта,
Мохь бетта 1уьллучу докъо:
"Хьан боху лиелаш ю лаьттахь
Маьрша нах ца байъа бакъо?"

Хьан боху и ларьеш нах бу
Само еш бехк боцург верна?
Хьан боху шина шайннал мах бу
Цара мел дуьйцучуьн эрна?

Мичхьа ю и конституцеш
Ларьяран адамийн бакъо?
Бакъо ю танг1алкхаш юца...
Бакъо ю доь дайъа докъан...

Бакъо ю дин кхин ду аьлла,
Х1аллакдан шайн доцу мехкаш.
Ткъа нийсо-м 1уьллу йиш хаьлла,
Луъучо бага д1айоьхкуш.

Бакъо ю, барт бохош, декъа,
Ц1ерш тоьхкуш, сийсаздан къаьмнаш,
Моьттур ду Нохчийчохь деккъа
Тротилах дуьзна ду лаьмнаш.

Бакъо ю лами беш даржан,
Гаренгаш адамех йотта,
Кхечарах питана даржон
Шайчеран схьадаха кортош.

Бакъо ю хьалаолла паччахь,
Доь доцуш докъаза вайъа,
Хьоь олуш, ворх1е ден марчох
Е, хьайна са дезахь, байракх.

Кеманаш, шаьш дийриг дина,
Д1адаха шайн аэродроме.
"Кхелахой" "ц1ийлахь дог" диъна,
Хьовсуш бу десертан чоме...


Батаева Хеда.
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня.
http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related
 
Старый 06.02.2008, 12:56   #130
vesy
 
Вес репутации: 0
Сайн шога дахаран бохь ира киртигаш
1итта ца ялийта уллехь болчарна,
Со дийна турс хилла дуьхьалах1иттина,
Ца безаш сайх цхьа а къинхетам, кхардам.

ма нийса дешниш ду юьш,цхьвериг хуьлукх шена мял гина вониг ,нахана д1адоькъуш
 
Закрытая тема

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.