Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 18.01.2008, 15:44   #111
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Г1енаха,
Со лечу хенахь,
Ас малхе элира:
-Малх!
Суна хьо гина ца хиллера-кх х1инццалца цкъа а.
2002
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Старый 18.01.2008, 15:53   #112
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
***
Йийцича, махо яхьарна кхоьруш,
Ялхийча, лаьтто хударна кхоьруш,
Язйича, кехат дагарна кхоьруш,
Цхьа къайле яра сан, цхьа къайле яра.

Хазийча, лаьмнаш кхардарна кхоьруш,
Ца лекхча, лерса къардарна кхоьруш,
Садайча, г1енах лакхарна кхоьруш,
Цхьа илли дара сан, цхьа илли дара.

1анийча, б1аьргаш багарна кхоьруш,
Сецийча, б1аьрса д1адарна кхоьруш,
Хиларо - дог сайн дурдарна кхоьруш,
Цхьа б1аьрхиш дара сан, цхьа б1аьрхиш дара.

Даа ца лиъча, эхартах волуш,
Даа ца хиъча, хьох хьайх а волуш,
-Маржа я1, дуьне,- хийламмо олуш,
Декъаза цхьа дуьне хиллера-кх х1ара.

Батаева Х.

АРЗО,я байт ма чог1 хаз хет сун.
Интер. чу запрос йинер ас хеди стихаш лах дагахь"чеченские поеты" аьлл.
Знаешь ,что вышло,почти все Аптих лаьцн ёлу статьяш,Чеченскому поету отказали в в предоставлении пол. зашиты....
Царн ма чог1 даг валлаш ву-кх из....
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Старый 19.01.2008, 15:15   #113
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Мотт сецна, мотт сецна гиначо 1адийна,
Дуьненчохь дешнаш дац сан дийцар токхдан,
Цхьа деккъа къурдаш бен, цхьа деккъа б1аьрхиш бен,
Цхьа даг чу 1аьвдина ца хьаькхна мохь бен.

Хилларг д1аяздийр ду куьзга т1ехь дог1ано,
Хилларг д1адалхор ду уг1арехь барзо,
Хилларг д1ахазор ду дезачу до1ано,
Хилларг д1агойтур ду д1о кошан барзо.

Доьналлин теш хилла, ламанаш лаьттар ду,
Ламазан теш хилла лаьттар ю къилбе.
Херцораш юккъера къар ца луш г1аьттинарг
Харц дуьне дуьтучохь декъала хир ву...

К1арлаг1аш хилла шайх йохийнчу х1усамех,
Х1ора т1улг йовссаршна къадоьхуш 1уьллу.
Ц1ен ц1ийла керчачу цу маьлхан бузаро
Тахане б1ешерийн тидаме юьллу.

Тхевнаш чуэгначохь туьнталгаш йисина,
Нохчийчохь кхерчан к1ур бовр боций гойтуш.
Б1аьрг боцчу корехь шен машош а тийсина,
Гезгано оьхкина шатайпа бойнаш.

Доха ма дохалахь, кийрара дилхан дог,
Хьан дилха болатал ч1ог1а ма хилла.
Сийлахь ву кху денна шен б1аьрг мел билхинарг,
Сийлахь ву тахана собаре хилларг.

Доьналлин теш хилла, ламанаш лаьттар ду,
Ламазан теш хилла, лаьттар ю къилбе.
Херцораш юккъера къар ца луш г1аьттинарг
Харц дуьне дуьтучохь декъала хир ву.
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
 
Старый 23.01.2008, 20:04   #114
1amaran Zaza
 
Вес репутации:
СОНЕТ

Пелхьочун говзалло сиртан т1айх чекхвоккхур вац,
Баланан йозалло дикаллин кад харцор бац,
Хьан нанас йиначо г1о доцуш-м хьо вуьтур вац,
Ахь суна дехалахь сан данза мел дисна парзаш.

Къинхетам бехалахь суна ахь, ма лолахь виц,
Маьждиган майданахь къилбехьа ас г1улчаш йохуш,
Когаша мийлина некъаш т1ехь даьржина ирс
Ц1ийх 1енош, сиртан т1айн иралло когаш сан охур.

Хьуна гуш ма баре сан г1отту, чубузу малх,
Хьан коьртахь хьакхалуш биен г1атта, буза йиш йоцург.
Кхечара тосур бу «чекхъер ю - яц» боху пал,
Ахь до1а делахь - сан дика-вуо дара хьох дозуш.

Пелхьочун говзалло сиртан т1айх чекхвоккхур вац,
Баланан йозалло дикаллин кад харцор бац…
 
Старый 23.01.2008, 20:06   #115
1amaran Zaza
 
Вес репутации:
***

Стаг шен 1индаг1ах а
Ца тешачу хенахь,
Со ца г1ерта тешон,
Я шеконаш эшон.
Хаа, шеко йоцуш,
Г1уро вагавойла,
Амма г1уро йовхо
Суна цкъаa ма лойла.
Г1уран йовхо - дагар,
Ду и ц1ергахь вагар.
Суна цкъаа ма лойла
Г1уро дорцан б1агор.

Стаг шен лаамех а
Ца кхетачу хенахь,
Стаг шен лазамех а
Ца кхетачу хенахь -
И тилвелла генахь,
Иза веха г1енахь.
Иза генаваьлла
Веха кхечу хенехь.
Ткъа со йисна яха
Охьахецна т1амарш,
Со ца езарш беза
Кхин ца туьгуш 1ама.
 
Старый 24.01.2008, 21:06   #116
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Абат

Маржа я1, сан Абат,х1инца а, Абат,
Г1езаш ю боху ахь цу Ану Бабин,
Хаза ю боху ахь вайн Соьлжа-г1ала,
Трамвайш, троллейбусаш, паркера 1алам.
Ткъа къена сан Абат, ца хаьа хьуна,
Озниев Хьуьсена 1амийнарг суна,
Мохк богуш яьгнийла и Соьлжа-г1ала,
Трамвайш, троллейбусаш, паркера 1алам,
Ц1ен г1опан саьрмико т1ом беъний махка,
И Ануй, Бабий ц1ерш чарташ т1е йохкуш?

Хеда Батаева
2000
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
 
Старый 24.01.2008, 22:02   #117
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Хеда, хьуна гуш дуй х1ара?))

Баба-гуьйре

Ц1узам-яйне лоькхуьйтуш
Синхаамийн мукъам,
Цхьана 1ийр ю вайшиъ, гуьйре,
Товжуш 1аьнан букъах.

Суна лаьа, баба-гуьйре,
Хьан к1ентан йо1 хила,
Ахь дуьйцуш хьайн дашон туьйра,
Ткъа ас хьуна - иллеш.

Суна беза хьоьца машар,
Хьо къинт1ера яла,
Хьалха ас хьан можа к1ажарш
Ца юьйцина алий.

Хьан дог1анийн дуткъа хьесий
Сайн корашца делхош,
Хьан аматаш хилча серсаш,
Сан амалаш телхаш.

Ас хьан можа патар-бецех
Довха юрг1а дийр ду,
Со, хьан х1усам хилча еса,
Даим хьоьца 1ийр ю.

1енар ду хьан можа туьйра
Х1ора патар хилла.
Лаьа суна, Баба-гуьйре,
Хьан к1ентан йо1 хила...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
 
Старый 25.01.2008, 03:01   #118
Enigma*
 
Вес репутации: 6
***
Масс шо ду сан?
Масс къа ду сан?
Масс ю коьртахь къоьжа мас?

Хьуна дезахь, цхьа къа ду сан -
Хьан хеттарех цец а юьйлуш,
Хьуна дала жоп а доцуш,
Эсала ладег1ар ас.

Масс ц1е ю сан?
Масс 1а ю сан?
Киса деса-дуьзна ду сан?

"Адам" йоцург ц1е сан яц,
Даймохк боцург пен а бац,
Стигал йоцург тхов а бац,
Кошахь йоцург г1овла яц.

Дукхаяхарг, дуй кхин хаттар?
Кечлун бохча дастий ас?
Подар ду - юьхьк1айчу х1оттар,
Басар - ас ца аьлла дош
Суо цацанах ловса хьош.

Х1инца екъий хьайн хьаж-г1абакх,
Доккха хингал датталахь,
Даийталахь дезачарга,
Дикка карчош даьттала.

-------------------
Батаева Хеда
 
Старый 26.01.2008, 00:18   #119
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Дог...

Охьакхетта, атаделла, делла...
Эзар дакъа хилла декъаделла.
Х1ора дакъа эзар лазам хилла,
Дисна хьалха дог хиллачохь 1илла.

Иккхина дог. Амма адам деха,
Шен лазамах б1аьрг ца кхардош нехан,
Халахеташ шена къилахь хилар,
Шен дахарна боцца т1адам биллар.

Хеда Батаева 1989
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
 
Старый 26.01.2008, 13:45   #120
Enigma*
 
Вес репутации: 6
***
Куьпча 1ам 1адийна пхьидарчий екар ю,
Х1умма а ца хилча санна,
Стиглахь а бус-буса седарчий лепар ду,
Х1умма а ца хилча санна,
Мархаша стигалца беттаса къовсур ду,
Х1умма а ца хилча санна,
Ткъа юьртахь цецдевлла ж1аьлеш д1а-м совцур ду
Х1ун хилла хаарна шайна.
Ткъа некъийн йистошкахь бецан тхиш б1арзлур ду,
Ган луург ца гарна шайна.
К1отар а цецъер ю саттассалц даьгна кор
Гича цу буса д1адайна.

(из ранних стихов)
 
Закрытая тема

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.