![]() |
|
|
#101 |
|
Вес репутации: 6 |
***
Олхазарш хин берте Даима хи мала ца хуьйшу, аьлча Ца тешаш хилла х1ай нах, Моьттур ду аш цкъа а зезагийн хьожа ца йоккху... Х.Батаева |
|
|
#102 |
|
Вес репутации: 2 |
Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллaр бу, Хьун кхачаелча, Ас дитташ дуг1aр ду. Аьнгалин бошхепахь Ца баьлла бай буьйцуш, Са кхачалучохь Цхьа илли кхуллaр ду. Ас сийна ойла Мукъаме ерзор ю, Ас можа гуьйре Г1аш 1енош елхор ю. Ас ц1еран меттана Сайн б1аьргаш латийна Сайна т1ебог1у Некъ серлабоккхaр бу. Сан б1аьргийн серло Кхоьлина хеталахь, Суна т1ебог1у Некъ ахь ма биталахь. Сан б1аьргийн серло Буьйсано мийлина, Г1елделла б1аьргаш Б1аьрахиш къийлина...
__________________
Ассаламу 1алайкум! Дала къобал дойла вайн зераташ! Т1аккха, хьо муха ю, берзк1еза..? |
|
|
#103 | |
|
Вес репутации: |
Цитата:
*** Сан кхетам отуш ю, къиза Ж1ов санна, карзахе ойла, Кхетамехь х1оттийна къийсам, Шеконаш лакхене ойуш. Шеконаш шек а ца йовлу, Сан амал х1оьттина яларх, Чевнаш т1е тесна кховра Эт1арца меттахадаларх. Ма къиза, къиза ду дахар. Битахьа дарбане тешам. Оьшур-кха, садетташ яха, Цхьажимма адамех тешар. Ма оьшуш дацар-кха суна Кхин цхьа а къовларшка дерзор. Серло а яр-кха сан суйннал, Бода а, лаьхьтичу берззол. сан настроеница ма ч1ог1а ёг1у х1ар байт |
|
|
|
#104 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Цхьаболчара дукха хоьттура, Цхьаболчарна дукха моьттура, Царна моьттурш дукха хиллера, Цхьа куралла хьекъалх тиллера. Цхьа дуралла шекарх леттера, Цхьа чаьмзалла яй чу леттера, Цхьа кочалла 1ана яхнера, Цхьа т1омалла пана яхнера. Батаева Х. |
|
|
#105 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Йийцича, махо яхьарна кхоьруш, Ялхийча, лаьтто хударна кхоьруш, Язйича, кехат дагарна кхоьруш, Цхьа къайле яра сан, цхьа къайле яра. Хазийча, лаьмнаш кхардарна кхоьруш, Ца лекхча, лерса къардарна кхоьруш, Садайча, г1енах лакхарна кхоьруш, Цхьа илли дара сан, цхьа илли дара. 1анийча, б1аьргаш багарна кхоьруш, Сецийча, б1аьрса д1адарна кхоьруш, Хиларо - дог сайн дурдарна кхоьруш, Цхьа б1аьрхиш дара сан, цхьа б1аьрхиш дара. Даа ца лиъча, эхартах волуш, Даа ца хиъча, хьох хьайх а волуш, -Маржа я1, дуьне,- хийламмо олуш, Декъаза цхьа дуьне хиллерa-кх х1ара. Батаева Х. |
|
|
#106 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Ас генахь баьккхина сайн мукъам буьллур бу Хьан матарбоьллачу гитарин мерзаш т1е, Иттех, я ткъех шарахь хьиен ца беш 1уьллучу, Човхийна бер санна, соне а берзийна. Ца хууш п1елг тасий, мерзаш ма хедаде, Вайн илли чекхдаьлча, уьш шаьш а лелхар ду, Кхин д1а шайх п1елг тийсар эрна дуй кхетарна, Иштта шаьш дуьххьара-т1аьххьара делхарх а. Генарчу гитаре кхийдина мукъамаш, Хьуна а хаалахь уьш дукха боцийла, Царца шайн г1овг1ане лагаш д1адукъ ца дахь, Некъ хедон ц1ерпошташ д1асовцур йоцийла. Батаева Хеда. |
|
|
#107 |
|
Вес репутации: 2 |
Ира лерса дерш
Буьйшу зама ю, Соьга хьоьжушьерг - Йоьг1нехь, кхане ю. Дуьне дира ас Дайчу лоппагах, Кхана дийр ду ас Дуьне поппарах. Дуьне доьхнаберш Боьлху зама ю, Гена геналлехь Яйна анайист. Иккхи лоппагах Ас мел тардинарг. Тахьтарг эккхар ю, Дуьне къардина... 1994 |
|
|
#108 |
|
Вес репутации: 2 |
Дог
Охьакхетта, атаделла, делла... Эзар дакъа хилла декъаделла. Х1ора дакъа эзар лазам хилла, Дисна хьалха дог хиллачохь 1илла. Иккхина дог. Амма адам деха, Шен лазамах б1аьрг ца кхардош нехан, Халахеташ шена къилахь хилар, Шен дахарна боцца т1адам биллар. 1989 *** Сийна, сийна, сийна сахили, Сийна ойла кхочуш ца хили. 1аьржа буьйса 1инчу керчина, Мерза г1енаш месех хьерчийна. Сийна, сийна, сийна сахили - К1айн говр хилларг самах - г1ан хили. Даима а иштта хуьлу-те, Дезнарг д1адовш, лар ца юьтуш шен? 1990 |
|
|
#109 |
|
Вес репутации: 2 |
--------------------------------------------------------------------------------
*** Бердана т1екхача дахарал некъ бинарг - тулг1е Эзарнаш юккъера шега сатийсинчу т1улге К1айн-сийна дог далхон, т1аккха дог иккхина яла, Цо еъна азаллех абадехь къинхетам балла... Хеда Батаева __________________ |
|
|
#110 |
|
Вес репутации: 16 |
- Хьо ма яйна, кока юца 1аьмма хьо,
1апказ йистехь мийлла куьйгаш лехаш? - Кераюккъехь дохдеш ю со 1аьнарца Д1ора кхуза хьоькху шийла мехаш. - Гирий хьуна оцу мохо дадийна Стиглахула сирла кехат доьдуш? - Гира, амма хи чу доьжна т1адийна Цуьнан йоза тулг1е яра доьшуш. - Гирий хьуна нуьре лепаш к1айн гата, Хи т1ехь доьдуш "Дог" ц1е йолу кема? - Гира, амма сарахь молла кхайкхина Чуяхара синна дайдан къемат... Хеда Батаева
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина Галстукаш коча а оьxкина Г1аддахна лелаш ду г1аларташ Cан къоман историн г1алаташ! |