Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 22.07.2008, 19:02   #951
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц.
Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда.
Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц
Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан.
Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш,
Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш.

Дитташа тIедетташ зазанийн дарц,
Сахиллалц екар ю сан деган бухIа.
Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац
ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха.
Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш,
Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш.

Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа
ГIерта сан безамца даста шен марха...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.07.2008, 19:04   #952
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан деган дахкарлахь хьулделла сан дедайн ирзе,
ХIара ю цкъачунна вайшинна ас лаьцна хIусам.
Кхузарчу деноша дийр ду-кха вайший а ирсе,
Адамийн бIаьрг хиларх бодано лардийр ду буса-м.

Сан ирсан даьIахкаш, шовкъаша обанаш баьхнарш,
Кхузахь бен карор яц мацца а вайн къастар хилахь…
Тахана бацахь а гуш-хезехь хIара латта аьхнарш,
Амма уьш цкъа лелла, шайн синош лийчош кху тхилахь…

Тешаман серлонгахь ас шаръеш хьан кучан хеборш,
Сан пIелгийн зIаьнаршка ма цеце хьоьжу дIо стигал –
Лааман маьркIаже хьан синцIеналлина тебош
Со велахь, сан илли дуьжийла аз хилла къийган.

Сутара IиндагIаш – акхачу ойланех даьзнарш –
Сайн даг чу нуй хьокхуш, со дерриш хIаллакдан кхиъна.
Цундела тийна Iа сан бIаьргийн дехаре аьзнаш –
Дуьзна уьш, хьан гIенийн дахкаран тийналла йиъна…

Лач ойла-шаршолаг тIех шера хилла, хьо шаршахь,
Оьздачу ойланца ас хьуна гIатта гIо до-кха.
Цул тIаьхьа ирзенна гонаха даьллачу варшахь
Мукъаман гураца лоцу хьо – сайн бовха кхокха…

Хийистехь коьллаша шайн луьста цIоцкъамаш хебош,
Бухара схьакъерзарх моьлкъанан баьццара бIаьргаш,
Цхьа а вац вайн доцчу къиношна неIалташ дебош,
Хьан боху вайшиъ ду эхь-бехках яе гIерташ гаьргаш?..

Уьйр цIена латтаеш, хIумма а цхьаммо ца эрриг,
Цхьа хьанал цIе летта, вайший а кху хене даьлла.
Ахь бIаьргийн когашца мосазза хьаьшна со верриг?
Амма со, лазаме там хиларх, осал ца ваьлла…

Ларанаш кег а еш (тIехерцош дIо лаьмнийн тархаш)
Со-м сацо хьожур ву хьан шераш хьийзаден бера.
Ас марахь йохйийр ю стигалахь ношъелла мархаш,
Царалахь тосалахь тIадамаш – хьан бIаьрхих тера…

Даймахко диллина сан иллин кийра хьан амат,
Ас и схьадалийна сайн дедай баьхначу ирзе.
И ду-кха Iаламан уггар а доккха Iаламат,
Къеначу кху лаьттан иэсехь а дуьсу дерг ирсе…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.07.2008, 19:04   #953
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан лерсин тIорказаш тIанк-аьлла хьайн озах дуьзна,
Сан бIаьрсин гурачу хIоттийна сурт куьцан хьайн,

Орамаш тIе кхаччалц вайн марзо дIахьакха хьайн лаам туьйсина,
Ахь цхьаллин мехачу дIанисди къастаран тай.

Хьо шовкъе синхаам дIатебен коч тега йоллу?
Цхьалло са хьере деш, хьайн лол ахь беттар бу бетта-м,
Амма хьо дIайоьдуш хьан ларийн тоьгано Iаржйина йолу
Лайн лоччарш йиттина, ши куьг мажардоьлла беттан-м…

Сан деган ангалин бIогIаман лекхалла уьдур ду хьала
Цу беттан гинсу а, дустуш сан ойланийн дагар…
ТIорказаш досту ас, хиларх а хьан озе ладогIа хала,
Лардо ас сайн бIаьрсин гурарчу хьан суьртан дахар…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.07.2008, 20:18   #954
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сайн иллега

Сан илли, хьан байташ – син бIаьхой сан,
Царна тIехь со баьчча хIоттийна Дала.
ГIазотан бакъо ю хьо декхар дан
Муьжгашца беш болчу тIамах чекх дала.

Соьлжа-хин берд Iа-кха, кхийсарш а еш.
Эццигехь мостагIчо туп тоьхна кхалха.
Цунна тIе тохар дан хьайн кечам беш,
Сан илли, ахь муьлха дош доккху хьалха?

Догмайра хьо декахь, сан иллин аз,
Кхераман зирх тосуш мостагIчун кийра,
Хьан хIора мукъаман зезаган жазз
Хир дац-кха гIазотан назманна хийра.

Сайн чIагIо яхчаеш, яздеш ву со,
Сийлахьчу бекхаман цIергахь хьо доттуш,
Кхалхахь а, гIазотехь кхалхалахь хьо,
Маликийн бартхаттам юьстах а тоттуш.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.07.2008, 20:19   #955
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Аьхкенан этюд

Тачано ле а деш, хьун йолчу схьадалий вайша…
Вовшеха къихкина, кIадделла вайн IиндагIаш.
Шоршалийн аьзнаша «тIанк»-аьлла, дуьзначу варшахь
Аьхкенан баьццарчу хоршано дегадо гIаш.

Кху варшан сийналлин айхьа мел лераме сий дарх,
Кхоьру хьо-м хьаьрса хьуо гуш, цунна хиларна вас.
Гуьйре хьайн месашца ахь цунна дагатасийтарх,
Хьан деган бIаьстенах и Iабо тIелоцу ас.

Хьайнчуьнца лечкъардигех ловзу сан дегайовхо,
Вайшинна юххе дIалечкъина цаьршиннах цхьаъ…
ХIаваэхь тулгIеха етталун хьан дегIан йовхо –
ДоьIучу сино сан куьйгашка баьккхина кхаъ…

Эвххьаза даржаде хьайн елар вайшинна гонах,
Овкъаран басахьчу зарзарша и айдийр ду:
Безаман меттамотт бохо чухьаьддачу вонах
ГIушлакхехь марханах тера цхьа чим буьсур бу
.

Суна го Iаламан хьоь болчу безаман хьаьркаш,
Лечкъадо масалш а, сайх хуьлуш ца ваьлла къу:
БIаьлланган бIараша биллина боьмаша бIаьргаш
Хьайнчеран сийначу айманийн йийсарехь ду.

Апарин зоьпаро къийлина шовданан илли
Сирлачу жагIанна хьан цIарах пал тосуш Iа.
Аьхкенан касси чу хьан чоьте кху варшо дилли
Долахь шен мел долу массо а баьццара гIа.

Хьан когаш кIел туьйсуш баьццарчу гIовталан тIемаш,
Цаьпцалгийн зевнашлахь хьан лараш лехьош ю буц.
Кху бIаьста денделла синтар ду хьо еза Iемаш –
Орамийн гIенашна оьхьу цо хьан оьзда куц…

Дуьне а ханна ду, дахар а цхьа мур бу хенан
Ойланза аларх а, аьллачо-м ша хьукма дой…
Езачо маре ян Iаламехь дош делларг шена
Караво дахаро дуьненан цхьа паччахь вой…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.07.2008, 21:43   #956
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Цхьана накъосте

Хьо вистхилар – ека х1оттар хьан гамонан тоти,
Айпе дешнаш лаьтта Iенош – ямартлонан х1уш.
Цабезаман уггар луьра саьрмик беха оти
Лаьтташ ду хьан деган уьйт1ахь, пенош дахкалуш.

Цкъацкъа со ц1аверзарх, хьаькхна хьан г1ийбатах б1аьштиг,
Букъ а къийзош ахь т1аьхьашха ечу Iиттарша,
Ницкъ бу соьгахь куьйга кагдан хьог1ан стелахаьштиг,
Кийрахь алу ю сан лалон эладита-ша.

Хета хьуна аьшпийн к1уьрехь къайлавалар атта,
Доцу дела хьайца дуьне серладаккха нур.
Лаьа хир ду хьуна ас а, айхьа санна, артдан,
К1айн хабарш а дуьйцуш, цергех детташ меттан тур.

Пхьоьханехь ахь волла Iеттош, дуьненах дог дахар
Сих ца иэдеш, сайн хиндолчух со-м б1обулуш ву:
Денош т1етт1а дебаш лаьтташехь, жимдаларх дахар,
Хено байташ кходдушехь, сан илли хьекъаш ду…

Хьо д1алелаш, гайна там беш, жуккаралла юстош,
Елош хьарам рицкъа хийла цаста дезна церг,
Со-м ву адамашна сайн синбаьрче йоькъуш-юстуш,
Лаам кхобуш хила халкъан воцуш а цатерг…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.07.2008, 21:47   #957
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Кхозлаг1чу борг1алийн аьзнашла лестина буьйса.
Iуьйкъенан б1арлаг1а тоххарехь ламчу тилла.
Т1уналло т1ера лар хуьйдина тача ду куьйса –
Шовданан корта цо тховса а ларбеш хилла.

Ламанца мустъелла дахкаран етташура.
Боьранийн лергашка тийналло биллина бамба.
Г1енаша боддинчу г1аша до дайн шур-шураш,
Ша беша луьйзу ког мох г1ерта ма-хуьллу байбан.

Набаран буржалша д1амалди к1айн сатасар.
Варшахь тхи диллина. Луьста буц техкаре яьлла.
Наштаран баттана гуо баьхна сан сатийсар,
Анайист айъинчу Iуьйренца эшаре даьлла.

Зезагийн б1аьрсине къастало маьлхан з1аьнарш.
Уьш а ю сихъелла стигалан ездари дара.
Лечанан бенчуьра еттало йовха Iаьнарш,
Хьекъабеш Iуьйренан х1аваан йовхонан барам…

Ангалин жарж шайна т1ехула баржийна бецаш
З1аьнарийн пхьаьрсаш т1ехь баьццара чоьш хилла тий…
Илли а товш ду-кха Даймехкан Iаламна децаш:
И-м сих д1акъаьстина, Iаламан аьзнех д1аий…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 23.07.2008, 01:36   #958
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Некъ

Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ
Шен аса чIагаршка хьийзаеш, кхиссало.
Ховхачу бодашкахь кур бетташ буьйсанех,
Безаман чухчарин цинцашца къийсало.

Мокхазах-ойланах суй боккхий, тачано
Хьан кхиэлан бердашца лекха цIе латайо.
Цунах шен гоьжа бан гIоьртинчу ачоно
Мерцинчу цIокан тIе хьагI-йома латайо...

БIозлагIа со цхьалха висича буьйсанехь,
Хьуьнаре некъахо со хилар тосалой,
Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ
Уьйриге хьаьрчина, сан даг тIе кхоссало...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 23.07.2008, 01:40   #959
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Хьан сибат - устаз ву безаман динан,
Тоххарехь со цуьнан мурд хилла ваьлла.
Сатийсам - бер ду-кха сан даго дина,
Са-ага жим а луш, и андадаьлла.

Т1ехаъал хилла и хьан шовкъан динна,
Дуьненнал синхаам меттах а баьлла.
Йистйоцу сан цхьалла - аре ю дийнна,
Ховхачу беречун и дола яьлла.

Сан дегайовхонан зов дато ленаш
Эсалчу бергаша кхаъ санна, дахьа.
Царна а 1емина шайн новкъа Iенаш
Мел хилла сингаттам т1улг санна, ахьа.

Ткъа со-м Iа, сих-сиха ойлане оьгуш,
Тишъелла нуьйр санна, хьан куьцах хьоьгуш...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 23.07.2008, 01:43   #960
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Газель

Хьоьх ен ойла – олхазаран накха санна, кIеда,
Ахь сан дагчохь бина болчу бенчуьра схьакъеда.
Ткъа хьан Iаьржа месаш ма ю – малхал сирла бодаш,
ХIора мас-зIаьнар шайн векалйинарш сан сатедан.

Хьан бIаьрхиш ду стелаIодан цIийнах девлла дерзаш,
Дуьне суна таз ма-делли, уьш сан кийра леда.
Со-м ца воллу хьан лерсине дешнийн дуьйраш кхийдош –
Иллех яьлла Iов луьйсу ас хьан кхолламан кеда.

Хьан къоналлин билзигах ша тай дуцахь а, зама
Яьхьар яц хьан беснийн демах шерийн ахьар иэдан.
Чухчахьеран суьлхьанаш сан бIаьргийн карахь хьийза,
Царна юкъахь молла хили хьо – Iилманан седа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.