![]() |
|
|
#941 |
|
Вес репутации: 27 |
Вас ма йоза (карзахечу дегаллин са дууш),
Дог а чехош, еза хьайга ас цааларца - МоттаргIанийн олаллина кIел ца виса лууш, Сайн са ийдо ас хIаваэ дIо сеаларца. Дешна вала гергавоьдуш хьан юьхь-сибат - жайна, БIаьрса лехна, юкъахвели, кхин са-ъ даIаза ... Дагахь хаарх хьан цIоцкъамийн ший а могIа сайна, Царах соьга дан ца дели деган доIа сайн. ТIе а лаьцна тIаьхье йоцчу уьйран мерза лолла, Дегнийн боларш цхьаьна ца уьйш, эрна хан яьхьи... Я сан безам хилла - цхьана дийнан чехка полла, Я и хьайниг хилла - дукха еха уьнтIепхьид... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#942 |
|
Вес репутации: 27 |
Ширачу кешнашкахь
Юьртахойн иэсехь шаьш дIадайна ла ца луш, Ярашла личкъинчу кешнаша Шайн чартийн йозанийн ширачу хьаьркашла Ца билларх сайн цхьалха узам, ХIетте а, сайн дагна буьрса гуо лецахь а Чурт огуш, яздинчу дешнаша, Дайн тIулган гIовланех къехкачу тIаьхьенна ХIуй кхайкхо вогIу со кхуза-м… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#943 |
|
Вес репутации: 27 |
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу. Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо, Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу. БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера. БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера. Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла, Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш… БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла, Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#944 |
|
Вес репутации: 27 |
ХЕБАР
Суна хIинцца-хIинцца ги-кха сайн хьаьж тIера хебар. Шера гойту цо сан дагна шийла шераш тиебар. Луьра лаьхьа санна, сетта къацахета хебар, Хазахеташ, куьзга гича, ас сайн бIаьргаш хьеббар. Сан сиркхонийн-салтийн сема саьнгар ю-кх хьо, хебар, Дезаш хьайна хьаставелла, мотт ас гара лебар. Сан къоналлин татол идда харш ду-те хьо, хебар, Хьайна тIе соь йотта бохуш бIаьргийн ший а зебар. Сан ах дахар дIахадийна сиз ма ду хьо, хебар, Хьарам дуй-те хьуна гуш сайн дагалецам хьебар? Коша баха безаш болчу некъан га - сан хебар, Сан Iожаллин лараш хьуна тIехь а ю-те дебар? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#945 |
|
Вес репутации: 3 |
Сайн иллега
Сан илли, хьан байташ – син бIаьхой сан, Царна тIехь со баьчча хIоттийна Дала. ГIазотан бакъо ю хьо декхар дан Муьжгашца беш болчу тIамах чекх дала. Соьлжа-хин берд Iа-кха, кхийсарш а еш. Эццигехь мостагIчо туп тоьхна кхалха. Цунна тIе тохар дан хьайн кечам беш, Сан илли, ахь муьлха дош доккху хьалха? Догмайра хьо декахь, сан иллин аз, Кхераман зирх тосуш мостагIчун кийра, Хьан хIора мукъаман зезаган жазз Хир дац-кха гIазотан назманна хийра. Сайн чIагIо яхчаеш, яздеш ву со, Сийлахьчу бекхаман цIергахь хьо доттуш, Кхалхахь а, гIазотехь кхалхалахь хьо, Маликийн бартхаттам юьстах а тоттуш. 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#946 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
ДоIа деш хьо вацахь, хир яц хьан мIаьргонаш тIома, Умматан могIарша юккъера кхуссур ву хьо. Маликаш хир ду хьан гIуллакхийн терахьца гома. ШайтIанан баккхале доьрзур ду хьан хIора шо. Де-дийне Iожалла тIегIерта, цхьацца ког боккхуш, Цо шеца дIахьош верг цIеххьана катухий хьо. Хьо вацахь дуьненчохь доIанехь Делан цIе йоккхуш, Махьшаран майданахь хIун ала волу-те хьо? 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#947 |
|
Вес репутации: 27 |
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано,
Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли. Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли. IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна. Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#948 |
|
Вес репутации: 27 |
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц.
Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда. Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан. Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш, Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш. Дитташа тIедетташ зазанийн дарц, Сахиллалц екар ю сан деган бухIа. Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха. Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш, Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш. Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа ГIерта сан безамца даста шен марха... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#949 |
|
Вес репутации: 27 |
Некъ
Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ Шен аса чIагаршка хьийзаеш, кхиссало. Ховхачу бодашкахь кур бетташ буьйсанех, Безаман чухчарин цинцашца къийсало. Мокхазах-ойланах суй боккхий, тачано Хьан кхиэлан бердашца лекха цIе латайо. Цунах шен гоьжа бан гIоьртинчу ачоно Мерцинчу цIокан тIе хьагI-йома латайо... БIозлагIа со цхьалха висича буьйсанехь, Хьуьнаре некъахо со хилар тосалой, Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ Уьйриге хьаьрчина, сан даг тIе кхоссало... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#950 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан са
Хьо хIунда сеттина, цицигах букъ тIе а боккхуш, Сан къинойн лам гина, билли-те хьан кийра ша? Далла ас ен Iамал яц-те хьо сийлалле доккхуш, Сан дегIан чорхана яппарш ян Iемина са? Цхьа гIуллакх ас дича, мах хадош, ахь дош ца олу, Ткъа, наггахь Iехаво, хьуо доьду моттуьйтуш дIа… Лензаллин неIсагIе ерриг а хьайн долахь йолу Хьо хилча гIайгIане со даим цецваьлла Iа. Баннекъийн тIулгаш тIехь Нохчийчоь букъ тIехьа лоьцуш, Леллачийн стиношца гергарло дуй-техьа хьан? Бусулба хьо делахь АллахIан омра тIеоьцуш, Царна а луур ду хьо шайца г1азотехь ган.. Хьо каде хьовзалахь Махьшарехь вай вовшахкхеташ, АллахIах хетачохь сов тIаьхьадисина эхь. Хьуо кхачахь пирдовсе, цагинчех цигахь къахеташ, Даггара делхалахь хьо церан цIерашна тIехь? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|