![]() |
|
|
#931 |
|
Вес репутации: 27 |
НОХЧИЙЧОЬ
(сонетийн кочар) Сулаев Мохьмад дагалоцуш 1. Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен, Оьшу хьан гергарло сан кхиэлан цIенна. Чкъураца хьоькх йоцу хьан сибат бен Хир дац сан оьмаран марчонал цIена. Хьан анайистан бос ма ховха бу, Со цуьнах сайн деган ботт ялла, хьаьгна. Маьлхан сир дилли цо сан бIаьргаш чу Iуьйренца, суьйренца шен коьртехь даьгна. ЦIа доцчун ваша ву хьан маьрша мох, Керт къахьъян тIера ду хьан доцу доза… Хьан беттан бIаьрга кIел текхадеш нох, Дешна ас сурт кхуллу хьан мархийн йоза… Башломан дохк ду - хьан гаьнгали цIина Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина… 2. Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина Зил бу сан юьхькIоман са хьоьстуш берг. Суна и доьналлин бесни тIехь гина – И бу-кха сан иллин боцуш ца терг. И зил бу Урартун йозанаш тIера, ХIинца а лаьтташ хьан къайленийн хехь. Доькъу цо вар-валар гойту ши терахь Хьан лаьттахь дийгIинчу тхан чарташ тIехь. Чекхволуш дахаран тIаьххьарчу зилах, Ас маракъовлур бу сайн къоман зил: Воккхавеш сайн каш а хьан кертахь хиларх, И коьрта хъетарна массо а сийл. Сан деден бIов ю хьо ас пусар ден, Сан дагна ха деш бу хьан горга пен. 3. Сан дагна хадеш бу хьан горга пен, Кечамбеш сан дог шен Iаьнарлахь дашон. Суна хьан Iуналло ца тохахь пе, Хьоьх лаьцна иллеш а хир ду сан дашо… Элпа тIе элп тухуш, дашна тIе – дош, Шо-шаре гулби ас цхьа зевне бахам. Iазраил малико сан са дIахьош, Шатайпа хир ду сан верасийн сагIа-м. Луур ду и сагIа ахь къобалдан, Даггара дарца хьайн мукъамийн доIа. И совгIат лорур ду къомана дан Хьан иэсан паналле ваханчу воIа. Сан кийра Iена хьан гуьйренан гIина, Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина. 4. Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина, Iаламо йоьхку сан маршонан юкъ. Сайн лазар карчадеш бух боцчу Iина, Хьан гIоьнца кагбо ас Iожаллин букъ. ТIаьхь-тIаьхьа эхь дайна сан шерийн базар Соь хетта яьллехь а оьмаран мах, Сан деган хесара сиркхонийн асар ДIадаккха гулбо ахь тешаме нах. Мацца а дууш сан каш-лаьттан хьовла, Ахь бетах хьоькхур ду хьайн иэсан пхьош, Иллешна аьхна еш лензаллин гIовла, Ахь самсадоккхур ду сан хIора дош. Хьаштхилла сайна хьан ялйоцу гIо, Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со. 5. Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со, Кхочушдеш азаллехь мел гина гIенаш. Хьоьца ас даьккхина муьлхха а шо Даздан хьакъ ю хьуна уьншеран хенаш. Ширачу хьадисийн керт йоцу урд Дай лоьруш, даьккхи ас сайн иэсан дола. Цундела бийр бу ас тIаьххьара къурд, ТIеэца деза каш ца хеташ дола. Векалдеш сайн уьйрех дисина доь Абадехь биллина мотт лара лахьта, Ас хьуна чIагIо йо, сан Нохчийчоь, Осалла Iеттийна, дуьне ца къахьдан… Баркалла хIуьтту сан пхенашкахь аьлча, Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча… 6. Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча, Коьшкала боккху ас сайн ненан мотт. Нахана жимма а пайда сох баьлча, Туху ахь сихха сан гIуллакхийн чот. Ахь до-кха ас дечу диканийн жамIаш, Сих ца луш кхайкхо ас баьккхина мэл… Иллеш сан къобалдеш сох тешна къам Iаш, Хаац хьан лаьттахь со лелар ву мел. Шен барам къайленах тешийна рицкъ а, Хаац хьан текхахь ас мел дуур ду-м… Цкъа хIинца-м аьтто бац цхьана а ницкъан Якъо сан кхолламан даьIахкийн тIум. Цундела ас хьоьга цхьа хаттар ло: Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го? 7. Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го: Месалчу орццал я пиллигал жима? Хьан лаьмнийн бIаьрсинах дозалла до И муьйлуш, малхо а, батто а – шимма. Со-м хаа лууш ву сатуьйсуш дуй Сан деган татане хьан варшан лерса. Со-м баа кийчча ву ахь бохху дуй Хьо бен сайн дац аьлла дош оза терза. Дуьххьара гуш яц хьан стигалан Iарш Ас дуьлуш бIаьрхишца хьан лаьттан даьIнаш… Дийцахьа, муха ду дIакхаьчна Iаш КIенташа сий даран турпала кхаьънаш? Суна а-м тарло сайх дуьненан баьчча, Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча…. 8. Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча, Лоллу ас йийсарехь хьарчийна къа. Куьг лазош, къуьйлу ас къоламан баьлча, Ойлане охуш сайн кехатан кха. Цул тIаьхьа боккхуш сан шеконо мекха, МогIанийн зIийдигаш чолакх а еш, Дарбане хьан малх сан оханах бекха – Ялта сан мацца а дебаран теш. Гойту ахь хьайн лаам хилар а ботта Могашчу гIоранах сан байтан кан: Ахь лома дIавоьху со хьажахIотта Ас мел ен ойланаш юххера ган… Сан некъан таж ду хьан лечанан тIам, Сан къена верас бу хьан акха лам. 9. Сан къена верас бу хьан акха лам. И-м лаьтта, охкийна чухчарийн кхесаш. Дохийна, хьан кхерчах даьккхича къам, Дас санна, кхаьбна цо хIолламийн иэсаш. Гихь лелош обарган мажъяьлла хьун, Кавказехь Iалашъеш сан къоман хьожа, БIаьвнех ца кхетийта мостагIийн ун, Хьун кхиош тIорказахь шен хIора чIожан. И лам бу ахь доьгIна шатайпа чурт Cан къоман кешнашна ГIум-Азехь долчу. Хьо ганза беллачийн хIораннан сурт ТIулгашна гIенах гуш, хьо-м хIуьтту холчу. Хьоьх лезна ойланаш хир яц сан хьаре, Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре. 10. Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре, Шена тIехь хенаша боршамаш беш. Шар-шарахь йоьду и бIаьстене маре ТIаьххьара лайн чимаш хIаваэхь леш. Шен кийра хьаьвзича татолийн болам, Со воккхуш ойланийн косказаш тIе, Куьйгана байбо сан лехамийн къолам, Иллига тохийта сан дагна це. Кхиайо суна шен зезагийн тоба Бацалахь бес-бесар доIанаш дан, Механ хьу кхетта сан сатийсам туобан Сан бIаьрса хьерчадеш зазашла хьан. Ша мерза бацахь а, беш суна там, Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам. 11. Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам. Мацца а беза и лахьтичу бахьа. БIаьрхиша хIоттор бу сан кийра Iам, Кхачадахь суна хьан марзонан лахьа. Сан токхе напха ду – хьо денна гар, Кхаъ бу и баккха сан хьо езачаьрга. Хьан новкъахь дIаяйча сан коган лар, Шан пардо лоцур ду хьан маьлхан бIаьрга. Лур бац-кха сан цхьа а синхаам аз Со худуш мел ву хьан буьйсанийн кIора. Хьан лере дIакхачахь сан довха аз, Хир яц сан байташ а лергашна къора… Даго деш хьан васте лераме даре, Ас сица дору хьан стигалан даре… 12. Ас сица дору хьан стигалан даре, Ойланца бетташ хьан мархашна лол. Хьан шовда хьоьжу со суьйренца варе, Цинцашца лийчаеш бIаьстенан кол. Белшаш тIе кхоьллина дахкаран оба, Ларйи ас хийла цу шовданан йист. Ас цигахь аьлла сайн ирсана оба, Дуьххьара хуьлуш сайн езаче вист… Луларчу варшара диттийн цхьа доьзал ХIинца а синтаршка со вуьйцуш Iа… Хьан Iалам мел деха, вовр вац со доьза, Кхин юха ца ван со водахь а дIа… Лоруш шех валарна со кхерар хийла, Суна а лаьа хьан са ийлуш хила… 13. Суна а лаьа хьан са ийлуш хила, Кховдадан цуьнга сайн байракхан дарж. Хьанала яц ала хIуттур ву мила Хьан маршо лоьхуш, ас мел йина харж? Ца гIерта баккха со хьан цIарах пайда, Хьан киса кегадеш, ца лоьху сом. Цхьабакъду, лууш верг ас динарг дайдан НеIалтах дIавехка кийча ву со-м. Ца тоьъча осалчийн нахартийн гIора Механа билгалдан хьан бIаьрла хьал, Дуьненна хьо хестош, ас иллеш дора, Лехьаеш дашочу хьан дешнийн сал, Мархаша кхоладеш хьан бIаьргийн лила, Ас чехка хаьхкича заманан гила… 14. Ас чехка хаьхкича заманан гила, Иймано боккху сан оьмарна барт. ГIолда со гIийлачу буоберан къила, Малбахь сайн иллица ас бина барт. Хьан кIайнчу тIулгаш тIехь ламаз дан лууш, Къилбехьа йирзина сан къоман яхь… Лакъийла сан илли, дош дашо дууш, Харцо а хастийна вас хьуна яхь. Тахана хьан маршо декъалъеш лаьтта, Тешаман гIоьнча хьан – гIазотан дин. Хуьлда сох Iесаллин чиркхара даьтта, ЦIунан лай лелла дош ас яздахь кхин. Лойла со, лелахь хьо ца хеташ бен, Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен… 15. Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен, Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина. Сан дагна хадеш бу хьан горга пен, Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина. Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со, Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча, Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча? Сан къена верас бу хьан акха лам, Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре, Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам, Ас сица дору хьан стигалан даре. Суна а лаьа хьан са ийлуш хила, Ас чехка хаьхкича заманан гила, 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#932 |
|
Вес репутации: 27 |
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза,
Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг… Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг. Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен. Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза: Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн… Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза, Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь… Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь. Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош… Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош. Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин. Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи… Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам. Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан… Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!.. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг. Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза, Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#933 |
|
Вес репутации: 27 |
Самсабохуш тишбеллачу сан лааман бен,
Хьо хIун деха йоллу соьга олхазарал къечу? Со да волуш хIума дац-кха деган тIемаш бен - Эрна гIерта хьан сибат сан хьиэ чу... Охьаэгна сан ойланийн диттийн тIома гIаш, ХIинца ву-кха со цундела Iаьнан хьуьнал беркъа. Кхин дIа хьекъа лууш дац сан шерийн гIура кхаш - Сатийсамо церан хьукма дер-кха... Оццул йоккха хилла йолчу цIеран цхьа а суй Кара-м ца бо кийрахь, «хIуп» а аьлла, меттаххьабан... Хоьхкуш ю-кха, говрах тарбеш, шен хийцамийн нуй ХIара зама - къена жоьра-баба... Лаца цхьа а тIам а боцуш, сайн сагатдалар Хьан дог деттадалар санна, соьга лалахьара Ялсаманех тера дар-кха хIара миска Iар - Ша ма дойла суна Дала хьарам! Хьан хьадалчаш дуй а хууш беттан IиндагIаш, Царна там ца балуш, йоьлху сан лааман къелла: Цхьаллин некъийн шаш тIехь муха лелар ву со гIаш Деган тIемаш хьуна дIа а делла?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#934 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
ДогIа чIогIа марсадаьлла тховса, И-м дIахIоьтти сира пен а хилла... Цхьа а дош сан дац-кха хьоьца къовса, Бехк а бац сан цхьа а хьуна билла. Стигал г1ерта, йовхарш етташ, къовкъа, Ткъес а дац-кха дуссуш мархийн гира… Хьо соьх къаьсташ, дIаяханчу новкъа ЖагIа бижна, кIохцалг санна, ира. Муха Iийр ву, гIайгIа юьтуш сайнна, Халбата а хиъна цхьаллин керта? Барзах кхераделла кIезий санна, Хьан аматаш дагна улле гIерта... 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#935 |
|
Вес репутации: 27 |
Саллар
Хьоьх нIаьна ала со ца хIутту, сан хьоме саллар, Исбаьхьа ойланаш юй хууш хьан коьртехь IаьIна. Комаран диттан гIаш ду-кха хьан баьццара кхаллар, Адамо къобалдан хьакъ ду хьан дахаран маьIна. Iаламат хала ду мах хадон муьлххачу белхан Оцуьнан чаккхенга диллина вар-валар хилча. Цаьцваьлла со хир вуй хаарна хьайн сина велха, Ахь шек а ца болуш, тIеуьйзу Iожалла ирча. Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа, Эххар цо хорамбой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха. Хьан сирла каш хуьлий дIахIутту ахь бина гоьжа - Азаллехь ахь юьхьарлаьцна хьан Iалашо лекха. И листа волалахь, бекар бу цхьа зевне чилла - Ахь цкъа а дешанза хьан кхиэлан тIаьххьара жайна... Ахь доггах хьегна къа цуьрриг а эрна ца хилла: Адаман хьашташа тIеоьцу и чIогIа тайна. ...Сан деган салларна тIехьерчаш, могIанийн теша ГIеметтахIоттош бу сан иллийн мукъаме гоьжа. Жимлучу рицкъанан ницкъах со ца вуьту теша Комаран гIаш санна, оьгучу сан коьртан чоьша... Лахьтанан гоьжанахь хууш сайн дезар дуй Iилла, Ас оццул къахьегча, ца лоьхуш хастам а, ял а, Хир бац-те мацца а сан байтех мел баьлла чилла Сох бухадуьсучу иэсана цхьа бедар ялла... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#936 |
|
Вес репутации: 27 |
Дахаре
Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш, Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те? Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш, Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге… Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара, СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн… Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани… Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта, ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан: Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян… Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон, Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш, Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?.. Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош, Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша, Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош — Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша… Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар, Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар: Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар, Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#937 |
|
Вес репутации: 27 |
Ши безам
Дозаллин акхтарган буьххье а баьккхина синхаам сайн дуьххьарлера, Массарна и гайта гIерташ, ас хьийгира ял йоцу къа. Кхолламан мох баьлча, акхтарган бохь бойна, чубужуш и цунна тIера ДIабуьзна ирсан малх ах бен схьакхетанза хIинца а хета-кха, ткъа… Къайлахчу ойланан кулла кIел лечкъабо тахана-м сайн безам керла. Дахаран эсаро сан син гIад чахчийча, цо во со гуттар а вох… Мел буьрса хьекхарх а, де-буьйса ца лоьруш, гойтуш шен инзаре дералла, Хийлазза цу куллах ког дIа а тасалуш, горбаха кхолламан мох… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#938 |
|
Вес репутации: 27 |
Сонет
«Хьо суна еза-кха» - и кхо дош ду-кха Сайн дегайовхонца со чохь Iен гIишло. Хьох лаьцна ойла ас йо дела дукха Шераш дIа эхарх а, сан хьиэ ца тишло. Суо воьдуш хьан деган токхечу дукъа Син аре дIалаьцча гIайгIанан ишало, Кхаъ боцуш хьо йитахь суна хир ду къа - Цундела ас хьуна безаман йиш ло. И ю-кх сан гIеметтахIоттаран Iаса. И луьйзуш, хьо йолчу вало со маса. Ношбелла сатийсам хьан корехь Iа сан - Хьан куьцах баьккхина цхьа мерза хьаса... Ма къахьлур дац суна хьан дашо сибат Сан даге цо мел до шен эвхье гIийбат... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#939 |
|
Вес репутации: 3 |
Аьхкенан этюд
Тачано ле а деш, хьун йолчу схьадалий вайша… Вовшеха къихкина, кIадделла вайн IиндагIаш. Шоршалийн аьзнаша «тIанк»-аьлла, дуьзначу варшахь Аьхкенан баьццарчу хоршано дегадо гIаш. Кху варшан сийналлин айхьа мел лераме сий дарх, Кхоьру хьо-м хьаьрса хьуо гуш, цунна хиларна вас. Гуьйре хьайн месашца ахь цунна дагатасийтарх, Хьан деган бIаьстенах и Iабо тIелоцу ас. Хьайнчуьнца лечкъардигех ловзу сан дегайовхо, Вайшинна юххе дIалечкъина цаьршиннах цхьаъ… ХIаваэхь тулгIеха етталун хьан дегIан йовхо – ДоьIучу сино сан куьйгашка баьккхина кхаъ… Эвххьаза даржаде хьайн елар вайшинна гонах, Овкъаран басахьчу зарзарша и айдийр ду: Безаман меттамотт бохо чухьаьддачу вонах ГIушлакхехь марханах тера цхьа чим буьсур бу. Суна го Iаламан хьоь болчу безаман хьаьркаш, Лечкъадо масалш а, сайх хуьлуш ца ваьлла къу: БIаьлланган бIараша биллина боьмаша бIаьргаш Хьайнчеран сийначу айманийн йийсарехь ду. Апарин зоьпаро къийлина шовданан илли Сирлачу жагIанна хьан цIарах пал тосуш Iа. Аьхкенан касси чу хьан чоьте кху варшо дилли Долахь шен мел долу массо а баьццара гIа. Хьан когаш кIел туьйсуш баьццарчу гIовталан тIемаш, Цаьпцалгийн зевнашлахь хьан лараш лехьош ю буц. Кху бIаьста денделла синтар ду хьо еза Iемаш – Орамийн гIенашна оьхьу цо хьан оьзда куц… Дуьне а ханна ду, дахар а цхьа мур бу хенан Ойланза аларх а, аьллачо-м ша хьукма дой… Езачо маре ян Iаламехь дош делларг шена Караво дахаро дуьненан цхьа паччахь вой… 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#940 |
|
Вес репутации: 27 |
1омачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна,
Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь. Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна, ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь. Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш, Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш. Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш, Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш. Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха, Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох. Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха, Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох. Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь. Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан? Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь, Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|