Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 20.07.2008, 23:48   #921
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Вас ма йоза (карзахечу дегаллин са дууш),
Дог а чехош, еза хьайга ас цааларца -
МоттаргIанийн олаллина кIел ца виса лууш,
Сайн са ийдо ас хIаваэ дIо сеаларца.

Дешна вала гергавоьдуш хьан юьхь-сибат - жайна,
БIаьрса лехна, юкъахвели, кхин са-ъ даIаза ...
Дагахь хаарх хьан цIоцкъамийн ший а могIа сайна,
Царах соьга дан ца дели деган доIа сайн.

ТIе а лаьцна тIаьхье йоцчу уьйран мерза лолла,
Дегнийн боларш цхьаьна ца уьйш, эрна хан яьхьи...
Я сан безам хилла - цхьана дийнан чехка полла,
Я и хьайниг хилла - дукха еха уьнтIепхьид...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 20.07.2008, 23:49   #922
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Ширачу кешнашкахь

Юьртахойн иэсехь шаьш дIадайна ла ца луш,
Ярашла личкъинчу кешнаша
Шайн чартийн йозанийн ширачу хьаьркашла
Ца билларх сайн цхьалха узам,
ХIетте а, сайн дагна буьрса гуо лецахь а
Чурт огуш, яздинчу дешнаша,
Дайн тIулган гIовланех къехкачу тIаьхьенна
ХIуй кхайкхо вогIу со кхуза-м…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 20.07.2008, 23:51   #923
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан са

Хьо хIунда сеттина, цицигах букъ тIе а боккхуш,
Сан къинойн лам гина, билли-те хьан кийра ша?
Далла ас ен Iамал яц-те хьо сийлалле доккхуш,
Сан дегIан чорхана яппарш ян Iемина са?

Цхьа гIуллакх ас дича, мах хадош, ахь дош ца олу,
Ткъа, наггахь Iехаво, хьуо доьду моттуьйтуш дIа…
Лензаллин неIсагIе ерриг а хьайн долахь йолу
Хьо хилча гIайгIане со даим цецваьлла Iа.

Баннекъийн тIулгаш тIехь Нохчийчоь букъ тIехьа лоьцуш,
Леллачийн стиношца гергарло дуй-техьа хьан?
Бусулба хьо делахь АллахIан омра тIеоьцуш,
Царна а луур ду хьо шайца г1азотехь ган..

Хьо каде хьовзалахь Махьшарехь вай вовшахкхеташ,
АллахIах хетачохь сов тIаьхьадисина эхь.
Хьуо кхачахь пирдовсе, цагинчех цигахь къахеташ,
Даггара делхалахь хьо церан цIерашна тIехь?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 20.07.2008, 23:52   #924
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Хьан сибат - устаз ву безаман динан,
Тоххарехь со цуьнан мурд хилла ваьлла.
Сатийсам - бер ду-кха сан даго дина,
Са-ага жим а луш, и андадаьлла.

Т1ехаъал хилла и хьан шовкъан динна,
Дуьненнал синхаам меттах а баьлла.
Йистйоцу сан цхьалла - аре ю дийнна,
Ховхачу беречун и дола яьлла.

Сан дегайовхонан зов дато ленаш
Эсалчу бергаша кхаъ санна, дахьа.
Царна а 1емина шайн новкъа Iенаш
Мел хилла сингаттам т1улг санна, ахьа.

Ткъа со-м Iа, сих-сиха ойлане оьгуш,
Тишъелла нуьйр санна, хьан куьцах хьоьгуш...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.07.2008, 10:32   #925
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Ши безам

Дозаллин акхтарган буьххье а баьккхина
синхаам сайн дуьххьарлера,
Массарна и гайта гIерташ,
ас хьийгира ял йоцу къа.
Кхолламан мох баьлча, акхтарган бохь бойна,
чубужуш и цунна тIера
ДIабуьзна ирсан малх ах бен схьакхетанза
хIинца а хета-кха, ткъа…

Къайлахчу ойланан кулла кIел лечкъабо
тахана-м сайн безам керла.
Дахаран эсаро сан син гIад чахчийча,
цо во со гуттар а вох…
Мел буьрса хьекхарх а, де-буьйса ца лоьруш,
гойтуш шен инзаре дералла,
Хийлазза цу куллах ког дIа а тасалуш,
горбаха кхолламан мох…


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 21.07.2008, 10:48   #926
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Со коран хехо ву кху беттан буьйсанна -
Декъала хуьлда сан ял йоцу ха!
Хьох ечу ойлано со къагош, суй санна,
Батто а хорцу-кха мархашлахь ха.

Ов детта дуьйлало седарчийн зингаташ,
Стигалан дилхалахь туьйлигаш еш,
Ас син кхе техкича гIайгIанан сирхаташ
Суна шайн серлонах дакъа а деш...

Сатийсам тIелуьстуш могIанийн уьйригна
Багабеш тишачу ойланийн муш,
Сайн дагна маре ас вайшиннан уьйр йигна,
Цхьаллина томана сингаттам луш...

Дашна тIе дош хьаькхча, тесначу цIерашка
Ас лата яйтина сайн зовкхан пеш,
Хьо сайна йовзале дIаихна шераш ган
Декъаза «байттамал» векал а деш...

Ткъа стигал охуш ю дIо беттан хьонхало,
Сийначу боданах беш эзар бIал...
Сан иэсехь IаьIначу хьан куьцан ховхалло
Тховса а тодина сан деган хьал...

Шабаршца тийналла кегош сайн петаран,
Дагардо ас беттан IиндагIаш дайн...
Хьо - зIенан бIогIам бу сан ирсан кетIара,
Хьуна тIетесна ас син хьесий сайн...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 21.07.2008, 10:56   #927
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Некъ

Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ
Шен аса чIагаршка хьийзаеш, кхиссало.
Ховхачу бодашкахь кур бетташ буьйсанех,
Безаман чухчарин цинцашца къийсало.

Мокхазах-ойланах суй боккхий, тачано
Хьан кхиэлан бердашца лекха цIе латайо.
Цунах шен гоьжа бан гIоьртинчу ачоно
Мерцинчу цIокан тIе хьагI-йома латайо...

БIозлагIа со цхьалха висича буьйсанехь,
Хьуьнаре некъахо со хилар тосалой,
Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ
Уьйриге хьаьрчина, сан даг тIе кхоссало...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 21.07.2008, 11:02   #928
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Сонет

«Хьо суна еза-кха» - и кхо дош ду-кха
Сайн дегайовхонца со чохь Iен гIишло.
Хьох лаьцна ойла ас йо дела дукха
Шераш дIа эхарх а, сан хьиэ ца тишло.

Суо воьдуш хьан деган токхечу дукъа
Син аре дIалаьцча гIайгIанан ишало,
Кхаъ боцуш хьо йитахь суна хир ду къа -
Цундела ас хьуна безаман йиш ло.

И ю-кх сан гIеметтахIоттаран Iаса.
И луьйзуш, хьо йолчу вало со маса.
Ношбелла сатийсам хьан корехь Iа сан -
Хьан куьцах баьккхина цхьа мерза хьаса...

Ма къахьлур дац суна хьан дашо сибат
Сан даге цо мел до шен эвхье гIийбат...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 21.07.2008, 11:05   #929
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц.
Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда.
Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц
Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан.
Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш,
Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш.

Дитташа тIедетташ зазанийн дарц,
Сахиллалц екар ю сан деган бухIа.
Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац
ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха.
Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш,
Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш.

Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа
ГIерта сан безамца даста шен марха...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 21.07.2008, 11:39   #930
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Беттан хьокхам

Дарделлачу цIоькъалоьмах дарцо мIараш туьйсуш,
Цистина сан коре лаьцна шан пардонан кIай.
Ткъа стигало мархийн цецах чекх лайн дама луьйсуш,
Кху сан кертан бога дуззуш, бод биллина кIайн…

Пхьуьйре юлуш кийча хир бу буьйда хьокхам беттан.
Мархийн цецахь, бенчохь санна, цо Iаь еттар ю…
Дорцан цIока Iуьллуш хир ю, луо а хилла детта.
Кху сан коран бIаьрга лаьцна кIай а жимлур ду.

Со а хир ву пхьор дан дагахь, пеша дечиг туьллуш.
Ялтин мерза хьожа сунна баттах йогIур ю.
Тхайн туьнкалган буйна кIуьран беха гIуркх а буьллуш,
Беттан хьокхам кхерчан цIерга божон гIуртур ву…

ТIаккха сайна даго довдар схьахезар ду шера:
«ХIунда гIерта беттан хьокхам хьо чубожон, хIай?!
И-м хьан нанас шен доьзалан синмаршонна тIера,
Мац ма-делли, седарчашна хьалха буьллуш ба-й…».

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.