![]() |
|
|
#911 |
|
Вес репутации: 3 |
Беттан хьокхам
Дарделлачу цIоькъалоьмах дарцо мIараш туьйсуш, Цистина сан коре лаьцна шан пардонан кIай. Ткъа стигало мархийн цецах чекх лайн дама луьйсуш, Кху сан кертан бога дуззуш, бод биллина кIайн… Пхьуьйре юлуш кийча хир бу буьйда хьокхам беттан. Мархийн цецахь, бенчохь санна, цо Iаь еттар ю… Дорцан цIока Iуьллуш хир ю, луо а хилла детта. Кху сан коран бIаьрга лаьцна кIай а жимлур ду. Со а хир ву пхьор дан дагахь, пеша дечиг туьллуш. Ялтин мерза хьожа сунна баттах йогIур ю. Тхайн туьнкалган буйна к1уьран беха гIуркх а буьллуш, Беттан хьокхам кхерчан цIерга божон гIуртур ву… ТIаккха сайна даго довдар схьахезар ду шера: «ХIунда гIерта беттан хьокхам хьо чубожон, хIай?! И-м хьан нанас шен доьзалан синмаршонна тIера, Мац ма-делли, седарчашна хьалха буьллуш ба-й…». Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#912 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Сан деган дахкарлахь хьулделла сан дедайн ирзе, ХIара ю цкъачунна вайшинна ас лаьцна хIусам. Кхузарчу деноша дийр ду-кха вайший а ирсе, Адамийн бIаьрг хиларх бодано лардийр ду буса-м. Сан ирсан даьIахкаш, шовкъаша обанаш баьхнарш, Кхузахь бен карор яц мацца а вайн къастар хилахь… Тахана бацахь а гуш-хезехь хIара латта аьхнарш, Амма уьш цкъа лелла, шайн синош лийчош кху тхилахь… Тешаман серлонгахь ас шаръеш хьан кучан хеборш, Сан пIелгийн зIаьнаршка ма цеце хьоьжу дIо стигал – Лааман маьркIаже хьан синцIеналлина тебош Со велахь, сан илли дуьжийла аз хилла къийган. Сутара IиндагIаш – акхачу ойланех даьзнарш – Сайн даг чу нуй хьокхуш, со дерриш хIаллакдан кхиъна. Цундела тийна Iа сан бIаьргийн дехаре аьзнаш – Дуьзна уьш, хьан гIенийн дахкаран тийналла йиъна… Лач ойла-шаршолаг тIех шера хилла, хьо шаршахь, Оьздачу ойланца ас хьуна гIатта гIо до-кха. Цул тIаьхьа ирзенна гонаха даьллачу варшахь Мукъаман гураца лоцу хьо – сайн бовха кхокха… Хийистехь коьллаша шайн луьста цIоцкъамаш хебош, Бухара схьакъерзарх моьлкъанан баьццара бIаьргаш, Цхьа а вац вайн доцчу къиношна неIалташ дебош, Хьан боху вайшиъ ду эхь-бехках яе гIерташ гаьргаш?.. Уьйр цIена латтаеш, хIумма а цхьаммо ца эрриг, Цхьа хьанал цIе летта, вайший а кху хене даьлла. Ахь бIаьргийн когашца мосазза хьаьшна со верриг? Амма со, лазаме там хиларх, осал ца ваьлла… Ларанаш кег а еш (тIехерцош дIо лаьмнийн тархаш) Со-м сацо хьожур ву хьан шераш хьийзаден бера. Ас марахь йохйийр ю стигалахь ношъелла мархаш, Царалахь тосалахь тIадамаш – хьан бIаьрхих тера… Даймахко диллина сан иллин кийра хьан амат, Ас и схьадалийна сайн дедай баьхначу ирзе. И ду-кха Iаламан уггар а доккха Iаламат, Къеначу кху лаьттан иэсехь а дуьсу дерг ирсе… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#913 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан лерсин тIорказаш тIанк-аьлла хьайн озах дуьзна,
Сан бIаьрсин гурачу хIоттийна сурт куьцан хьайн, Орамаш тIе кхаччалц вайн марзо дIахьакха хьайн лаам туьйсина, Ахь цхьаллин мехачу дIанисди къастаран тай. Хьо шовкъе синхаам дIатебен коч тега йоллу? Цхьалло са хьере деш, хьайн лол ахь беттар бу бетта-м, Амма хьо дIайоьдуш хьан ларийн тоьгано Iаржйина йолу Лайн лоччарш йиттина, ши куьг мажардоьлла беттан-м… Сан деган ангалин бIогIаман лекхалла уьдур ду хьала Цу беттан гинсу а, дустуш сан ойланийн дагар… ТIорказаш досту ас, хиларх а хьан озе ладогIа хала, Лардо ас сайн бIаьрсин гурарчу хьан суьртан дахар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#914 |
|
Вес репутации: 27 |
Буьйсанехь олхазарш
Цхьацца бен ца девлла шу тIома, жатташ ян кхоьруш. Буьйса бен яц шуна хIаваэхь нека дан маьрша. Бухахь бу, тоьпаш а етташ, шу чуэго лоьруш, Тебна Iаш иччархой, дуьйлина шайн дегнаш Iаьржа. Ткъа аша-м некъ бо шайн, тIемашца мархаш дIатуьттуш, Шайн ховха легнаш а дахдина генарчу ана. Мохк хийца дийзи шун, шайн баннаш дIатесна дуьтуш, Царах шайн доглазар даьккхина шайцанна пана… Стигалан аренца язделла хилла шун некъаш, Седарчийн буьртигаш хилла шун нур догу кхача. Шу дайъа Iалашо иччархойн мел хиларх хьекъаш, Тоьар дац-техьа шун гIора шайн ирсе дIакхача? Дахкаро салоьцу, зIакарш тIе шийла Iаь етташ. ХIиттинчу догIмашна аьхна бац хIаваан маьнга. Бодашлахь доьлху шу, гIелделла тIемаш а детташ, Ца хууш, тIома кIел даш кхетта мохь болу хьаьнга… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#915 |
|
Вес репутации: 27 |
Вайн лулахь сийсара сахиллалц уьгIира жIаьла.
«Цхьаъ лийр ву», - аларца дIайижа яхара хьо. «Хьо угIа хьайн сина», - меллаша сайн дагахь аьлла, Стаг валар аьттехьа ца дита гIоьртира со. Берашна и жIаьла Iуьйранна делла карийра, Цуьнан чарх тIеоьцуш, ярашлахь дилхира Iин... Сан сардам боьссина хилла-те цу жIаьлин кийра, Цхьанна а ца хезаш боьллина хиллашехь и?.. Дика а, вон а цхьа бIостане ду кху дуьненан, Цецваьлла оцуьнан ойлаеш, со вехха Iий: Адамна хьалхара леш, жIаьло мел баьккхи шена, Стаг вала ца лууш хиллачу ас къа латий... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#916 |
|
Вес репутации: 27 |
Больницехь
ХIара беса петар а хилла-кха дахаро хIусамаш суна луш, еана декъах… Бос баьхьна сан денош, кир санна, кIайделла, шайн кIайнчу кийрахь со дIахудуш Iа. Лор чоьхьа ма-ваьлли, со-м вакха волало сайн дегайовхонан могашчу некхах, И араволлушехь, бIагоран аганахь лазаран кохкарша воьхку со дIа… Дагаран товханахь мерцинчу ойланийн луьстачу хьожано са мере кхачош, ХIаваэ сатесна, кор делла гIерташ, сан эгIазчу лааман кIадделла дог. Ерриг а чоьнах шен мотт бина, йижина саьрмикан IиндагIах цамгаран ачо – БIарлагIаш хIуьттучу кхетаман арахь цо етта шен сеттачу дегIаца ног… Сих-сиха деттачу хьацаран хьоькхнаша гIайби тIе яздина кхагарен йоза Коьрта кIел дехкинчу сан куьйгийн хIоьттинчу бIаьрсине цуьрриг а къаста ца ло. Сайн маьнга хетало дахарой, Iожаллой, вовшашна кур бетташ, къевсина доза, Дахаран уггар а тешаме мурд хуьлий, ас а цу къийсамехь яхь дIа ца ло: ХIоразза бIаьрг айса беллар а Iожаллин туп йохо кхоьссина йоккха топ лоьруш, Цамгаран синметта хьажийна хIоъ хуьлий, керча со молханийн буьртигашлахь… Дахаран баьццарчу кучан юх лоьцу ас, догучу дозанехь варна суо кхоьруш, Кхетаман маьркIажехь бода букъ мел бели, дассалуш хеталуш ойланийн сахь… Эххар а сан дегIах хьарчайо аса шен лоьраша дарбане биллинчу некъо: Ког баккха Iемачу лаамна хьалха ша оццул сатийсина хIуо хаало. Массо а шеконна малайо шура шен сан дегайовхонан токхечу некхо, ГIайгIанан овкъарша бехдина дуьнене сан хьажар дIадуьлу синхаамо… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#917 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене
Нана, аса-м хьан хебарийн Къахьа-дуьра йоза тидда. ГIеххьа хан ю сан даго и-м Хала гочдина. Хьаьжаюккъех доьду харш – Сан некъ бу кхерам болчу идда. Цунна уллехь – харш – сан гIалат, Ахьа гечдина… Шийла маьIна долуш ду-кха Бесни тIера кхин цхьа харш а: Со цкъа мацах, цомгаш хилла, Меттахь Iиллина. Хьан бIаьргашна гонаха ю Дахарера сан лараш а – ХIинца уьш а хершнийн куьцехь Го сан иллина… …КIентан кошан барз ларбечу Чуртан сема IиндагIа а Саццаза хьан юьхьтIе оьгуш, Харш хуьлуш ду шех…. КIант хьайх дIакъаьстичахьана Ахь ловш йолу хIара хан а КIоргга балдийн сенаш охкуш, Къиза хьерча хьиэх… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#918 |
|
Вес репутации: 27 |
Пеш
Буьйса ю тийналлин юргIа тIеийзош, Сан цхьалха кор детта седано-хьешо. Дос догуш тесна кIур шен багахь сийсош, Оти чохь хинкIаш йо поппаран пешо. Сатаса дисина сахьташ а лоьруш, Йоьлху и, кIуьрзаш а хьоькхуш шен бетах. Бода шен пилтано багорна кхоьруш, Хета и дIо сонехь хьуьйш санна меттах. Шех йогIу хьожанаш ю моьттуш къаьхьа, ХIусаман садеIар къинтIера дохуш, Ма-хетта шовкъе и-м яга ца яьхьа, Со - адам - доллушехь шен цIарехь дохлуш. Алуне ша эриг шабарца олуш, Пеш цIийза сов тийна, кIезанах тарлуш. Сан мерза наб йохарх шен бехк а болуш Со кхетта хIунда ю и иштта ларлуш: Сан пеш ю хьоьх йина, Даймехкан латта, Цундела гур вац со вегавеш милла. Лууш сан оти чохь со вохвеш латта Кху Iаьнан буьйсанна хьо бен ца хилла. Туьнкалг ю цхьа меже хьох йинчу пешан. Тхов тIехь цо шен ха до, кIур лестош сийна, Iаьнаре нур хьоьстуш седарчех лешан, Дуьнене хоуьйтуш со хилар дийна... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#919 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан илли
Шаьлтанан дитт ду сан дахаран илли. Сан Даймохк ткъа — шаьлта, хьан пхьалгIахь йина. Сох цуьнан мукъ а бай, хьайн буйна виллий, Хилийта сан хьуьнарш — буобераш къинан. Хьан кераюккъехь со вахана кога, Хьан чкъуран хьацарлахь цIинвелла ваьхна… Мукъ бина коьчал мел хилахь а шога, Теша, со хир ву хьан куьйгана аьхна…. Маца а йожахь хьайн пIелгаш юккъера Сан шаьлта, мукъ хьалха лаьттах дIайогIа, Хьайн х1аваъ хадорна болуш къинтIера, Чуртана айлуш сан тIаьххьара могIа…. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#920 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано, Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли. Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли. IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна. Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|