![]() |
|
|
#901 |
|
Вес репутации: 27 |
Ламанан шовданца гIорийна шен куьйгаш дуьлий,
Шийла Iа схьакхочу, кIайн хIумнаш тегархо хуьлий. Шах-эсарх ша дина тай-махий цо меттаххьадин, Амма ду дуткъа а, зоьрза а лайн сирла кIади. ХIора лол мел туьйхи, боьху цо йовхонан хьаса, ТIаккха бен ца тоьгу дахкаран юргIа цо маса. КIайн хIумнаштегархо дIайолаелча къахьега, Со теша: атта дац хIаваэхь лайн чимаш тега. Iаьно ша тIедарах сайга ма-баьккхинехь луца, Со гIерта цунна сайн могIанех довха тай дуца. КIайн хIумнаш тоьгуш ду Iа-м хIуъа дийцарх а наха, Сан дешан Iаьнарлахь бохбо цо шен хIора маха. Дош дуьллий син меха, со а-м Iа сайн байташ тоьгуш, Лайн зоьрза киса ду сан иллин ездарех хьоьгуш. Iаьно лол мел бетта, яржош шен лайн дато ченаш, Хадалур йоцуш ю заманан шад хилла зIенаш. Сан байтийн урчакхо могIанаш луьстуш ду суна, Ас ондда дуьхьало ян лууш сайн шерийн хьуна. Тегархо Iа хилча - Iаламехь кIайн бедарш яьржа. Сан иллин-м дезар ду мацца а цкъа духа Iаьржа. Сан деган лаьтта тIе Iожалло ло диллахь доккха, Дахарехь ас дина тоьгуна ма эрна дов-кха… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#902 |
|
Вес репутации: 27 |
Муьлхачу кепехь вай латтор-те синхьехам тидар
Вайн дегайовхонаш шеконан аганахь тахкахь, Боккхачу хиламах тарлучохь полланан идар, Мела мох тарлучохь гIаттамах луларчу махкахь?.. Амма сих ов тухуш, пIелг лаза баьлча а мехкан, Юьхьдуьхьал хIуттучохь мостагIчун Iазапан унна, Карзахе цIийзар а гуро схьалаьцначу дехкан Маршоне сатийсар хетар ду лай воцучунна… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#903 |
|
Вес репутации: 27 |
Даймахке
Даймохк, ас хьан лаьттахь юьту коган хIора лар а Лууш ву со хила хьан некъашна аьхна даар. Шераш тIе мел кхийти тIеттIа сан дегI дайдалар а Ду шен йозаллица цунна лазон хьо цалаар. Карахдаьлларг хьан чухчарин хица ламаз эца Хьан тийналлин аз ца хаззал ма хир вац-кха къора… Хьан мох оьшу суна, цициг санна, караэца, Оьшу деган хьерахь аххьал хьан дарбане къора. Оьшу: бIаьста — кийра тилла хьан маьлхан цIен гуьйриг, Аьхка — коьртах мехий детта хьан воккха лор-догIа, Гурахь — син туьтеш тIетаса хьан гIаргIулийн могIа, Iай — иллешна бойнаш ян хьан мархийн къоьжа уьйриг. Гуттар дакъа до ахь суна хьайн хьаналчу мулках, Хууш эрна ас ца дойтий айхьа делла загIа. Ирсан пенаш дуьтту ас хьан беттан шагатIулгах, Сайн езачун кет1а буьхкуш хьан седарчийн жагIа. Барзах тебаш, еъна, тоьхча Iожаллино хьиэх ка, Со а хир ву хьуна лиъначарех сайна хила: Хьан буц-ярийн тIийригаш а — кошан бертиг ехка, Хьан дахкаран к1айн куьйгаш а — чуртан йоза дила… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#904 |
|
Вес репутации: 27 |
Дуьххьарлера илли
Дуьххьарлера сан илли ду Диттан дато заза, ЧIогIа хаза кхелина Сан ойланан дитт цо. Ткъа цу диттан баьццаралла Iалашйина база, Аса-м хьан и сийна сибат Цкъа а диц ца до. Ас дахаран беш а кходу, Ца дан гIерташ лаза Сайн ойланан дитта тIера Иллин ховха са. Деган мерзаш зуьйш, меллаша Дека илли-заза. ГIад нисдина, малхе кхийда Дитт-ойла а сан. Тешна ву со: Деган лаам Iабош, кхано тIаьхьа ГIаша бIаьрла заза хуьйцуш, Стом латор бу цо. Латкъа даций сан и хиларх Цкъа юьхьанца къаьхьа — Къахьо йиъна ваьлча, Бухахь марзо карайо… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#905 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Сан гIайгIанан дилха датIош, доккхуш дато нур чекх, Жил-Iаламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх. Стигал ма-ю дIасадаржош шен зIаьнарийн чIораш, Доьллу цо сан нана чохь Iаш йолчу цIийнан кораш. Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша дIатуьйрриг, Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг… Дерриг дуьне дуьзна хета гезгамашин теша – Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша. Сатийсамо хIинций-хIинций бохуш, са ца Iуьйддург, Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг… …Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат, Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до Iа: Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доIа. Сан къоналлин гIушлакхехь цо дуьйцина ши кара Дарцо угIош йолчу арахь со дожийна вар а Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш, Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш… Iалам ахь хIун барзакъаш сан нене дуца боху? Оццул боккха гIирс а бахьаш, хьо-м тхан керта догIу! Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла Iенош, Со гIеметтахIотталц шорта дара ненан денош. ХIинца-м, ткъа, уьш дIадевллачийл вуно кIеззиг хета – Тегар бен, кхин хIума юцар дац-кха ненан, хIета: Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш бIаьран меха, Кхиэлан эвнна готта-готта лол бетташ и еха…I 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#906 |
|
Вес репутации: 27 |
Билггал хиъча доллий сатаса,
Къорза дитташ тилон хIоьтти мох а… ГIенийн чен бенчуьра яьлла схьа Iуьйре хета анайистехь лоха. Гуьнахь йоцу йийсар санна, Iа Хьаштийн кучо кепатоьхна ойла – Кега-мерса дерташ оьхьуш дIа, Ерзина-х и даций лелайойла… Сингаттаман чиллахь веш со вох, Дарба санна, цхьа Iалашо-м ю сан: Схьа а лаьцна дитташ тилон мох, Сайн гIуллакхийн левси цуьнах юза… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#907 |
|
Вес репутации: 27 |
Суна хьо йицъелла ца яьлла хIинца а,
Бус-буса ас хьуна ца гатдарх са. БIаьстенан Iаь гIоттуш хица а, Iинца а Со хьаьгна ца хиларх ган беттаса. ДогIа тIех тиларх а, петоьхна сан сина, Хьан сийнна ца хIоттош стелаIад шен. Ца хиларх со лууш ган бIаьргаш хьан сийна - Шалхачу хьан деган шийла ши бен. Хиларх хьо ойланна йицъелла яланза, ГIайгIанза шовкъаш сан ца хьоьсту ахь, Ас яздарх дешнаш а, хьоь цкъа а аланза, Даг чуьра лоллуш ахь аьллачийн къахь. Со волчу, докъанна кхайкхина лор санна, ГIенах хьо эхарх а, ца хеташ эхь, Керла чурт санна ду ширачу борзана Хьан амат - лаьтташ дерг сан дагна хехь. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#908 |
|
Вес репутации: 27 |
Ма марсадуьйлу хьо тIаьхь-тIаьхьа,
сан денойн догIа, Сиркхонийн къорано сан дегIах хьан вота йина. Лазаман хих бузуш хIора сан хебаран могIа, Сан юьхь тIе йокъа ца хIоттийта ахь нигат дина. Со-м реза ву хьуна, дацахь а дог дакъо атта Хьан шийла тIадамаш тIеоьгуш, дашийна долу, Ахь дага тийсарна сан юьрта йистера латта Хьо саца ма-сецци, со шена чувуьжу волу... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#909 |
|
Вес репутации: 27 |
Къиза грамматика
Зевне могIа сацабо вай, тIехьа тIадам буьллуш, ДIо Iаьршашка гIерта иза, ца кхочуьйту хьала. Дешдекъана тохар кхетта, дош лазийна Iуьллуш, И балдашца хьалагIатто ду-те вайна хала? Лаьхьанан мотт санна, гара цIоьмалг юккъе юьллий, Дешнийн доьзал шина-кхаа декъе боькъу къиза. Вас а кховсу цхьа элп жима, важа доккха дуьллий – Ненан меттан син нийсоно муха ловр ду иза?.. Цхьацца хьаьркийн хIосташ дарца, дешнийн совраш талхош, Ирбеш барта кхиъна уьш а дола дерзо лаам, Ирзе санна, ширделлачу дашо узам балхош, И ца хаззал, бустийна вай экаме синхаам?.. Дожарш хьийзаш къар ца дела дешнаш ма-ттов легош, Церан лоллех уьш а азатдаха вай хIун дина? Чекхдовлазчу могIанаша цIийн тIадамаш эгош, Вайна юккъехь цхьа а вуй-те велха церан къина?.. Дешнийн готта набахтеш ю – гонах лаьцна къовларш, Нохчийн кIентий, хан ма кхаьчна уьш дIаелла каде: Цалезначух ма ячийта дIадаьллачун кхоларш, Лезнарг ца лезнера алий, мукIарло а ма де… Ойла ейша жимма: шек а доцуш хьоькху хIунда Дохош дешнийн доттагIалла, царна юккъе сизаш? Хаттаран а, айдаран а хьаьркийн ший а мунда Меттан бешахь ма латтийта – ма ларбайта иза!.. Бита хIинца, денбалийта, зиэрехь бахчабелларг, ХьогIан бIаьргийн баролаша къедон герзаш гинарг, «Къаьмнийн дадас» лоруш хилларг дакъа доцуш белларг, Ненан кийрахь волуш дуьйна шена со вилхинарг… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#910 |
|
Вес репутации: 27 |
1омачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна,
Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь. Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна, ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь. Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш, Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш. Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш, Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш. Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха, Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох. Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха, Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох. Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь. Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан? Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь, Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|