Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 17.07.2008, 09:41   #891
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш,
ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша.
Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш,
Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са.

Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а
Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш.
Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура,
Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш.

Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь,
Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт.
Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь,
Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт.

ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта,
Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий.
Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта,
Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий.

Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а,
ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар.
Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла,
Гуш санна даточу лайтIера массо а лар…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 17.07.2008, 14:01   #892
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
ЦIегIачу догIмашца меттах а хьуьйш,
Мархаш Iа малхана тIехьа.
Дешица кхелина ю-техьа уьш
Я мекхаш йиъна ю-техьа?

Суьйрено сирачу куьйгашца шен
Эгна гIаш даржадо новкъа.
Эхьхетча санна Iа малхбузе цIен,
Къайле гуш шовданан шовкъан.

Гоьмукъах терра бу ламанан бохь,
Малх гIерта цу буьххье хаа.
Юха а чов йинчу зIаьнарийн мохь
ХIуттур бу сан синтем баа…


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 17.07.2008, 15:11   #893
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Эзарнаш шерашкахь седарчийн синошна
Бутт лепа, теш хуьлуш лаьттахойн къиношна.
Сан доьхна дог тедеш хаза а, говза а,
Нур Iенош, цо новкъа воккху со тховса а.
ХIора гIулч мел яьккхи ког астагIлелха сан,
Буц лазош тхин тIадам шена тIехь белханза.
Сагал-буц хилла, сан са санна, хIусамза -
Шен къаьхьа мутт мийлош, кхобу цо узам сан.
ТIулгаш тIехь ловзучу шовданан иллина
Уллехь Iан лууш ю сан ойла йиллина…


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 17.07.2008, 15:17   #894
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Аьхкенан тIаьххьара де

Дахлохьа, аьхкенан тIаьххьара де,
Ца сихлуш дIадаха гуьйренан йочане.
Хин хоршах ма тарбе сацкъаран коча некъ,
Серлонна, йовхонна ма тоха пе.

Баьццарчу хьайн вастах ма ваккха со.
Хьуо дахлуш, хьайх хьегар цхьажимма дацдехьа.
Кхин цкъа а хIуттутан аз хезар дац-техьа
Багарбеш сан шерийн азбелла бIо?

ХIинца а марздина хетало хьо
Зезагийн кортош тIехь кхиъначу дургало.
Хьо лоьхуш къорзачу полларчийн сур гаро
ГIайгIане делахь а, хьо нуьре до.

МIаьргонийн мор буьллуш хьайн тускар чу,
ТIехула хьовзалахь зезагийн аренна.
Айхьа бен дийр доцург ма дита кханенна,
Эсаре кховдадеш хьайн цIена хIу.

Ма Iитта хеназчу шелонан ю.
Мархаш а ма мустъе стигалан боганахь.
Сайн дагалецамийн тоьллачу оганахь
Ас хьуна йитина цхьа меттиг ю.


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 17.07.2008, 15:25   #895
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Хьуьнчохь латта тIун а делла, некъан лар ца го.
ГIанийн можа беркат оьгу дитташ тIера охьа.
Кху дуьненчохь айхьа цхьаьнхьа дагалоцуш со
Стиглахь лела Iаьржа мархаш тергалъелахь ахьа.

Кеста Iаьно, шок а етташ, чекхдоккхур ду шо,
Боьлакарчу диттийн баххьех дорцо етташ кхесаш.
Кху дуьненчохь хьайна цхьаьнхьа виц ма-велли со,
Стиглахь гой-те хьоьжур юй хьо мархийн къоьжа месаш?


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 17.07.2008, 19:51   #896
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Газель

Хьо - кIур бу сан дагах цIе яьлча баьлла.
Сан бIаьргаш ца Iийжо хьо генаяьлла?

Стигалахь хьан васто йитинчу лорах
Мох хилла вогIу со хьан Теза-Кхаьлла.

Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш,
Лара со иллица хьайн дола ваьлла.

Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош,
Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла.

Со гича хьайн коран юьхьлаьцна лаьтташ
Хаалахь со лелий, собар а хаьлла.

Деган цIе шен кIуьрах дIаэнза йисахь,
1илмана ша дуьне дуьтур ду аьлла...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 17.07.2008, 19:52   #897
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

Хьан мерза т1е1аткъам ас х1аллакби -
Тоийта хьайн куьцан чиркх суна багор.
Ца аьлча ца волу: ца хьийза кхин
Къайллах хьан тидам беш, б1аьргашна б1агор.

Букарчу сайн шерийн бодане 1ин
Дити ас хьан месийн серлонца къагор,
Х1етте а, кхоьруш ахь лачкъорна и
Сайн дагна керт йи ас массо а аг1ор.

Син 1аьршахь 1алашдеш хьан куьйгийн нур,
Ахь кхаьбна г1ан лоь1уш, ца лоьху там ас.
Сан иэсах бетташ хьайн аматийн кур,
Ма г1ерта галдаккха сан цхьаллин ламаз,

Со воьрзуш ца хилча хьайн шовкъан дине,
Ма кхийдадехьа соь хьайн дег1ан дуьне...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.07.2008, 04:28   #898
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха
Сан сийна, муттане денош.
Сан дагна гергара хиллачу хийистехь
Г1аьттина боьмаша шач…
Х1ун бала бара хьо дагаян,
Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош?
Кхолламо биллинчу новкъара юха а
Со х1унда вели-те лач?

Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла,
Кхетаман буйнара ваьлла,
Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало
Цкъа мацах даьккхина кес?
Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна,
Ерриг а сирйина яьлла
Гилано-къоналло дозалла щех дина
1аьржа варкъ диллина кхес….

Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн
Легашкахь хьан сибат лаьтта,
Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш,
Синтемза 1ийжа сан дог…
Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо
Сендина б1аьстенан латта,
Хийисте вай ший а д1адоьхуш,
Бацалахь тачано йиттина ног…

…Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь
Хьан озан пиллигаш хьедеш,
Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира
Самалхадаьллачу сих.
Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш,
Т1етт1а сан дог доккхадедеш,
Лалийна к1айн деши иэделла хетара
Апари хьоьстучу хих…

И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта
Тахана со хьаьгна вацахь,
Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу
Бехкаман буржалийн къа.
Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь,
Со-м цкъа а вицвина вац ахь.
Цундела оху ас, б1аьсте а ялале,
Сайн дегайовхонан кха…

Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь,
Кароре ч1ог1а сатесна,
Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено
1аь тухуш, ц1андина х1у.
Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта,
Даггара цу т1е и тесна,
Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба
Хьежа а-м со кийча ву…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 18.07.2008, 04:32   #899
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема,
Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман,
Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч.
Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна,
Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна
Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч,

ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш,
Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш,
Поэзин дитта тIехь кходуш шен га,
Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко,
Майрра бIобулуш шен иллин аз деко,
Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка,

Вар-валар гайтаран терахьийн йоза,
Кадолуш шен байтийн терзанахь оза,
Шен дагалецамаш абаде хьош,
Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а,
Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а
Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 18.07.2008, 04:37   #900
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Седане

Бус-буса сан ойла тIеийзо марзбелла седа,
Байбеш сан синлазам, ахь говза йо суна гIоли.
Суьйранна малх бузуш болало хьо суна къеда,
Iуьйранна малх кхеташ дIабов хьо, баьгна а болий.

Генара лепа хьан дуьне ду – цIеран дарц тIома,
Ткъа, нур хьан мел сирла лепахь а, ду чIогIа къена.
Шийлачу шелонца хьо хIунда хьоьжу соь гома -
Экамчу буьртиге Лаьттарчу йовхачу ченан?

Моттало сих-сиха, дийна а буй-те хьо, олий,
Седарчий делча а, серло ца ле олу церан:
Эзарнаш бIешерийн боданех майрра чекхйолий,
Хета и схьайогIуш есаллин чкъура юккъера.

Хьо белла Iиллахь а, хьан долахь стигал ю сийна.
МIаьргонан IиндагIа ду со хьан кхолламна хьалха.
Седарчийн тобанехь хьо цхьаъ бу со санна, тийна,
Адамийн пхьоьханехь со а ву хьо санна, цхьалха.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.