![]() |
|
|
#881 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Ас беттан бIаьштиг тIе огу хьан амат, Лаьтта тIе дегадеш седарчийн тхи. Ца боху ас хилла кхиэлан кхаж ямарт, Хилла ца бахахь а тешаме и. Хьан сийнна ас олу гIаргIулийн илли, Латкъаме декадеш гуьйренан де: Вас кхобуш ма Iелахь, суна бехк биллий, Цо гIайгIа тийсахь а хьайн дагна тIе… Ас маьлхан зIаьнаршца яздо хьоь кехат, Уьш хьоькхуш сийначу стигална тIе… Ахь суна дитина безаман эхарт Хьан ирсан дуьненна ган лаьий-те? 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#882 |
|
Вес репутации: 27 |
Сатийсар
Хеталуш хьо Дала маликах йоссийна Лаьтта Хьан озах хьоьгу со, вацахь а хьоь хилла вист. Хьо суна гина де кхетамехь, малх санна, лаьтта, Хьан бIаьргийн стигална ца гарх сан син анайист. Ас юьхьарлаьцначу муьлххачу гIуллакхан дакъа Хьайца ас ду аьлча, тешар а ярий-те хьо? Хьоь къайллах сатийсар хилла сан бакъо а, хьакъ а, Хьо яккха ца хIуттуш ас ечу ойланийн бIо. Хьо ца гуш де даьлча, дуьненах кхоллало шеко, Синтеман бIаьштигна гIайгIано хьежабо чхар. Хьан елар дIахIуттуш шен зевне горгали беко, Хьан бIаьргийн сийналло сан дагна детта хьацар. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#883 |
|
Вес репутации: 27 |
Монолог матери
(посвящается Магомадовой Заре, несовершеннолетний сын которой томится в одном из российских застенков) Как тень тишины под листвою поникших осин, Я соткана вся из крупиц материнской печали… В разлуке с тобою я тихо сгораю, мой сын, И скорбные дни мою радость куда-то умчали… В душе твоей матери только колючки растут, С тех пор, как тебя разлучили со мною жестоко… И звёздные вспышки моё одиночество жгут, И в зеркало памяти смотрится лунное око… А толпы сомнений, склонившись над сердцем моим, Костлявыми пальцами мнут сожаленья опару… Сыночек родимый, мой ангел и мой херувим, Ты помнишь меня, свою горем убитую Зару?.. О небо, ты видишь, как бьётся в рыданиях мать, Как змейкой ползёт по раздумьям за сына тревога? Доколь же, фортуна, ты будешь мне крылья ломать? Доколь же, кручина, ты будешь сидеть у порога? Как тени шальные, проносятся ночи и дни, К земле пригибая мою опалённую долю… Нам тоже когда-то зажгутся отрады огни, Мы как-нибудь вместе осилим разлуки неволю… Не бойся, мой мальчик, я птицей лечу над тобой, Я тихим туманом твои обнимаю колени… И слёзы мои за тобою плетутся гурьбой, Чтоб высохнуть только на страже твоих сновидений… Спасибо, мой мальчик, что есть ты на этой земле! Родная кровинка, свети же мне капелькой алой… Что будешь ты делать, когда я исчезну во мгле, На вечные веки затихнув душою усталой?.. Мне думать об этом так страшно и так тяжело – Так вот до чего довела меня злая разлука!.. Я плачу украдкой - и морщится неба чело: Не знала, что слёзы - такая огромная мука… И чтоб ты услышал, сынок мой, молитву мою, Я вставлю твой образ, как солнце, в небесную раму… И я на вершине твоих ожиданий стою: Ты помнишь меня, свою добрую, нежную маму?.. На бренной планете тоскуя, страдая, скорбя, Не век же мне плакать, скитаясь без счастья и крова… Мой маленький ласковый мальчик, я помню тебя! Чтоб жил ты на свете, я с жизнью расстаться готова!… (авторизованный перевод с чеченского) Невыносимая боль...
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#884 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Шераша тасахь а сайн дагчу Iеха, Йиллахь а цара сайн коьрта тIе кIац а, Со гIертар вац хаа со лийр ву маца, Хаарна дуьненчохь со хIунда веха. Лелар вац, Iожалле хьал-де а хоьттуш, Кхоьруш цо вахьарна, сих цIе а яьлла. Амма со эзарза валанза ваьлла, Хьо сайна юххера дIаяьлла моьттуш... 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#885 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданехь де кхолар
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано, Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли. Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли. IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна. Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#886 |
|
Вес репутации: 27 |
Лаьттахь харш – сан некъ бу, ткъа, стиглахь – гIаргIулийн могIа.
Лакхахь тIам мел туьйхи, бухахь а сих бо ас ког. Дахкарх чекх Iийдалуш, тIедогIу гуьйренан догIа, Шелоно жагIантIехь керчадо шовданан дог. Эгна гIаш Iохкуш ду, геш оьхьуш стигала хьала, Уллерчу коьллашлахь шур-шур деш ца хеза зу… Йиллинчу метте со вогIуш ву хьалхачул хала: Къастаран синхьехам тIеIаткъам бан говза бу. Гуьйре дIа ма-яхха, вайшиъ а хир дац-кха цхьаьна. Къастаран неIсагIехь ма къийса соьца къа, мел. ГIертар бу сан кхерч а, лалаеш маьргонаш Iаьнан, Шен цIеран маттахь дан хьоьх лаьцна соьца къамел… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#887 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьан сибат - устаз ву безаман динан,
Тоххарехь со цуьнан мурд хилла ваьлла. Сатийсам - бер ду-кха сан даго дина, Са-ага жим а луш, и андадаьлла. Т1ехаъал хилла и хьан шовкъан динна, Дуьненнал синхаам меттах а баьлла. Йистйоцу сан цхьалла - аре ю дийнна, Ховхачу беречун и дола яьлла. Сан дегайовхонан зов дато ленаш Эсалчу бергаша кхаъ санна, дахьа. Царна а 1емина шайн новкъа Iенаш Мел хилла сингаттам т1улг санна, ахьа. Ткъа со-м Iа, сих-сиха ойлане оьгуш, Тишъелла нуьйр санна, хьан куьцах хьоьгуш... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#888 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданехь де кхолар
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано, Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли. Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли. IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна. Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#889 |
|
Вес репутации: 27 |
Къаналлех лаьцна ойланаш
Хершнийн бой тосур ю шераша хьан юьхь тIе маса. Къизачу къаналлин гуро хьан лоцур ду дог. Тешаме гIоьнча а хилла хьан лелар ю Iаса. И цхьаьна ца хилча, хIуттур вац хьо баккха ког. Маьждигехь хутIба деш ца хаззал гIеллур ду лерса, Мера тIе дазлур ду чекх сагун куьзганийн дукъ. Сиркхонийн йозалло дулур ду хьан дегIан терза, IаддаргIах тарлур бу хено хьан саттийна букъ. Кегийнаш гIертар бу ма-хуьллу хьуна пебетта, Царна а къордор ду ахь шайна хьехамаш бар. Цхьа синтем хир бу хьан дахарехь хьайна ма-хетта: Хьуо санна баккхийчу нахаца къамелаш дар. КIант хир ву кхоьлина, нус хир ю оьгIазе, дера, Де-дийне ца лууш хIусамехь дека хьан аз. Лазам сов бийларна, вирзина хьекъале беран, Iасане юьйцур ю ахь хьайна мел хилла вас. ТIаьххьара мIаьрго а хир яц хьан дегIана аьхна, Цо аьлча хIоттор ду хьан сино ловзийна гIулг. Юьртахойн тобано барам тIехь кешнашка ваьхьна, Хьо лаьттах вуллур ву, гIевланга хIоттийна тIулг. Амма ахь кхиийнехь хьайн кертахь бакъволу къонах, Хир воцург осала, тIедеттарх халонийн дарц, Адамийн иэсехь хьан цIе хир яц къух даьлла гонах, Хьан кхерч а шеллур бац, цIенош а тIекхетар дац. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#890 |
|
Вес репутации: 27 |
Сатоссуш
Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ… Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта, ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх. Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь. Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь, Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|