Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 14.07.2008, 14:51   #871
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан дой

Сан денош дой ду, уьш ца Iебаш хоьхку ас дахаран арахь.
Шо-гуо чекх мел бели, керланиг кхин болон уьш кийча ду.
ГIеххьачу реманан да волчу суна а-м хало ду ала,
Маса дин хир бу сайн берриг а, бисинарг маса гуо бу.

КIайнчу дойн бергаша хIост динчу некъашца — сан хазахетарш.
Iожа дой толаме кхачаран билгало — безаман кхаъ.
Расха дой бахьанехь дикачу нахаца со цхьаьнакхета.
Борачийн толамо, оьшшучохь гIо дина, велаво цхьаъ.

Хьалхарчу могIарехь сираниш нислуш а меттигаш йогIу.
Цаьрца ю сан гIайгIа, сан дагахьбалламаш, даг чуьра вас.
Царна шед етташ со челакхчу дахкарлахь некъ ца гуш вогIу —
Цундела со церан толамна кхин башха тIера а-м вац.

Буьззина мах хадош, ца ваьлла сайн дойх со довха дош аьлла.
И алар, шераш дIа мел кирчи, ша дазлуш сан декхар ду,
Цахаарх, муьлха дин хьалха а баьлла, со дуьненчу ваьлла,
Я иштта, муьлха дин тIаьхьа а бисина, д1акхелхар ву…

Угар а хьомечу дойша дог ирсе деш шаьш долчу ден,
Дехкина бIиллигаш дIаяздеш, артбелча сан кхиэлан къолам,
Ахьа а боккхур бу цхьа а шех ца хьоьгу хьайн къиза толам,
ХьаргIанан тIомал а Iаьржа дин — дахаран тIаьххьара де….

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.07.2008, 14:53   #872
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан илли

Шаьлтанан дитт ду сан дахаран илли.
Сан Даймохк ткъа — шаьлта, хьан пхьалгIахь йина.
Сох цуьнан мукъ а бай, хьайн буйна виллий,
Хилийта сан хьуьнарш — буобераш къинан.

Хьан кераюккъехь со вахана кога,
Хьан чкъуран хьацарлахь цIинвелла ваьхна…
Мукъ бина коьчал мел хилахь а шога,
Теша, со хир ву хьан куьйгана аьхна….

Маца а йожахь хьайн пIелгаш юккъера
Сан шаьлта, мукъ хьалха лаьттах дIайогIа,
Хьайн х1аваъ хадорна болуш къинтIера,
Чуртана айлуш сан тIаьххьара могIа….

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.07.2008, 00:51   #873
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Дагна тIе язло стигал къоьжа,
Боьлак а мажло, дууш са.
Де догIу ца гуш маьлхан гоьжа,
Ткъа буьйса йогIу беттаза.

ХIора а дитто шенна-шенна
Йо ойла гIанийн эгначийн.
Со кхерсташ лела, кхерста денна
Некъашца ирсах хьегначийн…

1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 15.07.2008, 00:59   #874
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Базарахь


ТIаьхь-тIаьхьа цхьа тамашийна базар езаелла,
Сица куьйгаш дуьлий, денна цига воьду со.
Цигахь цкъа а ца го суна цхьа а велавелла –
Ша массеран яххьаш цигахь даим хебна го.

Тахана а-м хьалххе дIахIоьттина хIара базар.
Кхузахь массо юхкуш ву, ткъа, оьцуш вац со бен.
Юхкуш ерш а хIун ю: гIайгIа, бохам, бала, лазар…
Дера бу, дIа ойла йича – ирсдайначийн бен!

Шен лазар дIаэца олий, цхьаммо орца доккху,
Со-м тIевоьду, ла ца лой и иштта гIийла гар.
Деган бохча меллаша сайн кийрара схьадоккху,
ДIадагардо цIена дашо ахча – доглазар…

Кхуза баьхкинчара и бен лоруш дац-кха тIаккха!
Жимма и шен керакхаьчнарг – юьхьца векхало.
ГIертарх хIун ду цхьаццаверг и алсамо тIедаккха,
Цунна гIоли хилчахьана, дог сан лекхало…

ХIоранна тIехIуттуш, базархула со чекхволу,
Цхьа ца вуьтуш схьа ца оьцуш декъаза салпал…
Йохка хIума чекх ма-яьлли, адам дIасадолу,
Со а цIехьа воьрзу, новкъахь вохуш махьо гал.

Дуьне дIа а тийна, буьйса шина декъе яхча,
Ягайо ас оцу махьан сингаттаме бог…
ТIаккха дагадогIу суна дIакхачийна ахча –
ТIаьххьара ас кийра дуьллуш, деса хилла дог.

Барт а боккхуш, хьаста лиъна, ас и караоьцуш,
Сан бIаьрсинан дола даьлла сурт инзаре ду:
Сан оьмаран мехкан ара нуьре хIаваъ хоьцуш,
Къинхетам шен дашо ахча зорбатухуш бу…


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 15.07.2008, 00:59   #875
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Поэтан дог

Де-дийне къахета суна хьоьх, поэтан дог:
Адамийн гIийбато туьйсу хьан дилханах мIараш.
Поэтан дахаро мел туьйхи кхераме ног,
МостагIийн тобано детта шен хьараме тIараш.

Дуьненан бендацар – къизалло ловзаден гIулг -
ЦIийх лиэша Iеминчу поэтан дагна тIекъерза,
Шек доцуш диканна вуоно тIеластийча тIулг,
Там хуьлуш кагделча Бакъ оза гIертачун терза.

Адамийн зуламо етташехь шех дера ка,
Поэтан дог кхочу дуьненан массо а маьIIе.
Хьосту цо гIийланиг, мискачух хетарца къа,
Къурд ала кечвелларг гIаттор а лору цо маьIне.

Шегара гIо оьшуш волчуьнан хIусамехь го,
ДIакхачош цунна а шен комаьршаллех цхьа дакъа.
Къар ца луш, поэтан дарбане дог деттало,
Бекабеш дерриг а дуьне чутардина накха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.07.2008, 01:00   #876
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш,
ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша.
Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш,
Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са.

Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а
Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш.
Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура,
Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш.

Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь,
Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт.
Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь,
Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт.

ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта,
Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий.
Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта,
Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий.

Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а,
ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар.
Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла,
Гуш санна даточу лайтIера массо а лар…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.07.2008, 01:07   #877
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Хуьлуш ду иштта а

Хуьлуш ду иштта а: гуьйренан шийла мох тийча,
Седарчийн жIугано мархашна хичаш йо яйн.
Ношбелла бутт а бу, анаюх хьеста кIордийча,
Цецбуьйлуш, боьлакахь декхнаш гуш - ша санна кIайн.

Хуьлуш ду иштта а: аьхкенан Iаьткъинчу малхо
Лаьттана гIарол дан хIоттайо шен къиза тов.
Цаьпцалгийн аьзнаша, дог лохуш шайн бала балхо,
Яьгначу бацалахь даржадо латкъаме зов.

Хулуш ду ишта а: дIахьулдеш ламанийн баххьаш,
Царна тIехьерчаш го тIуьначу дахкаран боз.
Iа догIу, кIайн бедарш чохь йолу тIорказ а дахьаш,
Даймехкан сакIамдеш хийца шен барзакъан бос…


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 15.07.2008, 01:13   #878
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано,
Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли.
Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано
Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли.

IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза
Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна.
Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза
Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна.


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 15.07.2008, 05:28   #879
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Буьйса ю - IиндагIа доьдучу дийнан.
Iуьйренан къайле ю – сатасар.
Бахьана цхьаъ ду со хиларан дийна -
Ас хьоьга даггара сатасар.

И а ду, хетарехь, хьаргIанал къена,
Хьо-м цуьнан верас ю хьалхара.
Ткъа, дахар - мIаьрго ю гергарчу хенан
Дуьненчу валаран, кхалхаран.


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 15.07.2008, 05:44   #880
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Сан са

Хьо хIунда сеттина, цицигах букъ тIе а боккхуш,
Сан къинойн лам гина, билли-те хьан кийра ша?
Далла ас ен Iамал яц-те хьо сийлалле доккхуш,
Сан дегIан чорхана яппарш ян Iемина са?

Цхьа гIуллакх ас дича, мах хадош, ахь дош ца олу,
Ткъа, наггахь Iехаво, хьуо доьду моттуьйтуш дIа…
Лензаллин неIсагIе ерриг а хьайн долахь йолу
Хьо хилча гIайгIане со даим цецваьлла Iа.

Баннекъийн тIулгаш тIехь Нохчийчоь букъ тIехьа лоьцуш,
Леллачийн стиношца гергарло дуй-техьа хьан?
Бусулба хьо делахь АллахIан омра тIеоьцуш,
Царна а луур ду хьо шайца г1азотехь ган..

Хьо каде хьовзалахь Махьшарехь вай вовшахкхеташ,
АллахIах хетачохь сов тIаьхьадисина эхь.
Хьуо кхачахь пирдовсе, цагинчех цигахь къахеташ,
Даггара делхалахь хьо церан цIерашна тIехь?


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.