Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 12.07.2008, 21:47   #861
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош,
ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац…
Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош:
Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац…

ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш,
Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан.
Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш,
Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан.

Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча,
Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу:
Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча,
Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.07.2008, 21:48   #862
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Хьо ма гIерта шело йоьлла ала
Жимма лайн чим тасарх лаьтта тIе:
Кийча ву со деган цIарца кхала
Хьуна гIура яхьаш догIу де.

Со-м ца хIутту арахь тов ю ала,
Хьан ши бесни жимма цIийяларх,
Хууш, шен IиндагI деш, орцахъяла
Кийчча юй хьан деган шийла тарх...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 12.07.2008, 21:49   #863
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Веха со, лелош сайн шерашца гамо,
Цара сайн дег1ан сий ца дарна жимма.
Хала ду-кх хебарш а ягарьеш 1амо
Доккхачу дуьненан хьесапан 1илма.

Къоналла-м хиллера цхьа йоца забар,
Оьмаро качъелча сан даге йина.
Цундела т1едоьжна денойх ца1абар
Г1еметтах1оьттина долчу сан сина.


Дахар ду заманца хьаббарех ловзар,
Т1аьххьара б1аьрг беллар валар а долуш…
Цкъа х1инца-м доьдуш ду сан кхиэлан ловзар —
Со цигахь тхьамда ву хьаштийн кад молуш.

Азъелла яг1ахь а сан ирсан рузма,
Безаман м1аьргонаш — аг1онаш туьлуш,
Вог1у со куьг лаьцна сайн къоман узаман,
Син т1аьхьалонех сайн дог а ца дуьллуш.

Ткъа дог, д1аладоьг1ча, аре ю т1еман:
Цунна т1ехь леташ ю б1остане шовкъаш.
Сан хьиэ чохь хьийзаш ю къийсаман сема,
Шена т1е хьерчаеш толамийн къовкъарш.

Сихачу боларна цхьа лазар кхетахь,
Когашна аьрха ца хетийта сацар,
Эшаман ша башош кхиаман четахь
Муьйлу ас доьналлин хьаьж т1ера хьацар.

Цкъа-м омра кхочушдеш т1аьххьарчу сахьтан,
Д1аг1ур ву абаден х1ордах д1аэн со.
Делахь а, дохлур ду сан шийла лахьта
Сан чуртах 1аса яхь адамийн иэсо…


1илман Юсупов


Ма дагахь кхета х1ара мог1анаш...
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.07.2008, 21:54   #864
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Хилаъ хилла цхьаллин хIусам готта,
Соъ ца вели цуьнан бурко ланза.
Хьоьх ен ойла цу чохь ирахIоттахь,
Тхевнах корта кхетий, йо-кха лаза.

Вайн ирсана хийра хилла некъаш
Ас дерриш а цу чохь кара Iамий.
Лаьхьарчашха суна улле текхаш,
ДIаьвшах бузу цара деган чами.

Хилаъ хилла цхьаллин хIусам шуьйра,
Шел йоккханиг йоцуш кхиэлан эвлахь:
Дуьне ма-дду акхаевлла уьйраш
Цуьнан пенел арахьа ца евлла.

Вайн безамна ямарт хилла хьаьгIнаш
ХIинца-м цуьнца цхьана тхов кIел еха.
Цара, яхкош сан син элан раьгIнаш,
Дагах буцу матар боьлла Iеха.

Iаса луьйзуш, кхочу хьажахIотта
Хьох а санна, со шех тешна туьйра:
Хилаъ хилла цхьаллин хIусам готта,
Лаьттахь хIусам йоцуш шел кхин... шуьйра.


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 13.07.2008, 03:08   #865
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Безаман Iодара секх нийсса синметте кхетта,
Ас юкъах даьккхира латтар бендацарна хехь.
Сатийсам пана дIа гIаш бигар меле а хетта,
Ас дуьне теллира, юй хьожуш хьо цунна тIехь.
Кхералуш IаьнтIехь хьо мох-дорце яхарна маре,
Гуьйренца гIадожар тарлуш ахь доьIучу сих,
БIаьстенца хьан коч ю мотталуш зезагийн аре,
Аьхке тIе мел кхечи, дан лууш сайн болар сих,
Кхиэлана тIедуьллуш хьукма дар - сайна дан доггIург,
Де-буьйса дIакхуьйсуш,Iаж санна, цкъа тоьхча це,
Цхьа эзар некъ бира ас, лохуш хьуна тIе богIург,
Цхьа эзар цIе йоккхуш Iамале яккха хьан цIе...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.07.2008, 03:09   #866
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Маршонан бIов латтош турпалчу къийсамна хехь,
ГIазотан дин кхайкхо дутту ас доьналлин маьждиг.
Нохчийчоь ларъяр а цундела ду суна тIехь,
Бекхаман биргIане лоьцуьйтуш мостагIчун бIаьштиг.

Дайн иэсан гоьрга тIехь даьккхина назманийн дос,
Син кхерча тохкуш, ас бохбина сайн суьпа кхетам.
ХIора сайн доIане эцийти ас дашо бос,
Оьмаран йохаллехь хестабеш Делан къинхетам,

Хьаьрка тIе, элпа тIе хьоькх лаца ларийна стих,
Бакъдолчун хих йоккхуш, вийлла со даим а хене.
Дош гал ца далийта, со цкъа а ца велла сих
Байташца къамел деш Даймахке, нене, дуьнене…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.07.2008, 16:00   #867
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла,
Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна…
Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла,
Пебетташ къоьжачу дахкарна.

Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара
Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан…
Со воьду, секх санна безаман Iодара,
Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан.

Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара -
Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла…
Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара,
Хьан деган дилханах чекхваьлла.

Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина.
Хилла и дуьненчохь масанна?..
Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина,
ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.07.2008, 16:01   #868
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема,
Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман,
Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч.
Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна,
Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна
Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч,

ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш,
Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш,
Поэзин дитта тIехь кходуш шен га,
Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко,
Майрра бIобулуш шен иллин аз деко,
Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка,

Вар-валар гайтаран терахьийн йоза,
Кадолуш шен байтийн терзанахь оза,
Шен дагалецамаш абаде хьош,
Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а,
Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а
Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.07.2008, 16:02   #869
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Суна хьо йицъелла ца яьлла хIинца а,
Бус-буса ас хьуна ца гатдарх са.
БIаьстенан Iаь гIоттуш хица а, Iинца а
Со хьаьгна ца хиларх ган беттаса.

ДогIа тIех тиларх а, петоьхна сан сина,
Хьан сийнна ца хIоттош стелаIад шен.
Ца хиларх со лууш ган бIаьргаш хьан сийна -
Шалхачу хьан деган шийла ши бен.

Хиларх хьо ойланна йицъелла яланза,
ГIайгIанза шовкъаш сан ца хьоьсту ахь,
Ас яздарх дешнаш а, хьоь цкъа а аланза,
Даг чуьра лоллуш ахь аьллачийн къахь.

Со волчу, докъанна кхайкхина лор санна,
ГIенах хьо эхарх а, ца хеташ эхь,
Керла чурт санна ду ширачу борзана
Хьан амат - лаьтташ дерг сан дагна хехь.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.07.2008, 05:28   #870
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
* * *

Сахиллалц хьекхначу гуьйренан механ йишхаьлла.
ГIигI а деш, Iа хIинца, гIалх дайна пхьу санна, и.
Дахкаран чопанна юккъера халла схьадаьлла
Кхоьлина сатасар кIайдала ца туьгу кхин.

Стигалан белша тIе кхоьллина шен оба еха,

Зоьрталчу мархано шелйина хIаваан Iаь.
Набкхетта Iуьллучу уьшалан тийналлин Iеха
Семачу дитташна аздоцу къадоьхуш Iа
.

Ирачу догIмашца лаьтта тIехь даьIнаш а дохуш,
Некъаш а лаьхьарчех цхьаццанхьа дIатекхаш го.

Ткъа, царах цхьаъ мукъа ца хилча хьо йолчу богIуш
ХIун гIуллакх дадийна я мича воьдуш ву со?

Iилман Юсупов
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.