Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 03.07.2008, 17:23   #801
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Чехош сайна г1о дан г1ерта х1илла
Шалха дуьйцуш, корта хьовзо хьан,
Лийлирий со-м атта жоп а хилла
Чолхе доцчу х1етал-металан.

Цхьалха дохуш б1останаллин маь1наш,
Кхочушдора ас хьан х1ора буьйр.
Х1етте а, сан даг т1е огуш даь1наш,
Д1ахадийра ахь вайшиннан уьйр.

Суна хиъна хиллехьара х1еттехь
Безам леш буй къайле йоцчу меттехь...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 03.07.2008, 22:43   #802
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Дахаре

Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш,
Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те?
Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш,
Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге…

Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара,
СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн…
Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара
Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани…

Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта,
ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан:
Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда
ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян…

Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон,
Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш,
Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо
Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?..

Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош,
Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша,
Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош —
Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша…

Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар,
Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар:
Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар,
Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 04.07.2008, 07:16   #803
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Къиза грамматика

Зевне могIа сацабо вай, тIехьа тIадам буьллуш,
ДIо Iаьршашка гIерта иза, ца кхочуьйту хьала.
Дешдекъана тохар кхетта, дош лазийна Iуьллуш,
И балдашца хьалагIатто ду-те вайна хала?

Лаьхьанан мотт санна, гара цIоьмалг юккъе юьллий,
Дешнийн доьзал шина-кхаа декъе боькъу къиза.
Вас а кховсу цхьа элп жима, важа доккха дуьллий –
Ненан меттан син нийсоно муха ловр ду иза?..

Цхьацца хьаьркийн хIосташ дарца, дешнийн совраш талхош,
Ирбеш барта кхиъна уьш а дола дерзо лаам,
Ирзе санна, ширделлачу дашо узам балхош,
И ца хаззал, бустийна вай экаме синхаам?..

Дожарш хьийзаш къар ца дела дешнаш ма-ттов легош,
Церан лоллех уьш а азатдаха вай хIун дина?
Чекхдовлазчу могIанаша цIийн тIадамаш эгош,
Вайна юккъехь цхьа а вуй-те велха церан къина?..

Дешнийн готта набахтеш ю – гонах лаьцна къовларш,
Нохчийн кIентий, хан ма кхаьчна уьш дIаелла каде:
Цалезначух ма ячийта дIадаьллачун кхоларш,
Лезнарг ца лезнера алий, мукIарло а ма де…

Ойла ейша жимма: шек а доцуш хьоькху хIунда
Дохош дешнийн доттагIалла, царна юккъе сизаш?
Хаттаран а, айдаран а хьаьркийн ший а мунда
Меттан бешахь ма латтийта – ма ларбайта иза!..

Бита хIинца, денбалийта, зиэрехь бахчабелларг,
ХьогIан бIаьргийн баролаша къедон герзаш гинарг,
«Къаьмнийн дадас» лоруш хилларг дакъа доцуш белларг,
Ненан кийрахь волуш дуьйна шена со вилхинарг…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 04.07.2008, 13:45   #804
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Шахьарш а йитина, веа-кх со хьо еха эвла ган.
Цхьа урам бу кхузахь геннара сан даг тIе богIуш...
ГIенах бен ца хийша йоллу хьо сан ирсан гIевланга,
Сан Iаьржа месаш хьайн куьйгашца серла а йохуш?

Хьан некхан герканаш товр хилча сан кхиэлан терзанахь,
Ширбелла белахь а, сан буто сатийсам узуш,
Харц хилар мэлехь ду хьан дешнийн курачу герзана
Даге а ца хоттуш, ахь ша сан безамна кхуссуш.

Дуьхьало ца ялуш эхь-бехкан иркечу омранна,
Гуттар а буьйлина латтабарх бехкаман гур ахь,
Хьан бIаьргийн бIаьстено-м йовхо ло сан деган орамна
Шелоне и гIора ца байта къастаран гурахь.

Суйранна хийисте гуллучу сан ларийн пхьоьхане
Ла ца ло, хьайн хьажар дIаидош, ахь кхерам тийсар.
Шеконан нахарца ас хьиэ чохь деш долчу охане
ХIу дIадер санна ду ас хьоьга денна сатийсар.

Кхачахь а цIеххьана къизачу къастаран дера де,
Йиц йойтуш хьан эвла - дуьненан цхьа башха кийсиг,
БIаьрг тоха лууш хьан аматан дезачу зерате,
Сан иэсан неIаре хIуттур ю ойланийн гийзиг...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 04.07.2008, 15:58   #805
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Чехош сайна г1о дан г1ерта х1илла
Шалха дуьйцуш, корта хьовзо хьан,
Лийлирий со-м атта жоп а хилла
Чолхе доцчу х1етал-металан.

Цхьалха дохуш б1останаллин маь1наш,
Кхочушдора ас хьан х1ора буьйр.
Х1етте а, сан даг т1е огуш даь1наш,
Д1ахадийра ахь вайшиннан уьйр.

Суна хиъна хиллехьара х1еттехь
Безам леш буй къайле йоцчу меттехь...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.07.2008, 16:07   #806
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Маццалц дезар ду-те кху сан деган пекъаран
Шен йовхонца моттаргIанаш кхаба?
Цхьа а доза дац сан дагахьбаллам хьекъаран,
И-м ца боллу сан ойланех Iаба.

Суна кхечи, жамI а хилла дуьне эккхаран,
Хьан аматех юьзна иэсан кхаба.
Ас хIетте а пусар ца до сайн син текъаран,
Етташ цунна сайн юьхькIоман ваба...

Амма карзахбохуш иллийн хIора могIа сан,
Ловзаюьйлу шовкъийн IалагIожа-м...
Цхьаьна барт бай даккха вайша цхьаллин мокха са,
Сатуьйр дар-кха тIаккха кхиэлан кхожан.

Ши суй хилий вайша цхьана ирсан мокхазан
Кхин цкъа баго шерийн шийла кIожам...

1илман Юсупов



Изумительное стихотворение с потрясающе-глубоким смыслом.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.07.2008, 20:47   #807
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Къорзачу уьйригна Чухчахьер олучу
Собаре тебна Iа кIайн цициг беттан.
Хета и сайх тера аз лаца воллучу -
Мазалахь кхиънарг хьан ховхачу бетан.

Мархийн тха зарздина седарчийн дехкаша,
Даточу цергашца Iуьргаш а дохуш...
Изза ду-кх сан дагна дийриг хьан бехкаша
Хьан кераюккъехь и дIатийча, дохлуш.

Мекара бутт гича ладоьгIуш суо санна,
Ца лууш седарчий довдийта дIаса,
Тарло сайн тебар хьан сирлачу озана
Суо хьагарх рогIера хьан яппарш хаза...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.07.2008, 00:47   #808
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Iомачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна,
Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь.
Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна,
ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь.

Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш,
Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш.
Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш,
Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш.

Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха,
Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох.
Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха,
Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох.

Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь.
Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан?
Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь,
Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.07.2008, 07:12   #809
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам.
Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис.
ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам.
Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист…

Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза.
Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало.
Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза,
Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало…

Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош,
Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш.
Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш.
Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш…

ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна,
Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн:
КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш.
КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай…

Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а —
Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо:
Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа,
Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.07.2008, 13:17   #810
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Вайн лулахь сийсара сахиллалц уьгIира жIаьла.
«Цхьаъ лийр ву», - аларца дIайижа яхара хьо.
«Хьо угIа хьайн сина», - меллаша сайн дагахь аьлла,
Стаг валар аьттехьа ца дита гIоьртира со.

Берашна и жIаьла Iуьйранна делла карийра,
Цуьнан чарх тIеоьцуш, ярашлахь дилхира Iин...
Сан сардам боьссина хилла-те цу жIаьлин кийра,
Цхьанна а ца хезаш боьллина хиллашехь и?..

Дика а, вон а цхьа бIостане ду кху дуьненан,
Цецваьлла оцуьнан ойлаеш, со вехха Iий:
Адамна хьалхара леш, жIаьло мел баьккхи шена,
Стаг вала ца лууш хиллачу ас къа латий...

1илман Юсупов


Ма г1ийла ду кху байтан дешнаш. "Стаг вала ца лууш хиллачу ас къа латий"- кху тайпа ойла яр-дог ц1ена хилар билгало хета суна.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.