![]() |
|
|
#711 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш, Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов. Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш, Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов. Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча, Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц. Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча, Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц. Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте, Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай… Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий, Кхин цкъа а лахахьа цу юккъехь цхьа сирла тай…. Iилман Юсупов |
|
|
|
#712 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Вас ма йоза (карзахечу дегаллин са дууш), Дог а чехош, еза хьайга ас цааларца - МоттаргIанийн олаллина кIел ца виса лууш, Сайн са ийдо ас хIаваэ дIо сеаларца. Дешна вала гергавоьдуш хьан юьхь-сибат - жайна, БIаьрса лехна, юкъахвели, кхин са-ъ даIаза ... Дагахь хаарх хьан цIоцкъамийн ший а могIа сайна, Царах соьга дан ца дели деган доIа сайн. ТIе а лаьцна тIаьхье йоцчу уьйран мерза лолла, Дегнийн боларш цхьаьна ца уьйш, эрна хан яьхьи... Я сан безам хилла - цхьана дийнан чехка полла, Я и хьайниг хилла - дукха еха уьнтIепхьид... Iилмам Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#713 |
|
Вес репутации: 3 |
Заманан мазлагIа
Заманан мазлагIа хаддаза екайо адамийн ойланийн вено. ХIоккхузахь сан оьмар-никх а ду шена чохь ас IаIош балоз а, моз а. Оьшшучу барамехь дургалца кхачоян дуй биъна къоналлин хено: Коьртера цо хIора гIаттийна ойла ю – хьуьнаре накхаран моза. Ял такха кечделла шатайпа зезагаш къедош ю Даймехкан аре: Адамах Доглазар, Къинхетам, Дикалла, Сатийсам, Сий, Оьздангалла… Башхачу хьожанца геннара схьакъесташ дахаран чолхечу ярех, Уьш ду сан ойланийн юнашла хийлазза йиллинарш шайн синхазалла. Амма ду кхиндерш а, цIуналахь дахкалуш, серлонна тIекъерзаш гома: Гамо, ХьагI, Питана – иштта дIа кхин а ю оцеран и цIераш дукха… Синхьехам леллашехь, Iожаллин зезагах дIахехкош ойланаш тIома, Сан кхардам бевзачу сакхташа лергинчу зезаго леван там бу-кха… Хьажахьа, Малонан парталчу зезаган хьожано тилийна ойла Хьанала къинхьегам къахьбелла, эхьдоцчу жуккаран цIе лелон яьлла. Шен гIоьнца даьккхина доцу моз цо дууш цкъан цкъа а суна ма гойла! И лалла доьналла соьгахь ца хилахь, со хьовзийла накхарх цIе яьлла!.. Зуламан Iаьржачу зезаган дургало тIеийзон сайн цхьа кхин моза Ас халла саций-кха, орца а даьккхина сайн долахь мел долчу вега… ДIаьвше и зезагаш цхьаццадерш куц-хьарам хуьлуш ду – ма хиларш гIоза! ХIинцца тIекхиъначу мозаша, Iехалуш, ма бала бахьа-кх шайн дега… Делахь а, тIаьхь-тIаьхьа царна шен хьехар дан тIера ю накхарийн эла: Евза-кха суна и – Даймахках лаьцна ас хаддаза еш йолу ойла – Малх санна, сирлачу зезагийн кортош тIе хуьйшу сан мозий цундела, Iалам а бер долуш, вовшашлахь тийсинчу уьйраша церан барт бойла! Баркалла, Даймохк, ахь кхиорна хьайн арахь зезагаш уггар сан хьоме. ГIенийн кIур бетташ, ас улхара моз оьцу хьоь болчу безаман Iайгахь… Чудуьйла, адамаш! Ас шуна даьккхина деган моз, хьовсийша чоме, Аша-ъ ца вуьтий со, синойн и улхан моз жимма а ца диъча шайгахь… Ерриг а мазлагIа шен дола яьккхинчу замано сонта кIеж туьйсу: Диканиш-вониш а ца къестош, цо накхарш къоъмаза оту-кха хийла. Ойланаш, Бакъдолчу Зезагийн хьошалгIахь хьеелларш, лензаллехь юьсу – Дуьненан иэсехь йохйо цара оьмарийн цхьайолу кийсигаш шийла… Iилмам Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#714 |
|
Вес репутации: 16 |
Амонка, Дела реза хулда хьуна! Ма хаза байташ ю, ма хаза йаза йо 1илманас!
Со окх форум чу веач 1илманин байташ цаюуьшуш ара цаволу, сан даггаг1 поет ву из! сун ч1ох хаза хета хьо сайна окх чу гина, дуккху хан йаьллер суна хьо газза! Кеста кест йог1уш хила окх чу Амозонка, хьо гуш йоцуш 1илманин байташ юьшуш ишта цахуьла
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина Галстукаш коча а оьxкина Г1аддахна лелаш ду г1аларташ Cан къоман историн г1алаташ! |
|
|
|
#715 |
|
Вес репутации: 9 |
Туьнкалган легашка х1оьттина
Б1аьстенан дог1а, Даьгначу дечигна т1ехь боьлху Пешара к1урз. Сирачу овкъарша къардина Аз доцу ц1ог1а, Йишхаьлла бисина Бистина, севсина к1ур... Ц1ераш-ма яьгна-кхи Адаман къизачу пешахь, Синтарийн синошна Цкъа мацах техкинарш хаза: Тийжачу баьллашка Мехаша кадам бо бешахь, Г1айг1ано макхдина Варшара баьццара база. Мутт-б1аьрхиш литтина, Ножо шен синпхенаш аьгна, Б1арзбелла, леста поп даг чуьра Ламанан ч1ожан: Товханан набахтехь Вежарий церан а баьгна - Ма ч1ог1а къаьхьа ю хьомечу Овкъаран хьожа... Туьнкалган легашка х1оьттина Б1аьстенан дог1а... Луьстачу к1уьралахь Бане а къурд ца бало... Язбина боллушехь, горбоьду Сан иллин мог1а, Лазамо мерцинчу синна а Хуьлу хало. Сан иллеш, хьуьнхарчу лаьттах Каш даккха д1ах1итта, Пана д1а а кхуссуш, Д1айолла пешара юкъ - Кошаза мукъана ма дита Докъаза дитташ, Чурт а хьакъ ду царна - Д1адог1а д1о орцан дукъ!.. *1илман Юсупов* ________________ |
|
|
|
#716 |
|
Вес репутации: 3 |
Газель
Хьо - кIур бу сан дагах цIе яьлча баьлла. Сан бIаьргаш ца Iийжо хьо генаяьлла? Стигалахь хьан васто йитинчу лорах Мох хилла вогIу со хьан Теза-Кхаьлла. Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш, Лара со иллица хьайн дола ваьлла. Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош, Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла. Со гича хьайн коран юьхьлаьцна лаьтташ Хаалахь со лелий, собар а хаьлла. Деган цIе шен кIуьрах дIаэнза йисахь, Iилмана ша дуьне дуьтур ду аьлла... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#717 |
|
Вес репутации: 27 |
ма хаза ду хьан дош,1илман!
Сатоссуш Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ… Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта, ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх. Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь. Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь, Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#718 |
|
Вес репутации: 27 |
Дехар
Дахделла IиндагIаш. Де даьгна дели. МIаьргонаш зовъюьйлу некъашкахь шайн. Сайн гIенийн цIачуьра со аравели, Са сема хилар сан – дуьненна тайн. Хьан цIе мел тешаярх хIаваэ матто, Сан деган гIайренна хьо-м гена ю. Хьо стиглахь гой хьаьжча – вагаво батто, Я туху седано шен дато ю. Йолахьа белша тIехь малх бахьаш можа, Ламанан торха тIехь сатасар ган. Сан дагца барт хилла хьан кхиэлан кхожан, Гайтахьа самах сан тIаьххьара гIан. Вайшиннах дог лаза хир вац-кха цхьа а, Дитташ тIехь гуьйренан цIеста гIаш леш. Дош лохьа суна со виц ца ван цкъа а, БIаьрзечу кхолламна хьайн хьукма деш... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#719 |
|
Вес репутации: 27 |
БаI
Зезагийн тобанна юкъахь хьо лаьтта, Буц-ярийн IиндагIийн долара баI. КIохцале корта хьайн теIабеш лаьтта, ХIаваан пардонна доккху ахь даI. Хьо буьрса белахь а, яц хьоьца волла. Адамчух лозуш ю хьан деган цуьрг. ХIетте а, хьо мел гин, дIабоду полла, Зов дахьаш, хьан лере ца йогIу чуьрк. Хьох хIокху арено меран бер дина, Тидамах хьегадеш хьан беркъа куц. Мехаша лаг лаьцна хьан цхьалла гина, Йоьлхуш ю хьан лула мел яьлла буц. Амма шен нийсархойх дог-ойла лечкъош, Цхьа ховха зезаг ду хьо гIенах гуш. Лоьху цо, сенбелла бIаьргаш а чIечкъош, БIаьстенан стигалахь безаман гIуш. ХIан-хIа, и ца гIерта хьан ойла Iехо, Зазашлахь бекабеш шен гIодан мерз. Мелхо а, лоьру цо шен деган хехо Мехаша къаждина хьан дегIан герз. Дарж лекха хир ду хьан зезагах тешахь, Йийцаре йоьрзуш хьайн турпала яхь... Ярийн мах хир бу хьан царал хьо эшахь, Эмгарийн хьаьгIнашна къарбелла Iахь... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#720 |
|
Вес репутации: 27 |
ИбрахIиме
Сан Iодика яр а доцуш, хьо-м дIаваха ц и г а, Суна сайнна буьтуш хехка Лаьттан буьнжоьлаг… Кхойкхуш хийла шен дитташлахь левзинчу хьан сига, Хьан иллех шен назма йина, тийжа хьун-боьлак… Со, чуластон хан текхаччалц, генна хьалавуьгуш, Дагалецам вичIабоккхуш, лакхло шерийн гIат… Ас сайн иэсехь кегон йоза стамдалаъ ца туьгуш, Оза тептар хилла и — хьан денойн шериIат… ХIора буса сан набаран корта узуш хуьлуш Ду хьан амат, ойлаеш сан гIенаш леIаран… Мича бехкана со ву-те син хьацарца дуьлуш ХIара хIаваъ — зоьпар хилларг хьан садеIаран… 1илман Юсупов Дог лаза долу х1ара дешнаш дешца. Дала хьостийла хьан вашо 1овжийна долу дог,1илман. Дала геч дойла Ибрах1имна!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|