Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 08.06.2008, 13:59   #701
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
***


Муьлхачу кепехь вай латтор-те синхьехам тидар

Вайн дегайовхонаш шеконан аганахь тахкахь,
Боккхачу хиламах тарлучохь полланан идар,
Мела мох тарлучохь гIаттамах луларчу махкахь?..




Амма сих ов тухуш, пIелг лаза баьлча а мехкан,
Юьхьдуьхьал хIуттучохь мостагIчун Iазапан унна,
Карзахе цIийзар а гуро схьалаьцначу дехкан
Маршоне сатийсар хетар ду лай воцучунна…

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 09.06.2008, 04:48   #702
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
***
Къорзачу уьйригна Чухчахьер олучу
Собаре тебна Iа кIайн цициг беттан.

Хета и сайх тера аз лаца воллучу -
Мазалахь кхиънарг хьан ховхачу бетан.

Мархийн тха зарздина седарчийн дехкаша,
Даточу цергашца Iуьргаш а дохуш...

Изза ду-кх сан дагна дийриг хьан бехкаша
Хьан кераюккъехь и дIатийча, дохлуш.


Мекара бутт гича ладоьгIуш суо санна,
Ца лууш седарчий довдийта дIаса,
Тарло сайн тебар хьан сирлачу озана
Суо хьагарх рогIера хьан яппарш хаза...

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 10.06.2008, 16:48   #703
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
*********

Дахарехь ас дечу хIаваан неканна
Аьхна ду сан иллин маликийн тIемаш.
Шу Iе шу, гуо бинарш къилахьчу текхана,
Къуйн даарх бохуш шайн саьхьара чемаш.

Ойланаш, йисинарш дилханан хотталахь,
Шу Iе шу, синтоман йийсархой хилий.
Маьлхан цхьа зIаьнар шен могIанах хотталахь,
Стигалахь гIишлош ян гIур ду сан илли-м.

Аш ла аш йийбарийн хьагаме олалла,
Токхечу диларийн уьшалахь керчарш.
Ган доьгIна дац шуна сан деган долалла:
Дайн шира бIаьвнаш я саьккалийн херцарш.

Iахка шу, леш хиларш сутарчу зорханийн,
Бала цакхачаран ховхачу меттахь.
Сайн кийра хIу тосуш седарчийн хорханийн,
Со-м заза доккхуш ву халкъан синметтехь.

Доьшанца Iехий шу маьхзачу гуйнаша,
Маьхьарлахь гIалх дайна рицкъанан хехой.
Шун яххьаш тIадийна Даймехкан туйнаша,
ХIосташ деш шун боцчу кепекан мехо.

Ма чIогIа дай хила гIерта шу тахана
Шаьш цергаш йихкинчу сан Нохчийчоьнан.
Дух мичахь ду-м хаьа массо а нахана
Хьарамчу хьолахь аш буьзначу чIоьнан.

ХIинца а-м хаало аьртанаш хьекъална,
Сан мехкан шоралла шун гешца юстуш.
ХIун аьлла хир вара шух тешнарг декъала,
Аш буьтту зуламе аьшпаш а луьстуш.

Дозаллех дарж дина шу-м мича дешара
Ас дуьйцург схьалоцуш, сагатдан лерсин!
Амма ас лоллур ю сайн халкъан бешара
Шун синойн цIуналахь мел кхиъна херси…
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 11.06.2008, 14:49   #704
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
КIордийна сан дагна ял йоцуш дага,
Лаьтта тIехь ког баккхар тIам тохар хеташ.
ГIайгIано тахкийча ойланийн ага,
Кхачий-те сан дегайовхонан хеттарш?

КIордийна сайн цхьаллин набахтехь валла,
Маршо ган йиссина мIаьргонаш лоьруш.
Сайн цIена ниййаташ гуш хилча Далла,
Со хIунда ву-те сайн халбатах кхоьруш?

КIордийна сайн гIенийн дахкарлахь лийча,
Тийналлех тешийна набаран гIовла.
Шеконийн иэс лардан суо хилча кийча,
Со хIунда гIерта сайн синков дIакъовла?

КIордийна къежбан сайн ойланийн бода,
Шеретан дарже а баьккхина иза.
Сан оьмар – секх ду-те кхолламан Iодан,
Я адам ду и - цо лазийнарг къиза?


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 12.06.2008, 15:34   #705
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош,
ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац…
Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош:
Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац…

ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш,
Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан.
Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш,
Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан.

Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча,
Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу:
Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча,
Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 12.06.2008, 19:15   #706
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Дахаре

Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш,
Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те?
Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш,
Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге…

Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара,
СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн…
Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара
Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани…

Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта,
ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан:
Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда
ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян…

Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон,
Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш,
Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо
Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?..

Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош,
Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша,
Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош —
Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша…

Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар,
Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар:
Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар,
Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 12.06.2008, 19:26   #707
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Туьнкалган легашка х1оьттина
Б1аьстенан дог1а,
Даьгначу дечигна т1ехь боьлху
Пешара к1урз.
Сирачу овкъарша къардина
Аз доцу ц1ог1а,
Йишхаьлла бисина
Бистина, севсина к1ур...

Ц1ераш-ма яьгна-кхи
Адаман къизачу пешахь,
Синтарийн синошна
Цкъа мацах техкинарш хаза:
Тийжачу баьллашка
Мехаша кадам бо бешахь,
Г1айг1ано макхдина
Варшара баьццара база.

Мутт-б1аьрхиш литтина,
Ножо шен синпхенаш аьгна,
Б1арзбелла, леста поп даг чуьра
Ламанан ч1ожан:
Товханан набахтехь
Вежарий церан а баьгна -
Ма ч1ог1а къаьхьа ю хьомечу
Овкъаран хьожа...

Туьнкалган легашка х1оьттина
Б1аьстенан дог1а...
Луьстачу к1уьралахь
Бане а къурд ца бало...
Язбина боллушехь, горбоьду
Сан иллин мог1а,
Лазамо мерцинчу синна а
Хуьлу хало.

Сан иллеш, хьуьнхарчу лаьттах
Каш даккха д1ах1итта,
Пана д1а а кхуссуш,
Д1айолла пешара юкъ -
Кошаза мукъана ма дита
Докъаза дитташ,
Чурт а хьакъ ду царна -
Д1адог1а д1о орцан дукъ!..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 13.06.2008, 03:06   #708
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Сан байташ

Дуьненан буйнара бIешеран аьлха
Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал,
Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан,
ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа.

Со юкъагIоьртича шеконийн девнна
Царалахь машар бан тешамна гергахь,
Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла,
Халбата ховшу сан безаман цIергахь.

Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда,
Маршонан мох беъча сан лерехь бека,
Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда,
Диканца зиэн гIерта сан деган нека.

Дош суна карийча хIинццалцца хьегна,
БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда,
Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна,
Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан.

Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш,
Иэс даьлча Ригахойн к1отара леста,
Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун,
Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста.

Са тоьгуш сайн къоман амалан теца,
ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа,
Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан,
БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа.

Со хенан букарчу басах чушаршахь,
Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан,
Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь,
ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 14.06.2008, 16:10   #709
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Олхазарийн тхьамдане

Iоман хин бIаьрга тIе шелоно лацале ша,
Жутт гIатто деза хьан, хIоттаеш и хьайна тIаьхьа.
Деза хьан бовхачу мехкашка и йига дIа,
КIорнешна доладеш, хьайн лазар иэшадеш къаьхьа.


Мехашна дуьхьало ца яло баннашка шун.
Ялта ца карадо лайно дIахьулдинчу кхашца.
Шуна кхин бацо ца хIиттадо тхин сирла шун.
Шун зевне эшарш а кхелхина эгначу гIашца.


Дийцахьа, ахь муха кхетор ю хьайн хьоме жутт
КIорнеш дIа йигаран кепех - хьо цхьаьна ца хилча?
Дийнахь малх ца кхетахь я буса д1абуьзча бутт,
Цара х1ун дан деза стигалахь шаьш некъах тилча
?

Ахь халла гIаьттина, тасур бу лохха цхьа гуо.
Iодика ярца, ахь тухур ду тIаьххьара тIемаш.
Юькъачу мархашлахь лалур дац хьоь шийла хIуо:

Хьан аьрру тIома кIел лазар ду хьо эшон Iемаш.

Ма-хуьллу г1ертахь а хьомечу к1орнешца тIе,
Кхолламо лекхаллехь цхьа меттиг буьтур бац хьуна…
Лаьтто тIеозийна, хьан цаьрца хедар ю зIе.
Хьан мохь ма хазийла шен доьзалх мел хаьддачунна…


Iилман Юсупов__________________
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 15.06.2008, 19:55   #710
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
* * *
Дахкаро хьулдинчу хьайн бIаьргийн иэс
Ма гIерта хIинца кхин сайнчуьнца декъа:
Детташ вайн гIайгIанех шен нуьре ткъес,
Безаман стигал кхин вайна ца къекъа.

Ирсан цIе дIаяйна, гIорош ши дог,
Коьртешка хеназа хьовзабеш бIагор….
Iадаво, ма-хиъи - хьайн ховха ког
Кхин ловзур боций ахь со волчу агIор.

Вайн синойх чекхбели къастаран пха.
Мехаша лоькхуш Iа вайн лелла хьаьтта.
Хьан кхиэлан лард хилла - бутониг ша,
Ткъа сайниг хIинца а гIамар тIехь лаьтта…

Iилман Юсупов
________________
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.