Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 22.04.2008, 21:24   #651
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *

Сан дагалецам, хьо – жайна ду сан ойла тееш,
Дацахь а хьоьстуш хьайн могIанийн къепенца бIаьрг.
ХIун лоьху техьа ас, ширъелла агIонаш хьееш,
Кехатан совра тIехь къаьсташ а ца хилча хьаьрк?

Сан дагалецам, хьо – мохь бу ас гитоьхна бахьаш -
Яьгна дIаевллачу сайн дегайовхонийн кIурз.
И кегош, ас хIунда лоьху те сайн ирсан баххьаш,
Цкъа мацах езаче кховдийна зезагийн курс?

Сан дагалецам, хьо – сан деган чов ерзон динберг -
Хьо цуьнан дарба ду дуьненчохь доцуш ца терг.
Хьоьца ду сан хилларг, со велла дIаваллалц хиндерг,
Дерриг а тахана ас сайца Iалашдеш дерг.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 24.04.2008, 13:27   #652
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
САН БАЙТАШ

Дуьненан буйнара бIешеран аьлха
Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал,
Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан,
ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа.

Со юкъагIоьртича шеконийн девнна
Царалахь машар бан тешамна гергахь,
Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла,
Халбата ховшу сан безаман цIергахь.

Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда,
Маршонан мох беъча сан лерехь бека,
Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда,
Диканца зиэн гIерта сан деган нека.

Дош суна карийча хIинццалцца хьегна,
БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда,
Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна,
Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан.

Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш,
Иэс даьлча Ригахойн кIотара леста,
Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун,
Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста.

Са тоьгуш сайн къоман амалан теца,
ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа,
Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан,
БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа.

Со хенан букарчу басах чушаршахь,
Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан,
Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь
ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 26.04.2008, 19:43   #653
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Расставаться всегда тяжело,а расставание Осенью-вдвойне.Я не люблю осень,да простит меня Аллах.)Особенно позднюю.Деревья стоят такие беззащитные,жалкие в своей наготе.Листья покинули их так безжалостно,почти надсмехаясь.Глядья на эти деревья у меня всегда возникало чувство, что всему вокруг приходит конец, что все умирает.А эти холодные ,затяжные дожди ,эта морось -они вызывают желание спрятаться ,уйти в себя, спастись от этой давящей пустоты,от одинoчества.
И именно в это время года расстаться с человеком ,который тебе дорог,с которым ,может быть , ты связывал какие-то мечты, надежды, которого ты любил,((это-же смерти подобно.Не хотелось бы мне оказаться на том свидание ,где герои этого стиха Юсупова скорее всего расcтанутся ,нет,нехотелось бы...


* * *
Лаьттахь харш – сан некъ бу, ткъа, стиглахь – гIаргIулийн могIа.
Лакхахь тIам мел туьйхи, бухахь а сих бо ас ког.

Дахкарх чекх Iийдалуш, тIедогIу гуьйренан догIа,
Шелоно жагIантIехь керчадо шовданан дог.

Эгна гIаш Iохкуш ду, геш оьхьуш стигала хьала,
Уллерчу коьллашлахь шур-шур деш ца хеза зу…
Йиллинчу метте со вогIуш ву хьалхачул хала:
Къастаран синхьехам тIеIаткъам бан говза бу
.

Гуьйре дIа ма-яхха, вайшиъ а хир дац-кха цхьаьна.
Къастаран неIсагIехь ма къийса соьца къа, мел
.
ГIертар бу сан кхерч а, лалаеш маьргонаш Iаьнан,
Шен цIеран маттахь дан хьоьх лаьцна соьца къамел…

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 26.04.2008, 22:45   #654
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9

* * *
Дуьне мел ду яьржи маьлхан серло,
Сийна таж а дерзош лаьтта тIе.
ТIома юьйлу ойла хьаьнга къерло
Нохчийн махка дуссуш иштта де?

ХIаваъ хьоьстуш цхьа мас-пелаг лела,
Моьттуш ша цхьа нуьре седа бу.
Шен-шен бос бу хIора бецан хелан,
ХIора тIулган шен-шен илли ду.

Лулахь долчу зезагашна къежаш,
Уьду шовда - къоначеран теш.
Чухчари ду етташ сирла кIежаш,
Маьлхан цинцийн деши лехьадеш.

Хета малхо шен зIаьнарийн тешца
Хьун стигалца вовшахтесна ю.
Берта йоьдуш лаьмнийн акъарешца,
Къайла юьйлу сийна анаюх.

Дуьне мел ду яьржи маьлхан серло,
Цо сан синхIоттамна гIора ло.
Хьоьх ен ойла дагах дIа ца херло,
Хета даьлла ганза эзар шо.

ХIинца яц сан шеко хьоьца девне.
Йола сарахь шовда эца кIайн.
Хетар ду хьо елаелча зевне
Дерриг дуьне дола долу сайн.

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 28.04.2008, 19:32   #655
Lara
 
Вес репутации: 0
Ильман Юсупов — «БIаьвнаша цIе йоккху»

ТIемаш а Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу.
Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.

БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо
Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера.
БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо
ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера.

Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла,
Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш…
БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла,
Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш

Iилман Юсупов
  Ответить с цитированием
Старый 28.04.2008, 21:03   #656
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Ильман Юсупов — «Б1аьвнаша ц1е йоккху»

Т1емаш а 1аь етташ, к1ур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна т1ехула дог1анаш ц1ийш хилла оьгу.
Луьрачу мостаг1чо х1усамаш лаьттах д1аэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.


Я
незнаю Лара,когда он написан,я нашла его в инете,там стояла дата август 2007 года,но незнаю ,это дата ,когда был стих написан,или помещен на сайте.Мы спросим это у Амазонки,когда она появится.
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 01.05.2008, 20:08   #657
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
So jar isam, Лара, я не знаю, когда это стихотворение было написано. В книгах Юсупова, которые есть у меня, этого стихотворения нет. Ларамца...
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 02.05.2008, 21:48   #658
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Sojarisam, вай хьехош йолу стихтоврени карий сунна. Иза хилла 1илманан «Доьналлин маьждиг» ц1е йолчу киншкан т1ехь, амма цунна бухахь терахь дац маца язйни хоуьйташ.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 02.05.2008, 21:51   #659
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
ГIеметтахIоттаро дIадаьлларг лоруш ду деза,
Чот тоха дIахIуттуш дахаран жамIаш ден мур.
Дуьненан гIовгIане ладоьгIча, моттало хеза
Генарчу бераллехь иддачу сайн денойн дур.

Хиллачун дахкаро хьулдина кхетаман баххьаш
Иэсо шен Iаь етташ, меллаша цIандича дIа,
Эхарта бахначийн йицъелла яланза яххьаш
Дийначийн пхьоьханахь гуш санна хеталуш Iа...

Тишлучу дегIа тIехь замано толлу шен зиэраш,
Цхьа а чо биц ца беш, коьртана кир тухуш кIайн…
Маржа-яI, кхин цкъа а гур дац-кха дIадевлла шераш,
Къоналла олуш дерш сирлачу умматах шайн.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 02.05.2008, 21:53   #660
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Седане

Бус-буса сан ойла тIеийзо марзбелла седа,
Байбеш сан синлазам, ахь говза йо суна гIоли.
Суьйранна малх бузуш болало хьо суна къеда,
Iуьйранна малх кхеташ дIабов хьо, баьгна а болий.

Генара лепа хьан дуьне ду – цIеран дарц тIома,
Ткъа, нур хьан мел сирла лепахь а, ду чIогIа къена.
Шийлачу шелонца хьо хIунда хьоьжу соь гома -
Экамчу буьртиге Лаьттарчу йовхачу ченан?

Моттало сих-сиха, дийна а буй-те хьо, олий,
Седарчий делча а, серло ца ле олу церан:
Эзарнаш бIешерийн боданех майрра чекхйолий,
Хета и схьайогIуш есаллин чкъура юккъера.

Хьо белла Iиллахь а, хьан долахь стигал ю сийна.
МIаьргонан IиндагIа ду со хьан кхолламна хьалха.
Седарчийн тобанехь хьо цхьаъ бу со санна, тийна,
Адамийн пхьоьханехь со а ву хьо санна, цхьалха.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.