![]() |
|
|
#641 |
|
Вес репутации: 3 |
So jar isam, х1инца-м суна оьг1аз яхан хиргг ю хьо, берриг болх хьан кочу а боьллан со еддна бохуш. Дела реза хуьлда хьуна ахь сан тема д1акхехьарна. Х1инцам вайшинн юкъахь ю х1ара. Энигма, хьуна а Дела реза хуьлда хаза корматалле дешнаш аларга. Шуьшинна дика нисло иштта яздар. Ларамца Эльмира
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#642 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Лаьттахь харш – сан некъ бу, ткъа, стиглахь – гIаргIулийн могIа. Лакхахь тIам мел туьйхи, бухахь а сих бо ас ког. Дахкарх чекх Iийдалуш, тIедогIу гуьйренан догIа, Шелоно жагIантIехь керчадо шовданан дог. Эгна гIаш Iохкуш ду, геш оьхьуш стигала хьала, Уллерчу коьллашлахь шур-шур деш ца хеза зу… Йиллинчу метте со вогIуш ву хьалхачул хала: Къастаран синхьехам тIеIаткъам бан говза бу. Гуьйре дIа ма-яхха, вайшиъ а хир дац-кха цхьаьна. Къастаран неIсагIехь ма къийса соьца къа, мел. ГIертар бу сан кхерч а, лалаеш маьргонаш Iаьнан, Шен цIеран маттахь дан хьоьх лаьцна соьца къамел… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#643 |
|
Вес репутации: 3 |
МIаьрго
Замано шеггара хIоттийна дахаран мах – КIорггера ойлаеш, чот тоьхча, и ю цхьа мIаьрго. Лаьттахь ша хан яккхар лур доций хаарна дах, Зезагийн шабаршка сутара ладоьгIуш яр го. Синхьехам кхачабо, муьлхха а синхаам ле. ДIаихна иэсаш а генахь ду, ца лаццал бIаьрго. Оьмарш а тохкуш шен, ткъес санна, йовхачу кхе, Адамийн сибатехь дуьненчохь ехаш ю мIаьрго. Марзонаш оьцучохь уьйрашна хиларх а вас, Тешаман деган у бехдарх а шеконан хьаьрко, Махьшаран майданахь Деле бен хийцалур яц Абадехь туп тоха дIайоьду лийр йоцу мIаьрго. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#644 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Гуьйренан бIаьрхишца нана-га делхадеш, Мажделла гIа дужу шийлачу лаьтта. Дахкаран хIаваэхь цо гIийла хелхар деш, Да воцу кха санна, боьлак а лаьтта. Доьжна гIа хеталой заьIап я чолакха, Къахеташ, хийлазза ас бала хьегна, И тай бен дацахь а гуьйренан йовлакхан ГIашлахь - мел хиллачу шел хьалха эгна… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#645 |
|
Вес репутации: 3 |
Бераллера седа
Шерийн чкъурах зIаьнарш чекх а йохуш, Лепа суна бераллера седа. Батто шен хьонхалца стигал охуш, Хаьа цунна дог сан доккхадедан. Меттаххьедеш кхиэлан дашо терза МIаьргонашца тIехтиллачу хенан, Бераллера цхьа синхаам мерза Дагчохь даим бен бан гIерта шена. Олхазаран куьцехь тов-кха иза ТIемаш детташ тулгIенаш тIехь иэсан. Цуьнца цкъа а ма хуьлийла къиза Iаьржа дилха сан гIайгIанан хьесан. Лепа баьлча бераллера седа, Сан син оьмар шен серлонах хуттуш, Илли хIутту Iаьвшший дог сан хьедан Ирсан цIенойн кхин цхьа пен а буттуш. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#646 |
|
Вес репутации: 3 |
ИбрахIиме
Поэзин охIланийн седарчийн новкъа, Хьайн рагI тIе ма-кхаьччи, дIаваха хьо а. ТIом санна, Iаьржачу мархашлахь дов-кха Хьан даго лийсина беттан кIайн хIоа. Ма сиха ларий хьо Iожалла къасто, Ма ваха йиш йолуш ца ваха цига. Хьан байтех хьоьгучу Даймехкан васто Мохь бетта, стигал а елхош, хьан сига. Дика ду гур доцуш гIенах я самах Хьуна хьайн Нохчийчу боьссина бала. Хьан халкъо ловш болчу къизачу тIамах Кадели хьан иллин ца леш, чекхдала. Хьуна а гур ду-кха генарчу цигахь Мел заза даьккхина хьайн синан хьесо Хьоь кхуьйкху хьан байташ эхарта йигахь Хьо лаьттахь ца гучу поэзин иэсо. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#647 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Тешамца эшабеш шеконийн гIаттам, Ас хьоьга кховдийра безаман сахь. ХIетте а, сан дахар ца хили атта-м, Доккхачу ирсе со ца виги ахь. Ахь хьайца дIаяьхьи сан ойла мерза. Хьан васто ца хьоьсту сан цхьа а гIан. Амма со лууш вац къоналле верза - Ца езаш хьо сайца ца хилла хан. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#648 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Акха варш санна ю къоналлин хан: Луьстачу дитташлахь ца къаьста латта. Хала ду хиндолчух ойланаш ян, Деш долу гIуллакх дан хиларх а атта. ГIеметтахIоттар ду – цхьа шира хьун: Стигал го, хьаьжча а мел гена хьала. Хиндолчух ойланаш ян атта ду, Деш долу гIуллакх дан хиларх а хала... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#649 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Дуьне мел ду яьржи маьлхан серло, Сийна таж а дерзош лаьтта тIе. ТIома юьйлу ойла хьаьнга къерло Нохчийн махка дуссуш иштта де? ХIаваъ хьоьстуш цхьа мас-пелаг лела, Моьттуш ша цхьа нуьре седа бу. Шен-шен бос бу хIора бецан хелан, ХIора тIулган шен-шен илли ду. Лулахь долчу зезагашна къежаш, Уьду шовда - къоначеран теш. Чухчари ду етташ сирла кIежаш, Маьлхан цинцийн деши лехьадеш. Хета малхо шен зIаьнарийн тешца Хьун стигалца вовшахтесна ю. Берта йоьдуш лаьмнийн акъарешца, Къайла юьйлу сийна анаюх. Дуьне мел ду яьржи маьлхан серло, Цо сан синхIоттамна гIора ло. Хьоьх ен ойла дагах дIа ца херло, Хета даьлла ганза эзар шо. ХIинца яц сан шеко хьоьца девне. Йола сарахь шовда эца кIайн. Хетар ду хьо елаелча зевне Дерриг дуьне дола долу сайн. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#650 |
|
Вес репутации: 3 |
Лаьттан мурдаш
Бовхачу мехкашка дIакхача Iалашо лоций, ГIаргIулийн жатташа мархашлахь узамаш бо… Хуушехь вайна уьш ерриш а цIайоьрзур йоций, Цхьана а шарахь вай Iодика церан ца йо. Мелхо а, ойланза сов атта царех дIакъаьста, Гуьйренан шелоно бацала кIац юьллуш кIайн. Я цец а ца довлу уьш юха яьхкича бIаьста: Стигалан Iаьршашка сатийсар партал ду вайн. Маьршачу гIаргIулийх дац-кха вай цуьрриг а тера. Шатайпа дуьйцина Дала вайн кхолламийн тай. Вай Лаьттан мурдаш ду, дацахь а вай цунна къера, Наггахь вайн гIенашкахь мел тIома дийлахь а вай. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|