![]() |
|
|
#631 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Цхьалха гIа ду сан уьйтIарчу Iожан гонах летта, Лаьтта дожош, и хIаллакдан Iалашо ю механ. ГIалакхийл а даккхий куьйгаш цуьнан коьртах детташ, Бу и гергаялон гIерташ цу пекъаран ле хан. ДIасаетташ къерсиг евлла шен меженаш можа, Орца доьхуш санна хета бIарзделлачу гIано. Орамаш а лазадохуш шен да болчу Iожан, Узарш до-кха цуьнан синан кIайчу бIарлагIано. Готта хьийзаш долчу гIано ша-шен ларден сий ган Аьтто баьлла, декъалхилла и тIехь кхиъна цхьа га. Нийсо йоцу хIара къийсам кIордо яьлча стигал, Шега ехна ясакх кхуссур ю цо лаьттан бага. ГIора дойна тIамарш лестош тулгIенаш тIехь хIуонан, Нека санна хир ду гIанан тIаьххьарлера хьуьнар. Цо, мутт Iадош шен цIа санна хилла долчу гонан, Хезаш боцу мохь тухур бу охIланашка хьуьнан. И сурт гиначунна хуур ду сан ойланашна Эзар муо ца хьовзош доьрзур доцу даьIнаш хьан ди... ХIокху Iожо латон долчу гIашна-тIаьхьенашна Генийн иэсо дуьйцур ду-кха цхьа гIайгIане хьадис. Iилман Юсупов |
|
|
|
#632 |
|
Вес репутации: 9 |
Сатийсар
Хеталуш хьо Дала маликах йоссийна Лаьтта Хьан озах хьоьгу со, вацахь а хьоь хилла вист. Хьо суна гина де кхетамехь, малх санна, лаьтта, Хьан бIаьргийн стигална ца гарх сан син анайист. Ас юьхьарлаьцначу муьлххачу гIуллакхан дакъа Хьайца ас ду аьлча, тешар а ярий-те хьо? Хьоь къайллах сатийсар хилла сан бакъо а, хьакъ а, Хьо яккха ца хIуттуш ас ечу ойланийн бIо. Хьо ца гуш де даьлча, дуьненах кхоллало шеко, Синтеман бIаьштигна гIайгIано хьежабо чхар. Хьан елар дIахIуттуш шен зевне горгали беко, Хьан бIаьргийн сийналло сан дагна детта хьацар. Iилман Юсупов |
|
|
|
#633 | |
|
Вес репутации: 6 |
Цитата:
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
|
|
#634 | |
|
Вес репутации: 6 |
Цитата:
Къастар синна лазам беш х1ума ду, амма 1илманан байташкахь къастар а ду шатайпа: сирла дагалемацаш буьсуш, юкъаметтиг къаьстинчул т1аьхьа а ц1ена юьсуш. Ишттачу къастаран хотешкахь сирла дегайовхо йисина хаало... 1илманан поэзин мотт шатайпа бу, дуккха а архаизмаш хуьлу цуьнан маттаца. Иза вайн дошам токхдарехь а мехала х1ума ду. Суна сайна девзаш а ца хилла дуккха а дешнаш карадина 1илманан поэзехь. Шуьйра тематика ю цуьнан поэзин. Дукха ю Даймахке болчу безамах лаьцна байташ а, адамийн юкъаметтигех лаьцна байташ а. Махкана т1ебеанчу баланах лаьцна йолчу байташа йоккха меттиг д1алоцу 1илманан кхоллараллехь. Нохчийн литературехь уггаре пох1ма долчу яздархойн уггаре хьалхарчу мог1арехь ву Юсупов 1илман. Дала кхин д1а а болх бан а, шен поэзех вайга марзо эцийта а син а дег1ан а г1ора латтадойла Юсупов 1илманaн!
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
|
|
#635 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
Сатийсар Хеталуш хьо Дала маликах йоссийна Лаьтта Хьан озах хьоьгу со, вацахь а хьоь хилла вист. Хьо суна гина де кхетамехь, малх санна, лаьтта, Хьан бIаьргийн стигална ца гарх сан син анайист. Ас юьхьарлаьцначу муьлххачу гIуллакхан дакъа Хьайца ас ду аьлча, тешар а ярий-те хьо? Хьоь къайллах сатийсар хилла сан бакъо а, хьакъ а, Хьо яккха ца хIуттуш ас ечу ойланийн бIо. Хьо ца гуш де даьлча, дуьненах кхоллало шеко, Синтеман бIаьштигна гIайгIано хьежабо чхар. Хьан елар дIахIуттуш шен зевне горгали беко, Хьан бIаьргийн сийналло сан дагна детта хьацар. Iилман Юсупов |
|
|
|
|
#636 |
|
Вес репутации: 9 |
Тайп-тайпана ойланаш
Стиглара мархаш а хетало адамийн синош. Хьажал хьо, уьш а ю, вуьйш санна, Iаьржа а, кIайн а. Галваьлла хьо вожахь, ма деха нахана къинош, Нахана лерина харц кхиэл а кхайкхае хьайна. Лекъначу шовдантIе дахкаро хьарчийча марчо, Мотт соцу боьранан, дIадоду тогIенан бIаьрса. Сий лардеш волчунна елало Даймехкан маршо, Сий духкуш волчунна мостагIчун Iазап тIекъаьрза. Баьццара оьмар а кхачийна, оьгучу гIашна ТIехьаьжна хаза мох Iазапхо хуьлий, дIахIутту. Стаг муьтIахь ца хилахь «къинхетам» цIе йолчу дашна, Шен кхиэлан пенаш цо къизаллин тIулгашца дутту. Халкъана тIекхаччалц бохаман киртигаш къаьхьа, Ямартхо тебна Iа, шен дагчохь тешнабехк хьекъаш. Лекхачу дитта тIе балало дIовш туху лаьхьа Аьрзунан санна шен тIемаш а доццушехь, текхаш. Доьзалехь осала воI кхиар – ден-ненан бала. ГIеранчин къизаллаш ги хуьйшу гергарчу нехан, Яхь йоцу лай гIерта шен халкъан коьшкала вала, МостагIчо шен махка баржийча зуламе Iеха…. Iилман Юсупов |
|
|
|
#637 |
|
Вес репутации: 9 |
***
Къорзачу уьйригна Чухчахьер олучу Собаре тебна Iа кIайн цициг беттан. Хета и сайх тера аз лаца воллучу - Мазалахь кхиънарг хьан ховхачу бетан. Мархийн тха зарздина седарчийн дехкаша, Даточу цергашца Iуьргаш а дохуш... Изза ду-кх сан дагна дийриг хьан бехкаша Хьан кераюккъехь и дIатийча, дохлуш. Мекара бутт гича ладоьгIуш суо санна, Ца лууш седарчий довдийта дIаса, Тарло сайн тебар хьан сирлачу озана Суо хьагарх рогIера хьан яппарш хаза... Iилман Юсупов |
|
|
|
#638 |
|
Вес репутации: 9 |
Сатоссуш...
Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ… Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта, ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх. Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь. Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь, Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа… |
|
|
|
#639 |
|
Вес репутации: 9 |
Сахиллалц хьекхначу гуьйренан механ йишхаьлла.
Г1иг1 а деш, 1а х1инца, г1алх дайна пхьу санна, и. Дахкаран чопанна юккъера халла схьадаьлла Кхоьлина сатасар к1айдала ца туьгу кхин. Стигалан белша т1е кхоьллина шен оба еха, Зоьрталчу мархано шелйина х1аваан 1аь. Набкхетта 1уьллучу уьшалан тийналлин 1еха Семачу дитташна аздоцу къадоьхуш 1а. Ирачу дог1машца лаьтта т1ехь даь1наш а дохуш, Некъаш а лаьхьарчех цхьаццанхьа д1атекхаш го. Ткъа, царах цхьаъ мукъа ца хилча со йолчу бог1уш Х1ун г1уллакх дадийна я мича воьдуш ву хьо? 1илман Юсупов |
|
|
|
#640 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Сан лерсин тIорказаш тIанк-аьлла хьайн озах дуьзна, Сан бIаьрсин гурачу хIоттийна сурт куьцан хьайн, Орамаш тIе кхаччалц вайн марзо дIахьакха хьайн лаам туьйсина, Ахь цхьаллин мехачу дIанисди къастаран тай. Хьо шовкъе синхаам дIатебен коч тега йоллу? Цхьалло са хьере деш, хьайн лол ахь беттар бу бетта-м, Амма хьо дIайоьдуш хьан ларийн тоьгано Iаржйина йолу Лайн лоччарш йиттина, ши куьг мажардоьлла беттан-м… Сан деган ангалин бIогIаман лекхалла уьдур ду хьала Цу беттан гинсу а, дустуш сан ойланийн дагар… ТIорказаш досту ас, хиларх а хьан озе ладогIа хала, Лардо ас сайн бIаьрсин гурарчу хьан суьртан дахар… Iилман Юсупов |
|