![]() |
|
|
#621 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Б е з а м, м а р з о -- синойн массо сиркхо эшон лоьраш, Ас къобалдо аш сан кийрахь бечу белхан низам. Шуна даим хьанал хилар деган похIма лоьруш Суо хиларна хаьа суна шун мах хадо нийса. Шуна дIалуш иллешкара синбуц яьлла меттиг, Гул ма-беллии цига лалла сатийсамийн бажа, Сайна хьакъ ян гIерташ шуьца йолу юкъаметтиг, Со бус-буса гIенийн лома воьду... шуьга хьажа. Шу бен ца хиларна лаьттахь хIун дан деза хууш Сан син кхерчахь ца хIоттийта ирсан цIеран къелла, Сайн оьмаран хIуьцIин чIуьчIехь цхьалхха Iан ца лууш, Со-м уьйрашка боьду чолхе некъ бан волавелла. Шерийн зIарех тIех а лелхаш, ловзуш лела денош Сар-сарахь шайх серий хуьлуш, хенах дуцалучохь Б е з а м, ахь сан ойланашла деган дургал Iенош, М а р з о, ас хьо лоьху цхьана йоьIан бIаьргийн гIу чохь. Доггах денойн догIа доьлхуш, дахар даьлча даьчна, Суо нахана дагаварехь ца хIоттийта йокъа, Цкъа маццаъ сайх олу долчу дешан бала кхаьчна, Ас сайн байташ шуна гуттаренна муьтIахь йо-кха... Iилман Юсупов |
|
|
|
#622 |
|
Вес репутации: 9 |
)))Вот бы меня кто так ждал,расчищая дорогу от снега своими стихами.Не просто любит,а заботливо ,нежно!Очень красиво любит, нереально красиво.!!!Хорошо когда человек не стесняется своих чувств,не пытается показным бахвальством скрыть их.Не каждый имеет такую силу воли.Потому вдвойне приятно такое признание.Баркалла 1ильманна!
* * * Цхьаьна кхета вай йиллинчу меттехь Дарц а кеста дIатен герга ду. Лайно шуьйрра баржийначу меттахь Хехо санна, лаьтташ поп а бу. Суьйрено а, шеллуш, коьрта тилли БIаьргаш хьулдеш, мархийн Iаьржа куй. Хьо йогIу некъ цIанбеш ду сан илли, Эзар дош ду лайла хьоькхуш нуй. Лаьхьа санна, лайн цхьа еха аса, Шок а етташ, текха лаьтта тIехь. Амма бовха синхааман хьаса Даго дохлуш, латтабо шен гехь. Iилман Юсупов |
|
|
|
#623 |
|
Вес репутации: 9 |
* *
Байттамал, хьан сирник дIаяй-кха, сан къинан кIожам Хьо багон хIуттушехь, гонаха Iаь тухуш къаьхьа. ШайтIа-къа дIадеди, такхийна марцаран хьожа, Мел чIогIа идарх а, ца кхии хьо цунна тIаьхьа – Ойланийн хьийкъинчу гIодамех ас дина литта Шеконан дехкаша цу сохьта долий-кха даа… Байттамал, суна хьайн сатеден аьшпаш ма битта, Хьоьх гIуда хьаьрчина, дIо соне цкъа охьахаа. Хьо каде ца хилар бахьанехь, тIетоьхна хир-кха Кхиэло сан хьашташна: корехь ас ден хIара ха а, Мархаша милт дIасахьийзаен дIо беттан чиркх а, Кхетаман ковста кIел хьиэ кIамбен ши-кхо могIа а… Iилман Юсупов |
|
|
|
#624 |
|
Вес репутации: 9 |
***
Хьайн месийн ча тухуш бина шовкъийн поппар дашо Сатийсамийн цIенош хьохуш чекхбаьккхи-те ахь? Ахь матта кIел Iалашдинчу бехкамечу дашо Ша-шех догуш хIоттийна-те хьан бIаьргаш чу къахь? Шех кхин суна са хир йоцу кху ойланийн баккхал Хьанна гайта лууш, ерзийна ахь сан хьиэ чу? Цо сан кийра, цхьамза санна, Iуьтту Iоттабаккхам Лан ма атта дац-кха суна - са карзахечу... ГIайгIано хьан ойланаш тIе IиндагI тасахь гIеххьа, Милт ахь хьалаийзарх, гIийла хир бу хьан стогар: Ирсан буьйсанаш сан оццул Iаьржа хиллашехьа Хуьлуш ду сан месашлахь а наггахь кIайн чо гар. Синхьааман моз а, иштта сингаттаман стим а Со-м цхьатерра хьокхуш варий сайн безамна тIе. ХIинца-м дог сайн хета тхин тIадамал бIозза жима - Оццул йоккха цхьалла цу чу муха тарло-те? Шимма кхин дIа лар ца бинчу синхааман къина Суна цхьанна аха диси вайн къастаран урд... Со вицвинчу цу хьан деган шагатIулгах дина Хуьлда тIаккха ахь сан ирсан коше доьгIна чурт... Iилман Юсупов |
|
|
|
#625 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано, Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли. Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли. IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна. Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна. Iилман Юсупов |
|
|
|
#626 |
|
Вес репутации: 9 |
Сатоссуш...
Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ… Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта, ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх. Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь. Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь, Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа… |
|
|
|
#627 |
|
Вес репутации: 9 |
Сонет
Хьан сибат - устаз ву безаман динан, Тоххарехь со цуьнан мурд хилла ваьлла. Сатийсам - бер ду-кха сан даго дина, Са-ага жим а луш, и андадаьлла. ТIехаъал хилла и хьан шовкъан динна, Дуьненнал синхаам меттах а баьлла. Йистйоцу сан цхьалла - аре ю дийнна, Ховхачу беречун и дола яьлла. Сан дегайовхонан зов дато ленаш Эсалчу бергаша кхаъ санна, дахьа. Царна а Iемина шайн новкъа Iенаш Мел хилла сингаттам тIулг санна, ахьа. Ткъа со-м Iа, сих-сиха ойлане оьгуш, Тишъелла нуьйр санна, хьан куьцах хьоьгуш... Iилман Юсупов |
|
|
|
#628 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш, Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов. Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш, Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов. Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча, Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц. Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча, Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц. Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте, Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай… Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий, Кхин цкъа а лахахьа цу юккъехь цхьа сирла тай…. Iилман Юсупов |
|
|
|
#629 |
|
Вес репутации: 9 |
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар, СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха: Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар, Берриг а сатийсам сан цигахь беха. Сан дагалецамна хьо гIенах гича, Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано. Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано? Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа, Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза. Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза. Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна Сан дегайовхонан экаме гIовла. Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна Хено сан малбина синхаам къовла... Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза. Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах, Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза... Iилман Юсупов |
|
|
|
#630 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш, Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов. Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш, Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов. Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча, Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц. Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча, Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц. Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте, Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай… Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий, Кхин цкъа а лахахьа цу юккъехь цхьа сирла тай…. Iилман Юсупов |
|