![]() |
|
|
#591 |
|
Вес репутации: 9 |
Прекрасные сонеты,Венок сонетов,как красиво!И как всегда , Юсупов непредсказуем , оригинален и невероятно притягателен!)Такие образы не часто встретишь,тем более в Чеченской литературе!Он единственный из чеченских поэтов,пишущих на родном языке,который создает стихи ,используя форму " Венка сонетов"! Спасибо ему,что благодаря его таланту,как одного из лучших наших поэтов,мы можем с гордостью наблюдать,как чеченская поэзия начинает занимать свое особенное место в мировой литературе.Пусть это только начало на пути завоевания чеченской поэзией мирового подиума, ,но за то очень уверенное и смелое начало!
Баркалла,Ильман! Со, безаман ч1урам хилла, г1ийлла вогуш 1а, Ала, юй хьо сан ц1е ларъян реза? Дагчу доссахь цхьа ларамза синхаамийн 1а, Г1ура яшон хьуна ч1урам беза. Дагна лулахь йовхо йоцуш, безам хьекъаш бац, Цуьнан сийнна вогуш ву со г1оза. Сатийсаман ц1оцкъамаш т1е йиллахь сира к1ац, Ахь со къайллах хьайна гергаоза. Цхьаллин сег1аз юккъехь йогуш юткъа ц1е ю-кх тайн - Хала-ъ ду-кха йийсар хилла, къага. Лелаш волчу сан когашка хьакхар керча дайн, Маржа, цунна т1ехь хьан амат ага!.. Дегайовхо яош, кхобуш лаам бу ас сайн: Даим цу хьан б1аьргийн корехь вага… |
|
|
|
#592 |
|
Вес репутации: 9 |
Етот стих,он мне уже давно нравится.Я хочу поговорить о нем,но эту уже завтра.Встретимся все здесь-же завтра!)
* * * Стогаран милт хьалауззушехь, можачу серлоно чоь серлайоккху, Къорачу татанца стогаран шишанах беттало полланан тIам... Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу, хьаьхначу кIадонал йоккха, ГIайгIа ю тховса а бовзуьйтуш суна шен стимал а къахьбелла чам. Ас цунна лерина леррина ю ларъеш, гIевланга йиллина латтош, Ойланийн хьаьвхенехь меттамотт лаьцначу шийлачу IиндагIийн курс. Генара деанчу конвертан четарчу дешнашца синхаам гIаттош, Сайн деган уггар а къорачу соне ас дIагулбо гIайгIанан кIурз. И бу-те ачанах биллинарг богучу стогаран шишанна гонах? Цо карзахбоху-те дахарехь Iаьржа бос ца ловчу полланан бIаьрг? Овкъаршлахь ца яйта дахаран кIайн алу ша вогу бакъволу къонах, Адамийн кхетамехь язлучу сийлаллин йозанехь дуьтуш шен хьаьрк. Хорша шен герз лору хIинца а вайн догIмех къастазчу бIешерийн хьуно, И къаръеш латийна, вай леккха латтайо ойланийн йовшйоцу цIе. Мацах цкъа ваьгна дIаваьлла вай бахахь а хьуьнаре Джордано Бруно, ХIетте а гIерта вай ваьгначу цуьнан чим ийначу алуна тIе. ХIора а декхар ву шен деган суйнаца оьмарехь цIе лато йоккха, Багабеш хьомечу шен халкъан белшаш тIе тевжина гIайгIанийн лам... Хьажал, ас стогаран милт хьалауззушехь, цо гIийлла чоь серлайоккху: Йогучу милтана тIекхача гIерта-те, бетталуш, полланан тIам?.. Iилман Юсупов |
|
|
|
#593 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан дегайовхо
ЛагI ца ло мукъам сан дагчуьрчу эшаран, Гуьйрено хийцарх а Iаламан куц. Со кхетар вац-техьа тийналлех эсаран, Детица кхелича цо можа буц? Хьун а ю палтуьйсуш тIаьххьарчу шен гIашца, Эххар а хIун хир ду ца хууш сох. Некъашца маьI-маьIIехь Iохкучу нехашца Ларош хир бац-техьа гуьйренан мох? Замано латтайо, шех говза пхьар хуьлий, Лаьттаний, стигланний юккъера зIе. Ца тосуш Iийр яц-те тобанаш гIаргIулийн Бух боцу сингаттам сан дагна тIе. Дей-буьйсий хийцало – заманан терзанаш - Царна тIехь герканаш - сан хIора шо. Ца хабош ца Iар-те дахкаре дерзанаш Сан кхиэлан коьртара массо а чо. Абадехь тахане селхане санна ю… ЗIаьнаршца къагадеш ламанан дукъ, Можа малх чубузуш цIелетта анаюх Ца тосуш ца Iар-те сан кийра юкъ. Махкана тешамна ас йинчу чIагIонна Ца бетта муьтIахьчу иллеша пе. Сан къоман кхетаман таьптаран агIонна ТIехь юьсур юй-техьа, ванах, сан цIе? Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#594 |
|
Вес репутации: 0 |
Даймахке
Даймохк, ас хьан лаьттахь юьту коган хIора лар а Лууш ву со хила хьан некъашна аьхна даар. Шераш тIе мел кхийти тIеттIа сан дегI дайдалар а Ду шен йозаллица цунна лазон хьо цалаар. Карахдаьлларг хьан чухчарин хица ламаз эца Хьан тийналлин аз ца хаззал ма хир вац-кха къора… Хьан мох оьшу суна, цициг санна, караэца, Оьшу деган хьерахь аххьал хьан дарбане къора. Оьшу: бIаьста — кийра тилла хьан маьлхан цIен гуьйриг, Аьхка — коьртах мехий детта хьан воккха лор-догIа, Гурахь — син туьтеш тIетаса хьан гIаргIулийн могIа, Iай — иллешна бойнаш ян хьан мархийн къоьжа уьйриг. Гуттар дакъа до ахь суна хьайн хьаналчу мулках, Хууш эрна ас ца дойтий айхьа делла загIа. Ирсан пенаш дуьтту ас хьан беттан шагатIулгах, Сайн езачун кет1а буьхкуш хьан седарчийн жагIа. Барзах тебаш, еъна, тоьхча Iожаллино хьиэх ка, Со а хир ву хьуна лиъначарех сайна хила: Хьан буц-ярийн тIийригаш а — кошан бертиг ехка, Хьан дахкаран к1айн куьйгаш а — чуртан йоза дила… |
|
|
|
#595 |
|
Вес репутации: 9 |
Яздарче
Илланчин цIе езаш, дарж дина лело, Деса дош вотанах ахь декадо. Сан ненан маттана мел хилла гIело, Хьан байташ ма-йийшши, ма шера го. Шех хьакхаелча хьан йозанийн шело, Къиг санна, хебна Iа хьан деган тIо. ХIетте а, сирачу мог1анийн кIело Хьанна а ян хьаьгна хуьлуш ву хьо. Ца яздеш хьо Iийча, хинболчу мэло Пирдовсе буьгур бу масийтта бIо. Делахь а, и ца деш хьо хIунда Iело Тера ду, хетарехь, кхеттачух со: Бакъволу илланча, гIелвелча, вело Хьо цунна кховдийна совгIат ду кхиэло… Iилман Юсупов |
|
|
|
#596 | |
|
Вес репутации: 2 |
Цитата:
Байт а ю чог1а дика язйина... амма, -Безамал мерза дуьненахь х1умма дуй-те- алхеташшехь, и эовхьаз бийцар г1иллакхехь ца кхета-кх, я сил лоруш долу вай Бусулб динахь магуьйтуш дац-кх шуна муха хета???
__________________
"Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш, ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. " |
|
|
|
|
#597 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
Суна-м ахь дуьйцуьрг дош ца хета,Турпал Най.)))Стихи -это ничто иное,как разговор человека с самим собою,когда болит душа или страдает или радуется,что постыдного ты в этом нашла.Если мы сами врываемся в душу поэта,и становимся свидетелями и обладателями его секретов,так уж это наша собственная вина...У тебя есть выбор,не читай их,но нет,ты сама-же туда лезешь,а потом свою же беспордонность пытаешься преподнести, как нескромность поэта...´Твои друзья зовут тебя Мадина,значит ты женщина.Кому ,как не тебе ето знать.Ведь ,мы не ставим в укор поэтам ихнюю бесконечную,безумную любовь к Родине,к Матери...Неважно к кому,неважно как,но даже все религии мира проповедуют любовь...Не ожидала такого неприятного и разочарующего Сюрприза от тебя.( Любовь- это лучшее , что есть в нашей жизни...Я не буду утверждать,не богослов я,но здесь же на Форуме , в одной из тем, я читала,что Мухаммед(в.в.с.)не стеснялся при посторонних показывать свою любовь и нежность своей семье...А на что притендуем мы,делая такие заявления..Не понимаю. Складывается такое ощущение,что эти строки ,строки зависти,потому что тебе ,вероятно ,не даны всевышним такие чуства,или не даны всевыщним искренность и смелость признаваться самой себе ,что любовь так же есстественна ,как и возможность дышать...Прости,если мой пост чересчур эмоционален,просто не люблю ,когда люди начинают лгать,только лишь для того,что бы причинить боль другому,как в твоем случае сейчас... Посвящаю тебе,как самой целомудренной ценительнице поезии Юсупова ))*** ГIерташ поэт вицвалийта, ма къа хьоьгу аша, И ца везарш, амма цо шун пусар дIа-м ца до: Хи тIе боьду некъ дIабайарх лайша, догIанаша, Адамаша, хьаг ма-делли, меттахIоттабо… *** Бакъо йоккхуш сайна кхузахь, хехо санна, латта, Сайн байташна реза хирриг нохчийн шира илли, Дедайн ирзехь хIинццалц Iахар Iилла дезна латта, Деган чкъурах хIайкал де ас, хьо юккъе а диллий?.. *** ГIайгIанна яцош, шайн ойланаш ечул а аз, Шу хилахь, адамаш, наггахь а со дагалоцуш, Йилбазан мохь боцуш дуьсур дац сан деган аз, Илли а хир дац сан тIаьхьараалар а доцуш… [/font] Iилман Юсупов |
|
|
|
|
#598 |
|
Вес репутации: 9 |
А этот стих посвящу себе самой,как самой нескромной,по твоему представлению.)))Но я не имею ничего против искренности Юсупова,любить нестыдно и негрешно,намного хуже лицимерие!)))
* * * Эзар шо дIадаьлла хьо суна езаш, Дуьненчохъ ас лехнарг миллион шарахь. Охку ас азаллин бухбоцу иэсаш, Хьо дуьхьал мел теси есаллин марахь. Хьан эвхье сибат ган ца хуьлуш таро, Дуьненан букъ тIе со кхозлагIа ваьлла. Хьан куьйгийн ховхаллин шапаIат каро Сан бIаьрса седарчех дIаийна даьлла. ДоIанан дош латтош сайн байтан багахь, Уьншерийн бодашкахь хьоь хьоьжуш Iийн со… Доьдучу бIешарахь вай вовшийн ца гахь, Галъяла герга ду безаман нийсо. Батта тIе Iаь етташ, доьIучу сица Хиламза сан лаам ахь денбеш лаьтта… Стигланан бIаьргара долучу хица Йоссахьа со хьайга хьоьжучу Лаьтта. Iилман Юсупов |
|
|
|
#599 |
|
Вес репутации: 6 |
* * *
Iаламан куц даьккхи гуьйрено баса. Екъа буц кегаеш, лелаш ю зу. Сиръелла стигал ю дог хьаош хаза - И ирча хета берш мел дукха бу… ГIаш оьгуш, боьлак а хетало шуьйра, Дак хьоьжу оллалой шовданна чу. Хаза ду гуьйрено яздина туьйра - Цуьнах ца кхета берш мел дукха бу… Ткъа дерриг дахар ду цхьа шовкъийн кана И мелла ма-девлли, вай дIагIур ду. Дуьне мел хазлахь а таханчул кхана - И ца гуш буьсу берш мел дукха бу… Iилман Юсупов
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
|
#600 |
|
Вес репутации: 6 |
* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла, Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна… Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла, Пебетташ къоьжачу дахкарна. Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан… Со воьду, секх санна безаман Iодара, Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан. Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара - Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла… Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара, Хьан деган дилханах чекхваьлла. Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина. Хилла и дуьненчохь масанна?.. Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина, ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна. Iилман Юсупов
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|