Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 01.04.2008, 09:04   #581
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
* * *
Iаламан куц даьккхи гуьйрено баса.
Екъа буц кегаеш, лелаш ю зу.
Сиръелла стигал ю дог хьаош хаза -
И ирча хета берш мел дукха бу…

ГIаш оьгуш, боьлак а хетало шуьйра,
Дак хьоьжу оллалой шовданна чу.
Хаза ду гуьйрено яздина туьйра -
Цуьнах ца кхета берш мел дукха бу…

Ткъа дерриг дахар ду цхьа шовкъийн кана
И мелла ма-девлли, вай дIагIур ду.
Дуьне мел хазлахь а таханчул кхана -
И ца гуш буьсу берш мел дукха бу…

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 01.04.2008, 15:55   #582
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Сан ненан меттан
Дистина догIучу
доккхачу хичохь
ХIора дош – тIулг бу.
Суна дуккха а тIулгаш
оьшу хих дехьа вала.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 01.04.2008, 15:58   #583
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
so jar isam, ахьа сайна деш долу накъосталла со ца гуш 1аш яц хьуна. Дала сий дойла хьан. Дала меле лорийла ахьа кху темехь дийриг. х1ара мур сиха мур бу сан ч1ог1а дешарца. Хьо яцахьара сан тема къайлаяьлла хир яра. Ларамца Эльмира.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 02.04.2008, 06:43   #584
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
***
Сан ненан меттан
Дистина догIучу
доккхачу хичохь
ХIора дош – тIулг бу.
Суна дуккха а тIулгаш
оьшу хих дехьа вала.

Iилман Юсупов






Прекрасное сравнение,казалось бы такой короткий стих ,но какой глобальный образ , смысл вложен в него... Очень красиво преподносит глубину и богатство родного языка Ильман !И невооруженным взглядом видно,как он любит и дорожит чистотой и благородством Чеченского языка!Мое восхищение и уважение твоему таланту и преданности своему народу Ильман!Мне очень жаль,что я не могу написать ети строки на чеченском,так же бережно и красиво выразить свои чувства на родном языке ,как ето делаешь ты ...
Но ведь ты есть -значит наш родной язык живет и процветает , а это главное! Баркалла хьуна !
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 02.04.2008, 07:08   #585
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
со яр исам, ахьа сайна деш долу накъосталла со ца гуш 1аш яц хьуна. Дала сий дойла хьан. Дала меле лорийла ахьа кху темехь дийриг. х1ара мур сиха мур бу сан ч1ог1а дешарца. Хьо яцахьара сан тема къайлаяьлла хир яра. Ларамца Эльмира.
Баркалла хьуна , Амазонка,хаза дош аларна.Хьо сих-сиха ёг1уш ца хилчи тема еса хуьлу хьан .Вайн Ильмана керла байташ йохьуш гучу ёлур-кх хьо...Дала аьтто бойла хьан дешарan т1аьхь...
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 02.04.2008, 11:55   #586
Lara
 
Вес репутации: 0
Луо догIу...

Луо догIу... сан эвлахь кIайн шахьар кхолла,
Бер санна, сан белшийн аганахь тхьовса.
Хьан амат гитоьхна сайн ойла-полла
Лайн чимийн тхьамда ас хIоттийна тховса.

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?..

Ган а гуш, кIайлуш ю тхов тIера гериг,
Бодашкахь бос баьхьна дIахIоьтти керт а.
Хьо мичахь ю хууш кху сохьта ерриг
Лайн чимаш, дог лохуш, сан чета гIерта.

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?

Мадбелла бода бу сатуьйсуш тере
Дитташа генашца махе ден хабарш.
Лайн чимийн тобано кхоьхьу сан лере
ХIаваэ даре дан Iемина шабарш.

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?

ЧIапачу баккъаш тIе пухI тесна ардаш
Езачу тийналло тIекерчаш, веддо.
Доху сан беснешна месала барташ
Къоначу лайн чимийн тIедачу бето...

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?

КIур тийса йолало туьнкалган луьлла,
Ша башош сан дагна гонаха бина.
УгIу сан бIаьргашна лайн чимийн гуьла
ГIайгIанан беттаса царна чохь гина...

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?..

Iилман Юсупов
  Ответить с цитированием
Старый 03.04.2008, 01:54   #587
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Къоламан белаца кехат а охкуш,
Де-дийне доккху ас цхьа сирла каш.
Цецдохуш дуьненан сан гIуллакхаш,
МогIанийн бIаьллаш ду гонаха Iохкуш.

ДIабогIа кечбина гIайгIанан хIоллам,
Букарчу цхьалло шен гехь латтабо.
Суждане эгахь а ойланийн бIо,
ДоIа дан сих ца ло сатийсам-молла-м.

Кхолламан барам бу цкъачунна беса —
Шен гIийла мухь цунна кеста гур бац:
Къахьоьгуш со мел ву, дIадолор дац
Дуьненан лазамо шен Iеса еса.

Шардо ас упханаш массо а байтан,
Воттанан меттана тIехьоькхуш са…
Марчонна лоьру ас хьарчоза къа —
Илланчин оьмаран цIеналла гайта…

Шатайпа каш доккхуш ас гойту масал,
Массарна хетийла дацахь а дош.
Шеретан мах хаддол кхиъна сан дош,
Хуьлуш шен ден коша лаьттан цинц тассал…
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 03.04.2008, 01:57   #588
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
* * *
Стогаран милт хьалауззушехь, можачу серлоно чоь серлайоккху,
Къорачу татанца стогаран шишанах беттало полланан тIам...
Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу, хьаьхначу кIадонал йоккха,
ГIайгIа ю тховса а бовзуьйтуш суна шен стимал а къахьбелла чам.

Ас цунна лерина леррина ю ларъеш, гIевланга йиллина латтош,
Ойланийн хьаьвхенехь меттамотт лаьцначу шийлачу IиндагIийн курс.
Генара деанчу конвертан четарчу дешнашца синхаам гIаттош,
Сайн деган уггар а къорачу соне ас дIагулбо гIайгIанан кIурз.

И бу-те ачанах биллинарг богучу стогаран шишанна гонах?
Цо карзахбоху-те дахарехь Iаьржа бос ца ловчу полланан бIаьрг?
Овкъаршлахь ца яйта дахаран кIайн алу ша вогу бакъволу къонах,
Адамийн кхетамехь язлучу сийлаллин йозанехь дуьтуш шен хьаьрк.

Хорша шен герз лору хIинца а вайн догIмех къастазчу бIешерийн хьуно,
И къаръеш латийна, вай леккха латтайо ойланийн йовшйоцу цIе.
Мацах цкъа ваьгна дIаваьлла вай бахахь а хьуьнаре Джордано Бруно,
ХIетте а гIерта вай ваьгначу цуьнан чим ийначу алуна тIе.

ХIора а декхар ву шен деган суйнаца оьмарехь цIе лато йоккха,
Багабеш хьомечу шен халкъан белшаш тIе тевжина гIайгIанийн лам...
Хьажал, ас стогаран милт хьалауззушехь, цо гIийлла чоь серлайоккху:
Йогучу милтана тIекхача гIерта-те, бетталуш, полланан тIам?..

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 03.04.2008, 02:36   #589
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Лаьттан цамгар

ГIуранан энаша дIалаьцна меженаш лаьттан,
Дац цуьнан шовданийн-бIаьргийн бен меттаххьан де.
Лохха тIеязъелла стигал а ойлаеш лаьтта,
Ца хууш иштачу лазарна ша хIун дер-те…

Стигалан гIайгIане ойланаш — лайн чимаш — оьгу,
Iаь етташ, кхетам чу балабеш цомгашчун хьиэ.
Хетарехь, цундела сонта мох бу царех хьоьгуш —
Карзахе хьоькху и, ца туьгуш цхьажимма тиэн.

Дарц а ду-кх стигалан ойланийн шатайпа гIаттам.
Эзарнаш куьйгашца цо хьийча шен зийза дегI,
Iаламан дог-ойла екхаеш, толур ду латта-м,
Паналлин маршонаш юха а цецйохуш шех…

Стигало лаьттана гIоли еш ца хилча денна,
Цкъан цкъа а бIаьсте гур яцар-кха кIайчу дуьненна…

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 03.04.2008, 22:07   #590
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
БЕЗАМАН Ч1УРАМ

(сонетийн кочар)

1.
Со, безаман ч1урам хилла, г1ийлла вогуш 1а…
Д1о полларчийн ма самалхадаьлла!..
Церан т1емаш дага ца дан, яйъахь ас ц1е д1а,
Церан жутт д1аг1ур ю, т1емаяьлла.

Къинхетаме бода цара х1унда тоьтту д1а
Аьлла, хийла со ойлане ваьлла.
Шаьш сан ц1еран гуро лоьцуш оццул къиза схьа,
Цхьа а полла бац-кха дохкобаьлла…

Ц1ийн гергарло ц1арца лело бууш оьзда дуй,
Вай а царах масал эца деза.
Ховха бода – сайн синтеман багахь 1аь1на туй –
Вогуш волчу суна а-м ца беза.
Кераюккъехь д1а ца бойтуш уггар жима суй,
Ала, юй хьо сан ц1е ларъян реза?..

2.
Ала, юй хьо сан ц1е ларъян реза?
Цхьа а суй со цунах хьуна кхоор болуш вац.
Дийнах къехкарх, цу хьан дег1ан ез а
Мел хиларх а, йовхо сов ю бохур долуш дац.

Хьесталур ю хьуна шело-к1еза,
Хьан ларашна гонах юьллуш ша да йолу к1ац.
Лайн хьожа схьаетталур ю теза,
Син малхбузе къайлайоккхуш, товжа там бу дарц.

Т1аккха нагахь хьайн и дашо корта
Йовхо лохуш, тидам боцуш, ахь берзабахь схьа,
Гур ю хьуна йогуш сан ц1е шортта,
Тожан метта хьалаиййеш хьан дахкаре 1аь…
Хьуо ма-ярра эвхье юххе г1орта,
Дагчу доссахь цхьа ларамза синхаамийн 1а…

3.
Дагчу доссахь цхьа ларамза синхаамийн 1а,
Хьан дахаран мохтиленаш ц1ийзош,
Буса хьиэ чу хьежа ялахь беттан к1айн ма1а,
Цунна чуьра дагалецам зийзош,

Г1ура-Дада ваг1ахь ерриг ойла д1ала1а,
Хьо ма елха, б1аьрга буй а хьийзош –
Ц1еран секхаш кхуьйсуш гахь сан милтан секха1ад,
Хьо т1ейола, некхан бамба къийзош…

Шелоне а даккха ца луш къоналлина дерт,
Лайлахь лепа д1о баьццара зез а.
Денна хьайга хьоьжуш хиларх сатийсаман керт,
Хьуо ц1а йоьрзур яцахь, дарц д1атеза,
Со а вита хьайца, лаций т1е ойланийн черт:
Г1ура яшон хьуна ч1урам беза…

4.
Г1ура яшон хьуна ч1урам беза,
Набарзалла серлаяха хьуна оьшу и.
Цундела ас лору ц1ийл а деза
Бесни огуш, охьашерша и хьан б1аьран хи.

Цуьнан шабарш синна бен ца хеза…
Хьажар кхолош, юьхь т1е тоьхча эвхьазаллин тхи,
Когашкара коьрте кхаччалц еза
Кеп хьан дег1ан, цуьнах хьоьгуш, са ца деттал кхин…

Стигалхула доьду беттан бурам
Ду сан серло эшон г1ерташ, шениг лешош харц –
Охашиммо къуьйсуш бу хьан урам,
Ахь г1о лацахь, толам боцуш со ма вуьсур вац –
Д1а ма тата хьанал богу ч1урам:
Дагна лулахь йовхо йоцуш, безам хьекъаш бац…

5.
Дагна лулахь йовхо йоцуш, безам хьекъаш бац,
Мел и буткъа хиларх, ц1еран хьаса
Ахь ца ларахь, декъалхилар хьуна доьг1на дац,
Бендацаро йийр ю хьуна вас а.

Шен можалахь къайлабаьлла, лаьтта къена арц,
Когаш хьалха тесна некъан Аса.
Ахьа-м аьррий, хьуо хатт кегош, декхарийлахь яц
Х1уьц1ин ч1уьч1ехь леха цуьнан 1аса…

Кхолламо а туху наггахь дагахь йоццу ног,
(Хуьлда цуьнца йоьзна ойла оза!)
Хета т1аккха сайна улле ахь мел буьллу ког
Ду-те олий, сайн вагаран доза…
Сан лазамаш гочбан г1ерта хьан хьасене дог –
Цуьнан сийнна вогуш ву со г1оза.

6.
Цуьнан сийнна вогуш ву со г1оза,
Уьнахц1ена, сайца боцуш цхьа а тайпа к1ур.
Т1емадала г1ерта ц1еран хьоза,
Луьста х1аваъ эт1адо цо, бетташ жима кур.

Буьйсанах и ца ло цуьрриг оза,
Мархийн баттара ца дахарх беттан гара тур.
Хьан даржийна-техьа оццул говза
Кху дуьненан массо маь11е сан безаман нур?

Яц-кха цуьнца дегнаш дахкон волла,
Хьаг1 я гамо цуьнан тевнна аьттехьа 1алац –
Син зорхана ахь и коча олла,
Со ган хьаьгна, и ма-белли гуттар ч1ог1а мац.
Со хьайн месийн литтанах д1аволла,
Сатийсаман ц1оцкъамаш т1е йиллахь сира к1ац…

7.
Сатийсаман ц1оцкъамаш т1е йиллиахь сира к1ац,
Ахь хьайн юьхь-сибат сан ц1аре охьа.
Мел х1илла дан хьан когашна г1ортарх некъан галц,
Сан серлонгахь кхетар яц хьо охьа.

Хьан саде1ар сайца доцуш, вагар сан хилац:
Нуьре ийлун накха суна лохьа…
И хьан амат сайна юххехь суна х1унда гац?
Г1енах мукъане а цкъа схьагохьа.
Хилча х1ун ду дахкарх ийна хьан исбаьхьа г1ан –
Ас дагор ду цу дахкаран боз а.
Даим декхарийлахь ду-кха деган терза хьан
Ас дуьненна мел лун йовхо оза.
Харжий буьйса шина декъе йоьду къора хан,
Ахь со къайллах хьайна гергаоза…

8.
Ахь со къайллах хьайна гергаоза,
Хьайн керара хецабелча уьйрийн шога мукъ.
Ма ийзае сингаттаман соз а,
Тохахь хьайна кху дуьнено къерсигбаььла букъ.

Туьха хиллехь, хир ду хьуна моз а.
(Наггахь доггах «х1уп» ма-аьлли, ц1ийло пешан юкъ)
Марханан пхьарс кхолу беттан х1оз а
Буй-цца, хичаш ярца, хьоьстуш орцан къена дукъ…

Айхьа хьостуш со, куьг т1е а лоцуш,
Ч1огг1а хьуо ас яга цаяр хьуна-м тан ца тайн.
Шеца йовхонан 1аьциг а боцуш,
Оццул доккха 1алам 1ехош 1ахар ц1е-м ю стайн…
Амма хьоьца бен, кхин рицкъа доцуш,
Цхьаллин сег1аз юккъехь йогуш юткъа ц1е ю-кх тайн…

9.
Цхьаллин сег1аз юккъехь йогуш юткъа ц1е ю-кх тайн.
Дерриг 1алам соьга хьоьжуш, тийна.
Серло, йовхо ялар лору – коьрта декхар сайн.
Дера ву со – вогуш велахь – дийна.

Со шен метта хехь а вуьтуш, беттаса д1адай.
(И-м схьакхетар ду-кха жимма 1ийна)
Гуттаренна х1уттур вар-кха кхоччуш со юьхьк1айн
Велахьара иштта малхо зийна…

Хьийза девлла суна гонах и хьан куьйгаш к1айн:
Церан кхаж а баьлла-техьа дага?
Цунна дуй-те карзахдийлар д1о седарчийн вай,
Д1асатехкош стигал – ц1еран ага?..
Сег1азо шен кийрахь даллош ду сан милтан тай –
Хала-ъ ду-кха йийсар хилла, къага…

10.
Хала-ъ ду-кха йийсар хилла, къага,
Д1о 1аьршашка хьалакхачо ц1аро бетта т1ам.
Са-м ду кийча б1арлаг1анех хьага,
Кху дуьненчохь цхьа а вацарх хууш церан чам:
Воккха-жима, я зуда-ъ, я стаг а.
Ца бо цара 1ехамечу палтийсарца там.
Амма лаьа-кх, т1улгаш лехьош шага,
Юха-ъ йотта йилбазг1ала – сатийсаман лам…
Суна сужде б1арлаг1анаш кхуьйлуш,
Буьйса лела, сох тардина шен б1аьргара к1ай.
Ю и туьллуш, пана бердаш къуьйлуш,
Д1адаьлларг а, т1ехиндерг а хуттуш долу т1ай.
И 1аржъелча, вагар шовкъе дуьйлуш,
Лелаш волчу сан когашка хьакхар керча дайн…

11
Лелаш волчу сан когашка хьакхар керча дайн.

Ма дохделла суна бухахь латта!
Ас сайн кхиэлан х1ара ц1еран мур ма атта лайн,
Ца хиллехь а сайх ц1е латар атта.

Хилла ваьллехь нагахь санна сох кху ц1еран лай,
Маца доьг1на суна маьрша г1атта?
Сан ялйоцу дагар, хьо ма ч1ог1а меттаххьай,
Цхьана эшшарехь сан коьртехь латта!..

Т1елхиъ санна, ягош, яйъа сан набаран тар,
Тевнехь лоьлхуьйтуш, сан сег1аз аха!
Цаьпцалгаша суна гонах доладо шайн цкъар,
Мархаш тоьгуш, лела беттан маха.
Шера къаьста стиглахь цхьаммо чатакхийна лар –
Маржа, цунна т1ехь хьан амат ага!..

12.
Маржа, цунна т1ехь хьан амат ага,
Маьлхан хьаьж т1ехь – нур а дагош, кхолуш х1ора харш,
Сан ц1е т1аккха-м кхерстар яра ана,
Куьркал йовха латтор яра цо стигалан 1арш…

Х1ун ду вониг нехан суна ала,
Т1уьна буьйсанаш якъош, со иштта вогуш 1аш?
Дика ду-кх ца дезаш, хьоьгуш ваха
Кегочарах шайн ойланийн кхартматтане ткъарш.

Томан ц1а чохь бехаш болчу царна
Хезар бац-кха, г1ала лоьхуш, варшахь г1ерг1а сай.
Уьш ца бог1у аьттехьа сан ц1арна,
Церан х1айкалш – хьарам рицкъа, буьзна п1аьлдиг гайн.
Синтем боцу дахар дезачарна
Дегайовхо яош, кхобуш лаам бу ас сайн…

13.
Дегайовхо яош, кхобуш лаам бу ас сайн,
Мел яорах, яц и цунна хьарам –
Иза-м эзар Эверестал шозза боккха ба-й,
Хьаьнга бусталур бу цуьнан барам?
Иза – сема – шена гонах хьийзаш Латта вайн,
Лаьтта т1ехь а бе вай жимма шарам,
Герзийн нехех парг1атдаккха вай и - дегадай,
Эхь ду х1инццалц вай и ца деш 1ар а-м.

И даделча, х1ара вагар суна-м хьанал ду,
Хьанал ду хьан балдаш, беснин к1аг а.
Хезаш юй хьо, со вай и-м – хьан дуьххьарлера ц1у –
Хьуна доккху ас сайн ц1еран саг1а…
Иштта, Дажал санна, зоьртал и сан лаам бу:
Даим цу хьан б1аьргийн корехь вага…

14.
Даим цу хьан б1аьргийн корехь вага
Пурба лохьа, серладохуш г1енийн г1опан кор.
И хьан месаш, хьан г1ург1езан лаг а –
Х1инцца-х1инцца сан синхьоза чомах кхетта пхьор.
Ло и цкъацкъа, адам санна, хьаг а –
Доьху хьоьга б1аьргийн шовда цунна цакхоор.
Там бу хьуна цуьнан мукъам мага:
Илли хила кхоллам болуш бу хьан дешнийн мор –
Хуьлда и ма-хетта сан ла 1абош!
Ахь амалт дахь бен лур дац ас ва1да сада1а,
Сайн серлонах боьлла бода 1адош…
Хьо – безаман тептар т1ера йоза – сан до1а,
Ц1еран иэсана хьо дагахь 1амош,
Со, безаман ч1урам хилла, г1ийлла вогуш 1а…

15.
Со, безаман ч1урам хилла, г1ийлла вогуш 1а,
Ала, юй хьо сан ц1е ларъян реза?
Дагчу доссахь цхьа ларамза синхаамийн 1а,
Г1ура яшон хьуна ч1урам беза.

Дагна лулахь йовхо йоцуш, безам хьекъаш бац,
Цуьнан сийнна вогуш ву со г1оза.
Сатийсаман ц1оцкъамаш т1е йиллахь сира к1ац,
Ахь со къайллах хьайна гергаоза.

Цхьаллин сег1аз юккъехь йогуш юткъа ц1е ю-кх тайн -
Хала-ъ ду-кха йийсар хилла, къага.
Лелаш волчу сан когашка хьакхар керча дайн,
Маржа, цунна т1ехь хьан амат ага!..
Дегайовхо яош, кхобуш лаам бу ас сайн:
Даим цу хьан б1аьргийн корехь вага…
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.