Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 28.03.2008, 23:28   #571
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Iаламан куц даьккхи гуьйрено баса.
Екъа буц кегаеш, лелаш ю зу.
Сиръелла стигал ю дог хьаош хаза -
И ирча хета берш мел дукха бу…

ГIаш оьгуш, боьлак а хетало шуьйра,
Дак хьоьжу оллалой шовданна чу.
Хаза ду гуьйрено яздина туьйра -
Цуьнах ца кхета берш мел дукха бу…

Ткъа дерриг дахар ду цхьа шовкъийн кана
И мелла ма-девлли, вай дIагIур ду.
Дуьне мел хазлахь а таханчул кхана -
И ца гуш буьсу берш мел дукха бу…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 28.03.2008, 23:37   #572
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Поэзин новкъахь

ВогIу со, луьйзуш сайн поэзин Iаса,
БIешерийн кIоргене боьдучу новкъа.
Шен иэсехь латтош ю кху некъан аса
Соьл хьалха ихначийн лараш а, шовкъ а.

Тур санна, къуьйлуш сайн буйнара Iаса,
Хаддаза некъ бо ас, ца оьгуш гуора,
Некъо ног тухучохь дош хьовзош маса,
Дебош сайн тоьллачу назманийн гIора.

Бух боцу Iаннаш ду йистошца некъан,
ТIехула кхозуш ю тIурнене Iаьржа.
ВогIу со, хьакъдеш сайн кхолламан шекъа,
Абаде юьйгIуш сайн Iалашо маьрша.

Гоьмукъах сайн Iаса бIешерех Iуьттуш,
Шерех чекхвуьйлу со, эшаеш зама,
Азаллин лендоцчу дилханах хуьттуш
Илли а, Даймохк а, сайн нохчийн къам а…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 29.03.2008, 03:39   #573
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
МIаьрго

Замано шеггара хIоттийна дахаран мах –
КIорггера ойлаеш, чот тоьхча, и ю цхьа мIаьрго.
Лаьттахь ша хан яккхар лур доций хаарна дах,
Зезагийн шабаршка сутара ладоьгIуш яр го.

Синхьехам кхачабо, муьлхха а синхаам ле.
ДIаихна иэсаш а генахь ду, ца лаццал бIаьрго.
Оьмарш а тохкуш шен, ткъес санна, йовхачу кхе,
Адамийн сибатехь дуьненчохь ехаш ю мIаьрго.

Марзонаш оьцучохь уьйрашна хиларх а вас,
Тешаман деган у бехдарх а шеконан хьаьрко,
Махьшаран майданахь Деле бен хийцалур яц
Абадехь туп тоха дIайоьду лийр йоцу мIаьрго.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 29.03.2008, 11:34   #574
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар,
СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха:
Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар,
Берриг а сатийсам сан цигахь беха.

Сан дагалецамна хьо гIенах гича,
Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано.
Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича
Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано?

Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа,
Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза.
Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал
Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза.

Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна
Сан дегайовхонан экаме гIовла.
Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна
Хено сан малбина синхаам къовла...

Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах
Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза.
Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах,
Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза...

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 30.03.2008, 15:34   #575
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Гуьйренан гIайгIа

Иттех де дIадели, ца соцуш, догIанаш Iенаш.
ТIадамийн хIу кхетий, гIаддоьлху ахархойн кхаш.
Шийлачу гуьйренца меттахъхьов Iаламан энаш,
Мархаша малхана гIуш-лакхехь даьккхина каш.

Тишделла, зарзделла дIадаьлла стигалан гата,
Мел чIогIа со хьийзарх бац цунна тохалур лол.
Ирсан таж детIи сан – чIагIдели догIанан тата,
ТIадочу сан дагах йоьлуш Iа яшийна кол...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 30.03.2008, 15:41   #576
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Гуьйре

ГIийлла мажло бецаш. Яхло буьйсанаш а.
Iаршан бохь-лакхенехь шелло седарчий.
Гуьйрено сан махка тосуш дашо маша,
Дохк а хилла, дагна гIайгIа тIехьаьрчи.

КIайнчу гIаргIулеша кегбо стиглахь могIа,
Йочанино даздо мархийн шийла шун.
Хьан беснеш тIехь бIаьрхиш, сан месаш тIехь догIа –
Цхьана хьостах даьлла гIийла ши хи ду.

Хьо-м дIайоьду хIинца олхазаршца цхьаьна
Синхаамна лехна сайнчул бовха мохк…
Со-м вуьсур ву кхузахь, йийсар хилла Iаьнан,
Хьан йовлакхах тардеш лаьмнех хьерча дохк…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 30.03.2008, 15:47   #577
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Гуьйренан догIа

Сахиллалц тIеихна гуьйренан эндаже догIа
Делкъенга дели кхин тенне а дIатен ца туьгуш.
ТIадамийн мукъам бу лууш ас шега ладогIа,
Схьалаца тIам боцчу ойланийн махка со вуьгуш.

Мархашка ла ца ло махо шаьш кхечанхьа дIахьош,
ХIора шен Iаьнарца еш шайна чIинчIире Iиттарш.
Баьццарчу канашкахь догIанан тIадамаш IаIош,
ХIаваах декхаш Iа маьлказийн исбаьхьа дитташ.

ТIадамийн буьртигаш, генашлахь шайн сур а дебош,
Мох теран мIаьргоне сатуьйсуш, дIакхачош лаьтта.
Шайн лаам хиларна, хих буьзна бIаьргаш а лепош,
Цкъа довла сапаргIат, шаьш охьаэгале лаьтта


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 30.03.2008, 15:51   #578
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано,
Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли.
Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано
Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли.

IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза
Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна.
Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза
Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 31.03.2008, 02:05   #579
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
--------------------------------------------------------------------------------

* * *
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош,
ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац…
Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош:
Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац…

ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш,
Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан.
Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш,
Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан.

Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча,
Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу:
Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча,
Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву…

Iилман Юсупов
__________________
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 31.03.2008, 02:06   #580
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
* * *
Кхин цхьа де а чекхдели сан, урчакх санна, хьийзаш,
Эханг санна, адамаш а луьстуш шена тIе:
Шайн боларшца, аматашца сан кхетамехь зийзаш
Кхолламаш а болуш нехан, вац со паргIате.

Малх чубуззуш сецна урчакх ас сайн кара ийци,
Эзар ойла ечу цуьнан коьртах куьг хьаькхи.
Шен темех, цатемех лаьцна цо соь дукха дийци,
Дисиний-те аьлла хеттал бухахь дийца кхин.

Къеста ца беш хийраниш я сайна бевза-безарш,
Хеда ца деш, гулдалийти ас и синойн тай.
Ас сайн даг чу дIадийшийти ша массеран дезарш,
Сайн гIо оьшуш мел болчеран хабарш суна тай.

Даим суна уьш хазийта шаьш ма-дарра шера,
Дала хIоттош хилла тийналла а лаьтта тIехь.
Ас сайн иэсехь Iалашйийр ю массо урчакх шеран,
Уьш сайн хьийзаш мел ю лаьттар ву со царна хехь.

Амма сайн денош тIе хьерча боьлча шийла Iеха,
Цкъа мацца а сайн дахаран суна гур чаккхе.
Дала тIаккха дIалур ду сан иэсехь IаьIна эханг
Дуьне шена тIе луьстучу маьлхан урчакхе...

1илман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.