Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 24.03.2008, 16:25   #561
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Я не понимаю,неужели нельзя избежать расстования...Ведь когда любишь,ты жертвуешь всем...Или только я одна такая глупая..Конечно,когда человек,которого ты любишь,не отвечает взаимностью,придется уйти,но даже в етом случае ,так хочется расстянуть это удовольствие от иллюзорной любви...пусть любит себе другую,неважно,ведь ты сможешь любить за двоих..Но нет,ему нужен полет,пробив сердце женщины,которая его любит,он летит к другой...Может найдет все таки свое счастье...Найдет сердце ,где он застрянет навсегда..Ето уже зависит от него..Но пока что он в Поиске !Он Поэт, ничего не поделаешь.Полюбили Поэта) терпите!)...))


--------------------------------------------------------------------------------

* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла,
Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна…
Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла,
Пебетташ къоьжачу дахкарна.

Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара
Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан…
Со воьду, секх санна безаман Iодара,
Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан.

Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара -
Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла…
Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара,
Хьан деган дилханах чекхваьлла.

Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина.
Хилла и дуьненчохь масанна?..
Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина,
ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна.

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 24.03.2008, 20:51   #562
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
РЕЧIА

Ас бераллехь олхазаршна хийла йийгIи речIа,
Цхьаъ мукъа а лаца лууш тIома лела са.
Ойла ца еш, сайна херадаьккхи хийла леча,
Ларамза ас гамйи сайца хийла селасат.

Ерриг стигал Iадош, хийла йилхи нана-маршо
КараIамо воллу аьлла со шен олхазарш.
Хийла сийна хIайкал даьккхи хьозарчашна варшо
Царна кхераме ду моьттуш мархийн холхазаш...

Иштта хийла тебна Iий-кха сан бералла къиза
ХIинций-хIинций «чкъар-чкъир» лоцу бохуш речIано...
ХIетахь яхкаяла йоьлла син церг дIаяьккхи сан
Къинхетамо-лоьро, деган багахь еш цIано...

Цуьнан дарба алсамдуьйлу со мел хили воккха
Доглазаро, поппар санна, кIадъеш кхиэлан берг.
ХIинца сан бераллин речIа шерийн уьйтахь го-кха:
Хенан дакъаделла куьг ду иза йоьгIна дерг...

Сайн дахаран темза некъаш дуьйлуш тIеттIа гамзар,
Бехк-гуьнахь а доцчу денойн яххьаш чIечкъарна,
Хьаваъ муьйлуш, тIома лела сайн садеIар-зарзар
Со а-м кхоьру дукха улле хиъча речIанна.

Забарна а доцуш, йоьгIна замано и речIа,
Лаца лууш кху сан кийрахь тIома лела са.
Ахь цундела бехк ма билла суна, кура леча,
Хьо къинтера яла суна, ховха селасат...

Дуьне мел ду уьдуш лела дахаре сан безам,
Шена ца тохийта гIерташ Iожаллега ка.
Ас хIун жайна даккха цуьнгахьа беш озабезам?
Муьлха доIа де ас дайдан сайн бераллин къа?

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 25.03.2008, 06:17   #563
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
--------------------------------------------------------------------------------

***
Тийжа хIутту можа назма беттан
Седа бахча лаьттан махка маре.
Хьо - мох бу сан кор а тоьхна, бедда,
Ткъа, со - махах хьаьгна тевнан аре.

Карзахечу сайн дустарийн тидарш
Мел лаарх а суна хьох ца акха,
Ахь лелийна моттаргIанаш-пхьидаш
Сан гIайгIанан уьшал екош Iа-кха.

Сан сих йин ахь шовда лекъна меттиг,
Сан бохбелла лаам хьогах буьтуш...
Седарчашца беттан юкъаметтиг
Хьуо а хилахь тховса цхьаьнхьа туьдуш,

Са ма тийса мархийн белхар тере -
Хьох ца теша цуьнан цхьа а чIикъ а:
Шина декъе декъна уьйран шерет,
Ахь безаман весет доха ди-кха...

Ойла хьоьжу сингаттаман кеда,
Лууш цунна чуьра лазам Iийша...
Лаьттан махка маре бахча седа,
Беттан можа назма хIутту тийжа...

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 25.03.2008, 14:24   #564
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Кхо синхаам

Сайн иллийн х1усамехь баьррче мотт биллина,
ДIабижо кечби ас кхо синхаам.
Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина
Хьийза сан уггаре оьзда лаам.

Хьалхара синхаам езачун бIаьргаша,
Геннара схьакъежий, гIенашла хьо.
Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша
Набарха даима далхадо цо.

ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина
Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го.
Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина —
Минотехь эзарза бIаьрг боьллу цо.

КхозлагIчо, хийлазза вонна некъ бихкина,
Нисди сан кхолламан гара сизаш.
Набаран суй банза, ондда юкъ йихкина,
Даймехкан ойла еш, Iаш бу иза…

Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина,
Сан кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа.
Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина,
КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха…

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 25.03.2008, 19:55   #565
vesy
 
Вес репутации: 0
Лехамашна сутарчу сайн сина
ХIун ду хууш кху дуьненахь товш,
Ас сайн ненан бIаьрхих шекъа дина,
Даг тIе язди «Даймохк» боху дош…
  Ответить с цитированием
Старый 26.03.2008, 05:49   #566
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
***

Дахарехь ас дечу хIаваан неканна
Аьхна ду сан иллин маликийн тIемаш.
Шу Iе шу, гуо бинарш къилахьчу текхана,
Къуйн даарх бохуш шайн саьхьара чемаш.

Ойланаш, йисинарш дилханан хотталахь,
Шу Iе шу, синтоман йийсархой хилий.
Маьлхан цхьа зIаьнар шен могIанах хотталахь,
Стигалахь гIишлош ян гIур ду сан илли-м.

Аш ла аш йийбарийн хьагаме олалла,
Токхечу диларийн уьшалахь керчарш.
Ган доьгIна дац шуна сан деган долалла:
Дайн шира бIаьвнаш я саьккалийн херцарш.

Iахка шу, леш хиларш сутарчу зорханийн,
Бала цакхачаран ховхачу меттахь.
Сайн кийра хIу тосуш седарчийн хорханийн,
Со-м заза доккхуш ву халкъан синметтехь.

Доьшанца Iехий шу маьхзачу гуйнаша,
Маьхьарлахь гIалх дайна рицкъанан хехой.
Шун яххьаш тIадийна Даймехкан туйнаша,
ХIосташ деш шун боцчу кепекан мехо.

Ма чIогIа дай хила гIерта шу тахана
Шаьш цергаш йихкинчу сан Нохчийчоьнан.
Дух мичахь ду-м хаьа массо а нахана
Хьарамчу хьолахь аш буьзначу чIоьнан.

ХIинца а-м хаало аьртанаш хьекъална,
Сан мехкан шоралла шун гешца юстуш.
ХIун аьлла хир вара шух тешнарг декъала,
Аш буьтту зуламе аьшпаш а луьстуш.

Дозаллех дарж дина шу-м мича дешара
Ас дуьйцург схьалоцуш, сагатдан лерсин!
Амма ас лоллур ю сайн халкъан бешара
Шун синойн цIуналахь мел кхиъна херси…


Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 27.03.2008, 04:58   #567
Amma
 
Вес репутации: 2
Нохчийчоьне

Хьоьга безам – сан ойланийн чилла -
Набарзаллин буьйсанашлахь IаьIна.
Сан Нохчийчоь, суна бехк ма билла:
Со Iамийна ваьлла вац хьан маьIна.

Iилма хилла даьржина-кх и Лаьттахь,
Талла ваьлча тоьар доцуш дахар…
Со мел веха хьан токхечу хьаьттахь,
Цхьа а ойла хир ма яц сан Iахар.

Хьоь сан безам – Делан Iаршан кхоллам,
Беттан серло - седарчашлахь деба,
Байташ юцуш, марсабаьлла къолам,
Можа малх - хьан лаьмнаш тIехьа тиеба.

Ас тIелоцу хьан хьехам а, кост а,
Хьоьга кховдош сайн иэшам а, зовкх а.
Денна мийларх ас хьан шийла хьоста,
Хьоьх со хьогах хилар дIа ца дов-кха.

Iилман Юсупов
__________________
......
  Ответить с цитированием
Старый 27.03.2008, 05:48   #568
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
СОНЕТ

Аматийн зазашлахь, баI санна, къеста
Шераша сан юьхь тIе даржийна йоза.
ХIетте а, хьан белшийн зезагаш хьеста
Лууш бу сан куьйгийн ши накхармоза.

Азаллехь кхаж баьлла сан даг тIехь леста
Безаман пачхьалкхан байракх ю хьо сан...
Хьан марзо кхачийна со висахь кеста
Реза ву со Лаьттан букъ тIера восса...

ЦIеххьанчу Iожалло куьг кховдош деха,
Син серло дIаэцча сан бIаьргаш чуьра,
Сох дуьсур долчу кху дуьненан меха
Хир бацахь, езар, хьан сингаттам дуьра,
Битахьа хьайн куьце къин сагIа деха
Цхьа лаам сан шовкъан тIаьххьарчу муьран...

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 28.03.2008, 15:24   #569
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Хуьлуш ду иштта а

Хуьлуш ду иштта а: гуьйренан шийла мох тийча,
Седарчийн жIугано мархашна хичаш йо яйн.
Ношбелла бутт а бу, анаюх хьеста кIордийча,
Цецбуьйлуш, боьлакахь декхнаш гуш - ша санна кIайн.

Хуьлуш ду иштта а: аьхкенан Iаьткъинчу малхо
Лаьттана гIарол дан хIоттайо шен къиза тов.
Цаьпцалгийн аьзнаша, дог лохуш шайн бала балхо,
Яьгначу бацалахь даржадо латкъаме зов.

Хулуш ду ишта а: дIахьулдеш ламанийн баххьаш,
Царна тIехьерчаш го тIуьначу дахкаран боз.
Iа догIу, кIайн бедарш чохь йолу тIорказ а дахьаш,
Даймехкан сакIамдеш хийца шен барзакъан бос…

Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 28.03.2008, 22:51   #570
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Мила ву сан кара биллинарг къолам,
Кехатах тешабеш сан дешнийн болам,
Байташка дерзадеш ойланийн сур?
Хьан баьккхи синтем а сан дагна гена,
Хьовзабеш сан кийра сингаттам къена,
БуьйгIуш сан безамна шеконан гур?

Хьан самадаьккхи-те Iинчуьра татол,
Ца хилларг юьхьанца чемхалг а даддол,
Тахана ахка шех хилла Iаш дерг?
И хеттарш дуьссуш ду жоьпаш а доцуш,
Уьш Делан омранна кIел хилар дотуш,
Уьдуш ю хан-зама, етташ шен берг


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.