![]() |
|
|
#511 |
|
Вес репутации: 6 |
Dела реза хуьлийла, Амазонка.
1илманца хьайн з1е нисьелча схьахаийталахь.
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
|
#512 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Туьнкалган легашка хIоьттина бIаьстенан догIа, Даьгначу дечигна тIехь боьлху пешара кIурз. Сирачу овкъарша къардина аз доцу цIогIа, Йишхаьлла бисина бистина севсина кIур… ЦIераш-ма яьгна-кхи адаман къизачу пешахь, Синтарийн синошна цкъа мацах техкинарш хаза: Тийжачу баьллашка мехаша кадам бо бешахь, ГIайгIано макхдина варшара баьццара база. Мутт-бIаьрхиш литтина, ножо шен синпхенаш аьгна, БIарзбелла, леста поп дагчуьра ламанан чIожан: Товханан набахтехь вежарий церан а баьгна – Ма чIогIа къаьхьа ю хьомечу овкъаран хьожа… Туьнкалган легашка хIоьттина бIаьстенан догIа. Луьстачу кIуьралахь банне а къурд ца бало. Язбина боллушехь, горбоьду сан иллин могIа, Хуьлу сан лазамо мерцинчу дагна хало. Сан иллеш, хьуьнхарчу лаьттах каш даккха дIахIитта, Пана дIа ца кхкссуш, дIайолла пешара юкъ – Кошаза мукъане ма дита докъаза дитташ, Чурт а хьакъ ду царна – дIадогIа дIо орцан дукъ! Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#513 |
|
Вес репутации: 0 |
Шелбелла бутт Iуьллу мархашлахь хебаш,
Белхаме хьоьжу и сан корах чу. Г1айг1а ю сан деган неIсагIехь дебаш — Сан дагахьбалламан гIорасиз Iу. Седарчийн тоба а, цхьа гIийла лепаш, Къарздеш ю стигалан босбаьхьна у. Хьан сирла аматаш ойланна тебаш, Тховса а наб ца ян со кийча ву. Сурт хIуьтту: саьрмиках хьан дагах хьерча Багах а, мерах а цIе кхуьйсу вас. Чов хилла лу санна, сан син тIехь керча Ас дашца букъ бойна хьан тийна аз. Сих ца лахь хьо суна къинтIера яла Декъала хир бу-кха ас хьоьгу бала… |
|
|
|
#514 |
|
Вес репутации: 9 |
*********
Дахарехь ас дечу хIаваан неканна Аьхна ду сан иллин маликийн тIемаш. Шу Iе шу, гуо бинарш къилахьчу текхана, Къуйн даарх бохуш шайн саьхьара чемаш. Ойланаш, йисинарш дилханан хотталахь, Шу Iе шу, синтоман йийсархой хилий. Маьлхан цхьа зIаьнар шен могIанах хотталахь, Стигалахь гIишлош ян гIур ду сан илли-м. Аш ла аш йийбарийн хьагаме олалла, Токхечу диларийн уьшалахь керчарш. Ган доьгIна дац шуна сан деган долалла: Дайн шира бIаьвнаш я саьккалийн херцарш. Iахка шу, леш хиларш сутарчу зорханийн, Бала цакхачаран ховхачу меттахь. Сайн кийра хIу тосуш седарчийн хорханийн, Со-м заза доккхуш ву халкъан синметтехь. Доьшанца Iехий шу маьхзачу гуйнаша, Маьхьарлахь гIалх дайна рицкъанан хехой. Шун яххьаш тIадийна Даймехкан туйнаша, ХIосташ деш шун боцчу кепекан мехо. Ма чIогIа дай хила гIерта шу тахана Шаьш цергаш йихкинчу сан Нохчийчоьнан. Дух мичахь ду-м хаьа массо а нахана Хьарамчу хьолахь аш буьзначу чIоьнан. ХIинца а-м хаало аьртанаш хьекъална, Сан мехкан шоралла шун гешца юстуш. ХIун аьлла хир вара шух тешнарг декъала, Аш буьтту зуламе аьшпаш а луьстуш. Дозаллех дарж дина шу-м мича дешара Ас дуьйцург схьалоцуш, сагатдан лерсин! Амма ас лоллур ю сайн халкъан бешара Шун синойн цIуналахь мел кхиъна херси… |
|
|
|
#515 |
|
Вес репутации: 0 |
Дозаллех дарж дина шу-м мича дешара
Ас дуьйцург схьалоцуш, сагатдан лерсин! Амма ас лоллур ю сайн халкъан бешара Шун синойн цIуналахь мел кхиъна херси… Делахь,ма ч1ог1а яз дина дешнаш ду уьш.Отражает наше время,и многих наших людей.........к сожалению...... |
|
|
|
#516 |
|
Вес репутации: 6 |
Если 1илман согласится на интервью,
(а я позволю себе надеяться, что он согласится, так как, в отличии от соседней темы, где нашлись писсемистически настроенные лица, в виде которых создаётся впечатление, что они даже против такого интервью, таковые, которые даже способны накликать неудачу - здесь не наблюдаются) я задам ему ещё этот вопрос: В вашей поэзии часто встречаются стихи, написанные вашим недоброжелателям, "Хьаг1йолчуьнга" например. Часто ли вас доставали в жизни недоброжелатели? И в чём обычно проявлялась их недоброжелательность?
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
|
#517 |
|
Вес репутации: 0 |
Хьо вина де
(вешин ИбрахIиман безамна) Хьажахьа, ИбрахIим, Iаламна-м хьо виц ца велла: Сатоссуш вайн кертан ков туьйхи хьо винчу дийно… Хьуна сагатдина хир ду-кх и чIогIа гIелделла – НеIарш а, кораш а дIадоьллу цунна вайн цIийно. Хьо дуьхьалтуьйсучу гIенаша са дууш даим, «Ткъе къоъ шо…Ткъе къоъ шо…» - шабарш до вай динчу нанас. Хьо винчу деноша бутт а ца буьзи-кх, ИбрахIим… Ткъа хIара-м хьо воцуш деана… И муха ла ас?.. Бехкала яхана анайист къежъели геннахь, Стигало сирачу мархашца бIаьрхиш дIахьоькху: Дахкаран хинкиса дерзо хьан марчонна тоьгу Ма моьттуш делар-кха тахана хьо винчу денна… Ас иза, бIаьца йой, меллаша вайн цIа чу доккху, Аз доцчу тийжамца вайн нанна и маракхета… Хьоьл кегий йижарий, вежарий и тебан гIерта: Тахана и-м хьоьл а ду хьуна кхо бутт сов доккха… Ма девзар дацара хьуна хьуо вина де хIинца, Ма кхуьнах тера ца догIура хьо волуш хилларш. Дац кхуьнца хIара а дашон дан хьан ирсан цинцаш, Кхунна ган доьгIна ца хилла-кха хьан керла иллеш. ХIун дина дог эца аса кху гIийлачу хьешан, Массо а денойл а доцачу, хьан дахар санна? Иза-м гуш лаьтташехь ца туьгу хьо вацарх теша, Моьтту хьо вайн цIера ваьлла ву йоццачу ханна… Хьо хьалхе ваьхьначу кхиэлаца ца йогIуш берта, Ткъес детта стигало, къоранах бацалахь керча… Хьан де а, тIаьххьара бIаьрг тоьхна хьо винчу керта, Абаде дIадаха, йист йоцчу Iаьршашкахь кхерста… ГIайгIано кIай леци бIаьргашка корийн вайн цIийнан, МаьркIажан бодано Iадайо хьоьх лаьцна ойла… Iодика йолда-кха, ИбрахIим, хьо винчу дийнан, Хьо тхуна юккъера ваьхьна де цунна ма гойла!.. Iилман Юсупов Я,Аллах,ма дог 1овжа до х1окх байто........ |
|
|
|
#518 |
|
Вес репутации: 9 |
Эзар шо дIадаьлла хьо суна езаш,
Дуьненчохъ ас лехнарг миллион шарахь. Охку ас азаллин бухбоцу иэсаш, Хьо дуьхьал мел теси есаллин марахь. Хьан эвхье сибат ган ца хуьлуш таро, Дуьненан букъ тIе со кхозлагIа ваьлла. Хьан куьйгийн ховхаллин шапаIат каро Сан бIаьрса седарчех дIаийна даьлла. ДоIанан дош латтош сайн байтан багахь, Уьншерийн бодашкахь хьоь хьоьжуш Iийн со… Доьдучу бIешарахь вай вовшийн ца гахь, Галъяла герга ду безаман нийсо. Батта тIе Iаь етташ, доьIучу сица Хиламза сан лаам ахь денбеш лаьтта… Стигланан бIаьргара долучу хица Йоссахьа со хьайга хьоьжучу Лаьтта. |
|
|
|
#519 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Байттамал, хьан сирник дIаяй-кха, сан къинан кIожам Хьо багон хIуттушехь, гонаха Iаь тухуш къаьхьа. ШайтIа-къа дIадеди, такхийна марцаран хьожа, Мел чIогIа идарх а, ца кхии хьо цунна тIаьхьа – Ойланийн хьийкъинчу гIодамех ас дина литта Шеконан дехкаша цу сохьта долий-кха даа… Байттамал, суна хьайн сатеден аьшпаш ма битта, Хьоьх гIуда хьаьрчина, дIо соне цкъа охьахаа. Хьо каде ца хилар бахьанехь, тIетоьхна хир-кха Кхиэло сан хьашташна: корехь ас ден хIара ха а, Мархаша милт дIасахьийзаен дIо беттан чиркх а, Кхетаман ковста кIел хьиэ кIамбен ши-кхо могIа а… Iилман Юсупов |
|
|
|
#520 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Мохк хуьйцу олхазарш юха а, жатташка IаьIна, Дуьйлало хIаваэхь кхочушдан шайн тIома хелхар… Кху хене девли уьш, ца девзаш шайн кхиэлан маьIна, МоттаргIа санна ду шар-шарахь цара ден белхар. Дош олуш, яьлла Iаь, меллаша дахкарлахь хьуллой, Шен йовхо тхишна луш, эсарлахь цаьрцанна йоьлху… Даг тIера гIевттина могIанаш, байташка гуллой, Сан халкъан кхетаман къилбехьа – барта дIадоьлху… Iилман Юсупов |
|