Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 05.03.2008, 23:19   #451
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
***
Самсабохуш тишбеллачу сан лааман бен,
Хьо хIун деха йоллу соьга олхазарал къечу?
Со да волуш хIума дац-кха деган тIемаш бен -
Эрна гIерта хьан сибат сан хьиэ чу...

Охьаэгна сан ойланийн диттийн тIома гIаш,
ХIинца ву-кха со цундела Iаьнан хьуьнал беркъа.
Кхин дIа хьекъа лууш дац сан шерийн гIура кхаш -
Сатийсамо церан хьукма дер-кха...

Оццул йоккха хилла йолчу цIеран цхьа а суй
Кара-м ца бо кийрахь, «хIуп» а аьлла, меттаххьабан...
Хоьхкуш ю-кха, говрах тарбеш, шен хийцамийн нуй
ХIара зама - къена жоьра-баба...

Лаца цхьа а тIам а боцуш, сайн сагатдалар
Хьан дог деттадалар санна, соьга лалахьара
Ялсаманех тера дар-кха хIара миска Iар -
Ша ма дойла суна Дала хьарам!

Хьан хьадалчаш дуй а хууш беттан IиндагIаш,
Царна там ца балуш, йоьлху сан лааман къелла:
Цхьаллин некъийн шаш тIехь муха лелар ву со гIаш
Деган тIемаш хьуна дIа а делла?..
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 23:26   #452
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
* * *
Стогаран милт хьалауззушехь, можачу серлоно чоь серлайоккху,
Къорачу татанца стогаран шишанах беттало полланан тIам...
Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу, хьаьхначу кIадонал йоккха,
ГIайгIа ю тховса а бовзуьйтуш суна шен стимал а къахьбелла чам.

Ас цунна лерина леррина ю ларъеш, гIевланга йиллина латтош,
Ойланийн хьаьвхенехь меттамотт лаьцначу шийлачу IиндагIийн курс.
Генара деанчу конвертан четарчу дешнашца синхаам гIаттош,
Сайн деган уггар а къорачу соне ас дIагулбо гIайгIанан кIурз.

И бу-те ачанах биллинарг богучу стогаран шишанна гонах?
Цо карзахбоху-те дахарехь Iаьржа бос ца ловчу полланан бIаьрг?
Овкъаршлахь ца яйта дахаран кIайн алу ша вогу бакъволу къонах,
Адамийн кхетамехь язлучу сийлаллин йозанехь дуьтуш шен хьаьрк.

Хорша шен герз лору хIинца а вайн догIмех къастазчу бIешерийн хьуно,
И къаръеш латийна, вай леккха латтайо ойланийн йовшйоцу цIе.
Мацах цкъа ваьгна дIаваьлла вай бахахь а хьуьнаре Джордано Бруно,
ХIетте а гIерта вай ваьгначу цуьнан чим ийначу алуна тIе.

ХIора а декхар ву шен деган суйнаца оьмарехь цIе лато йоккха,
Багабеш хьомечу шен халкъан белшаш тIе тевжина гIайгIанийн лам...
Хьажал, ас стогаран милт хьалауззушехь, цо гIийлла чоь серлайоккху:
Йогучу милтана тIекхача гIерта-те, бетталуш, полланан тIам?..

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 23:43   #453
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Хадийна поп

Хьайн генийн кегйина тIаьрзенаш дIаса а
Тийсина, хьо-м Iуьллу белла…
ХIаваэхь хIинца а дIабанза хетало
Хьан озан йилбазан мохь.
Хьан дагах ямарта катоьхнарг
Вуьсийла эндаже шен са малделла –
Дагаран кIайн ткъесаш орамийх деттарца,
Божий цо лаьтта хьан бохь.

Орамийн чуьйраш шайн кара а яржийна,
БIарзъелла бецаш ю тийжаш,
Делхадеш дагаран татано хелигийн
ДогIмашка кхарстийна зуз…
Бохамо кхоьллинчу лазамна садетташ,
Iаржбелла малх кийрахь Iийжаш,
Аьхке ю шовданийн бIаьрхишца дIабуьттуш
ЦIийх буьзна зезагийн куз...

ТIехъэккха ца лууш, кхуза схьахьаьвззашехь,
(Маьхьарца хьо бужуш гина),
Хьан дегIан йозалла тIейоьжна, лазийна
Акхаройн тачанан ног…
Саэца тIевогIу зуламхо хилла ахь
Шинакоган диттах тарвина?
Эсала цициг ду моьттуш, тIедитира
Ахь цуьнан месала дог?...

Кегийра шайн буйнаш оьгIазе къевллинчохь
Садаьлла, Iохку хьан гIаш а.
Ас муха туьдур ду царна хьан баьццарцу
Бохь-лакхехь мел гина гIан?
Iаьржачу зарзарийн сибате дирзина
Хьан генийн дайн IиндагIаш а
ТIома дIадахана, ца лууш къизалла
Ехачу кху лаьттахь Iан…

Докъан бос эцна хьан ковст яа хIоьттина
Дечиган сутара нIаьна.
Шийлачу дилхалахь карабой, огу цо
Хьан довха мутт лелла пха…
Луьстачу хьуьнах хьан тезетахь лаьтта со
Къеначу пепнашца цхьаьна,
Акхаройн кIенташа хьан дегIан чорхана
Гонаха хIоттадой ха…

БIаьрхиша тIундина хьан юьхкан юьхь-сибат
ЦIийн баса дахана, зийза.
Цунна тIехь гонаш – хьан оьмаран шераш –
Ма кIеззиг ду дIадагардан.
Ахь баннаш техкийна олхазарш мархашлахь
Хьан синна къубба еш, хьийза:
Малхана, баттана бегIийла хилийта
Шайн нуьре доIанаш дан…

Зуламо вахийна, къизаниг, схьагарехь,
Говр-ворда ялон вахана –
И-м диттийн декъех шен пеш юззуш,
ЦIе ягош, вохвала Iемина хир…
Цтхьабакъду, къизачу йовсаран лар лохуш,
Ондда бIo-м гIаьтти тахана:
Со теша, дуьненан дитташа юьтур яц
Ца йоькхуш шайн вешин чIир…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 00:07   #454
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *

Хьан бIаьргаш чохь пелаг хьедан хIутту гIайгIа-чIара,
Ирсан бIаьрхиш лакъор лоьруш коьрта Iалашо.
И-м схьабаьккхи сан бIаьро, шех хуьлуш дашо мIара,
Лара ца бойтуш хьан дагчу боьха Iаь лашон…

ХIинца-м хьан бIаьргаш чохь ловзуш, маьлхан азанаша
Ахь кхоларшна караделла хьажар дохдина.
Дуьзна балдаш мерза кхолуш дешнийн цIазамаша,
Сан даго шен Iаьнарх хьуна бацон мох бина.

Сан гIевланга цуьнца хIотта ахь цкъа нигат делахь,
Сан набаран дилха огуш, гIенийн сур лаIа…
Нагахь санна, дерриг дуьне ялсамани елахь,
Цунна чохь а яц-кха тIаккха хьо бен хIуьрлаIа!..

Дуьне – петар хьайн хиларан ойланах хьуо юлуш,
ЦIийх ийна хьайн синмаликаш хьуна гахьара!..
Уьш ма ду ас гIоьнна хьехна, деган пондар булуш,
Тайна мукъам балабайта сайна тIаьхьара…

Даго хьоьху: нагахь санна, со ца хилча хIара
ЦIена илли ала, хьан сий кховдош хастаме,
Хьан куьцана хьогIо морса марчо дустур дара,
Наха хьуна каш а доккхуш – дийцар дастаме…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 00:55   #455
Lara
 
Вес репутации: 0
Эльмира!Дела Реза хуьлда хьуна! х1ар хаза байташ кху чу яза ярна.Уьш муьлхач гулам т1ера ю,муьлхач шарахь яз йина уьш 1илманс!Ас уьш хьалха ешна ма яц.
  Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 14:52   #456
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от ~Lara~ Посмотреть сообщение
Эльмира!Дела Реза хуьлда хьуна! х1ар хаза байташ кху чу яза ярна.Уьш муьлхач гулам т1ера ю,муьлхач шарахь яз йина уьш 1илманс!Ас уьш хьалха ешна ма яц.
Далла йоьзийл хьо а Лара. И байташ 1илманан сборникаш т1ера ю. Хетарехь уьш язйина дукха хан ю. Аса печатать янза х1инца а вано дукха стихаш ю цуьнан сборникаш т1ехь. Дала мукъалахь жим-жимма кху чу йохур ю ас уьш. Ларамца Эльмира
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 15:02   #457
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Iаламан бер

Мангалхойн яххьаш тIе хьацаран довха тхи дуьлуш,
Некъашца ирхдуьйгIуш бIогIамаш сирачу ченан,
Гечонаш гомхачохь шийлачу аьхкан хих юьйлуш,
Тов лела аьхкенан уггар а чилланан хенан.

Мангалан-комарийн луьстачу ярашлахь лелла,
Когаш а цистина, дарбанна динбергаш лоьхуш,
Са сохь мел долчунна хIоттийна IиндагIийн къелла,
Сов къиза хьийза и, малхе ша гIел ца яр доьхуш…

Iаламан бер ду и – шен ненан урхара даьлла –
Кхечу шен берашна хьалха и юьхьIаьржа хIиттош.
Иштта бер мел долчу ненан а бIаьргех хи даьлла,
Оьздачу йоI-бIаьргийн кIоргенехь къаьхьа дохк гIиттош…

Хийланна хууш ду: сов къиза тов Iеткъа ялар
Тешаме билгало юй догIа кестта тIедаран –
Иштта ду вайн ненан-Iаламан бIаьргех хи далар,
Ла ца лой хьомечу шен беран къизаллин барам…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 15:08   #458
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
РЕЧIА

Ас бераллехь олхазаршна хийла йийгIи речIа,
Цхьаъ мукъа а лаца лууш тIома лела са.
Ойла ца еш, сайна херадаьккхи хийла леча,
Ларамза ас гамйи сайца хийла селасат.

Ерриг стигал Iадош, хийла йилхи нана-маршо
КараIамо воллу аьлла со шен олхазарш.
Хийла сийна хIайкал даьккхи хьозарчашна варшо
Царна кхераме ду моьттуш мархийн холхазаш...

Иштта хийла тебна Iий-кха сан бералла къиза
ХIинций-хIинций «чкъар-чкъир» лоцу бохуш речIано...
ХIетахь яхкаяла йоьлла син церг дIаяьккхи сан
Къинхетамо-лоьро, деган багахь еш цIано...

Цуьнан дарба алсамдуьйлу со мел хили воккха
Доглазаро, поппар санна, кIадъеш кхиэлан берг.
ХIинца сан бераллин речIа шерийн уьйтахь го-кха:
Хенан дакъаделла куьг ду иза йоьгIна дерг...

Сайн дахаран темза некъаш дуьйлуш тIеттIа гамзар,
Бехк-гуьнахь а доцчу денойн яххьаш чIечкъарна,
Хьаваъ муьйлуш, тIома лела сайн садеIар-зарзар
Со а-м кхоьру дукха улле хиъча речIанна.

Забарна а доцуш, йоьгIна замано и речIа,
Лаца лууш кху сан кийрахь тIома лела са.
Ахь цундела бехк ма билла суна, кура леча,
Хьо къинтера яла суна, ховха селасат...

Дуьне мел ду уьдуш лела дахаре сан безам,
Шена ца тохийта гIерташ Iожаллега ка.
Ас хIун жайна даккха цуьнгахьа беш озабезам?
Муьлха доIа де ас дайдан сайн бераллин къа?


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 15:13   #459
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Кхин цхьа де а чекхдели сан, урчакх санна, хьийзаш,
Эханг санна, адамаш а луьстуш шена тIе:
Шайн боларшца, аматашца сан кхетамехь зийзаш
Кхолламаш а болуш нехан, вац со паргIате.

Малх чубуззуш сецна урчакх ас сайн кара ийци,
Эзар ойла ечу цуьнан коьртах куьг хьаькхи.
Шен темех, цатемех лаьцна цо соь дукха дийци,
Дисиний-те аьлла хеттал бухахь дийца кхин.

Къеста ца беш хийраниш я сайна бевза-безарш,
Хеда ца деш, гулдалийти ас и синойн тай.
Ас сайн даг чу дIадийшийти ша массеран дезарш,
Сайн гIо оьшуш мел болчеран хабарш суна тай.

Даим суна уьш хазийта шаьш ма-дарра шера,
Дала хIоттош хилла тийналла а лаьтта тIехь.
Ас сайн иэсехь Iалашйийр ю массо урчакх шеран,
Уьш сайн хьийзаш мел ю лаьттар ву со царна хехь.

Амма сайн денош тIе хьерча боьлча шийла Iеха,
Цкъа мацца а сайн дахаран суна гур чаккхе.
Дала тIаккха дIалур ду сан иэсехь IаьIна эханг
Дуьне шена тIе луьстучу маьлхан урчакхе...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 15:18   #460
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
ТЕЗЕТАХЬ

Адам кхелхаш, лаьттахь хIутту син баррамал къелла:
Са легийна довлар - парз ду кхиэлан дожарийн.
Цхьана кертан доьзал тахана а бекъабелла -
ЦIа чохь кадеш - зударий, ткъа, арахь - божарий.

Хийла некъо дагахь доцуш кхуза голатуьйхи,
Нах а бахьаш мухIажарийн куьце бирзина.
Лула-кулахь са мел доIуш долчо Iаьржа дуьйхи,
Бехха белха беза бIаьргаш бохуш берзина.

Ламасташа говза дина дешнийн тускарш - цхьацца -
ДIало кадам оьцучуьнга тIе мел веанчо.
Бохам-хьаша лан тIелаьцна юьртан хIара цхьа цIа
Собарх-лоьрах тешон гIерта шена хилла чов.

Воно даI даьккхинчу даг тIе доIа дуьжуш деза,
Доглазаран коьртехь IаьIа бIаьрхиш дарба ден...
Мила хир ву ишттачохь шен бIаьрса дуьтуш теза,
Шен а хир дуй хууш хилча тIаьххьарлера де?

Къилахь хилча веллачуьнан даьгна дахар хьедар,
Лохуш верасашна аьхна хиндерг весетал,
Стаг дуьненчу ваьлла аьлча хилла хазахетар
Дайн хуьлий-те цунна хIуттуш долчу тезетал?..


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.