Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 04.03.2008, 22:07   #441
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Къийсаме

Иллин багахь лозуш хилла дешнаш-цергаш тий сан-м,
Ахь ца делча суна цаьрца кегдан шовкъан бIараш.
Хьа-м ма бара хьайн тешаме мурд со лоьруш къийсам,
Соьга ахь кхин ир ца йойту хьайн болатан мIараш?..

ХIоьан чкъуьйриг сана, готта хIара томан оти,
Дог таIочу синхьааман буьйра лешон долу.
Сатийсаман шахьар хилла йилбаз-гIала отий,
Синтоам шен мисарболат даг тIе леца болу….

Кху дуьненан духхьарлера дакъа санна, цхьалха
Дуьтуш и сайн иллин туьран буьххьехь карзахвийлар,
Синтемзаллин цIокалара волу со-м цкъа хьалха.
Цул тIаьхьа тIедужу сунна кIадо марахь къийлар….

Къийсам, аса-м синтем бустош, дегайовхо а йийна —
Цуьнан дилханан цуьрг — со — Iа цхьаллин цергах лета…
Ас кхетаман бIаьрса-ъ лахий, ойла муст а йина,
Бендацаран къорза лаьхьа сунна уллехь сета…

Меттан шалго хьалаIуьттуш, синхIуо элах кегош,
Ла ца луш сан озан б1аьрхиш, къинхетаме лешарш,
Шен кIамлучу дегIан чIагарш инкарлонца легош,
И-м шакарца зарзъян гIерта хьо хестийна эшарш…

Сан лехамийн бIона оьшу хьан тешаме байракх —
Нийсонна хехь даим дитташIуьйра лаьтта тарраш!
Ирдайтахьа соь уьш наггахь, яош шерийн гIайракх!
Хьакъвеш со а, толам базбеш, тоха онндда тIараш!

Схьалохьа сан иллин лазам — шовкъан маса бера,
Хьай стогаллин малхехь къагош синмаьждиган момсарш.
Хьажал хьо-м сан иллин бага: яц кхеманах тера
Хийла зулам дIатабийна дешнийн ира кIомсарш….
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 04.03.2008, 22:13   #442
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Дуьххьарлера илли

Дуьххьарлера сан илли ду
Диттан дато заза,
Ч1ог1а хаза кхелина
Сан ойланан дитт цо.
Ткъа цу диттан баьццаралла
1алашйина база,
Аса-м хьан и сийна сибат
Цкъа а диц ца до.

Ас дахаран беш а кходу,
Ца дан герташ лаза
Сайн ойланан дитта тера
Иллин ховха са.
Деган мерзаш зуьйш, меллаша
Дека илли-заза.
Г1ад нисдина, малхе кхийда
Дитт-ойла а сан.

Тешна ву со:
Деган лаам 1абош, кхано т1аьхьа
Г1аша б1аьрла заза хуьйцуш,
Стом латор бу цо.
Латкъа даций сан и хиларх
Цкъа юьхьанца къаьхьа —
Къахьо йиъна ваьлча,
Бухахь марзо карайо…





Я сначала и не поняла сколько смысла вложено в етот стих...Ведь на первый взгляд кажется,небольшой стих,читается так легко ,красиво ...Даже возникает ощушение ,что слышится такая легкая музыка,тихая, приятная...Меня и название стиха ввело в заблуждение,я и отнеслась как к первому стиху,к первым попыткам поэта...)) А слова,они такие невероятно красивые,весенние ,светлые ,такие красивые метафоры...А содержит в себе ,етот такой красочный ,милый стих ,самую что ни на есть Философию , причем
безжалостную, жизненную...Не познав вкус горького , не оценить вкус сладости...Не пережив горечь потерь,не осознаешь ценность ,того что имеешь..Если не идти впередь,если не пытаться ,не пробовать ,нельзя с уверенностью говорить - под силу ето сделать или нет.. Человек совершенствуется и познает окружающий его мир ,именно, путем проб и ошибок...Мне всегда нравится,когда поэт передает свои мысли в такой ненавязчивой форме ,легко , просто , понятно...
Начинаю менять свое мнение о поэте Юсупове,как об очень серьезном и ,в противовес, романтичном поэте...))Теперь прибавлю еще пару эпитетов-загадочный и непредсказуемый...Думаю будет точно...
Юсупов простит , надеюсь , вольнодумство ...
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 13:56   #443
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
Оцу цитатица 1илманан х1ара байт ч1ог1а йог1уш хета суна.
Дала маршо а, цу маршонан новкъахь собар а, доьналла а лойла нохчийн къомана!


* * *
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу.
Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.

БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо
Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера.
БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо
ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера.

Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла,
Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш…
БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла,
Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш…


Iилман Юсупов
Энигма, Дала мукъалахь, юхаденлур ю и вайн ярташ, мостаг1аша къиза х1аллакйина йолу. Мостаг1ашна а Дален бекхам хир бу. Дала къобалдойла нохчийн къоман г1азот...
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 13:59   #444
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
БЕРАН IОЖАЛЛА

Цхьайтта бутт кхаьчначу беран са дIадели,
ДIадаха, акхтарган пухI санна, тIома.
Стигална лаьтто шен цхьа дакъа дIадели
Лазаман йочанан къаьхьачу чомах.

Къийделла хилла-те азаллехь шекъанаш
Дала кху пекъаран рицкъа дIаяздеш?
ДIабаха эхарта кхетамза текъамаш,
Даанза дитинчу дуьнене арздеш...

Чиркх санна, дIаяй-кха хьан сирла йозалла,
БIаьрзечу бIагоро техкаден ага,
Къиза ю хьан кохкарш хедийна Iожалла,
Дац цуьнан амалехь ша динчух ягар...

Сенбелла Iохкучу кегийчу когашна
Дуьнен чохь цхьа мача ца хили-кх хьашт а.
Хьозарчийн коьрттел бен доцучу куьйгашна
Хан-зама ца тоьи-кх ненан дог хьаста....

Хьайн боьза мотт Iовший, марчо, хьо делхахьа,
Дуьтуш хьайн бендоцуш лахьти чу диссар -
ТIе бIаьрхин хьоькх лацарх хIуммаъ ца телха хьан,
ДIахьарчош хьайн жима декъаза йийсар...

Беран ден бIаьргаш чохь детталун ов гарна
Къурдашлахь горйоьду сан дегайовхо.
Дилха шелделлачу жимачу овгална
ЙоьгIна ца хилла кхин дахаран йовхо...

Суй-седа шех хилла, баьгначу кхолламан
МIаьргонийн чимаш сан ойланехь хьегIа...
Даш лозу цундела сан шерийн къоламан
Кагйинчу даьIахкан тIум санна, цIегIа...

ДоIанна пурба луш шен коьртехь бохь бегIа,
Бер Iуьллу, тIаьххьара садеIар хаьлла.
Дуьнен чу ша долуш цо тоьхна мохь беха
Ненан син баххьашца йилбаз а баьлла...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 14:21   #445
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Луо догIу...

Луо догIу... сан эвлахь кIайн шахьар кхолла,
Бер санна, сан белшийн аганахь тхьовса.
Хьан амат гитоьхна сайн ойла-полла
Лайн чимийн тхьамда ас хIоттийна тховса.

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?..


Ган а гуш, кIайлуш ю тхов тIера гериг,
Бодашкахь бос баьхьна дIахIоьтти керт а.
Хьо мичахь ю хууш кху сохьта ерриг
Лайн чимаш, дог лохуш, сан чета гIерта.

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?


Мадбелла бода бу сатуьйсуш тере
Дитташа генашца махе ден хабарш.
Лайн чимийн тобано кхоьхьу сан лере
ХIаваэ даре дан Iемина шабарш.

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?


ЧIапачу баккъаш тIе пухI тесна ардаш
Езачу тийналло тIекерчаш, веддо.
Доху сан беснешна месала барташ
Къоначу лайн чимийн тIедачу бето...

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?


КIур тийса йолало туьнкалган луьлла,
Ша башош сан дагна гонаха бина.
УгIу сан бIаьргашна лайн чимийн гуьла
ГIайгIанан беттаса царна чохь гина...

Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте
Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?..


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 14:29   #446
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от so jar isam Посмотреть сообщение
Дуьххьарлера илли

Дуьххьарлера сан илли ду
Диттан дато заза,
Ч1ог1а хаза кхелина
Сан ойланан дитт цо.
Ткъа цу диттан баьццаралла
1алашйина база,
Аса-м хьан и сийна сибат
Цкъа а диц ца до.

Ас дахаран беш а кходу,
Ца дан герташ лаза
Сайн ойланан дитта тера
Иллин ховха са.
Деган мерзаш зуьйш, меллаша
Дека илли-заза.
Г1ад нисдина, малхе кхийда
Дитт-ойла а сан.

Тешна ву со:
Деган лаам 1абош, кхано т1аьхьа
Г1аша б1аьрла заза хуьйцуш,
Стом латор бу цо.
Латкъа даций сан и хиларх
Цкъа юьхьанца къаьхьа —
Къахьо йиъна ваьлча,
Бухахь марзо карайо…





Я сначала и не поняла сколько смысла вложено в етот стих...Ведь на первый взгляд кажется,небольшой стих,читается так легко ,красиво ...Даже возникает ощушение ,что слышится такая легкая музыка,тихая, приятная...Меня и название стиха ввело в заблуждение,я и отнеслась как к первому стиху,к первым попыткам поэта...)) А слова,они такие невероятно красивые,весенние ,светлые ,такие красивые метафоры...А содержит в себе ,етот такой красочный ,милый стих ,самую что ни на есть Философию , причем
безжалостную, жизненную...Не познав вкус горького , не оценить вкус сладости...Не пережив горечь потерь,не осознаешь ценность ,того что имеешь..Если не идти впередь,если не пытаться ,не пробовать ,нельзя с уверенностью говорить - под силу ето сделать или нет.. Человек совершенствуется и познает окружающий его мир ,именно, путем проб и ошибок...Мне всегда нравится,когда поэт передает свои мысли в такой ненавязчивой форме ,легко , просто , понятно...
Начинаю менять свое мнение о поэте Юсупове,как об очень серьезном и ,в противовес, романтичном поэте...))Теперь прибавлю еще пару эпитетов-загадочный и непредсказуемый...Думаю будет точно...
Юсупов простит , надеюсь , вольнодумство ...
Sojarisam, суна хазхета ахь яздешдерг, тамашийна хаза йо ахьа ойланаш 1илманах байтех лаьцна. Дела реза хуьлда хьуна.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 14:37   #447
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
ХЕБАР

Суна хIинцца-хIинцца ги-кха сайн хьаьж тIера хебар.
Шера гойту цо сан дагна шийла шераш тиебар.

Луьра лаьхьа санна, сетта къацахета хебар,
Хазахеташ, куьзга гича, ас сайн бIаьргаш хьеббар.

Сан сиркхонийн-салтийн сема саьнгар ю-кх хьо, хебар,
Дезаш хьайна хьаставелла, мотт ас гара лебар.

Сан къоналлин татол идда харш ду-те хьо, хебар,
Хьайна тIе соь йотта бохуш бIаьргийн ший а зебар.

Сан ах дахар дIахадийна сиз ма ду хьо, хебар,
Хьарам дуй-те хьуна гуш сайн дагалецам хьебар?

Коша баха безаш болчу некъан га - сан хебар,
Сан Iожаллин лараш хьуна тIехь а ю-те дебар?


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 19:25   #448
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
МостагIчо дайн латта дIалаьцна, со уьйрех хадар
Тергал дIа ца далла дог-Iаьржа хиллера дуьне.
Хийрачу нахалахь йохьана ян гIерташ мадар,
Ас хийла синхаам бейти-кха шеконийн уьне.

Хено шен цхьа га а, пайденза ду аьлла, кхадар
Ла ца луш Iийначу сайн дагалецамийн хьуьне
Доьху ас жимма шен орамаш кхетамехь кIаддар,
Лайначун къахьалла ца йилла хийрачу шуьне.

Геналлехь гIенах гуш дайн лекха сатийсам — маршо,
Суьпачу сица ас Iалашдо цIийн озан уммат…
Сатийсам дIабоьхуш хьомечу стигалан Iаршо,
Сих-сиха ойланийн садаа хIуьтту цхьа хIума:

Со пана махкара цIавоьрзуш, гитоьхна са-лам,
Даймахко дIаоьцур дуй-техьа ас делла салам?..

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 23:17   #449
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
--------------------------------------------------------------------------------

* * *
Сан лерсин тIорказаш тIанк-аьлла хьайн озах дуьзна,
Сан бIаьрсин гурачу хIоттийна сурт куьцан хьайн,
Орамаш тIе кхаччалц вайн марзо дIахьакха хьайн лаам туьйсина,
Ахь цхьаллин мехачу дIанисди къастаран тай.

Хьо шовкъе синхаам дIатебен коч тега йоллу?
Цхьалло са хьере деш, хьайн лол ахь беттар бу бетта-м,
Амма хьо дIайоьдуш хьан ларийн тоьгано Iаржйина йолу
Лайн лоччарш йиттина, ши куьг мажардоьлла беттан-м…

Сан деган ангалин бIогIаман лекхалла уьдур ду хьала
Цу беттан гинсу а, дустуш сан ойланийн дагар…
ТIорказаш досту ас, хиларх а хьан озе ладогIа хала,
Лардо ас сайн бIаьрсин гурарчу хьан суьртан дахар…

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 05.03.2008, 23:18   #450
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Газель

Хьоьх ен ойла – олхазаран накха санна, кIеда,
Ахь сан дагчохь бина болчу бенчуьра схьакъеда.

Ткъа хьан Iаьржа месаш ма ю – малхал сирла бодаш,
ХIора мас-зIаьнар шайн векалйинарш сан сатедан.

Хьан бIаьрхиш ду стелаIодан цIийнах девлла дерзаш,
Дуьне суна таз ма-делли, уьш сан кийра леда.

Со-м ца воллу хьан лерсине дешнийн дуьйраш кхийдош –
Иллех яьлла Iов луьйсу ас хьан кхолламан кеда.

Хьан къоналлин билзигах ша тай дуцахь а, зама
Яьхьар яц хьан беснийн демах шерийн ахьар иэдан.

Чухчахьеран суьлхьанаш сан бIаьргийн карахь хьийза,
Царна юкъахь молла хили хьо – Iилманан седа…

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.